Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Конспекты / 9-чу классехь ненан меттан урок "ТIетухучу предложенин тайпанаш"

9-чу классехь ненан меттан урок "ТIетухучу предложенин тайпанаш"

  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

ТIетухучу

предложенин тайпанаш.



Iалашо: Хьалхарчу урокехь Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар.

ТIетухучу предложенийн тайпанаш довзийтар. Даймахке безам

кхиор. Дешархойн къамел кхиор.

Урок дIаяхьар

I. ЦIахь бина болх таллар

ЦIахь кхочушдина шардар толлу, грамматически баххаш билгал а дохуш.

II. Кхеторан диктант

Селхана телевизор чухула кхайкхам бира, Кавказехь йочанаш хир яц аьлла. Цундела сой, сан доттагIий чIерий леца вахара. Цхьабосса чукхийсира охашимма мIерий, амма чIераша муьрг ца тухара. Де суьйренга лестира. Тхойшинна дага а ца догIура, тхаьшшиъ цIа маца воьрзур ву.

- Диктанта юкъара билгалйоху чолхе-карара предложенеш, коьртанаш а,тIетухурш а къаста а йойтуш.



III. Темин чулацам тIечIагIбар.

I. Хьехархочо уьн тIе дIаязйо хIара предложенеш.

Цхьаьнцца а къамел а дале хиира, силос мичахь, муха кечйо.

Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу аьлла, кица далийра дас кIантана.

Нагахь со Даймохк дIатесна лела-кх, хIай дог, тIулгал сан дог шелделахь.

Сан Даймохк, сайн даг чохь хьо мел бу, евзаш вац шело.

Уьн тIера предложенеш хIокху кепара толлу.

- ДIаеша хьалхара предложени

- ХIун тайпа ю иза?

- Билгалъяккха оцу предложенехь тIетуху предложени.

- Коьрта предложенера тIетухучуьнга муьлха хаттар дели вай?

Иштта хаттарш хIиттош толлу йисина предложенеш.









IV. ТIетухучу предложенийн тайпанаш довзийтар.

I. Классехь йоьшу керла параграф.

2. Оцу параграф ялийначу схеми тIехь б/б.

- Лакхахь вай дIаязийна предложенеш муьлхачу кепа чу нисйийр яра вай?

3. Дешархошка дагахь латтадойту тIетухучу предложенийн тайпанаш.

V. Дозуш долу къамел кхиор

ТIетухучаьрца чекхъяха хIара чолхе карара предложенеш:

ТIаккха суна дагадеара, (хIун?)…

ЦIеххьана суна дицделира,(хIун?)…

Сан доттагIчунна ца хаьара, (хIун?)…



VI. Урокан жамI дар

VII. ЦIахь б/б.



Выберите курс повышения квалификации со скидкой 50%:

Автор
Дата добавления 15.02.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров112
Номер материала ДВ-455737
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх