Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / Для урока чеченской литературы

Для урока чеченской литературы


  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

1.Ма лаха бахам, лаха 1илма.

2.Хьалха хьажаза ког а ма баккха, юха хьажаза дош а ма ала.

3.Аьхка 1иллахь – 1ай уьдур ву т1оьрмигца.

4.Барт боцу доьзал - доьхна ц1а.

5.Даар - дег1ан кхача, наб – синкхача.

6.Дейиша туьха, ненайиша моз.

7.Эладитташка ладег1ар – цамгар, уьш цадийцар – молха.

8.Яхь ц1енчу дагера, хьаг1 боьхачу дагера.

9.Вехна стаг – ша т1е баьккхина етт.

10.Бож-газанах хьалхара кхера веза, говрах-т1ехьара, ткъа вочу стагах массо аг1ор.

11.Дика во1-хьалайоьттина б1ов, вуон к1ант-кочахь т1улг.

12.Дика хьаькам-мохк, вуон к1ант-дохк.

13.Адамийн барт т1улгал а ч1ог1а бу.

14.Берзан йоьхначу бето цхьогална дакъош дан 1амийна.

15.Б1аьстенан дийно 1аьнан бутт кхобу.

16.Гомашан шура мийлина бекъа уьшала кирчина.

17.Дешаран маь1на хьекъалехь ду, хьекъалан маь1на-собар ду, собар-ялсаманин дог1а ду.

18.Цацан чохь хи кхехьа атта ду, 1овдал стаг кхето г1ертачул.

19.Шен б1аьргашна са ца гучо, нехан б1аьргашкара к1ай дийцина.

20.Туьран-тоьпан чов йирзина, меттан чов ерза тигац.

21.Вочу дешан берзан санна йорт ю.

22.Бегашех диканиг ца даьлла.

23.Генарчу вешел юххера лулахо тоьлу.

24.Хьехамашка ладог1а, бакъхьара дерг де.

25.Езачуьнца эрна арахь а вахалур ву.

26.Ц1ийнах ц1а дийриг х1усамнана ю.

27.Барт боцчу доьзалан да хиларх лардойла вай.

28.Цхьана ханна яздархо а хилац.

29.Валарх кхийринчух турпалхо хилла вац.

30.Керлачу норо нехаш ц1ена йоху.

31.Йовхачу чорпано вагийначо хина х1уп баьхна.

32.Ж1аьлина а дукха веза шена доьша дуттург.

33.Хенал хьалха кхайкхина н1аьна яй чу яхна.

34.Беречо цхьогал лаьцна, г1аш лелачо пхьид лаьцна.

35.Бедана нека 1амо ца оьшу.

36.Вир тхов т1е даккха атта ду, 1овдалниг кхето г1ертачул.

37.Чохь ерг кхоа а ма е, арарчуьнга са а ма тийса.

38.Хьошалг1а вахнехь, хьайн меттиг ларъе.

39.Т1аьхьа дохковер волу х1ума ма де.

40.Палс маббу хеца ког.

41.Говрах а, зудчух а ма теша.

42.Вуочу х1уманах мотт ларбе, къоланах куьг ларде.

43.Воккхачун сий де, жимачунна хьехам бе.

44.Дов девно бен юха ца туху.

45.Хабарша дуо буьзна бац.

46.Аьлча дохковер волу дош ма ала.

47.Атта дерг а дитий, хала дерг диэ.

48.Вочу вордано некъ бохабо, ун долчу говро рема талхайо.

49.Х1ума юучу наха 1айг лелабо.

50.Чов хиллачу экхано боьллина сардам таллархочух бахна.

51.Хено д1аоьцу дег1ера бала.

52.Ахчано хьекъал т1е ца кхоьтуьйту, хьекъал дешаро совдоккху.

53.Ладог1а цахаар-бала, ладог1а хаар-г1ала.

54.Хьошалг1а вахча, х1усамдайн г1алаташ ма леха.

55.Къахеташ цалург дозаллина ло.

56.Воккхачо аьлларг ца динарг бердах вахна.

57.Т1ехь стом боцчу дитта т1е г1орзолгаш ца кхуьйсу.

58.Г1овталан т1ам хьалабе хи чу валале.

59.Гу т1ера чухьаьжначунна ша лекха хета.

60.Хих веддарг хьера к1ел иккхина.

61.Чохь ца хилла сий – арахь хир дац.

62.Говр эцале нуьйр эца.




Автор
Дата добавления 21.11.2016
Раздел Другое
Подраздел Другие методич. материалы
Просмотров33
Номер материала ДБ-376138
Получить свидетельство о публикации

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх