Урокан ц1е:Ц1ердош
легор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.
1алашо:Ц1ердешан
грамматически билгалонех долу хаарш карладахар,к1аргдар.Ц1ердашо предложенехь
до синтаксически г1уллакх къастор.Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам балар.
Дешархойн къамел кхиор. Даймахке а, матте а
болу безам ч1аг1бар.
Керла кхетамаш: х1орд,
х1ордж1аьла, г1оркхма.
Урок
д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1)Масийттамо ц1ахь язйина сочинени д1айоьшу.Дешархошка
хаттарш а долуьйтуш, сочиненеш ешначарна оценкаш йохку.
2)Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина
кепехь:
а)17-чу шардарна бухахь долчу хаттаршна
йозанца жоьпаш ло.Даладо масалш.
б) Кхочушдо 17-г1а шардар.
ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.
1)Дешархоша жоьпаш ло учебникан 12-чу аг1он
т1ехь долчу хаттаршна.Даладо масалш.
2) Х1окху мог1анашкара ца оьшу дешнаш д1адайа:
а)ц1ердош,билгалдош,дош,хандош.
б)таллархочуьнца,ахархочуьнца.
в)пхиъ,ялхитта,б1е,дукха.
г)исс,етт,бутт,латта.
3)Кхочушде 19-г1а шардар.
4)Муьлха къамелан дакъош ду а хьажий,х1окху
кепа нисде дешнаш:
Ц1ердош
|
Билгалдош
|
Терахьдош
|
Ц1ерметдош
|
Хандош
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
|
а)
соцу,охьахьажа,къайладевлла,д1ахьедо.
б)езткъа,борх1азза,кхоалг1а,итт,эзар.
в)маха,къинхетам,стунваша,Ахьъяд,гуьйре,
х1орд, х1ордж1аьла, г1оркхма.
г) х1ара, иза,со,тхо,вай,шу,массо а.
д)онда, къаьхьа,еак1ов,г1орг1а,букара.
-Х1ора дашна х1оттаде хаттар,йийца
грамматически билгалонаш.
5)Муха къастор дара х1окху дешнаийн
цхьаьнакхетаршна юккъера къаелан дакъош?
Х1ун? муха?
Говран оьзда - оьзда стаг
Чехка болар-чехка вог1ура
Латта ахка-арахь латта
-Муьлха къамелан дакъа ду къасталуш ца хилча,
хуур дуй шуна цуьнан грамматически билгалонаш а,синтаксически г1уллакх а
билгалдаккха?
-Вайн талламо х1ун гайти? Муха хуур ду
къамелан дакъа нийса билгалдаккха?
-Дешархошца цхьаьна х1окху предложенеш т1ера
къамелан дакъош билгалдаккху:
Стагана говза пхьпр хила дуккха хан а,
ницкъ а беза.Цуьнан 1еминчу куьйгаша говза юьйцира юткъа бой.
-Хьалхарчу предложенехь говза боху дош
муьлха къамелан дакъа ду?Муьлхачу дашца уьйр ю цуьнан?
Говза боху дош
ц1ердашца уьйр а йолуш, цунах лозуш хилча, муьлха къамелан дакъа хуьлий
лела?(билгалдош).
-Шолг1ачу предложенехь долчу говза
бохучу дашна иштта таллам а бой къастадо иза хандашах дозуш хилар а, иза куцдош
хилар а.Куцдош х1инца а 1амош дацахь а, иштта кхетам оцу къамелан декъах белча,
дешархоша предложенина синтакически къастам беш атта билгалдоккхур ду:говза
боху дош ц1ердашца уьйр йолуш делахь-иза къастам бу,ткъа хандешнашца
уьйр йолуш делахь-латтам бу(хаттар цхьаъ делахь а)
ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1)Кхочушдо 24-г1а шардар.Билгалдаха къамелан
дакъош.
2)Кхеторан диктант.
Асмарт Доккмал цхьа шой биъ бутт жима
яра.Цхьайтталг1а шо дара цуьнан.Тойсам цул цхьа шой ах шой жима вара.Уггар
жимачу Сацитин ши шо дара.Човка бераш дийшинчуьра г1овттале йоьдура
балха.Сатоссуш оза доладора хьелий. Бажа д1абаханчул т1аьхьа ц1а а йог1ий,ц1ахь
г1уллакх а дой, балха юхайоьдура иза.Ткъа шаьш дисинчу бераша чоь юха а кегайора.(Х-А.Берасанов)
-Терахьдешнаш,ц1ерметдешнаш билгалдаха.
-Долахь долчу ц1ердешнашна буха сизаш хьакха.
-Бераша бохучу дашна морфологически
къастам бе.
-Кегайора бохучу дашна дешх1оттаман
къастам бе.
-Жима,жимачу,бераш,бераша бохучу
дешнаша лексически маь1на я грамматически кеп хийцина?
-Антонимаш юй х1окху кийсак т1ехь?
V.Ц1ера болх.
1. 25-г1а шардар.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.