Инфоурок / Другое / Другие методич. материалы / ДОКЛАД: "ДЕШАРХОЙН ГIИЛЛАКХ—ОЬЗДАНГАЛЛА КХИОР"

ДОКЛАД: "ДЕШАРХОЙН ГIИЛЛАКХ—ОЬЗДАНГАЛЛА КХИОР"



Московские документы для аттестации!

124 курса профессиональной переподготовки от 4 795 руб.
274 курса повышения квалификации от 1 225 руб.

Для выбора курса воспользуйтесь поиском на сайте KURSY.ORG


Вы получите официальный Диплом или Удостоверение установленного образца в соответствии с требованиями государства (образовательная Лицензия № 038767 выдана ООО "Столичный учебный центр" Департаментом образования города МОСКВА).

ДИПЛОМ от Столичного учебного центра: KURSY.ORG


библиотека
материалов

ДЕШАРХОЙН ГIИЛЛАКХ—ОЬЗДАНГАЛЛА КХИОР



ГIИЛЛАКХ ДОЬЛХУ ДОВШ ДУ

БОХУШ,

НЕНАН МАТТАХЬ БЕТТАШ МОХЬ.

С.Касумов

ГIиллакх-оьздангалла коьрта дакъа ду синоьздангаллин кхетош - кхиорехь. Йоккха меттиг дIалаца еза синоьздангалла кхиоро дешаран заведенешкахь. Цу хьокъехь бан безаш болу болх чIогIа ледара хилар билгалдаьккхина вайн нохчийн президента Р.А.Кадыровс.

ТIекхуьу чкъор кхетош - кхиоран балха тIехь йоккха меттиг дIалоцу дай-наноша а, хьехархоша а. Дешархойн леларехь шайн цIера, доьзалехь долу гIиллакхаш гучадовлу. Шен духарца а, леларца оьзда йолу йоI а, гIиллакхе , иманехь волу кIант а билгалволу школехь, вузехь, арахь дIахIоттарца, вистхиларца. Школехь дика доьшуш долу бер оьзда, лераме хуьлу,церан дай-наной школаца уьйр йолуш хуьлу.

Хала хеташ делахь а, дай-наноша дешаран низам лардар а, беран цIахь терго яр ледара ду. Дешарца ойла йоцуш, шайх школехь пайда хиларна а кхоьру дешархой кIезиг бац. Нислуш ю хьехархошка а, наношка а бер кIоршаме дистхуьлуш йолу меттигаш.

Дай-наноша кIадвалар доцуш, тидам бан беза шен доьзалхочун, бала хила беза шен беро арахь лелочун. Шен берана беш болу хьехамаш сацо ца беза, терго чIагIъян еза, карах даларе ца хьоьжуш. Шен доьзалхо жоьпалле озо ден а, ненан а юьхь хила еза - дахарехь берана масала гайтарца. Берана жима долуш дуьйна Iамо деза диканиг, беро тидаме эца беза шена бен болу хьехамаш.

Да декхараллахь ву даима шен доьзалхочух жоп дала.

«Со долара ваьлла», - аьлча, мукъа а ца воккху дино, Iедало я наха а. Дас хIора гIиллакхан маьIна дийца деза шен бере.

Вайн къоман гIиллакхца ду божарийн салам далар-эцар, амма и даларан шен хьелаш ду. Салам луш ца хилла шен цIийнан (гергарчу) стаге,

ненахошка, стунцахошка - невцо, баккхийчаьрга, зударшка, кхиазхошка, маьждигехь.

Дукха ду вайн дайшкара схьадеана кIорга маьIна долу, лардан деза

гIиллакхаш. ХIоранна хазалла, мехалла йовзуьйтуш бер кхето деза.

Ден шен барамца йолу чIогIаллий, ненан йовхой оьшу бер кхеторехь.

Синоьздагаллица кхетошкхиорехь йоккха меттиг дIалоцу школо.

Муьлхачу урокехь карор ю оьздангаллин, гIиллакхан хазалла хьахо меттиг.
Къаьсттина нохчийн меттан а, литературан а, этикан а, динах лаьцна дуьйцучу урокашкахь. ТIаьхьарчу урокашна сахьташ(1 сахьт кIирнах) чIогIа к1езиг ду, церан ч1ог1а эшаре хьаьжча.

Хьехархочо говза дуьйцучуьнга дика ладугIу дешархоша. Дукха масалаш ду вайн къоман фольклорехь,прозаически а, поэтически произведешкахь дешархо кхетош - кхиорехь чIогIа мехале амалаш юьйцуш.

Нахана юкъахь муьлха гIиллакхаш ду лоруш, муха стаг дош хета нахана?

Оцу хаттаршна жоп дала таро хуьлуьйта хьехархочун лакхарчу классашкахь классал арахьара вовшахкхетарш кечдеш, дешархошка дакъа лоцуьйтуш дIахьо диспуташ, кхоллараллин белхахошца долу цхьанакхетарш

Вайн гIиллакхаш муха хилла ( синкъерамехь, ловзаргахь), йоьIан, кIентан

юкъаметтиг йийца еза шайн классан сахьташкахь:

«КIентан яххьий, йоьIан эххьий:

Ма гойла дIадаьлла де!

Кхана уьш дIадовлуш делахь

Ца вехаш,со тахна ле…( А.Сулейманов)

ХIун бахьана ду техьа къоман сибат, хатI дицдан гIертар, ненан маттаца йолу уьйр херьяр. Вайн тIекхуьучу чкъура юкъахь кIезиг бу къоман историн а, меттан а, литературан а кIоргене кхийдарш.

Нохчийн къам бIешерашкахь гIароллехь лаьттина къам ду, шен сина а

махкана а,гонахь долчу къаьмнийн гIиллакхаш хийцалуш х илча а.

Зама чолхе елахь а,къомана долчунна паргIато яьллахь, цIенчу буха тIехь долу вайн дайн гIиллакхаш дицдина.

Дукха халонаш лайначарех, къоман хала киртигаш тIехIитича, мотт, къоман

оьздангалла ларйичарех бу яздархой, поэташ: С.Бадуев,I.Мамакаев,

М. Мамакаев, Х.Ошаев, А.Сулейманов, М.Сулаев, Ш.Арсанукаев…

Нохчийн меттан хьехархойн декхар ду церан исбаьхьаллин дашах пайда а оьцуш, Даймахке болу безам,дайн гIиллакхийн цIеналла, оьздангаллин лакхалла гайтар.

Оьздангалла стеган духарца я, даржаца яц. ХIора стеган цIийца, сица йозуш ю оьздангалла. Нахаца дог-ойла цIена йолуш,гIиллакх шен сица долуш ваьхна волу поэт гIайгIане ву ша кхелхича шен сина а, кошана лулахь маьттаза ваьхначу стеган са а, кошан барз хиларна кхоьруш.

«Сан дегI, са вовшашца

Барт боьхна догIу.

ГIерта уьш дIакъаста

Витина со.

Стиглах схьадаьлла са,стигла дIагIерта,

Лаьтто шен чкъуьйриг

ДIаийзайо!

Йо, Дела,сан дегI ахь

ДIалахь ахь лаьтте,

Сан са ахь дIахьолахь

Хьайн цIенчу хьаьтте» ( М.Сулаев стихотворени «ДоIа»).

Дала беркате мохк белла, оьзда гIиллахаш делла, бусалба къам ду вай.

Кхечу къоман культурехь дIаэ ца веза стаг.

Кхечу къоман стагана шен къоман культура йовзийта еза.

Бусалба дог-ойла йолуш,шен къоман оьзда гIиллакхаш кхечу къаьмнашна

довзуьйтуш,,адамашна пайдехь гIуллакхаш дан кийча волуш, хила веза стаг.

Вайн махкахь вевзачу поэта А.Сулеймановс нохчийн стагана шен дахарехь сийлахь дерг хIокху дешнашкахь гайтина:

«Даймахкана хьалха гора лаьттина со дукхазза, эхь ца хеташ!

Сайн нанна хьалха гуора лаьттина со дукхазза,эхь ца хеташ.

Цо сайна пурба делча бен гена новкъа а ца ваьлла,

Дан дага лаьцна доккха гIуллакх дола а ца дина…

Даймохк дагабеъча вилхина со,эхь ца хеташ!

Даймахках къаьстича,къастийча а вилхина со къайллах, эхь ца хеташ!

Амма ца вилхина мацвелча, гIелвелча, мел йоккха харцо, сайна иэшам

хилча а…» («Весет ду сан…»).

Шен къоман, мехкан дерг коьрта хеташ, хьекъалах, собарах, оьздангаллех ца

бухуш, замано ца хьистинехь а, хила нохчийн литературан классикаш.

Стага шех ала дош дита деза дуьненахь ша вехачу заманчохь,ша дIаваьлча,

яккха шех цIе йита еза.

Вайна,хьехархошна,тIехь декхар ду тIекхуьу тIаьхье оьзда, къоман долу хIума деза а,довза а лууш кхиор.

Цу балха тIехь ледарлонаш ца яхь, кхане къегина, беркате хир ю вайн.

Iаьрби Мамакаевн дешнашца дерзор вай дийцичуьнан жамI дар:

«Хьоме мохк безалахь,

Нанна бер санна,

Оьзда гIиллакх ларделахь,

Вай дайша санна».





МЦ куьйгалхо Чемирзаева Я.С.















Очень низкие цены на курсы переподготовки от Московского учебного центра для педагогов

Специально для учителей, воспитателей и других работников системы образования действуют 65% скидки при обучении на курсах профессиональной переподготовки.

После окончания обучения выдаётся диплом о профессиональной переподготовке установленного образца с присвоением квалификации (признаётся при прохождении аттестации по всей России).

Подайте заявку на интересующий Вас курс сейчас: KURSY.ORG


Краткое описание документа:

ДЕШАРХОЙН  ГIИЛЛАКХ—ОЬЗДАНГАЛЛА  КХИОР

 

                             ГIИЛЛАКХ ДОЬЛХУ ДОВШ ДУ                                  

                                                                               БОХУШ,

                                 НЕНАН  МАТТАХЬ  БЕТТАШ  МОХЬ.

                                                                                                              С.Касумов

ГIиллакх-оьздангалла коьрта дакъа ду синоьздангаллин кхетош - кхиорехь.  Йоккха меттиг дIалаца еза синоьздангалла кхиоро  дешаран заведенешкахь.  Цу  хьокъехь  бан  безаш  болу  болх  чIогIа  ледара  хилар  билгалдаьккхина вайн  нохчийн  президента Р.А.Кадыровс.

ТIекхуьу чкъор кхетош - кхиоран балха тIехь йоккха меттиг дIалоцу дай-наноша а, хьехархоша а. Дешархойн леларехь шайн цIера, доьзалехь долу гIиллакхаш гучадовлу. Шен духарца а, леларца оьзда йолу йоI а, гIиллакхе , иманехь волу кIант а билгалволу школехь, вузехь, арахь дIахIоттарца, вистхиларца. Школехь дика доьшуш долу бер оьзда, лераме хуьлу,церан дай-наной школаца уьйр йолуш хуьлу.

Хала хеташ делахь а, дай-наноша дешаран низам лардар а,  беран цIахь терго яр ледара ду. Дешарца ойла йоцуш, шайх школехь пайда хиларна  а кхоьру дешархой кIезиг бац. Нислуш ю хьехархошка а, наношка а бер кIоршаме дистхуьлуш йолу меттигаш.

Дай-наноша кIадвалар доцуш, тидам бан   беза шен доьзалхочун,  бала хила беза шен беро арахь лелочун. Шен берана   беш болу хьехамаш сацо ца беза, терго чIагIъян еза,  карах даларе ца хьоьжуш. Шен доьзалхо жоьпалле озо ден а, ненан а юьхь хила еза - дахарехь  берана масала гайтарца. Берана  жима долуш дуьйна Iамо деза диканиг, беро тидаме эца беза  шена  бен  болу  хьехамаш. 

            Да декхараллахь ву даима  шен доьзалхочух жоп дала.

«Со долара ваьлла», - аьлча,  мукъа а ца воккху  дино, Iедало я наха а. Дас хIора гIиллакхан маьIна дийца деза шен бере.

Вайн къоман гIиллакхца ду божарийн салам  далар-эцар, амма и даларан шен хьелаш  ду. Салам луш ца хилла  шен цIийнан (гергарчу) стаге,

ненахошка,  стунцахошка - невцо,  баккхийчаьрга, зударшка, кхиазхошка,  маьждигехь.

Дукха ду вайн  дайшкара схьадеана кIорга  маьIна  долу, лардан  деза

 гIиллакхаш. ХIоранна хазалла, мехалла йовзуьйтуш бер кхето деза.

Ден  шен барамца йолу чIогIаллий, ненан йовхой оьшу бер кхеторехь.    

Синоьздагаллица  кхетошкхиорехь йоккха меттиг дIалоцу  школо.  

Муьлхачу урокехь карор ю оьздангаллин,  гIиллакхан хазалла хьахо меттиг.
Къаьсттина нохчийн меттан а,  литературан а, этикан а,  динах лаьцна дуьйцучу урокашкахь. Т
Iаьхьарчу урокашна сахьташ(1 сахьт кIирнах) чIогIа к1езиг ду, церан ч1ог1а эшаре хьаьжча.

Хьехархочо   говза  дуьйцучуьнга  дика ладугIу дешархоша. Дукха масалаш  ду вайн къоман фольклорехь,прозаически а, поэтически произведешкахь дешархо кхетош - кхиорехь  чIогIа мехале  амалаш юьйцуш.

Нахана юкъахь муьлха гIиллакхаш ду лоруш, муха стаг дош хета нахана?

Оцу хаттаршна жоп дала таро хуьлуьйта хьехархочун лакхарчу классашкахь классал арахьара вовшахкхетарш  кечдеш, дешархошка дакъа лоцуьйтуш дIахьо диспуташ, кхоллараллин белхахошца  долу цхьанакхетарш

Вайн гIиллакхаш  муха хилла  ( синкъерамехь,  ловзаргахь), йоьIан, кIентан

юкъаметтиг  йийца еза шайн классан сахьташкахь:

 «КIентан яххьий, йоьIан эххьий:  

   Ма гойла дIадаьлла де!

  Кхана уьш дIадовлуш делахь

    Ца вехаш,со тахна ле…( А.Сулейманов)

Общая информация

Номер материала: 475806

Похожие материалы