Инфоурок Другое ТестыДиктанты с 5 по 11 класс по чеченскому языку

Диктанты с 5 по 11 класс по чеченскому языку

Скачать материал

6 класс 

                                                                             Диктант

Аганан мотт

 Мотт боцуш адам ца хуьлу. Къам доцуш мотт ца хуьлу. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу. Дерриг латта ц1е йолу вайн дуьне теллича, кхин цхьанхьа а карор дац нохчийн ц1е йолу къам – шен маттаца, шен махкаца, ц1ий хуьйдинчу лаьттаца, маьждигийн момсаршца, шал шийлачу шовданашца, баккхичийн до1анашца, кегийчийн ловзаршца… Цундела ца лаьа вай лаьттара д1адан, доха, даржа, доь дан, хилларг х1ун ду а ца хууш!

Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

                                                                            

                                                                              10 класс 

Диктант.

Къам.

Вай кхоьллинчу х1ора стага вукхунах къаьсташ, тера воцуш кхоьллина. Доьзалехь а тайп-тайпана ду вай, цхьатера доцуш. Цхьа бен-башхо йоцуш цхьатерниш ца хуьлу. Иштта х1ора къоман а ю и шатайпа билгалонаш: шаьш беха мохк, дин, ламасташ, 1адаташ, мотт, культура. Муьлххачу а къомо, даха диса луучо лардеш а ду и адамех къам деш долу х1уманаш. Ша динчу т1ехь адам, къам латтар Далла дезначех ду, х1унда аьлча, цуьнан пхиэлана. Цо динчунна резахилар ду иза. Цундела деза ду шен мотт ларбар а, безар а, бийцар а. И ларбе бохуш, ден г1иллакхаш, дедайн ламасташ т1ехь нисло бохуш схьавог1уш ву вайн паччахь Кадыров Рамзан. Цуо ч1аг1 ма до х1оразза а: «Къам – къам хиларн коьрта билгало ю цуьнан мотт», аьлла.

     Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шеен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.

 

7 класс

Диктант.

«Баймарзин доттаг1»

    Нохчий ц1ера баьхна д1аелира дуккха а хан. Синкъерамаш беш, ялх шо д1адаьлча, Баймарзаг1ар шайн долахь даьхний долуш д1ах1иттира. Баймарзаг1еран шайн бара б1е ца кхоччуш уьстаг1. Кертахь говр-ворда а, ткъа иштта кхин болу бахам 1аь1нера церан. Жимах волу к1ант Лом-1ела андваьлла воккха хиллера. Ткъа ша Жовзан а хазъелла, стамъелла д1ах1оьттинера. Баймарза говр-ворда а цоьжна, дохнакертахь уьстаг1ашна хьалха х1ума кхуссуш воллуш, гена доцуш тоьпаш юьйлуш хезира.  «Х1ара мила ву-те 1уьйранна талла араваьлларг» бохуш, ойланаш еш, Баймарза докъар тесна араволлушехь, ц1еххьана дойшна т1ехь бог1учу таллархойх б1аьрг кхийтира цуьнан. К1адъелла, ц1ийх юьзна борз еана г1отана чу иккхина, Баймарзина иттех  г1улч генахь д1ах1оьттира. Ткъа т1екхача герга бахна бог1уш дойшна т1ехь берш бара.

 

                                                                                   5 класс 

                                                                                  Диктант

                                                                                  «Чаг1алкх»

    Оьрсаша чаг1алкхах «шакал» олу. Барзах тера ю иза , цул дег1ана жима хилар бен башхо йоцуш. Олхазарша , дехкий , моьлкъарчий , кхин йолу садолу х1уманаш йоу чаг1алкхаша. Таллархо тосавелча ларво чаг1алкх , т1аьхьара д1а а ца йолуш , ша тоса а ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам , бад , лекъ я тайпа х1ума топ а тоьхна йийча , иза т1екхачале лачкъайо чаг1алкхо. Яах1ума чохь йолу т1оьрмиг таллархочо охьабиллина битча , чаг1алкхо д1ахьо. Уг1ар тамашена ду чаг1алкхан, цкъа ж1аьлех уг1у иза, т1аккха бер доьлхуш санна ека. (Х.а.Берсанов)

                                                                             

                                                                           

                                                                               9класс

Диктант.

                                                                           «Партала ча»

        Байна етт схьалаха вахна, веха лийлира Дуда. Цхьа 1ин  хадийча вукху 1инах чу а вуссуш, боккха арц толлуш лелара иза. Г1ел а вела, сада1а  цхьана юьхка т1е хиъна ша 1ачу хенахь ча гира цунна. Г1еххьа генахь яра иза Дудина. Юьхк санна стомма, партал яра иза. Техкаш, кест-кеста соьцуш, халла болар дора цо.  Цкъацкъа ехха  йоллура иза м1арашца латта охкуш, леррина  цхьа х1ума лоьхуш. «Шена даа напг1а лахар бен, кхин цхьана а х1уманан бала бац-кх цунна» - аьлла хетара и гуш волчу Даудана. Дагахь а доцуш, ц1еххьана хийцаделира оцу экханан хат1. Муц1ар д1а а яхйина, хьожа йохура цо, корта д1а а, схьа а хьийзош. Т1аккха т1аьахьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, шена шеко йолу хьожа муьлхачу аг1ор схьаеттало, кхерам туьйсу меттиг мичахь ю хиинчул т1аьхьа, ц1еххьана д1аиккхира иза. Ядар партал делахь а, кхиссалуш, чехка йоьдура иза. Ядар беламе дара цуьнан, карчийна чухаьхкина гуьйриг санна,  пурх а йирзина йоьдура ча 1инах чу хьаьдда…

      Дуда цунна гуш вацара. Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара бай хьоькхучу  мохан х1онах кхийтира цунна адаман хьожа. Иштта ларлора ча таллархочух.

                                       

                                                                                8 класс 

Диктант

«Зайнди»

    Бисолта, денна шен мангала  а воьдуш, Зайнди лаха д1асхьа т1аьхьа ца волуш, 1ад1ара.  Цунна хаьара, иза  Дадалг1еран ц1ахь, шен доттаг1 1алболат волчохь, 1аш вуйла. Зайнди 1алботатца Михайловске деша барт бина вуйла-м ца хаьара Бисолтина.

  Кхана д1аваха веза аьлла Зайндий, 1алболаттий кечвелла 1ачу дийнахь еана  копира- цина товар дохьуш Соьлжа – Г1алит1ера грузовик кхечира. Цу т1ехь и шиъ Соьлжа – Г1алит1е а веана, цигара машинаца Михайловске вахара.

    Бутт белира. Кхо бутт а белира. Зайндий, 1алболат Михайловскехь ч1ог1а доьшуш вара. Бисолтг1арна хиънера, Зайнди 1алболатца Михайловске деша вахнийла.

  Боьалг1ачу беттан пхоьалг1ачу  дийнахь Бисолтг1еран кет1а  веанчу  цхьа жимачу стага

  –  Х1е-е, чохь дуй шу? Бисолта? – аьлла, з1арах г1аж а тухуш, мохь туьйхира.

   – Х1ун дора ахь? – аьлла, кет1а веара Бисолта.

  – Х1ара кехат даийтина шуьга, Зайндигара ду моьттуш а ву со х1ара, – аьлла, Бисолте кехат д1а а кховдийна, чехка юхавирзира и жима стаг.

                                                                              11 класс

Диктант.

«Цхьана буса»

     Ж1аьлешка луьйчу Ахьмадан аз а хезаш, ша висна Ибрах1им ойланаш еш вара. Иштта ша висча, ойланашца шен кийра хьоьжура воккха стаг. Дуккха а хан ю Ибрах1им же лела. Хийла арахь буьйса яьккхина цо кхузахь.

    Дарцо охьа ветташ, вухавоьдучу цунна берзалойх тасаделла доллуш шен ц1агара к1айн  ж1аьла а, чучча а г1оьртина, басахь дохкуш уьстаг1ий а гира. Дукха чевнаш хилла ц1агара   ж1аьла  ц1ела кирчича санна дара. Б1арзвеллачу Ахьмада воьддушехь схьаяьккхина шена т1ера кетар кхоьссира берзалошна юккъе. Царах схьайирзинчу цхьаммо Ахьмадана ирча къажийна цергаш гайтира, уьстаг1ашна т1ег1ерташ яра арданг.

    Катоьхна шен карайог1у яраш а лахьийна, цу ц1евнах сирник 1оьттира Ахьмада, т1уьначу ярех ц1е ца летира: т1аккха, шена т1ера схьаяьккхинчу г1овталх сихха ят1ийна ши дакъа а дина, шина а кийсках сирник 1оьттира цо. Бекъа бамба, цхьа ира-муьста хьожа а йолуш, бага болабелча и ши кийсак, цхьацца буйна а йоьллина, лестош, берзалошна чуг1оьртира Ахьмад.

     Шена хьалха и тохара санна кхераме къажийна берзан к1омсарш гина йовлаллий, т1екхеттачу барзо некхе ка тоьхна, т1ек1ел эккхийтира Ахьмад.  Оцу минотехь, шена юххехь шозза топ йолуш хезира цунна. Берзалой  кхераелла  д1асаевдира.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Диктанты с 5 по 11 класс по чеченскому языку"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Консультант по финансам

Получите профессию

HR-менеджер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Краткое описание документа:

Материал для диктантов с 5 по 11 класс по чеченскому языку.Эти тексты можно использовать как для проведения контрольной работы,так и для проведения тестов.Вставить пропущенные буквы и тому подобное.

В конце каждой четверти мы пишем диктанты, поэтому такие небольшие тексты для диктантов я использую из разных учебников и применяю их на своих уроках родного языка.

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 625 995 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 19.12.2017 53698
    • DOCX 27.6 кбайт
    • 161 скачивание
    • Рейтинг: 5 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Исаева Патимат Салмановна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Исаева Патимат Салмановна
    Исаева Патимат Салмановна
    • На сайте: 6 лет и 11 месяцев
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 56298
    • Всего материалов: 3

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Секретарь-администратор

Секретарь-администратор (делопроизводитель)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Специалист в области охраны труда

72/180 ч.

от 1750 руб. от 1050 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 42 человека из 21 региона

Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

Педагог-библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 457 человек из 66 регионов

Курс профессиональной переподготовки

Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании

Библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 281 человек из 66 регионов

Мини-курс

Творческие возможности в мире фотографии и медиа

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 152 человека из 50 регионов

Мини-курс

Формирование здоровых детско-родительских отношений: влияние и преодоление сепарации

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 124 человека из 42 регионов

Мини-курс

Основы искусствознания

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе