Инфоурок Начальные классы Другие методич. материалыФОСы по чеченскому языку

ФОСы по чеченскому языку

Скачать материал

Выберите документ из архива для просмотра:

Выбранный для просмотра документ Диктанты 2 класс.docx

Нохчийн меттан талламан белхаш 2 класс.

Диктант 1 «Дешархо»

1алашо: Предложенех, текстах лаьцна болу хаамаш таллар.

 

                               Дешархо.

        Со дешархо ву. Ас дика доьшу.  Ас нанна г1о до. Нанас сунна, дика к1ант ву, олу. Со школе т1аьхьа ца вуьсу.

Грамматически т1едиллар.

·         Мукъачу элпашна буха сизаш хьакха.

·         Дешдакъошка декъа т1аьхьарчу предложенера дешнаш.

·         Йозанца д1аязде маса предложении ю текстан.

 

 

Диктант  2 «Машар»

1алашо: мукъа а , мукъаза а аьзнех,элпех лаьцна болу хаамаш таллар. Дешнеш дешдакъошка декъа хаар таллар.

 

Машар.

       Машар бохург дика дош ду. Вайна машар беза. Машарехь адамаша болх бо, уьш дика деха. Вайн Даймахко машарехьа къийсам латтабо.

Грамматически т1едиллар.

·         Хьалхара мог1а –аша буха сизаш хьакха мукъачу элпашна.

·         Шолг1а мог1а –буха сизаш хьакха мукъазачу элпашна.

·         Дешдакъошка декъа дешнаш:  вайна, машар, Даймохк, къийсам.

 

Диктант 3 «Уьстаг1ий»

1алашо: шалхачу элпех лаьцна болу хаамаш таллар. Шалха элпаш билгалдаха хаар .     

                                     

Уьстаг1ий.

          Тхан юьртахь уьстаг1ий дукха ду. Уьш дика 1алашдо.  Цундела шортта жижиг а, т1арг1а а хуьлу. Бераша а до уьстаг1ий 1алашдеш г1о. Кест-кеста уьш дажо а оьху бераш.           

Грамматически т1едиллар.

·         Мукъа шалха элпашна буха цхьа сиз хьакха, мукъаза шалха элпашна буха ши сиз хьакха.

·         Хьалхара предложении дешдакъошка екъа охьнехьа сизаш хьокхуш.

 

Диктант 4 «Гуьйренан т1аьххьара денош»

1алашо:къасторан хьаьркех лаьцна болу хаамаш таллар, царех пайдаэца хаар кхиор.

                                          

                   Гуьйренан т1аьххьара денош

          Арахь шелъелла. Гуьйре чекхъяла герга яхна. Наггахь лайн чимаш а тосу. Арахь  тийна , тап-аьлла ду. Хьозарчий а ца дека. Дийнахь, бусий дог1анаш оьху. Шело сихъелла т1ете1а.

Грамматически т1едиллар.

·         Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде. Къасторан хьаьркашна буха сизаш хьакха.

 

 

Диктант 5 «Йиший , ваший»

1алашо: х1уманаш билгалъечу дешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Доларчу ц1ерех лаьцна болу хаамаш таллар. Текстехь долара ц1ераш билгалъяха хаар таллар.                                           

                Йиший , ваший

            Салманний ,Зиний ваший , йиший ду. Салман Зинел воккха ву. Цо йишин терго йо. Нана болх беш ю. Йиший , ваший ц1ахь дуьсу гуттар а. Салмана Зинина яах1ума ло. Дика ваша ву Зинин, олу массара.

   

Грамматически т1едиллар.

·         Хьалхара тоба- адамийн ц1ераш схьаязъе.

·         Шолг1а тоба- адамаш билгалден дешнаш схьаязде.

·         Т1аьххьарчу предложенехь мукъачу элпашна буха сизаш хьакха.

 

Диктант 6 «Тхан доьзал»

1алашо: х1уманийн дар билгалдечу дешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Текстехь х1уманийн дар билгалдечу дешнаш билгалдаха хаар таллар.                                           

Тхан доьзал.

