Ф.Ц1._________________________________
Класс_______________
1.Синтаксисо
1амадо
а) элпаш, аьзнаш
б) дешнаш, дешнийн кхолладалар
в) дешнийн цхьаьнакхетар, предложенеш
2.Чолхечу
предложенийн тайпа хуьлу:
а) чолхе-
вовшахкхетта; б) чолхе-цхьаьнакхетта в)
чолхе – т1етт1акхетта
3. Муьлхачу предложених олу чолхе-цхьаьнакхетта предложени?
а) кхетаран меженаш шена шена чохь
йолчу предложених
б) цхьабосса бакъо йолуш цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложених
лаьттачух
в) коьртачу а, т1етухучу а предложенех
лаьттачух
4 Б1аьсте а д1аелира, деана 1а а т1ех1оьттира. -
предложени муьлхачу тайпана ю?
а) чолхе-карара
б) хуттургаш йоцу чолхе
в) чолхе-цхьаьнакхетта
5. Пхьоьхана ваьллачу к1антана хезна, цхьана махкахь хазалла
г1араяьлла паччахьан йо1 ю бохуш -
предложени муьлха тайпана ю:
а) чолхе – карара б) хуттургаш йоцу
чолхе в) чолхе-цхьаьнакхетта
6. Варийлахь(1) Дука(2) нуй
(3) шайн Бабин не1ара т1ехьарниг ма балахь(4) и ( 5) суна бевзар бу
хьуна. - предложенехь ц1оьмалгаш яхкаран нийса вариант
къастае
а) 1,2,4 б)
2,4,5 в) 1,3,4,5
7.
Грамматически лард схьаязъе:
Кондаргаш д1аяьхна, цхьа ирзун к1ажа а ц1анбина, наха саг1ина
беллачу шина 1ахарх г1еххьа жа а долийна, ша мангал хьокхуш, ша талла оьхуш,
халла ондаваьккхина цо и шен к1ант
а) ондаваьккхина цо б) ондаваьккхина
и в) кондаргаш д1аяьхна
8. Сахиллалц шен хазачу эшаршца
иза новкъайоккху зарзаро.- предложенин грамматически
лард ю
а) иза новкъайоккху б)
новкъайоккху зарзаро в) эшаршца новкъайоккху
9. И ледарло шегара кхин йолуьйтур
яц аьлла, суна дош делира Асхьаба. - предложенера аьлла боху
дош х1ун ю?
а) хуттурган дош ду
б) цхьаьнакхетаран хуттург ю в)
карара хуттург ю
10. Цхьаьнакхетаран хуттургаш ю:
а) а, амма, ткъа, делахь а, бакъду, цхьабакъду, х1етте а.
б) аьлла, бохуш, нагахь, нагахь санна,
х1унда аьлча.
в) х1ун, муха, маца, мел, моссаза, стенга,
мичахь.
11. Х1ара предложени чолхе-карара ю:
а) Къеггина хьоьжура малх, амма
арахь йовха яцара.
б) Олдам
шайн куьпахь а г1араваьллера, гуттар а ойланаш еш, г1ийла ву бохуш.
12. Д1аеша лахара текст, дустар шена чохь
долчу предложенин терахь муьлха ду билгалдаккха:
«… (1)Т1аьххьара
а гуьйренан деношкахь шатайпа хийцало Теркан тог1ехь. (2)Дакъаделлачу г1ан а,
бецан а хьожа хуьлу х1аваэхь. (3)Массанхьа а мох чекхболуш яссало хьаннаш. (4)Дуьненан
берриге г1айг1а – бала ша лан т1елаьцча санна, язло анайистошкахь дохк.
(5) Оцу Теркан
1аламе б1аьрг бетташ вог1ура 10 ноябрехь 1858 шарахь Шелковскера Оьрза – г1ала
боьдучу новкъа г1алг1азкхийн берен ха уллехь
долуш цхьа мехкан воцу хьаша.
а) 1 б) 3 в) 4
13. Лахарчу
дожарийн рог1алла нийса муьлхачу вариантехь гайтина?
1. Ц1. Мила? Муьлш? Х1ун?
2. Дс. Хьанал? Стенал?
3. К. Хьаьнца? Стенца
4. Х. Хьанах? Стенах?
5. Дл. Хьенан? Стенан?
6. Л. Хьанна? Стенна?
7. Др. Хьан? Стен?
8. М. Хьаьнга? Стенга?
а) 1,2,3,6,7,4,5, 8 б) 1,5,6,7,3,4,8,2 в)
2,8,3,7,4,5,1,6
14.Схьакараде масдарш:
а) тукар, кочар б) хьажар, велар в) комар,1ахар
15.
Х1окху предложенехь бакъду боху дош къаьстина яздо:
а)
Арахь кхоьлина яра, бакъ(ду) шийла яцара.
б)
1усмана бохург бакъ(ду).
в)
Нанас дукха дийхира, бакъ(ду) к1ант саца туьгуш вацара.
16.
Цхьаьнакхетаран хуттургаш хуьлу:
а)
бахьанин, бехкаман, дустаран, кхеторан;
б)
кхачаман, къастаман, латтамийн;
в) дозаран,
дуьхьалара, къасторан;
17.
Х1ара предложени т1едожоран ю:
а)
Шийла яра тахана арахь.
б) Ц1ахь
бан белла болх кхочушбе.
в)
Хьо вог1ий соьца?
18.Чолхе-карара
предложени олу:
а)
цхьабосса бакъо йолуш цхьанакхеттачу цхьалхечу предложених лаьттачух;
б)
кхетаран меженаш шена шена чохь йолчу предложених;
в)
коьртачу а, т1етухучу а предложенех лаьттачух.
19. Предложенин
коьртаза меженаш ю:
а) латтам,
къастам, кхачам б) подлежащи, сказуеми в) ц1ердош,
куцдош, дакъалг
20.Подлежащи
хуьлу …
а)
грамматически, логически б) лааме,
лаамаза в) мухаллин, меттиган
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.