Инфоурок Родной язык Рабочие программыФОС чеченский язык 2 КЛАСС

ФОС чеченский язык 2 КЛАСС

Скачать материал

«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

 г1ирсийн паспорт.

 

Рог1.

Мах хадоран г1ирсан ц1е

Чийрик

Х1оттийнарг

2 класс

1.

Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх «Школан беш».

I

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

2.

Шолг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Лийчаэхар»

II

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу  классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

3.

Кхоалг1ачу чийрикан жам1даран талламан болх «Б1аьсте схьакхачар».

 

III

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

4.

Шеран жам1даран                 талламан диктант «Хьуьнхахь»

IV

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

 

3 класс

5.

Хьалхарчучийрикан  жам1даран талламан болх «Бошмийн доттаг1ий»

I

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

6.

Шолг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Тхан школа».

II

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

7.

Кхоалг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Олхазаршна баннаш»

III

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

8.

Шеран жам1даран                 талламан болх                   «Хасбешахь»

IV

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

 

4 класс

9.

Хьалхарчу чийрикан  жам1даран талламан болх «Лар толу ж1аьла»

I

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

10.

Шолг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Доттаг1ий»

II

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна  диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

11.

Кхоалг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Воккхастаг»

III

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

12.

Шеран жам1даран                 талламан болх                   «Шовданийн боьра.»

IV

Солтаханов Э. Х.  Солтаханов И.Э.       Юьхьанцарчу классашна диктанташ, 1-4 класс. Грозный: ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2019 год

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

г1ирсийн фонд.

2 класс.

1.     Хьалхарчу чийрикан   жам1даран талламан болх «Школан беш».

2 класс.

Школан беш.

Школан йоккха беш ю. Дукха дитташ ду бешахь. Дешархоша белхаш бо бешахь. Цара  дика  1алашйо иза. Цундела дитташ т1е стоьмаш а латабо.

2.     Шолг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх  «Лийчаэхар»

Лийчаэхар.

Аьхка йовхачу хенахь тхо х1ор дийнахь доьлху  хи  т1е. Лийча  дика айма йолуш меттиг хаьа тхуна. Лекха боцчу берда т1ера чукхийсала тхо. Хи т1ехула некадеш , юьйсина буьрка санна, лела тхо. Хаза хуьлу аьхка луьйчуш!

 

3.     Кхоалг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Б1аьсте схьакхачар». 2 класс.

 

                                                   Б1аьсте схьакхачар.

    Б1аьстей, 1ай къовсаделла . Шен меттиг д1айоьхура б1аьстено . Дуьхьалделира 1а .Схьахьаьжира бовха малх. Дилхира 1а, охьадуьйладелира ладарш. Д1алецира б1аьстено шен меттиг. Зезагашца аренаш къарзйира хазахеттачу б1аьстено.

4.     Шеран жам1даран   талламан болх «Хьуьнхахь». 2 класс.

Хьуьнхахь.

    Ц1ена ду хьуьнхара х1аваъ.  Абу хьуьнха талла воьду. Жаьла а дуьгу цо шеца. Хьун тийна хета. Амма хьуьнхахь кхехкаш дахар хуьлу. Цхьанхьа тебна цхьогал доьду ,кхечанхьа хьуьнан к1оргехь генаш кегдеш лела партала ча.

 

 

 

 

 «Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

 г1ирсийн фонд. 3 класс.

 

1.     Хьалхарчу чийрикан жам1даран талламан болх «Бошмийн доттаг1ий». 3 класс.                                                                                   

Бошмийн доттаг1ий.

Дитта т1ехь д1атоьхна бен бу.  Цу чохь олхазарш деха. Олхазарш бошмийн доттаг1ий дуйла хаьа суна. Ас уьш къехка ца до. Цундела тхан дитташ т1е  стоьмаш дуккха а латабо.

 

Грамматически т1едилларш.

1. Шолг1а предложени  меженашца талла.

2. Сехьадаха ма-деззара декъа а доькъуш д1аязде дешнаш: дитта, доттаг1ий, тхан, къехка, дукха

 

2.     Шолг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Тхан школа»

3 класс.

Тхан школа.

         Тхан  школа ломана юххехь ю. Тхан школан йоккха беш ю. Дика 1алаш йо иза школо. Тхан школаца  йоьхье яьлла лулара школа. Оха тхешан школах дозалла до. Со школе т1аьхьа ца вуьсу цкъа а. Тхан школал хаза школа  яц тхан йоккхачу юьртахь.

Грамматически т1едилларш.

1. Кхоалг1ачу предложенехь коьрта меженашна к1ел сиз хьакха.

2. Шайн билгалонашца гайта цхьа орам болчу дешнийн орам а, чаккхе а: школа, школан, школо, школаца, школах, школе, школал.

3.     Кхоалг1ачу чийрикан жам1дара талламан болх «Олхазаршна баннаш». 3 класс.

Олхазаршна баннаш.

Бовхачу махка д1адахана олхазарш б1аьсте яьлча юхадог1у. Аннийн кескех царна баннаш до бераша. Т1аккха дитташ т1ехь уьш д1ач1аг1до. Олхазарш бошмийн доттаг1ий  ду. Дитташ талхошйолу са  долу х1уманаш юу цара. Олхазарш бошмашкара лелхо мегар дац. Уьш, мелхо а, т1ек1адо х1ума дан деза.

Грамматически т1едилларш.

1.  Хьалхарчу предложенехь билгалъяха коьрта меженаш.

2.    Дешнийн  х1оттам къастабе

1-ра вариант: таллархо, д1адеша, урамаш

2-г1а вариант: яздархо, схьакхечи, къоламца

3.    Дешнаш дуккхаллин терахье даха: олхазар, зезаг, адам, тоьрмиг, аре.

 

4.    Шеран жам1даран   талламан болх «Хасбешахь». 3 класс.

Хасбеш.

Хасбеша дахара бераш. Цигахь белхаш бира цара.Цхьаболчара хасстоьмашна асар дира, вукхара хи диллира. Дукха хасстоьмаш гулбийр бу хасбешара. Цигахь йийна дика кхуьуш ю копастанаш а, ж1онкаш а, наьрсаш а. Муьлхачу хасстоьмана хи маца дилла дезаа, молханаш муьлханаш тохадеза а хьоьху агрономо  берашна.

Грамматически т1едилларш.

1. Хьалхарчупредложенехьбилгалъяхакоьртамеженаш, дешнашна т1ехула къамеландакъошбилгалдаха

 

2.Текста  юкъарасхьаяздецхьаллин а, дуккхаллин а терахьеракхоккхадош.

 

3.Сехьадахама-деззарадекъа а доькъуш д1аязде дешнаш: йийна, асар, хасстоьмаш, дукха, диллира.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

«Нохчийн мотт» дешаран низамехула мах хадоран

 г1ирсийн фонд. 4 класс.

 

1.     Хьалхарчу чийрикан  жам1даран талламан болх «Лар толу ж1аьла».

4 класс.

Лар толу ж1аьла.

         Сан вашас Х1арона  к1еза деара. Оха цунна ц1е тиллираТарзанаьлла. Соьца гуттар а ловзуш хуьлура к1еза. Хи т1е лийча   со  воьдуш хилча, т1аьхьах1уттара иза.

Д1аоьхура хан. Тарзан доккха хилира. Цуьнан лергаш ира, дог1аделла дара. Иза лар толу ж1аьла хиллера. Х1арона кест-кеста хьунхахь таллад уьгураТарзан. Х1инца, доккха а хилла, соьца к1езиг ловзу иза.

 

Т1едиллар:

1)  Билгалдаха къамелан дакъош хьалхарчу предложенехь.

2)  Дешдакъошца декъа дешнаш: цунна, доккха, т1аьхьах1уттура

2.    Шолг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх «Доттаг1алла», 4 класс.

                                              Доттаг1алла

 

        Доттаг1 воцуш стаг мегарвац. Доттаг1 воцу стаг, т1ам боцу олхазар санна, ву. Доттаг1чунна тешаме хила веза. Доттаг1алла даггара лело деза. Доттаг1чух дагаволуш хила  веза. Доттаг1чунна т1е хало еана меттиг а 1оттаелла доттаг1 дешарна т1аьхьависча, цунна г1о дан деза. Иштта хилчий бен хьох бакъволу доттаг1 а хирвац.

 

Т1едиллар:

1)    Кхоалг1а предложеникъамеландакъошцаталла.

2)    Цхьаорам болу дешнашбилгалдахий, т1ехула дожарш х1иттаде.

3.    Кхоалг1ачу чийрикан  жам1даран талламан болх

 «Воккха стаг».

Воккха стаг

 

       Х1ор 1уьйранна вог1ура воккха стаг акхаройх а, олхазарех а дерш 1амочу  ц1а чу. Мунданаш тоеш  я керланаш еш хуьлура иза цу чохь. Оцу 1уьйранна а ша ян йолийначу аккхачу бедан мунда, хьаькхна, шардеш кечдинчу жимачу уьн т1ехь д1а а ч1аг1йина , ша яржийна нехаш, нуй хьаькхна, гул  а йина, тускар чу тийсира цо.

                

Т1едиллар:

1)    Хьалхара предложении къамелан дакъошца талла.

2)    Массо предложенийн юкъара ц1ерметдешнаш билгалдаха.

 

4.Шеран жам1даран талламан болх «Шовданийн боьра». 4 класс.

 

Шовданийн боьра.

 

Дуккха шовданаш долуш бара х1ара боьра. Кегийра, ц1ена г1ум ловзош хьалакхуьйсура ша санна шийла, сирла шовданаш. Кхуза оьхура Малх-Арера мехкарий хит1а. Кхузахь малхчубуззуш цхьанакхетара уьш кегийчу нахаца.

Кхузахь дара уггар доккха шовда а, юххехь коьллаш а, жима д1анехьа хьун а йолуш.

Зама  маьрша яцара,ткъа шовданийн боьра юьртана юьстахо бара. Цундела наноша ца магадора цига хит1а эхар.

Т1едиллар:

1)     Шолг1а  предложении къамелан дакъошца талла.

2)    Цхьаорам болу дош схьалаха, уьш муьлхачу дожарехь ду билгалдаха.

3)     

I-IV классийн дешархойн ненан маттах долчу хаарийн

х1итточу оценкийн барамаш

 

 

I.                  I-IV классашкахь ечу талламан диктантийн мах хадор.

 

         Диктант – иза офографех а, пунктуацех а долу хаарш талларан кеп ю.

     Талламан дешнийн диктанто  зоь кхета хала йолу офограммаш. Иза хила йиш ю х1окху дешнийн барамехь:

 

 5 класс-15-20 дош 

 6 класс-20-25 дош

 7 класс- 25-30 дош

 8 класс- 30-35 дош

 9 класс- 35-40 дош.

 

Текст хоржуш, кху некъех пайдаэца беза:

1.   Диктантан текст шен чулацамехь дешархой кхеташ а, хӀинцалерчу литературни метган лехамашца юьззина нийса йогӀуш а хила еза.

2.   Диктантан дерриге а дешнаш дешархошна кхеташ хила деза. КӀезиг лелош а, девзаш доцу а дешнаш довза а довзуьйту, доски тӀе дӀа а яздо.

3.   Диктантан текстехь хала дешнаш хилахь, цу дешнийн нийсаяздар дешархоша Ӏамийна а дацахь, и дешнаш доски тӀе дӀаяздо.

4.   Текст йоьшучу хьехархочо дӀаешар литературни нийса а, муха яздан деза, дешархошна дӀа ца хоуьйтучу кепара а хила деза. Масала, кӀайн, Ӏежийн, халкъан бохучу дешнашкахь, литературни аларан норманашца цхьаьна а догӀуш, чаккхенгара н ца олу, ткъа саьрмик, чегӀардиг дсшнашкахь г-ний, к-ний хьалхахь долу и а долуш санна олу.

5.   I чийрик чекхдаллалц текстан барам кхул хьалхарчу классехь хилларг магабо.

 

I-IV классийн дсшархойн диктантийн мах хадорехь хьехархочо куьйгалла оьцу кху некъех:

1. Диктантехь орфографически а, пунктуационни а гӀалаташ къаьст-къаьстина лору, оценка юкъара юьллу.

2. Диктантана «5» дуьллу, нагахь цхьа а орфографически гӀалат дацахь я цхьаннал сов пунктуационни гӀалат ца хилахь.

3. «4» дуьллу, кхааннал сов орфографически а, щиннал сов пунктуационни а гӀалат ца хилахь (я шиъ орфографичсски, кхоъ пунктуационни гӀалат хилахь).

4. «3» дуьллу, ялханнал сов орфографически а, пхеаннал сов пунктуационни а гӀалат ца хилахь (я 5 орфографически, 5 пунктуационни гӀалаташ хилахь).

5. «2» дуьллу, иттаннал сов орфографически а, пхеаннал сов пунктуационни а (я бархӀаннал сов орфографически а, ворхӀаннал сов пунктуационни а) гӀалаташ ца хилахь.

6.   «1» дуьллу, нагахь 2 дуьллучул гӀалаташ сов хилахь.

 

Дсшархочун балха тӀехь гӀалат лара деза, орфографически

а, пунктуационни а, муьлхха а бакъо талхош, диктант язъяле оццу классехь я цул лахарчу классашкахь Ӏамийнчух иза хилахь. Нагахь санна талламан диктантехь 5 ша дина нисдарш хилахь (нийса цаяздинарг нийсачуьнца хийцина) оценка цхьана баллана лаг1йо, иштта оценка «5» ца дуьллу, диктантехь 3 я цул сов нисдарш хилча.

 

Оценка юьллуш, ца лоруш дуьту:

1.  Программехь йоцу я Ӏамийна йоцу орфографически а, пунктуационини а бакъонаш талхош долу гӀалаташ/

2.  Тилкхаздаьлла гӀалат (описка) лору, масала, белхало хила дезачохь белхано яздинехь, Ӏуьйре хила дезачохь Ӏуьйле яздинехь.

3.  Нохчийн маттахь зевне мукъаза й (йот) яздар, масала: йоза хила дезачохь еза яздахь, йогӀу (егӀу), юьртахь (йуьртахь), юьгу (йуьгу) яздахь.

4.  Орам ларбеш а, ораман аьзнаш хийцалуш а терахьдешнаш яздар, масала: исс - иссалгӀа-уьссалгӀа, итт - итталгӀа - уьтталгӀа.

5.   Къовсамечу мсттигашкахь чолхечу дешнийн нийсаяздар, масала: пайдаэцар - пайда эцар, нийсаяздар нийса- яздар, гӀодар - гӀо дар, и. дӀ. кх.

6.  Дешнашкахь дифтонгаш язъяр: къега- къиэга, терса- тиэрса, оза-уоза, еха - йиэха, и. дӀ. кх. а.

7.   ЦӀердешнийн къовсаме яздар: стогалла- стагалла, мох – мохан-механ - махан, морха, и. дӀ. кх. а.

Дешархоша далийтинчу гӀалаташна юкъара даккхий а, кегий а гӀалаташ къасто деза.

 

Даккхий гӀалаташ лору:

1.        Хьалхенца Ӏамийна а, йозанехь алсам пайдаоьцуш а йолу орфографичсски, пунктуационни бакъонаш талхош долу гӀалаташ:

2.   Мукъазчу элпашна юккъе яздеш долу къасторан хьаьркаш, масала: хӀаллакьхилла, меттахъхъайра.

3.   Дсшхьалхенца йолчу я чолхечу инфинитиван суффиксийн язъяр.

4.   Хандсшнех хиллачу тайп-тайпанчу къамелан дакъойн яздар (оху -охуна я охана,  тоьгу - тоьгуна я тоьгана).

5.    Хандешан ихначу хенан язъяр, масала: бохура я бахара, моьттура я моттара.

6.   Кху кенара цӀердешнийн яздар: дечиган я дечган, эчиган я аьчган.

7.   ЦӀердешнийн а, билгалдешнийн а массо къобалйина тӀеэцна йолу яцйинчу а, юьззинчу а форманийн язъяр, масала: гӀуллакх я гӀулкх, гӀиллакх я гӀилкх.

Дсшархочун балха тӀехь цхьамогӀа (кхоъ я цул сов) цхьана бакъонна нислуш гӀалаташ хилахь, диктантана оценка лакхаяккха мега, масала, дешан чаккхенга н яздарехь, доца шеконан элпаш (а, и, у,) яздарехь.

  Комплексни талламан белхашкахь, диктантах а, т1едилларех а

(фонетически, лексически, орфографически, грамматически, пунктуационни) лаьттачу, ши оценка юьллу-х1ора балхана шен-шен.

 

Т1едилларийн мах хадорехь куьйгалла оьцу кху некъех:

«5» дуьллу, массо а т1едиллар нийса кхочушдинехь;

«4» дуьллу, т1едилларийн ¾ дакъа нийса динехь;

«3» дуьллу, болх ах я цул сов нийса бинехь;

«2» дуьллу, болх эханал к1езиг бинехь.

«1» дуьллу, цхьа а т1едиллар кхочуш ца динехь.

 

Билгалдаккхар:

Орфографически а, пунктуационни а г1алаташ, т1едиллар кхочушдарехь дина долу, диктантан мах хадош лору.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "ФОС чеченский язык 2 КЛАСС"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Политолог

Получите профессию

Бухгалтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 660 227 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

"Татар теленең килеп чыгышы ягыннан сүзлек составы"
  • Учебник: «Татарский язык (Татар теле): учебник для общеобразовательных организаций основного общего образования с обучением на русском языке (для изучающих татарский язык как родной)», Шамсутдинова Р.Р., Хадиева Г.К., Хадиева Г.В.
  • 03.11.2021
  • 738
  • 21

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 03.11.2021 3538
    • DOCX 41.7 кбайт
    • 77 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Зайтемиров Сайдик Салахович. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Зайтемиров Сайдик Салахович
    Зайтемиров Сайдик Салахович
    • На сайте: 4 года и 2 месяца
    • Подписчики: 3
    • Всего просмотров: 265860
    • Всего материалов: 236

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Секретарь-администратор

Секретарь-администратор (делопроизводитель)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Специфика преподавания предмета «Родной (русский) язык» с учетом реализации ФГОС НОО

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 234 человека из 59 регионов
  • Этот курс уже прошли 3 167 человек

Курс повышения квалификации

Лингвокультурологический подход в обучении русскому языку как обеспечение принципов и требований ФГОС

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 22 человека из 14 регионов
  • Этот курс уже прошли 92 человека

Курс профессиональной переподготовки

Русский язык и культура речи: теория и методика преподавания в профессиональном образовании

Преподаватель русского языка и культуры речи

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 59 человек из 34 регионов
  • Этот курс уже прошли 183 человека

Мини-курс

Возрастные кризисы

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 28 человек из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 18 человек

Мини-курс

Основы русского языка: морфология, синтаксис, лексика

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 22 человека из 13 регионов
  • Этот курс уже прошли 13 человек

Мини-курс

Психология и педагогика в работе с подростками

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 55 человек из 29 регионов
  • Этот курс уже прошли 29 человек