             Сарахь ц1а гулло тхан доьзал. Со урокаш ян охьахуу. Дас газета доьшу. Нанас юург кечйо. Йишас суьрташ дохку. Яах1ума яьлча , цхьаьна  стоьла гонаха охьаховшу тхо.

            Массара бертахь х1ума юу.

Грамматически т1едиллар.

·         Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна буха сизаш хьакха.

Йозанца д1аязде масса дешдакъа , элп , аз ду дашехь яах1ума, юург.

Диктант 7 «Хьуьнхахь»

1алашо: гергарчу дешнех лаьцна болу хаамаш шорбар. Текстехь гергара дешнаш каро , уьш билгалдаха,орам къасто хаар таллар.

Хьуьнхахь.

           Ц1ена ду хьуьнхара х1аваъ. Абу хьуьнха талла воьду. Ж1аьла а дуьгу цо шеца. Хьун тийна хета. Амма хьуьнхахь кхехкаш дахар хуьлу.      Цхьанхьа тебна цхьогал доьду, кхечанхьа хьуьнан к1оргехь генаш кегдеш лела партала ча.

Грамматически т1едиллар.

·         Текста юкъара схьаязде гергара дешнаш, билгалбаккха орам.

·         Схьаязде кхоъ х1уманан дар билгалден дош.

·         Адаман ц1ераш карае , буха сизаш хьакха.

 

Диктант 8  «Хьун»

1алашо: шарахь гулдина хаарш таллар. 1амийначу бакъонех пайдаэца хаар таллар.

                    Хьун.

             Хьун  1алащъян еза. Хьун кхио еза. Хьаннаша бахамна оьшу коьчал латтайо. Хьаннаша х1аваъ ц1андо. Ц1ена х1аваъ могашаллина оьшуш ду.

              Хьуьнхахь ц1ераш яго мегар дац. Хьуьнан доттаг1 хила веза. Хьун ларъян еза.

Грамматически т1едиллар.

·         Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде.

·         Гергара дешнаш караде, церан орам билгалбаккха.

·         Хьалхарчу предложенехь мукъачу элпашна буха цхьа сиз, мукъазчаьрна буха ши сиз хьакха.

·         Дешдакъошка декъа дешнаш: хьаннаша, могашаллина, хьуьнан.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал

Выбранный для просмотра документ ДИКТАНТЫ ПО ЧЕЧ,ЯЗ 3 кл.docx

Нохчийн меттан талламан белхаш 3 класс.

1 чийрик ( 3 т.б.)

Диктант 1 «Бошмийн доттаг1ий»

1алашо:  Предложенех , дешнийн  цхьанакхетарех болу хаамаш  таллар. Нийса дешнаш  язъян а , ала  хаар таллар.

Бошмийн доттаг1ий.

        Дитта т1ехь д1атоьхна бен бу.  Цу чохь  олхазарш дека. Олхазарш  бошмийн доттаг1ий дуйла хаьа  сунна.

Ас уьш къехка  ца до. Цундела тхан дитташ т1е  стоьмаш  дуккха а латабо.

аь)  Диктант язъяр.

БИЛГАЛОННА ДЕШНАШ : д1атоьхна.

б) Грамматически т1едилларш.

1. Шолг1а предложении меженашца  талла.

2. Схьаязде  хьалхарчу предложенера  дешнийн  цхьанакхетарш.

3. Йоьхна предложенинисъе.

Хуьлу,  ахьхка , мА  , хаза.

 

 

Диктант 2 «Хьава»


1алашо:  дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш таллар.

Хьава

Дика дешархо ю Хьава. Хаза сурташ дахка хаьа Хьавана. Цкъа 1аьржа къолам хьокху цо. Юха сизаш дохку. Т1аккха бес-бесарчу къоламашца хаздо цо сурт.Тхов ц1ег1а кибарчиг йолуш бо, не1аршна сийна басар хьокху. Диллина долу сурт.

·Грамматически т1едиллар:

Цхьаорамболу дешнаш схьаяздар.

 

Диктант 3 «Синтарш»

1алашо:  аьзнех ,элпех болу хаамш таллар. Дешнашкахь дехи доций мукъа аьзнаш билгалдаха хаар таллар. Дешнашкахь  мукъа а , мукъаза а элпш билгалдаха хаар таллар.

Синтарш.

                Дешархоша школан бешахь стоьмийн синтарш дийг1ира. Урамийн йистошца а дийг1ира  цара уьш. Синтарш кеста хьалакхуьур ду. Цара 1индаг1 латтор ду. Цара стоьмаш лур бу.Синтарийн г1айга беш хир бу дешархой. Царна шайн школа а, шайн юрт а хазахила лаьа.

·Текст язъяр.

·Грамматически т1едиллар:

1.                     Хьалхарчу предложенехь коьрта меженаш билгалъяха.

2.                     Мукъа шалха элпаш юкъахь долу дешнаш схьаязде.

Мог1анера сехьа даха мА-дезза д1аязъе т1аьхьара предложении

 

2 чийрик ( 2 т.б.)

Диктант 4 «Хьайбанаш»

1алашо:  кхасторан хаьркаш язъяран  бакъонех  кхетар   таллар, къасторан хьаьркаш йолу дешнаш нийса  ала а , яздан а хаар  таллар.

Хьайбанаш.

     Гуьйре  йоьлча  , арахь шелъелира. Дитташ т1ехь мажъелла хьайбанаш кхозу. Хьайба стоьмех  массарел т1аьхьа  кхуьу. Дуьххьара ло тесча схьаяьхна хьайбанаш  мерза хуьлу. Мадъелла хьайбанаш догдог1уш юу жимчу Хьамида.

аь) Диктант д1аязъяр.

б) Т1едилларш.

1. Къасторан хьаьркаш йолу  дешнаш схьаязде.

2.Сехьадаха  мА деззара  декъа дешнаш: дитташ, дуьххьара, жимчу.

3.Хьалхарчу предложенерчу  дешнашкара мукъачу элпашна буха  сиз хьакха.

 

Диктант 5 «Хасбешахь»

1алашо:  нийса диктант язъян 1амор.Хандешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Хандешнаш билгалдаха, церан билгалонаш йовза хаар таллар.

Хасбешахь.

            Хасбеша дахара бераш. Цигахь белхаш бира цара. Цхьаболчара хасстоьмашна асар дира, вукхара хи диллира. Дукха хастоьмаш гулбийр бу хасбешара. Цигахь йийна дика кхуьуш ю копасташ а,ж1онкаш а, наьрсаш а. Муьлхачу хастоьмашна  хи маца дилла деза а , молханаш муьлханаш тоха  деза а хьоьхо агрономо берашна.

·Диктант язъяр.

·Грамматически т1едиллар:

1.                     Схьаязде пхиъ хандош. Билгалъяккха хан.

2.                     Хьалхарчу предложенехь билгалъяха коьрта меженаш.

3.                     Х1оттамца талла дош: берашна .

4.                     4-чу предложенехь къамелан дакъош къастаде.

 

3 чийрик ( 2 т.б.)

Диктант 6 «Салазаш хехкар»

1алашо:  дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш таллар. Царех йозанехь пайдаэца хаар таллар. Дешнаш дешан х1оттамца къасто хаар таллар.

Салазаш хехкар.

              Бераш сатийсина 1аьнан каникулаш т1екхечира. Салазаш а эцна, гу т1е дахара бераш.Кху 1ай ло дуккха а диллинера.

          Гу т1ера чу салаз хахка цхьа а ца ваьхьара. Массарел а ша майра гайта г1ерта Лоьма хьалхавелира. Чухийцира цо шеен салаз. Лаха чу кхаччалц дика вахара иза. Иза цигахь охьакхийтира. Ло к1еда хиларна лаза ца вира.

            Т1аккха вукху бераша а хаьхкира шайн салазаш.

·        Диктант язъяр.

·        Грамматичеки т1едиллар.

      1 . Х1оттамца къастаде дешнаш: т1екхечира,охьакхийтира.

1.     Гергара дешнаш караде , орам къастабе: ламанхо, зурманча.

2.     Т1аьхьара предложении меженашца талла.

 

 

Диктант 7 «Хаза книжка»

1алашо:  дешан х1оттамах лаьцна болу хаамаш таллар. Царех йозанехь пайдаэца хаар таллар. Дешнаш дешан х1оттамца къасто хаар таллар.

Хаза книжка.

        Книжки т1ерачу суьрташка хьоьжуш самукъадолура Санетан, ша жима йолуш. Х1инца ,деша а 1емина, книжканаш йоьшу цо. Суьрташка хьежарел самукъане хиллера уьш ешар. Дуккха а керланиг девзира цунна  книжкаш йоьшуш.

           Хьо цкъа а хилла воцучу махка кхачаво книжкано, кхечу къаьмнийн г1иллакхаш а довзуьйту.

·Диктант язъяр.

·Грамматически т1едиллар.

1.                     Хьалхарчу предложенехь бидгалдаха ц1ердешнаш

2.                     Т1аьххьара предложении межнашца талла

 

4 чийрик ( 2 т.б.)

Диктант 8 «Можа хьоза.»

1алашо:  билгалдешнех лаьцна болу хаамаш таллар. Йозанехь билгалдешнех пайдаэцар хаар таллар. Билгалдешнаш къасто хаар таллар.

 

Можа хьоза.

         Мурада можа хьоза лецира.  Цо иза ц1а а деана, гура чу  хаийра. Хьоза декара сагатлуш, шеен жимачу з1акарца гуран дуткъийчу серех тийсалора. Ц1а еача йишас дов дира вешина. Мурада д1ахийцира можа хьоза. Декаш сирлачу стиглара  т1ома делира хьоза.

·Диктант язъяр.

·Грамматически т1едиллар.

1 . Хьалхарчу предложенехь коьрта меженаш къастае. Дешнийн цхьанакхетарш схьаязде

2.Билгалдешнашна буха тулг1ений сиз хьакха.

3.Х1оттамца къастаде дешнаш: д1ахийцира, сирлачу.

 

Диктант 9 «Дог1а дале хьалха»

1алашо:  шарахь гулбина хаамаш таллар.

Дог1а далее хьалха.

           Кхоьлина де дара. 1уьйранна хьалххе хьаьжина малх 1аьржачу мархаша д1ахьулбира . Цкъа  а сийна хила а хилли те аьлла хеталора стигале хьаьжча. Еза мархаш яра т1екхохкаелира . Д1атийна каде хьийзина олхазарш а. Наг-наггахь дог1анан даккхийра т1адамаш ийгира. Т1аккха т1екхевсира чехка дог1а.

·Диктант язъяр.

·Грамматически т1едиллар.

1.Т1аьхьарчу предложенехь коьрта меженаш билгалъяха.

2. Х1оттамца талла дешнаш: т1екхохкаелира, 1аьржачу.

3. Дехий мукъа аьзнаш юкъахь долу дешнаш схьаязде.

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал

Выбранный для просмотра документ Диктанты 4 кл. чеч.яз..docx

Нохчийн меттан талламан белхаш 4 класс.

Диктант: 1 «Хьуьнах дахар».

1алашо: предложенех ,дашах , текстах лаьцна болу хаамаш таллар. Берашна хуур ду 1амийначу орфограманшан дог1у дешнаш нийса яздан. Х1ора предложении йоло, чаккхенгахь оьшу хьаьрк дуьллуш ерзо.Берашна хуур ду шайн белхан тидам бан , кхиамех кхета.

Хьуьнах дахар.

   Сарахь оха тхешан т1оьрмигаш кечдира. 1уьйранна тхо новкъадевлира.Тхоьца тхан хьехархо а вара. Сада1а билгалъяьккхинчу меттехь севцира тхо. Амма тхан накъосташна дика некъ карийра. Тхо оцу новкъа д1адахара. Таьххьара а сада1а боккха 1ам болчохь севцира тхо. Ц1еххьана тхуна хезира бер доьлхуш. Тхо девдда цига дахара.Жима ши йо1 тилаелла хиллера. Оха и шиъ новкъаяьккхира.

Грамматически т1едиллар:

1.Пхоьалг1а предложении меженашца талла. Дешнийн цхьанакхетарш схьаязде.

2.Шолг1ачу предложенехь къамелан дакъош билгалдаха.

3. Схьаязде мукъаза шалха элпаш цхьана нисделла дешнаш.

 

Диктант: 2 «Олхазарш»

1алашо: 1амийначу бакъонашна дог1у дешнаш нийсаяздан хаар таллар.

Олхазарш.

        Цхьадолу олхазарш гурахь бовхачу махка д1адоьлху. Церан д1адахар тайп-тайпана хуьлу. Ч1ег1ардигаш яккхий тобанаш йой  доьлху. Г1арг1улеша кхосаберг йо. Г1езаша мог1а бо.

          1а д1адаьлча юха а схьакхочу олхазарш. Царна шаьш хьалха хан яьккхина меттигаш евза. Циггахь совцу уьш шаьш юхакхаьчча. Шайн хила бенаш юха  то а до, керланаш а до цара .

          Бошмашна зуламе йолу садолу х1уманаш а юу олхазарша. Цундела лору уьш белхалоша бошмийн доттаг1ий.

Грамматически т1едиллар:

1.      Хьалхарчу предложенехь билгалдаха къамелан дакъош. Меженашца талла иза.

2.      Схьаязде кхоъ каарарчу хенан хандош, билгалъяха чаккхенаш.

3.      Хоттамца талла дош схьакхочу.

 

 

 

Диктант 3 «1аьнан оьг1азло»

1алашо: ц1ердешнийн чаккхенаш нийсаязъяр хаар таллам бар, ц1ердешнийн орамера аз хийцадаларх болу хаамаш таллар. Текста юкъара ц1ердешнаш лаха, церан грамматически билгалоеаш йовза хаар таллар .

1аьнан оьг1азло.

          Хи чуьрчу ч1ерашна т1едирзира 1а. Ж1ов етташ санна татанаш а деш, йоккха шело д1ах1оттира. Шелоно татолашна, 1аьмнашна т1еш техкира. Татолашна а, 1аьмнашна а ша бира . Ч1ерий хи буха дахара. Ша бинчу хи к1ел шийла яцара.

          1а адамашна т1едирзира. Йоккха шело д1ах1оьттира, не1арша а , пенаша а татанаш а деш. Адамаша пешаш латийра, довхачу ц1еношкахь 1аш бу уьш 1аьнах бийла а буьйлуш. Кегий бераш а ца кхоьру 1аьнах. Конькеш а , салазаш а хоьхку, лайн мижаргех а ловзу, лайн баба а йо, лайн баьрзнаш а до, хи а туху, шелоне а кхойкху:

-Г1о дан йола, шело !- бохуш.

(Халкъан барта кхолларалла).

Грамматически т1едиллар.

  1. Хьалхара предложении меженашца талла.
  2. Йоьалг1ачу предложенехь долчу ц1ердешнийн дожар , легар, терахь къастаде.
  3. Шайца долчу ц1ердешнашца схьаязъе кхоъ дешт1аьхье.
  4. Фонетически талла дош шело дош.

 

Диктант: 4 «1аьнан мох»

1алашо: билгалдешнийн чаккхенаш нийсаязъяр хаар таллам бар, церан орамера деха мукъа аьзнаш (и, уь(юь) т1ехьа элп й дилларца нийсаяздарх болу хаамаш таллар. Мукъаза шалха элпаш цхьананисделчу , уьш яздан хаар талам бар. Текстаехь билгалдешнаш , церан дожар , легар довза хаар таллар.

1аьнан мох.

