Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Начальные классы / Рабочие программы / Индивидуальное обучение на дому в 4 классе, чеченская литература

Индивидуальное обучение на дому в 4 классе, чеченская литература

  • Начальные классы

Поделитесь материалом с коллегами:

  1. Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение

  2. « Средняя общеобразовательная школа № 50»

  3. Заводского района г. Грозного

  4. «УТВЕРЖДАЮ»

  5. Директор СОШ №50

  6. __________Муступаева Л.Р.

  7. Приказ №________от

  8. «______»____________2014г.

  9. Индивидуальное обучение на дому

  10. Ученика 4 класса

  11. Тайсумов Адам







Поурочное планирование

Предмет –чеченская литература

Количество часов в неделю - 1 час

Программа - общеобразовательная «Школа России»

Учебник - «Чеченский язык» Э.Х.Солтаханов, И.Э. Солтаханов.





2014-2015учебный год



ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Литературни ешар - юьхьанцарчу классийн предметашна юккъехь коьртачарах цхьаъ ю. Нохчийн матто санна, цо а 1амадо бер шера а, нийса а яздан, аьтто бо юкъара кхиарехь а, г1иллакх- оьздангаллин мехаллаш т1ехь кхиош а. Х1окху предметехь кхиамаш бахаро таро ло берана юьхьанцарчу школан вукху предметашца ларош деша.

Юьхьанцарчу школехь х1ара предмет 1амор т1ехьажийна хир ду х1окху 1алашонашка кхачарна:

  • кхетаме, нийса, шера къастош еша;

  • ша йоьшучу текстан а, цуьнан чулацамца йолу шен юкъаметтиг а билгалйоккхуш болчу къастош ешаран коьртачу г1ирсех (соцунг1а, интонаци, маь1нин тохар, ешаран чехкалла) пайда а оьцуш, еша;

  • дешаран книгин чулацамах кхиар, шенна справочни аппаратах пайда эца хаар (т1етовжар, корта, абзацаш и д1. кх. а.);

  • исбаьхьаллин -кхоллараллин а, х1ума довзаран а хьуьнарш шегахь кхиор, исбаьхьаллин произведенино шена бина т1е1аткъам шен синхаамашца бовзийтар; дешан исбаьхьалле йолу эстетически юкъаметтиг кхиор;

  • исбаьхьаллин текстан г1ирсашца синъоьздангаллин мехаллаш юьхьанцарчу классийн дешархошкахь кхиор; дика а, вуо а къасто хууш, кхидолчу къаьмнашка лерам болуш кхиор.

Юьхьанцарчу школехь литературни ешаран коьрта 1алашо - иза шена оьшшу книга харжа хаарца а, и кхеташ ешарца а ша- шен терго яран дешар карадерзоран хьуьнарш шегахь кхиор ю. Цу г1уллакхана ох1ла хилар билгалдолу ешначух кхеташ, дика еша хаарехь, книгаш йовзарехь а, шенна харжа хаарехь а, шен синъоьздангалла лакхаяккхарехь книга оьшуш хиларх кхетам кхиъна хиларехь а.

«Литературни ешар» предмето чулоцу х1ара дакъош: дешархочун «Ешарца доьзна г1уллакх», «Исбаьхьаллин текстийн буха т1ехь долу дешархойн кхоллараллийн г1уллакх», «Берийн ешаран гуо» яздархойн ц1ерш а йовзуьйтуш, дешархошна кху предметехула евзар йолу ерриге а произведенеш, хуьлийла уьш дийнна произведенеш я церан дакъош. Программи юкъа дог1у иштта кхидолу дакъош а: «Литературоведчески пропедевтика», «Библиографически культура», «Къамелан кепашца доьзна долу г1уллакхаш». Боккха тидам т1ебахийтина нохчийн матте ладог1ар декъана а. «Ешар» ц1е йолчу декъехь къаьсттина тидам т1е бахийтина къастош ешарна. Юьхьанцарчу классашкахь нийса а, шера а ешарехь карадирзинчу хаарша аьтто бийр дешархойн лакхарчу классашкахь литература йовзарехь а. «Дистхилар», «Йоза» дакъоша аьтто бийр бу барта а, йозанан а къамел кхиорехь. Боккха тидам т1е бахийтина вистхила хаарна а, къамелан оьздангаллина а, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзорна а.

