19-г1а
урок
Урокан ц1е: «Чолхе
дешнаш».
1алашо: чолхечу дешнех нийса
кхетам балар. Церан шиъ орам хилар хаийтар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна
1емар ду чолхе дешнаш талла, церан ши а орам каро , билгалбаккха.Берашна 1емар
ду чолхе дешнаш предложенешкахь каро билгалдаха.
2. Метапредметни:
·
Регулятивни: : берашна
1емар ду шайн болх кхиамаш алсам хир болчу кепара д1анисбан. Берашна хуур ду
цхьаъ ша , тобанакахь а , шайн говзаллашка хьаьвсина болх д1абахьа. Берашна
хуур ду шайн кхиамин бахьнаш довза , царех пайдаэца.1емар ду шайна оьшу г1ирс ,
книги т1ехь каро
·
Коммуникативни: берашна
хуур ду шайна т1едиллинарг кхиам болуш кхочуш дан, 1емар ду шеен балхах лаьцна
вистхила , кхиниг кхето. Берашна хуур ду шайна оьшучохь вовшех дагабовла,
оьшург хатта.
·
Познавательни: берашна
1емар душ и орам болу дешнаш х1итто, церан башхеллех кхета. Берашна 1емар ду
чолхе а , цхьалхе а дешнаш вовшех къасто.
3.
Личностни: берашна евзар ю нохчийн метан хазалла , лаам
хир бу и дика 1амо.
Урок
д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш ,
де дика хуьлда шун!
-Диканца
дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №67 , аг1о 36.
-Муьлха дакъош яздина аша т1адамийн метана? Х1ун ю
уьш? Стенах олу суффикс?
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аеша урокан ц1е. (Чолхе дешнаш).
-Муьлхачу дешнех олу чолхе дешнаш? (Берийн
жоьпаш).
-Муьлхачу дешнех олу цхьалхе дешнаш? (Берийн
жоьпаш).
-Х1ун кхиамаш бохур бу вай? Х1ун 1амо дагахь ду
шу?
-Вайна тахана 1емар ду чолхе дешнаш довза , уьш
х1итто, церан башхаллех кхета.
4. Керла тема хьехар.
·
Чолхечу дешнийн тидам бар.
Уьн т1е
д1аяздо.
Дог+ц1ена-…(Догц1ена).
Х1у
+таса-…(Х1утосург).
Ч1ерий+леца-….(Ч1ерийлецархо).
Хаза+хетта-…(Хазахетар).
Зуда+бер-…(Зудабер).
Хьелий+оза-…(Хьелийозархо).
-Д1адеша
дешнаш. Шишша дош вовшах а тухуш керла дешнаш кхолла. Д1адеша дешнаш. Муьлха
дешнаш ду уьш? (Уьш чолхе дешнаш ду).
-Муха кхолладели чолхе дешнаш? (Шидош
вовшахтохарца).
-Билгалбаха орамаш. Маса орам хуьлу чолхечу
дешнийн? (Шиъ).
-Муьлхачу дешнех олу чолхе дешнаш? Караде жоп
книги т1ехь.Д1адеша.
-Д1аязде дешнаш тептарш т1е.
·
Берашка шайга болх байтар.
Шардар №
70, аг1о 38.
(Бераша
шаьш кхочушдо шардар).
5. Сада1аран миноташ.
Мархаш дог1анах яссало:
- Дола, дог1а, дола!
Чуьппалгаш а кхиссало,
- Мала, к1а, ахь мала.
К1ено охьатаъ1ий,
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у,дог1у, дог1у.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
·
Чолхе дешнаш предложенехь билгалдахар.
Шардар №
71 , аг1о 38.
-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлханиг ду чолхе
дош? (Зудабераш).
-Муьлханаш бу цуьнан орамаш? (Зудабер).
-Буха сиз хьакха, билгалбаха орамаш.
(Иштта толлу важа дешнаш).
Шардар
№ 73 , аг1о 39.
-Д1аязде шардар , орамаш билгал а бохуш.
7. Жам1 дар.
-Муьлханаш ду чолхе дешнаш?
·
Карточкашца болх бар.
Чолхечу дешнашна
буха сиз хаькха.
Х1урдакема,
ч1ара, ч1ерийлецархо, жа1у, таллархо, юьртахо , иллиалархо, х1утосург.
|
Чакхъяккха сан предложении.
Чолхе дешнаш
олу_______________
______________________________________
Масала,
|
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Х1ун керланиг хии шуна?
Муха д1аболийча бакъхьа хетта шуна урокан тема 1амош д1ахьо болх? Бакъо теллача
атта ду , я масалаш т1ера д1аволавелча атта ду?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 72, аг1о 39.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.