       Шийлачу мохо диттийн баххьаш лестадо. 1ай шийлачу механ хьекхар сих-сиха хуьлу. Бераш шийлачу махана дуьхьал дирзина лаьтташ дара. Со корехула шийлачу махе хьоьжуш лаьттира. Арахь хоькхуш шийла мох бара. Суна т1ехь йовха бедарш ю. Цундела со шийлачу махах ца кхоьру. 1ай хьоькхучу шийлачу махал новкъа х1ума ца хуьлу. Шийлачу махаца къийсалуш сана лаьттара акхтаргаш.

Грамматически т1едиллар.

  1. Схьаязде массо а предложенера шийла боху билгалдош, цуьнца уьйр лелош долу ц1ердош. Билгалдаха дожарш, чаккхенаш.
  2. Хьалхара предложении меженашца талла.

 

 

 

 

 

Диктант: 5 «Борзик»

1алашо: 1амийначу бакъонех йозанехь пайдаэца хаар таллар( Долара ц1ерш даккхийчу элпашца язъяр, мукъа аьзнаш (и, уь (юь) йозанехь билгалдахар, мукъаза шалха элпаш т1аьхье –хьалхе нисделча нийсаяздар). Хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяр таллар. Текстехь хандешнаш карор, церан грамматически билгалонаш йовзар тидам бар.

Борзик.

           Сайн ши ваша волчу ваха дагахь, лекхачу маьнги т1ера чу а шершина, когаш1уьйра учи т1е велира со.

          Цхьа довхачу дийнахь Ануй, Салманний дог1анаш дилхинчул т1аьхьа хе хьажа даха араделира. Д1адихкина долу Борзик цаьршинна т1аьхьа кхоссаделира. Амма когарчу з1ено д1а ца хецна , ц1ийза доладелира.

         «Д1ахеца со, суна а лаьа шуьца ловза даха», -бохуш санна , г1овг1а яьккхира цо.

           «Х1инца лийча г1о вайша?»-г1ентара охьа а ваьлла , сунна т1е веара Салман.

Грамматически т1едиллар:

1.      Схьаязъе долара ц1ераш.

2.      Схьаязде билгалза кепан хандешнаш  шайца уьйр лелочу дешнашца.

3.      Кхоалг1а предложении меженашца талла.

4.       Мог1анера сехьадаха ма-деззара декъа дешнаш:  цаьршинна, дийнахь, кхоссаделира.

 

 

 

Диктант:6 «Леккъий, лекъан к1орнешший»

1алашо: 1амийначу бакъонашна дог1у дешнаш нийсаяздан хаар таллар.

                      Леккъий, лекъан к1орнешший.

         Нах хиллера цана хьокхуш бохкуш, ткъа оцу хьалаяьллачу цана юккъехь лекъан к1орнеш хиллера.

         Багахь ижо а йолуш шеен бена т1е деаначу лекъана гобаьккхина и меттиг хьаькхна карийра. Цо шеен к1орнешка элира: «Х1ан , бераш, бохам хили вайна! Х1инца ,ч1икъ ца боккхуш, метах ца хьовш 1елаш, х1аллакьхир ю шу. Сарахь кхечухьа д1акхалхор ю аса шу».

          Лекъан к1орнеш сакъералуш яра, бена гонаха сирла хиларна, цара бохура: «Вайн нана къанъелла, цундела цунна вайн самукъадолийла ца лаьа». Т1аккха ц1ийза юьйлаелира уьш.

Грамматически т1едиллар:

1        .  Буха сиз а хьокхуш билгалъяккха чолхе предложени.

2        Къасторан хьаьркаш йолу дешнаш схьаязде.

3        Мадарра къамел долу предложенеш билгалъяха.

4        Хьалхарчу предложенерчу  ц1ердешнийн дожарш къастаде.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал
Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 175 845 материалов в базе

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 23.09.2020 11299
    • RAR 50.9 кбайт
    • 563 скачивания
    • Рейтинг: 5 из 5
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Алиева Пирдоз Мовладовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Алиева Пирдоз Мовладовна
    Алиева Пирдоз Мовладовна
    • На сайте: 5 лет и 7 месяцев
    • Подписчики: 10
    • Всего просмотров: 29034
    • Всего материалов: 22

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой