5 класс
Урокан ц1е:Талламан диктант «Мокха хьоза»
Каде хьийза б1аьста мокха хьоза. Иза къардайна олхазар ду. Уьш
даимна вовшашца девне хуьлу. Кор диллина хилча, корах чу дог1ий а, раг1у
к1елахь лаьттачу пхьег1аш чу хьожий а, шена амал бо оцу хьозано. Цо деш дерг
доккха зен дац, цо бечу пайдане хьаьжча. Оцу къардайначу хьозано цхьацца к1еда
х1уманаш лахьош, шена бен бо. К1орнеш цо кхобу стоьмаш т1ехь хуьлуш долу зуламе
н1аьний даош. Цундела 1алашдан деза и олхазар. Иза адамашца уггар ч1ог1а
гергарло долуш ду.
Урокан ц1е:Талламан диктант «Б1аьлланг б1араш»
Хьуьнхахула волавелча, мажделла охьаэгначу г1аш юккъехь карадо
б1араш. Уьш, ц1ен бос болущ, дуьзна хуьлу. Диканиг бен б1аьлланга т1ера охьа а
ца дужу. Н1аьно талхийнарг дитта т1ехь дуьсу.
Б1араш лахьош лелачу хенахь, хьуна хьалхара д1аоьккху цхьа экха.
Иза тарсал ю. Цу жимачу экханан беснеш, буьрка санна, юсаелла гахь, хаалахь,
цуьнан бага б1арех юьзна юйла. Уьш цара, шайна 1аьнна кечам беш, д1адахка хьош
ду шайн ц1а чу.Иштта адамашна а, дийнаташна а пайдехь ю б1аьлланг.Вай хьуьнан
б1ар а олу цунах.
Урокан ц1е: Сочинени.Язъяр. «Со каникулашкахь волуш хилларг».
5 класс
-Маца юьйлало каникулаш?
-Муьлхачу билгалонашца хаьа вайна иза?
-Муьлхачу бетташкахь хуьлу иза?
-Шеран муьха МУР хуьлу иза?
-Аьхка денош, буьйсанаш муха хуьлу?
-1алам аьхка муха хуьлу?
-Шуна муха хета аьхка?
- Шу муьлхачу ловзарех ловзу аьхка?
-Йовхо новкъа хуьлий шуна?
-Аьхкенах лаьцна цхьа а стихотворени хаьий шуна?
6 класс Урокан ц1е:Талламан диктант «Доттаг1алла».
Мохьмада т1ех дика доьшу. Иштта шен накъосташна г1о а
до цо. И волчу классехь доьшуш ву Султанов Ахьмад. Цунна арифметика ледара
хаьа. Мохьмада Ахьмадана г1о до . Цушиммо цхьаьний йо ц1ахь ян елла урокаш.
Цхьана дийнахь Мохьмад школера ц1а веара. Дений,
нанний г1о а дина, арифметикан урок ян йолийра. Схьайцира тетрадь а, задачник
а. Парг1ат ойла а еш, задача йира. Иштта йина евллера примераш а. Т1аккха ц1еххьана
цунна дагавеара Ахьмад.
Хан суьйренга лестинера. Шен накъост волчу вахара
Мохьмад. И ц1ахь ца карийна , юхавирзира.
Х1ара ц1а веана дукха хан ялале, Ахьмад кхаьрга
веара.Мохьмада х1умма а ца элира цуьнга , ша арифметикан урок йина валарх. Ша и
ца йича санна, юха а кхочушйира цо арифметика.
Урокан ц1е: Изложени.
Язъяр. «Бен ма хьебе»
6 класс.
Хьуьнан бераш шайн ц1ийнах къасто мегар дац. Делахь а, нагахь
алкханчин т1ам лазийнехь я хьозанан ког чуьрабаьллехь, бух1ано шен б1аьрг
лазийнехь, ишттачу чайта1на г1о дан деза. Вай юьйцурш могаш йолу чайта1аш ю.
Къаьсттина мегар дац бух1анан к1орни хьуьнхара схьаян.
Бух1анаш к1еззиг бен йисина а яц, цундела ю уьш Ц1ечу книги т1е
яьхна. Июль баттахь х1ора бен чохь урокаш д1ахьо.1аморан урокаш.Чайта1аш а.
акхаройн к1орнеш а церан дас-нанас йовда а, такха а, т1емаяла а, т1екхета а,
ларъяла а, д1алачкъа а, мох муьлхачу аг1ор хьокху,1индаг1 мича дуьжу а 1амайо.
Буса тешаме д1алачкъа меттиг а, дийнахь юург йолу аре лаха а
1амайо.
Адамна юххехь хьалакхиъна чайта1 аьрхачу 1аламан хьелашкахь ша
яха 1емийна яц. Кхиа а йина д1ахецча, дукхахьолахь, ле иза. Акхаройн к1орнина
кога ирах1отталц, чайта1на т1ема яллалц г1о дан мегар ду адамо. Хьуьнхахь дукха
болх бу, берашна а цхьаьна.
Акха котамашна бай т1е г1ум а йоьхкина, лийча меттиг кечъян
мегар ду. Пхьагална хи чохь долу к1аг к1аргбан мегар ду, ша хьагъелча мер ду цо
иза. Цига дахка тарло цхьадолу олхазарш а.
Урокан
ц1е:Талламан диктант «Гуьйре.»
6 класс
Т1екхечи дашо
гуьйре.Сийна стигал 1аьржачу мархаша д1алаьцна.Дог1анаш оьху.Олхазарш бовхачу
махка д1адахна.
Бес бесара басарш а карахь, уггаре а хьалха хьуьнан
юьйлира ТовзангаГуьйре.Шегарчу басарца доккха сурт дилла долийра цо цигахь.
Цхьадолчу диттийн г1аш, лимонаш санна, маждира.Важадерш
хилла кхозучу 1ежаш санна,ц1ечу басе дерзийра.Юкъ-юкъарнаш-м ц1арах догуш санна
хеталучу дашо басе дерзийра.
Хьуьнан юккъера схьа а яьлла,ирзу т1е кхаьчча ,наьрт санна
лаьттачу къеначу ножа т1е 1оттаелира иза. Курра лаьтташ бара и наж, шен
боккхачу куьра т1ера дуькъа г1аш а дегош.
Оцу наьртана т1е а „духарˮ духа дагадеара цунна.Шена дага
ма-дарра исбаьхьа кеч а вира цо и къена наж- дада.
7
класс
Урокан ц1е: Талламан диктант «Обарг Зеламха»
Суьйранна д1абузучу малха к1ел, дешин бос а керчаш, тийна
лаьттара гуьйранна мажъелла хьун, Зеламха шен къоначу накъостаца Чилланан-Ирзе
кхаьчначу хенахь. Буьйсанна д1адийшале дечу дезаршца орцахдевлла дека
олхазарш бен, хезаш х1ума доцуш, тап-аьлла лаьттара кхузахь. Вовшашца яхь
лаьцна къовсаделча санна, леррина ч1ог1а декара уьш. Царна юккъехь
къаьсттина бертахь хьозарчий декара . Иштта хан даим а дукхаезара Зеламхина
. Дуьненан парг1атонах а, доьзалх а къаьстина ша висинчу цуьнан дагна тем луш
дерг х1инца и цхьа 1алам бен дацара. Х1умма а дацара кхин ц1ийнан тхов боцу
обарг кест-кеста кху 1аламан тхевна к1ел висарх. Даг т1ехь тем а, сада1а
парг1ато а кху 1аламо лора цунна. Х1инца а лаьттара динара воьссина обарг ,
ламаз дан х1оьттича санна , тийна, кху 1аламан хазалло даг т1ехь хьаам бина.
7 класс
Урокан ц1е: Сочинени. Язъяр «Со каникулашкахь волуш хилларг».
Урокан некъ.
-Маца юьйлало каникулаш?
-Муьлхачу билгалонашца хаьа вайна иза?
-Муьлхачу бетташкахь хуьлу иза?
-Шеран муьха МУР хуьлу иза?
-Аьхка денош, буьйсанаш муха хуьлу?
-1алам аьхка муха хуьлу?
-Шуна муха хета аьхка?
- Шу муьлхачу ловзарех ловзу аьхка?
-Йовхо новкъа хуьлий шуна?
-Аьхкенах лаьцна цхьа а стихотворени хаьий шуна?
7 класс
Урокан ц1е:Талламан диктант «Хала дахар»
1947-чу шарахь мелла а аттачу делира дахар. Адамашна боккха
кхаъ хилира юкъара карточкаш д1а а даьхна, туьканахь паргг1ат духкуш бепиг а,
цул т1аьхьа шекар а, цхьацца кхидолу сурсаташ а гучудовларх.
Доьзалехь жимахверг суо хиларе терра, дукхахьолахь бепиг эца со
оьхура. Цундела тхан массеран а карточкаш соьгахь хуьлура. Иштта цхьана
дийнахь, бепиг эца ваханчохь, сайн раг1 т1екхаьчча , кисанахь карточкаш ца
карийра суна. Сайн хечин а, пиджакан а массо а киса харцахьа эккхийтира аса уьш
лоьхуш, амма уьш карош дацара. Уьш доь доцуш дайнера . «Со 1овдал бага а
г1аттийна, къийгаш ягаръеш лаьтташехь, цхьаммо кисанара даьхна хир
ду-кх»,-доккха са а даьккхина, рог1ана юкъара юьстахвелира со. Ткъа ц1ахьберш,
со бепиг а дахьаш, ц1авог1у бохуш 1аш бара.Ч1ог1а вас йинера суна а, сан
доьзална а цу бохамо .
8 класс Урокан ц1е:Талламан диктант
«Воккха стаг ларар».
Массо а къаьмнийн ду
воккха стаг ларар.Амма массера а воккхачу стеган некъ ца хадош,сацавалар дац.
«Некъ цахадор» боху кхетам а ша-тайпа бу.Генара схьавог1учу стагана хьалха
т1ехваларх «некъ хадо» я цунна новкъарло хуьлуш х1ума дац.Х1етте а оцу
воккхачу стаге болу ларам ,цуьнан а,цуьнан шерийн а сий дар ду иза.Хаза
г1иллакх а ду.
Ша-тайпана ларам беш хилла воккхачу стеган йо1а а,къоначу зудчо
а.Нагахь хи т1ера йог1у йо1 воккхачу стагана дуьхьалкхетахь,иза шен к1удал охьа
а х1оттайой,букъ а берзабой, д1ах1уттуш хилла,и стаг т1ехваллалц.Нагахь шен
жима бер карахь а долуш йог1уш зуда хилча, и бер некъа йисте охьа а
дуьллий,юьстах а йолий , д1ах1уттуш хилла, воккхачу стагах бехк
лоций.(М.Ахмадов)
8 класс
Урокан ц1е :Изложени.
Язъяр «Ямартло чекх ца елира»».
Лазартни уьйт1ахь къаньелла дукха яккхий а, лекха а аккацеш
яра.Дог1а дог1учу цхьана 1уьйранна лазартни уча ваьллачу сан б1аьрг кхийтира
къеначу акказин буьххьехь бетталуш кхозучу кхокханах.
Кхокханан когах , иза лаьттахь бежачу хенахь, тай хьаьрчинера,
ткъа иза акказин буьххьерчу гаьн т1е охьахиъча, тай генах хьаьрчинера.Хьалаг1атта
тохабелла кхокха 1ункар олла а белла, т1емаш детташ,кхозура. Берриге а т1ада а
бина, даржийна т1емаш а долуш, 1ункар кхозу кхокха а бетталора, парг1ат баларе
сатуьйсуш.
Гуш долу сурт ирча дара.
Массо а метте кхочуш долу эладитанен олхазар-ч1ег1аг шен
г1овг1а а эцна, цхьанхьа д1а а дахана, духадеара. Ч1ег1агца цхьаьна кхокханна
«орцах» кхин кхо маккхаллий, ши ч1ег1аггий еанера.Ч1ег1го мосуьйттазза дира и
г1уллакх.Церан тоба стамъеллера кхокханна гонаха.Бетта а луш кхозуш кхокха а болуш,дог1уш
дог1а а долуш, де чекхделира.Буьйсанна дог1а д1атийра.Т1ееара хаза
1уьйре.Наггахь тоха а луш, кхокха кхозуш бара.Ц1аьххьана дукха ч1ог1а
тохабелира кхокха.Акказин га кагделла, кхокха генаца чубеара, лаьттах а
кхеташ. Аккази т1ехь 1аш йолу маккхалшший, ч1ег1агашший кхокханцаний
чухьаьлхира.Цуьнца чуяьхкина маккалш кхокханна т1ег1ертара, цунах шайна «той»
дан безам болуш.
И сурт ган а гуш, больницан уьйт1а нораш хьокхуш йолу зуда
Маруса а яра оцу белхан тидам беш. Шен карара еха г1аж йолу девзиг а эцна,
т1ехьаьддачу цо, маккалшший,ч1ег1агашший д1а а къахкийна, т1еяхана кхокхе
хьаьжира.
8 класс
Урокан ц1е: Талламан
диктант «Аьхке дагалацар»
Аьхке хаза зама ю.Стоьмах юьзна бошмаш а,бошмашкахь дека
бес-бесара олхазарш а.Юьртана юккъехула а, йистехула а охьаоьху хаза хиш.Бухара
т1улгаш а гуш сирла хиш а, шовданаш а ду.Баца юкъахь ц1ен а,можа а,баьццара а
зезагаш ду.Цхьадолчу деношкахь бераш хи т1е ч1ерий леца оьху.Цхьадолу бераш
юьртана уллорчу хьуьнах доьлху.Хьуьнхахь эшаршца декаш,шакарш етташ олхазарш
ду.Екачу цаьпцалган цкъар а хеза.Наггахь х1аваэхь хьерчаш,ловзуш полларчий а
го.
Аьхкенан довхачу дийнахь ара д1ахьаьжча,йовхонан тов а хуьлу
гуш.Иштта довхачу дийнахь хи т1е лийча доьлху бераш.Малхе г1еххьа шайн дог1маш
дагадойтуш,хи чохь лийча а луьйчуш, соьналла йолчу могашалла ч1аг1ъян
доьлху.Цара кест-кеста книгаш йоьшу,ц1еначу х1аваэхь а, соьналлаш йолчохь а,
бошмашкахь а дика садо1у.
9
класс
Урокан ц1е:Талламан диктант «Да»
Д1аоьхура денош. Дуьне цхьа дассаделча санна хетара.Ца хезара
ден аз. Ца хаалора цуьнан ховха куьг. И могаш волуш, цуьнан голаш т1ехь
д1атевжжинчохь кхетара суна наб. Цунна улле бен д1а а ца вуьжура со, ткъа
х1инца …х1инца уьш дерриг а юхадог1ур доцуш д1адевлла хиллера.
Сайна дага а ца йог1учу нанна-м аса са а ца гатдора, амма да
сайна ца гуш ши-кхо де даьлча, баккхийчаьрга иза ц1а маца вог1ур ву бохуш,
хетта волавелира со. Аса и хаттар шайга дича, къаьсттина ч1ог1а 1аьткъара сан
денанний, девешиний. Амма шайн мА-хуьллу со теван, папа кестта ц1авог1ур ву
бохуш, 1ехо г1ертара уьш. Ткъа денана, наггахь, тоха са а ца хуьлий, со мара а
вуллий, доггах йоьлхура:»Шуна шайн да а витина , со къанъелла гуьйриг д1а
х1унда ца хьора оцу Дала!»
Доцца аьлча,жимчохь байлахь дисиначу х1ор берехь долу хьал
дар-кх сан даг т1ехь а, сан кхетамехь а. Х1етахь дуьйна дукха шераш д1адевллехь
а,тахана санна , сан б1аьргашна хьалхах1уьтту гуьйренан и дог1анан де а, т1е
верта а тесна, адамийн тобано кертах арабаьккхина сан да т1ехь 1уьллу барам а….
9 класс
Урокан ц1е:Нийсантг харжар.
Тест
1.Хиш
дуьйладелира, шаш лелха буьйлабелира, даьржинчу хин 1овраш а охьаюьйлаелира. -
предложени
1) шина цхьалхечу предложенех лаьтта чолхе предложени ю
2) кхаа цхьалхечу предложенех лаьтта чолхе предложени ю
3) цхьанатайпанарчу меженашца йолу цхьалхе предложени ю
4) карчамца чолхеяьлла йолу цхьалхе предложени ю
2.Билгалъяккха къасторан хуттург: а)
я; б) х1етте; в) ткъа; г) а.
3.Нийсаниг харжа: Амма, ткъа бохучу хуттурийн тайпа
ду:
а) къасторан; б) дустаран в) дуьхьларан.
4.Хуттургаш ца хуьлу:
а) меттиган; б) карара; в) цхьаьнакхетаран.
5.Нийсаниг
харжа:
а) куцдош ц1ердашца лела; б) куцдош хандашца
лела;
в) куцдош предложенехь ша лела.
6.Предложенехь билгалдашах
хуьлу:
а) латтам; б) нийса кхачам; в) сказуеми; г) къастам. 7.Г1уллакхийн
къамелан дакъош ду:
а) ц1ердош, ц1ерметдош,
куцдош;
б) хандош, терахьдош,
билгалдош;
в) дешт1аьхье, хуттург, дакъалг
8.Варийлахь(1) Дука(2) нуй (3) шайн Бабин не1ара т1ехьарниг
ма балахь(4) и ( 5) суна бевзар бу хьуна. - предложенехь ц1оьмалгаш
яхкаран нийса вариант къастае
1) 1,2,4 2)
2,4,5 3) 1,3,4,5 4) 1,2,3,4
9.Подлежащи
хуьлу
1) лааме, лаамаза 2) грамматически, логически 3)
мухаллин, меттиган 4) берта, бертаза
10.Лексика олу
1) меттан дерриге дешнех 2) меттиган матах 3) дешнийн
нийсаяздарх 4) аьзнаш а, элпаш а 1амочу меттан 1илманан декъах
11.Д1абаханчу беттан ткъе итте а де хаза лаьттира. - бохучу
предложенера терахьдош
1) х1оттаман ду 2) чолхе ду 3) цхьалхе ду
12.Нохчийн маттахь легар къастадо
1) доланиг дожаран чаккхенца2) коьчалниг дожаран чаккхенца3)
дийриг дожаран чаккхенца
4) хотталург дожаран чаккхенца
13.Синтаксисо 1амадо
1) элпаш, аьзнаш 2) дешнаш, дешнийн кхолладалар 3) дешнийн
цхьаьнакхетар, предложенеш
4) къамелан
дакъош 14.Синтаксически къастам бе:
а) Хьалххе еанчу б1аьстено дохдинера дуьне.
9 класс
Урокан ц1е:Талламан диктант «Б1аьсте»
Массо а са долчу х1уманна ирс, доккхадер дохьуш йог1у иза.
Цунах даккхийдеш, олхазарш дека, ламанийн басешкахь, вовшашна карраш детташ,
акха гезарийн буьхьигаш ловзу, бовхачу малхехь дег1ана хазахетар хилла
пхьагалан к1орнеш 1охку, зурманах дека шийла шовданаш, шабаршца техка къена
хьаннаш.
Лайн йийсарера схьахецаделла, стамделла, терсаш охьадог1у
генахь ц1е йоккхуш доцу, амма дуккха а бала лайна, эрчонаш гина, хийлазза
шен к1ентийн ц1ийца ц1ийделла Нана-Нохчмехкан Ясса-хи. Цуьнан йистойх летта
1охку цхьа-ши шо хьалха сецначу т1амо ирча лар йитина миска ярташ.
Б1аьсте ю-кх, даима санна, маьлхан, зезагийн, сийначу 1аламан
б1аьсте. Iаламо шениг дитац, цунна бала бац адамийн мостаг1аллин, безаман,
бохаман, ирсан. Iаламехь даима шен хенахь хийцало шеран раж. Хийцало денош,
буьйсанаш. Iаламо цхьа цуьрг къайла ца доккхуш, озабезамаш ца беш, комаьрша
схьакхийдадо шен токхе рицкъа. Амма иза маьссаьрга а нийса ца кхочу. Ницкъ
болчара шайн сутарчу м1арашца дерриге а маракъуьйлу иза, г1орасизнаш т1ехьа
лаьтта. Iаламан ницкъ бац адамашна юккъехь нийсо ян, харцо хьаша, бакъдерг
толо.(165 дош)
9 класс
Урокан ц1е:Сочинени«Ас хаьржина корматалла» .Язъяр
Массо а адам хьанала къахьега дезаш ду.Шена безаш болу болх бан
атта хуьлу адамана. Стеган самукъадолу шена беза болх беш хилча .Шена еза
корматалла караерзо дика деша а,къахьега а деза.Адамо дукха хьалхе къастайо
шена корматалла. Тахана вай язйийр йолу сочинени аш хаьржинчу корматаллех хир
ю.Х1инца дуьйна аш шайна цхьа корматалла къастийча, дика доьшуш кечам бича,
болх бан атта хир ду.
ΙΙΙ.Дешархошна г1оьнна хаттарш ло:
1.Ас хаьржина корматалла.
2.Х1унда хаьржина иза?
3.Муха къахьега деза и лаам кхочуш беш?Деша дезий дика?
4.Хьенан дуьхьа доьшур ду ахь?
5.Хьан г1о дийр ду хьуна?
6.Болх муха бан дагахь ву хьо?
7.Вайн махкахь бан дагахь вуй хьо болх?
8.Нахана пайдехьа хир буй хьан болх?
9.Хьуна луур дуй кхечу махка д1аваха а,цигахь къахьега а?
10.Дений,нанний х1ун эр ду ахь,хьо цу дикачу новкъа ваьккхинчу?
11.Хьайн дахарехь халонаш 1итталахь а д1ахьур буй ахь хаьржина
некъ?
12.Сочинени,кица дахарца я байтаца чеккъяккха.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.