Выдаём удостоверения и дипломы установленного образца

Получите 5% кэшбэк!

Запишитесь на один из 793 курсов и получите 5% кэшбэк стоимости курса на карту

Выбрать курс
Инфоурок Родной язык КонспектыБилгалза-масаллин терахьдешнаш (6 класс)

Билгалза-масаллин терахьдешнаш (6 класс)

Скачать материал
библиотека
материалов

Урокан тема: «Билгалза-масаллин терахьдешнаш».

 

Урокан 1алашо: билгалза-масаллин терахьдешнаш,церан башхаллаш, маь1на довзар; билгалза-масаллин терахьдешнаш кхолладаларан некъаш довзийтар; билгалза-масаллин терахьдешнийн лааме а, лаамза а кепаш йавзийтар.

 

Кхочушдан лерина жам1аш: билгалза-масаллин терахьдешнийн маь1на,башхаллаш,кхолладаларан некъаш довзар,х1оттамца талла хаар;билгалза-масаллин терахьдешнийн лааме а,лаамаза а кепаш йовзар, царех пайдаэца хаар;билгалза –масаллин терахьдешнаш дожаршца хийца, церан дожар къасто хаар; билгалза-масаллин терахьдешнийн башхаллаш йийца хаар; терахьдешнаш талла, анализъян корматалла хилар.

 

Урок д1аяхьар.

 

I.Орг.момент.

 

II.Хаарийн актуализаци.

 

Ц1ера болх таллар.

 

 

Терахьдешнийн тидам бар.

 

-Аса хаттарш лур ду шуна,жоьпашна терахьаш билгал а дохуш. Аша билггал шайна нийса жоп а ца хаьаш,гергарчу хьесапехь жоп ло.

 

-Маса доттаг1 ву Ахьмадан(5-6)? (Ахьмадан пхи-ялх доттаг1 ву).

 

-Маса шо ду Танзилин йишин(1-2)?(Танзилин йишин цхьа-ши шо ду).

 

-Маса дитт ду Романаг1еран бешахь(10)?(Романаг1еран бешахь иттех дитт ду).

 

-Муьлха терахьдешнаш ду вайн предложенешкахь?

 

-Х1ун маь1на ду церан?Муха билгалдо цара х1уманан терахь?(Цара х1уманан терахь билггал доцуш,гергарчу хьесапехь билгадо).

 

-Х1унда къастийна вайи за терахьдешнаш?(Билггал х1умнаш маса ю ца хаьа дела).

 

-Ишттачу терахьдешнех билгалза-масаллин терахьдешнаш олу.

 

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?(Билгалза масаллин тераахьдешнех лаьцна).

 

-Муьлханиг хин ю урокан коьрта 1алашо?(Билгалза-масаллин терахьдешнаш ,церан башхаллаш, маь1на таллар).

 

III.Керла тема хьехар.

 

Билгалза-масаллин терахьдешнийн тидам бар.

 

-Д1аязъе,жаьш жоьпаш луш,х1иттийна предложенеш.

 

-Муха яздийна аша терахьдешнаш пхи-ялх,цхьа-шиъ?(Дешархойн жоьпаш).

 

И терахьдешнаш дефис юьллуш яздо.

 

-Муха кхолладелла уьш?(Дешархойн жоьпаш).

 

Цкъа делахь пхи-ялх цхьа терахь дош ду, шолг1а делахь,хьалха-т1аьхьа дог1уш долу терахьдешнаш вовшехкхетарца кхолладелла ду, амма терахьдош юкъарадолу( вай ца олу диъ-пхиъ).

 

-Д1аязде терахьдешнаш ,цкъа хьалха-масллин терахьдешнийн кепехь, шолг1а-билгалза-масаллин кепехь: итт, цхьайтта, ткъа,шовзткъа.Х1оттамца талла уьш.

 

Итт-итт+ех+⎕, цхьайтта-цхьа+йтт+ех+⎕, ткъа-ткъех, шовзткъа-шовз+ткъ+ех+⎕.

 

-Муха кхолладелла терахьдош иттех?(Масаллин терахьдашна т1е суффикс –ехь- кхетарца).

 

-Шайн предложенеш юкъара дешнийн цхьанакхетарш схьаязде х1окху кепаана: терахьд.+ц1ерд.

 

Пхи-ялх доттаг1, цхьа-ши шо,иттех дитт.

 

-Муьлхачу кепехь ду уьш: лааме я лаамаза?Х1унда?(Лаамаза,уьш ц1ердешнашца цхьаьна долу дела).

 

-Д1аеша 59-60-г1а аг1онаш т1ера бакъо.Х1ун маь1на ду билгалза-масаллин терахьдешнийн?

 

-Муха кхоллало билгалза-масаллин терахьдешнаш?

 

-Муьлхачух олу лааме билгаалза -масаллин терахьдош?Муьлхачух олу лаамаза билгалза-масаллин терахьдош?

 

Шардар № 95, аг1онаш 60-61.

 

(Дешархоша шаьш кхочушдо шардар).

 

IV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

Кхоллараллин болх.

 

Шардар № 97, аг1о 61.

 

Тхан классера кхо-виъ к1ант ву къийсамехь дакъа лоцуш. Дукъал дехьа велира,тоьпаш а карахь, ворх1-барх1 б1аьхо. Дорцехула ц1а далочу жа юкъара шийтт-кхойтта уьстаг1 галбаьллера.Тхан классера итт-цхьайтта дешархо цирке вахара Г1ала. Даудаг1ар пхи-ялх километр некъ бира ,эсий лоьхуш. Селхана баьллачу буьрсачу мохо ши-кхо юрт ток йоцуш йитира.

 

Шардар № 98, аг1онаш 61-62.

 

(Дешархоша шаьш кхочушдо шардар).

 

Билгалза-масаллин терахьдешнийн легадалар.

 

-Д1адеша дешнаш: цхьа-ши йо1,цхьа-шиъ.

 

-Х1ун башхаллаш ю церан?(Царех цхьа терахьдош лааме ду,важа-лаамаза).

 

-Дожаршца хийцаде и терахьдешнаш.

 

ЦI. цхьа-шиъ, цхьа-ши йоI

Дл. цхьана-шиннан, цхьана-шина йоьIан

Л. цхьана-шинна, цхьана-шина йоIана

 

Др.цхьана-шинна(-мма),цхьана шина йо1ана

К. цхьана-шинца, цхьана-шина йоIа

 

Х. цхьана-шиннах, цхьана-шина йоIах

 

М. цхьана-шинга, цхьана-шина йоIе

 

Дс.цхьана-шиннал ,цхьана-шина йоIал

 

-Муха хийцало лаамаза билгалза-масаллин терахьдешнаш?(Лач дожаршкахь –на т1екхета).

 

-Муха хийцало лааме билгалза-масаллин терахьдешнаш?(Х1ора дожарехь шен-шен чаккхе хуьлу).

 

-Д1аязъе предложенеш, терахьдешнийн дожарш къастош.

 

Цхьа-ши йо1(ц1.д.) яра вайн лула хьошалг1а йог1уш. Ши-кхоъ(ц1.д.) суна гира Мохьмадг1аьрга йог1уш. Кха-веаннан(дл.д.) сумканаш гира сунна некъа йистехь охьабехкина.

 

-Муха къастадо лаамаза билгалза-масаллин терахьдешнийн дожар?(Цуьнца долчу ц1ердашна т1е а тевжаш. Масала, йог1уш яра мила?цхьа-ши йо1-ц1ерниг дожарехь).

 

-Муха къастадо лааме билгалза-масаллин терахьдешнийн дожар?(Шеца уьйр йолчу даш т1ера хаттар ло. Масала, сумканаш масаннан? Кхаа-веаннан-доланиг дожарехь).

 

V.Урокан жам1 дар.Рефлекси.

 

-Д1аязде,х1ун хии шуна билгалза-масаллин терахьдешнех лаьцна?

 

VI.Ц1ахь бан болх балар.

 

1.§19,аг1онаш 59-60.

 

2.Шардар № 96, аг1о 61.

  • Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
    Пожаловаться на материал
Курс повышения квалификации
Курс профессиональной переподготовки
Учитель русского языка и литературы
Скачать материал
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: «Нохчийн мотт (Чеченский язык) (на чеченском языке)», Овхадов М.Р., Махмаев Ж.М., Абдулкадырова Р.А.
Скачать материал

Вам будут интересны эти курсы:

Курс повышения квалификации «Основы туризма и гостеприимства»
Курс профессиональной переподготовки «Управление персоналом и оформление трудовых отношений»
Курс повышения квалификации «Методика написания учебной и научно-исследовательской работы в школе (доклад, реферат, эссе, статья) в процессе реализации метапредметных задач ФГОС ОО»
Курс повышения квалификации «Основы местного самоуправления и муниципальной службы»
Курс повышения квалификации «Основы построения коммуникаций в организации»
Курс повышения квалификации «Этика делового общения»
Курс повышения квалификации «Разработка бизнес-плана и анализ инвестиционных проектов»
Курс повышения квалификации «Основы менеджмента в туризме»
Курс повышения квалификации «Финансы предприятия: актуальные аспекты в оценке стоимости бизнеса»
Курс повышения квалификации «Использование активных методов обучения в ВУЗе в условиях реализации ФГОС»
Курс профессиональной переподготовки «Управление ресурсами информационных технологий»
Курс повышения квалификации «Методы и инструменты современного моделирования»
Курс профессиональной переподготовки «Организация и управление процессом по предоставлению услуг по кредитному брокериджу»
Курс профессиональной переподготовки «Гражданско-правовые дисциплины: Теория и методика преподавания в образовательной организации»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.