Нохчийн
мотт
Сочинени: «Аьхке»
1алашо: суьрта т1ехь гушдерг
йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор;
суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.1аламе
безам кхоллар
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла
хаттар.
2. 1алашо
йовзийтар.
-Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «Аьхке»
3. Керла тема д1аяхьар.
а)Суьртах лаьцна къамел дар.
Хьехархочо д1агойт 178 аг1он т1ера сурт «Аьхке»
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг? (Аьхке)
-Муха ду 1алам? (1алам тайп-тайпана беснаш эцна
ду)
-Муха хетта шуна аьхке т1ееача? (Аьхке т1ееача берашна
ч1ог1а хазахета)
-Х1унда? (Аьхка каникулаш юьйлало)
-Суьрте а хьовсуш дийца муха д1ахьо бераша каникулаш?
(Каникулаш ч1ог1а хаза д1ахьо оха)
-Х1ун ю школан? (Школан беш ю)
-Х1ун ю бешахь? (Бешахь бу стоьмаш: 1ежаш,
кхораш)
-Х1ун до аша царна? (Оха уьш чуберзабо)
-Муха хеташуна бешахь болх беш? (Бешахь ч1ог1а
самукъане хуьлу)
-Стенга оьху шу мокъачу хенахь? (Мокъачу хенахь
тхо хуьнах оьху)
-Х1ун ю хьуьнхахь? (Хьуьнхахь ду ц1азамий)
-Х1ун до аша царна? (Оха ц1азамий лахьадо,
1аламан тидам бо)
-Шун юртана уллохь муьлха хи ду? (Тхан юртана
уллохь Гумс ду)
-Х1ун ю цу чохь? (Цу чохь ч1ерий ду)
-Аша лоьций ч1ерий? (Оха ч1ерий лоьцу)
-Кхин х1ун до аша? (Тхо буьрканах ловзу)
-Шуна х1ун аьлла хетта: пайденна дуй аьхка
сада1ар? (Аьхка иштта сда1ар пайде ду. Ц1енчу х1аваэхь г1уллакх дар , ловзар
могашаллина пайдехь ду)
аь)Сочиненин кийча план таллар
1Аьхкенан
1алам.
2.Берийн сада1ар.
3.Могашаллина пайда гар.
-Маца дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ)
-Х1унда ? (Планан кхоъ дакъа ду)
-Муха долор ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчура)
-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? Х1ун эр дара
аьхкенан 1аламах лаьцна? (Т1екхечи хаза аьхке. Стиглахь лепа дашо малх.
Х1аваъ кхоччуш дохделла. Денош дахделла , буьйсанаш яцъелла)
-Х1ун эр дара берийн сада1арх? Маца юьйлало
аьхкенан каникулаш? Муха хетта шуна ? (Аьхка юьйлало канийкулаш. Оха уьш
ч1ог1а хаза д1ахьо)
-Х1ун эр дара аша берийн сада1арх лаьцна? Дийца
стоьмийн бешах лаций. (Тхан школан беш ю. Бешахь кхуьу 1ежаш. Оха уьш
схьабоху. Ч1ог1а самукхане хуьлу бешахь)
-Кхин х1ун эр дара аьхка сада1арх? (Тхо сих-сиха
хуьнах оьху. Оха хьуьнхахь ц1азамий лахьадо, 1аламан тидам бо. Тхан юртана
уллохь жима татол ду . Оха цу чура ч1ерий лоьцу. Тхо буьрканах ловзу)
-Могшаллина пайде дуй иштт сада1ар? (Могушаллина
ч1ог1а пайдехь ду иштта сада1ар)
б) Дешнаш таллар.
Т1екхечира, лепа, дохделла, дацделла, юйлало ,
д1ахьо,лоьцу
-Д1адеша дешнаш. Муха яздийр ду уьш?
4. Сада1аран миноташ.
5. Сочинени язъяр.
(Бераша кхочушбо болх)
6. Жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 394 , аг1о 179
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.