Инфоурок Другое Другие методич. материалы«БЕКАЛАХЬ, НЕНАН МОТТ, ТАХНА»

«БЕКАЛАХЬ, НЕНАН МОТТ, ТАХНА»

Скачать материал

 

«БЕКАЛАХЬ, НЕНАН МОТТ, ТАХНА»

 

Д1адолор

Презентаци «Нена мотт.»

 

«БЕКАЛАХЬ, НЕНАН МОТТ, ТАХНА,

ДУЬНЕНЕ МАШАРЕ КХОЙКХУШ

 ЛАЬТТА ТIЕХЬ КЪИНХЬЕГАМ, НИЙСО,

ВОШАЛЛА, ИРС, МАШАР КХАЙКХОШ» (Азамова Марьям)

 

Ислам

 

Де дика дойла  шун,марша а дог1ийла  лераме хьехархой, хьомсара  хьеши!

ХIокху дийнахь вай хьакъболу лерам бо ненан меттан, иза нохчийн халкъан уггаре мехала хазна хиларна а, къоман шатайпаналла ларъяран гIортор иза хиларна а.

 

Ислам :Раян хьун хаий,хьаша ца вог1у х1усам  къен хуьллу?

 

Раяна :Дера хаий,ткъа хьуна хаий,Ислам,вай ворх1е дас хьаша т1е муха лоцуш хила?

 

Ислам : Ой! Хаъ дер! Хьешан са мукъа доккхий ,мерза кхача а кечбой , цун юхаъ      ваита дог доуьтуш т1е лоцуш  хиллакх вай дайш

 

Раяна :Иштта  вай а доккхур  дув ай хьешийн  самукъа.

Ислам :  Х1инц вайн   хьелхьар гойтур ду  дешархош   6 –чу  классер

 

Раяна

Вайн массеран а юкъара декхар ду ненан мотт кхиор, цуьнга безам кхоллар. Вайн юкъараллехь коьрта меттиг д1алоцуш хила а беза и. Дай-нанойн декхар ду бер аганахь долуш дуьйна ненан матте цуьнан лерам, безам кхоллар.

Нохчийн мотт ларбар, 1алашбар, кхиор, вешан истори хаар, цуьнан ларамбар т1ехь ду вайна.

 Ислам

 Аренаш ,лаьмнаш вовшашца  мел чомехь ду.

Сирла хиш , шовданаш  мел чомехь ду .

Буьйсанна бутт стиглахь цхьа башха богу .

Гонаха хезаш берг нена мотт бу

 

1.Дешархо дуьйцур ду  х1инца вайна ,вай нена маттахь лаьцна

  

 

 

 

1.Вай  нохчий  ду.

Веза  Воккхачу  Дала  кхоьллина   вай  нохчий. Цо  делла  вайна  нохчийн  сибат.

Цо  елла вайна  нохчийн  амал.

Цо  делла  вайна  нохчийн   г1иллакхаш. (Буцаева Макка)

 

 

 

 

 

2.Цо  белла  вайна  нохчийн  мотт!

Хьо винчу, х1ара  дерриг  а  Дуьне  хьуна  совг1атна  деллачу,

хьан  цхьаъ  бен  йоцчу, кхин  хила  йиш  йоцчу  хьан  НЕНАН МОТТ – х1ун 

хир  ду  цул  деза,  цул  сийлахь, цул  хьоме?( Авдуев Саид)

 

 

3.

Нохчийн мотт вайн  къоман аз ду,

вайн къоман илли ду, вайн къоман назма ду. Шамаеа Айнет

 

 

4.

         Ненан маттал хаза а, сийлахь а хIума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала , массо а агIор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт: (Азамова марьям)

 

 

Раяна

 

Буьйцучу маттаций олучу иллиций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн ,доцца аьлча ,цхьана  а х1уманах лаьцна х1умма а ала а ,дийца а   адамийн таро хир яцара ,буьйцуш болу аьзнийн мотт  ца хилча.

 

Х1инц вайн Илли  олу   «Даймохк»  Гайтукаева Элина

 

Ислам

 Мотт вайн ойланан а, кхетаман а,хьекъалан а ,дахаран  а угара  ца хилча йиш йоцу г1ирс бу .Иза  хьекъалан а , ойланан а  а хазна ю.

Х1инца вайн гойтур ю 6 –чу  классер дешархош  забаре сценка

« Зудайолу стаг-зудайоцуш стаг  »

 

Раяна

Ислам ! Вай массара а хазхетарца ладоьг1у алхазарийн эшаршка .

Хьуьнахь вайга олхазарш къастало церан аьзнаш ,эшаршца,амалца.

Делахь  а вайна  дика ца хаа ц1еран ц1ерш.

 

Ислам

Раян адамин  мотт бийца хууш хилчам ,цара вайгара бехкбохккур бара.

 

Раяна

Вайгар бехк бахкхит меггар , цунделла вайшим вай хьоме хьехархошка хаттар луш  ц1аьрга схьаюьцутур ю .

Ислам вайшим оьрси маттахь эр ду хьехархочо нохчийн маттахь схьаала еза олхазарийн ц1ерш

 

Удод        –           х1уттут

Ласточка   –      ч1ег1ардиг

Соловей   -          зарзар

Голубь    -             кхокха

Ястреб    -             г1ирг1а

Орёл        -               аьрзу

Скворец   -         алкханч

Дрозд     -             шоршал

Пчелоед     –       ж1аьлик1ур

 

Ислам

Раян  хьон хьаи цхьа илли ?

 

Раяна  дер хьаъ Ислам сунн илли ,сом угга ю аьлл артист ма  юй .

 

 

Ислам :

Йист йоцу  х1орд санна .Бу хьуна шорта .Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт

 

Х1инц вайн Илли  олу   Расуева Раянас. «Дуьне ма доккха ду»

 

 

Раяна :

 Ненан мотт г1иллакхе ,оьзда бу.Доттаг1че буьйцуш.Мостаг1е вистхуьлуш  ду и ира герз .Хьомечу езаре .Безам ахь буьйцуш .Бека и ,шех хуьлий .Хьан деган мерз!

Забаре  ценка    «  Хьусумненан  т1е ялин зуда а »    марнани  »  7 «Б»

 

Ислам :

Ненан мотт хаахь.Дозалла до ас.Даггара и безахь .Ас хастам бо .Цунах мА херлолиш .Доттаг1и ,варийлиш.Ненан мотт хьайн бацахь.Байлахь вай дуй хаалиш!

 

 

Ненан маттахь лаьцна байтш йошу вайн дешархош

 

 

 1. Сайн  ненан дагна к1ел

     Дог тохаделча,

     Буьйлира  нохчийн мотт

     Син т1амарх сан.

     Цу маттахь дуьххьара

     Ден назма хезча,

     Хезира седарчийн

     Тийналла схьа.

     Хезира  чарташа

     Еш йолу ойла.

     И ойла мел хеза

     Хир бу вайн мотт.

     Вуьссур вац дуьненахь

     Цхьа а вайн байлахь.

     Цу маттахь  мел  олу:

    « Нана, Даймохк»

 

 2.  Цу маттахь бералло

      Хьоьсту  шен  тайниг.

      Цо дагахь латтайо

      Аганан йиш.

      Цу хазчу эшаран

      Мукъам а тайна,

      Декош ю Нохчийчоь

      Шен хьаьъна хиш.

 

      Матто вай 1амадо

      Назманаш ала,

      1амадо биц ца бан

      Вайн наной,дай,

      1амадо бохург дан

       Сийлахьчу Дала… Эдиева Серижа

 

 

 

2

«Ненан  мотт», язло  сан  ц1ийца,

Ненан  мотт  бека  сан  сица,

Сан  бакъо  ю  иза  бийца,

Сан  бакъо  ю  цунах  дийца.

Амма  яц  бакъо  и  хийца!

Ма г1олаш,

Ма  хьолаш,

Ненан  мотт   шайца,

И бийца  йиш  йоцуш,

Боврболчу  метте!

Ма  г1олаш,

Ма  хьолаш,

Ненан  мотт   шайца,

                               И  бийца  стаг  воцуш,    Каримова Хава

 

3

Хьешашка – оьзда,

ДоттагIчуьнга – мерза,

МостагIчуьнга – буьрса,

МаслаIатана – кIеда,

Берашка – эсала.

 

Ткъа хьомечу езаре

безам ахь буьйцуш

бека и шех хуьлий

хьан деган мерз                      Шамаева Айнет

 

 

 

 

 

4.

 

Хьоьца ду жовх1арш,

Меттан куц толо,

Бу хьоьца  лаца  мукъ,

Кховдийнарг къомо.

Велларг а  тергалван,

Ду  хьоьца  марчо,

Муьлххачу  т1ег1ан  т1ехь

Хилла хьо  маршо.

 

Нохчийн  мотт! Ненан мотт!-

Лам  чуьра  татол.

Хьан лар  ю   к1орга   1ин –

Оьздангаллин г1арол.

Хьо  бен  бац  сан  аг1о –

Сан  куьйга  аьтто,

Дог  дуззуш  сан  кийрахь

Нохчалла  латто… Байтарханов Мохьмад

 

 

 

 

Раяна

Хьелхьар «Шовдан йистехь»  гойту 5 классер дешархош

 

 

Ислам   Кавказан лаьмнашкахь .Иллешка баьлла .

Вайн дегнаш г1иттадеш .Нохчийн мотт бу .

Х1инц «Нана » илли олу вайна Чимиева Иманс

 

 

 

 

Раяна

Сценка  «Гочдархо» 6-чу  классера дешархой. 

 

                                      

Ислам

 

Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг дIалоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан сий а лардийр дац.

 

 

Раяна

 

         Амма кхетам кIеззиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара Iамо а, бийца а хала хиларна тIетоьтту шайн ледарло.

 

 

 

Ислам

Лераме хьехархой! Хьомсара  дешархой!

Кху тIехь Нохчийн меттан мероприятии «Бекалахь, Ненан мотт!» цIе йолу цхьаьнакхетар чекхдолу.

Раяна

Дала ненан мотт безарна тIехь чIагIдойла вай! ГIиллакхе, оьзда и бийца кIорда ма дойла цхьанне а нохчочунна!

 

Раяна -Ислам

Тхуна лаьа шу ирсе, могаш-маьрша дехийла, беркатца, ненан матте болчу йистйоцчу безамца дахар хуьлда шун! Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун!

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "«БЕКАЛАХЬ, НЕНАН МОТТ, ТАХНА»"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Специалист архива

Получите профессию

Няня

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 656 234 материала в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 20.12.2015 9872
    • DOCX 34.2 кбайт
    • 57 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Шикиева Сила Абдулхамидовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Шикиева Сила Абдулхамидовна
    Шикиева Сила Абдулхамидовна
    • На сайте: 8 лет и 3 месяца
    • Подписчики: 0
    • Всего просмотров: 78787
    • Всего материалов: 20

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Технолог-калькулятор общественного питания

Технолог-калькулятор общественного питания

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе

Педагог-библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 475 человек из 69 регионов
  • Этот курс уже прошли 2 324 человека

Курс повышения квалификации

Специалист в области охраны труда

72/180 ч.

от 1750 руб. от 1050 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 33 человека из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 152 человека

Курс профессиональной переподготовки

Организация деятельности библиотекаря в профессиональном образовании

Библиотекарь

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 284 человека из 67 регионов
  • Этот курс уже прошли 847 человек

Мини-курс

Психология развития личности: от мотивации к самопониманию

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 85 человек из 29 регионов
  • Этот курс уже прошли 31 человек

Мини-курс

Музыкальная культура: от истории до современности

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Психологическое консультирование семей: от неблагополучия к гармонии

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 28 человек из 19 регионов
  • Этот курс уже прошли 18 человек