«Къамелан кепашца долу г1уллакхаш» ц1е йолу дакъа къамелан кепаш йовзийтина ца 1аш, х1ума довзаран а, синъоьздангаллин, интеллектуальни, кхоллараллин г1уллакхаш чулоцуш а ду шена. И г1уллакхаш кхочушдо дешаран, 1илманан г1араевллачу, исбаьхьаллин тексташ т1ехь болх бечу хенахь. Ешарца, йоьшург т1еэцарца, исбаьхьаллин тексташ т1ехь болх барца цхьаьна кхочушхуьлу дешархочун синъоьздангалла, кхолларалла кхиарца доьзна долу г1уллакхаш а.

Исбаьхьаллин тексташ ешар бахьанехь карадирзина хаарш дерзадо дешархоша шаьш кхочушдечу кхоллараллин г1уллакхашка: къастош а, яххьашца а ешар, тардина дийна суьрташ кхоллар, инсценировкаш яр, барта а йозанца юхасхьайийцар шаьш ешна исбаьхьаллин произведенеш, тайп-тайпанчу теманашна барта а, йозанца а аларш кхоллар и д1. кх. а.

«Берийн ешаран гуо» декъехь кхочушхуьлу исбаьхьаллин тексташ харжаран принципаш. Царна юкъахь уггаре а мехала ерш ю: еша дог дар, йоьшучух кхеташ хилар, тематика, проблематика. Тексташ шайца к1орггера кхетош-кхиоран маь1на а долуш, тайп-тайпанчу жанрашкахь хила еза. Кхечу къаьмнийн произведенеш йовзийта а мегар ду, нагахь шайца цхьа пайден дерг дохьуш уьш елахь. Кху декъа юкъа дахана оьрсийн туьйранаш, г1арабевллачу оьрсийн яздархойн Л. Толстойн, Г. Скребицкийн, В. Бианкин, А. Гайдаран произведенеш.

«Литературоведчески пропедевтика» декъехь билгалбина исбаьхьаллин тексташ йоьшучу хенахь дешархой шайх хьакхалур болу а, бийцаре беш, шайна т1ехь болх бен болу а литературоведчески кхетамаш. Тексташ т1ехь болх бечу хенахь дешархойн карахь мехала г1ирс хилла д1ах1уьттур бу и литературни кхетамаш.

«Библиографически культура» декъо аьтто бо еша билгалйинчу литератури юкъара оьшу книга харжа хууш хилар кхиорехь, оглавлени, аннотаци карорехь, суьрташ дехкина художник, автор билгалварехь, иллюстрацеш текстан хиламашца буозарехь, ткъа иштта 1амаво тайп-тайпанчу справочни материалашца болх бан.


Дешаран предметан чулацаман мехаллаш.


Х1ара предмет 1амочу хенахь йовзар нисло массо а тайпа бохург санна къоман мехаллаш (патриотизм, доьзалан мехаллаш, 1алам, къинхьегам а, кхолларалла а, искусство, литература, дин). Кхузаманан, махкана а, халкъана а пайден хир долчу кепара оьзда, ийман долуш, кхидолу къаьмнаш лоруш, к1ант-йо1 кхиор ду хила дезарг цу предметана бухе диллинарг.


Дешаран планехь х1окху предмето д1алоцу меттиг.


Базисни дешаран планан 2-чу вариантаца йог1уш х1иттийна ю х1ара тематически планаш. Юьхьанцарчу юкъарадешаран заведенешкахь х1ара предмет 1амо билгалдинарг 204 сахьт ду: 2 кл. - 68 сахьт, 3 кл.- 68 сахьт, 4 кл.- 68 сахьт


Предмет 1аморца доьзна долу жам1аш.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза личностни жам1аш:

Россин юкъара этнически а, граждански а цхьааллаш кхиор, вуьшта аьлча

  • ша муьлхачу къоман векал ву а, Россин пачхьалкхан гражданин ша хилар а кхетор; юкъара российски а, граждански а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а мехаллаш шегахь кхиор;

  • исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь шегахь адамаллин а, демократически а мехаллаш кхиор;

  • шен къоман культурех, бусулба динах а долу хаарш хилар, кхечу къаьмнех а, церан культурех, динах лаьцнарг а девзаш хилар; кхечу къаьмнийн культуре а, динца доьзначу ламасташка а ларам шегахь хилийтар;

  • шен къоман г1иллакхаш а девзаш, кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а, динца а йоьзна йолу юкъаметтигаш ларъян хаар;

  • доьзалан ламасташка тергаме хила везар шегахь кхиор, 1алам лардан а, шен а, нехан а могушалла ларъян езарх кхеташ хилар;

  • таханлерчу дуьненахь вахаран 1алашонца шен амал кхиор; шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а девне ца вуьйлуш, машаре ваха болу лаам шегахь кхиор;

  • дешархочун социальни декхарш карадерзор; дешаре лаам кхиор; дешар шена оьшуш хиларх кхетар;

  • къоман а, кхийолу а литература ешарца синъоьзданагаллин мехаллаш а, эстетически синхаамаш шегахь кхиор.


Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза метапредметни жам1аш:


  • дешаран 1алашонех а, декхарех а кхеташ хилар, кхоллараллин кепара хьесапаш кхочушдар;

  • шена хьалха х1оттийнчу декхаре хьаьжжина, дешаран декъехула билгалдан леринарг къасто а, цуьнан мах хадо а, и кхочушдархьама эвсаре некъ харжа а хаар;

  • ша баьхначу кхиамийн бахьанех кхеташ хилар шегахь кхиор (ткъа иштта цададаларан бахьанех а, иза лазаме ца долуьйтуш т1еэца хууш а хилар;

  • коммуникативни а, х1ума довзаран а декхарш кхочушдаран 1алашонца меттан г1ирсех пайда эцар;

  • дечун логически кепаш (дустар, анализ, юкъара маь1на дар) караерзор;

  • кхечу къаьмнийн нийсархошца цхьаьна дечу г1уллакхашкахь юкъара 1алашонаш билгалъяр, хьан, х1ун дийр ду къастор, цаьрца цхьаьна тергам латтор, ша а, вукхара а дечун цхьанакепара мах хадор; девне ца дерзош, 1оттаме дерш д1адерзор, ларамца т1еэцар кхечу къомах волчун амалехь дерг;

  • базови предметийн кхетамаш, кхечу предметашца боьзна кхетамаш а караберзор, шен предметца уьш буозар.


Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза предметаца доьзна долу жам1аш:


  • къоман а, дуьненан а, культурийн хилам а, синъоьздангаллин мехаллаш, ламасташ лардаран а, кхид1а а д1акховдоран г1ирс санна литературех кхетар;

  • ша-шен кхиарехь ешаран мах лакхара хиларх кхетар; виллина йоьшуш хила везаш хилар болу лаам шегахь кхиор; дуьненах а, къоман исторех а, культурех а болу кхетамаш кхиор; юьхьанцара г1иллакх-оьздангалла кхиорехь литературо д1алоцу меттиг къасто а, дика а, вуо а х1ун ду хууш хилар;

  • х1унда еша еза бохучух кхеташ хилар, цу декъехь тайп- тайпанчу ешарх пайда эцар;

  • дешаран а, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин тексташ ладог1арца т1еэца а, кхеташ еша а, цхьанатайпана царах кхета а хууш хилар; стихотворенин кепехь йолу тексташ къастош ешаран юьхьанцара хаарш карадерзор;

  • прозаически исбаьхьаллин произведенеш юхасхьайийца а, церан чулацамах долчу хаттаршна жоьпаш дала а, ешначу дешаран, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин текстийн бахьанин- т1аьхьалонийн з1енаш къасто а хаар карадерзор;

  • меттан бакъонаш а ларъеш, йозанехь а, барта а доцца дийцарш х1итто хаар карадерзор;

  • хьайца къамел деш волчуьнга а ладог1а а, цо дуьйцучуьнца реза вацахь а, делил далорца айхьа бохург т1еч1аг1дан а, г1иллакхехь вистхила а, диалог д1аяхьа а хаар карадерзор;

  • исбаьхьаллин текстийн башхаллийн дуьхе а кхуьуш, дешаран, 1илманан, исбаьхьаллин тексташ вовшех къасто хаар;

  • ешначу исбаьхьаллин, 1илманан, дешаран текстийн теманах, коьртачу маь1нах кхеташ хилар; исбаьхьаллин текстехь балийна меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, яздархочо мича 1алашонца уьш юкъа балийна а хаар;

  • ша ешначу исбаьхьаллин произведенин мах хадо а, цунах лаьцна шена хетарг ала а хаар;

  • ешначу текстехь йолу синъоьздангаллин мехаллаш йовзийта а, уьш шегахь кхио а хаар;

  • оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин произведенийн персонажаш (дакъалацархой) вовшашца буста а, церан амалехь, г1уллакхашкахь цхьаьна дог1ург схьа а лохуш, царна харакатеристика яла а, цаьрга шен болу хьежам гайта а хаар;

  • шена хаза хета книга шенна схьахаржа а, т1ебузучу хаамийн справочни хьостанех пайда эца а хаар;


Дешаран предметехула болу юьхьанцарчу юкъарадешаран чулацам

Къамелан кепаш

Ладог1ар

Дуьйцу къамел ладог1арца т1еэцар, цхьанатайпана иза кхетадар, ладоьг1начуьнца доьзна хаттаршна жоьпаш далар, ладоьг1начун чулацамах лаьцна шена хаттар дала хаар, х1ун 1алашо йолуш ладуьйг1ира къамеле кхетадар. Стихотворни къамеле ладог1а хаар, ладоьг1начун дог-ойла къастор.


Ешар

Хезаш ешар. Кхеташ, нийса, цхьанаэшшара хезаш ешар. Ешаран чехкалла доза тухуш къастош яц, х1ора дешархочун башхалле хьожжий къастош хуьлу и барам. Ешаран сихалла т1аьхь-т1аьхьа чехкайоккху. Йоьшучу хенахь соцунг1ашший, интонаций, сацаран хьаьркаш лар а деш, кхетаме, нийса, цхьанаэшшара дийначу дешнашца ешар.

Дагахь ешар. Дагахь йоьшучу хенахь йоьшучун маь1нах кхеташ хилар. Ешначу текстехь оьшуш болу хаамаш карон а, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а хаар.



Къамел дар. Барта къамелан оьздангалла.


Монологически къамел барта къамелан кеп санна. Монологически кепара аьллачун коьртачу маь1них кхеташ хилар. Къамелан кепаш: дийцар, суртх1оттор, ойлаяр.

Шен аларехь меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эцар(синонимех, вастаме дешнех, антонимех, дустарех, эпитетех). Шен аларна план х1оттор. Монологически алар дозаделла а, маь1на долуш а хилар. Диалогехь ден къамел: цуьнан башхалла. Хьайца къамел деш волчуьнга ладог1а а, цо дуьйцучух кхета а, цунна жоп дала а хаар. Хьуна ца хетачу, кхечу кепара олучуьнга а ладог1а а, делил а далош, тешшош цунна жоп дала а хаар. Кхечу къомах волчу нийсархочуьнца диалог д1ахьочу хенахь цо дечу къамелах кхеташ, цуьнан

культурин башхаллаш тидаме а оьцуш, иза т1елаца хаар. Шен къамелехь меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эца хаар.


Йоза. Йозанан къамелан оьздангалла.


Йозанан къамелан барамаш. Йозанца аьллачун чулацам билгалйинчу темица бог1уш хилар. Йозанехь йовзуьйту коьчал маь1на а долуш, вовшашца йозаелла а хила езар. Йозанан къамелехь меттан исабьхьаллин г1ирсех пайда эцар. Йозанехь шена хетарг ала хууш хилар: хаттарна жоп дала, изложени, йоцца сочинени язъян (сурт1хотторан, дийцаран, ойлаяран кепехь).


Ешаран г1уллакхийн кепаш


Дешаран а, 1илманан кхетаме тексташца а бен болх (х1ума довзаран декъехула долу г1уллакхаш)

Дешаран а, 1илманан кхетаме текстех болу юкъара кхетам. Шен маттахь и тексташ кхеташ т1еэцар. Ешначун чулацамца доьзначу хаттаршна жоьпаш далар. Хаамаш луш болу г1ирсийн хьаст санна дешаран, 1илманан кхетаме тексташ т1еэцар, царах кхеташ хилар. Дешаран, 1илманан кхетаме текстийн тема а, коьрта ойла а (идей) билгалъяр. Маь1нин чекхдевллачу дакъошка текст екъар, царна ц1е тиллар. Текстехь бахьанин- т1аьхьалонан з1енаш билгалъяр. Текстехь коьрта дешнаш билгалдар. Оцу коьртачу дешнашна т1е а тевжаш, текст юха- схьайийцар. Нохчийн дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а, дийнна предложенеш а оьрсийн матте а, оьрсийн маттера нохчийн матте яха а хаар.


Исбаьхьаллин тексташца болх бар


Дешархочун х1ума довзаран декъехула долу г1уллакхаш

Исбаьхьаллин текст вукху текстех къаьсташ хиларх кхетар. Текстан ц1е а, кортош а, чулацамца бозабеллачу юкъаметтигех кхеташ хилар. Текстан чулацамах лаьцна долчу хаттаршна жоьпаш далар. Меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эцарца исбаьхьаллин текст юхасхьайийцар (юьззина, йоцца, хоржуш). Исбаьхьаллин текстан жанр, тема, коьрта ойла (идей), сюжет, д1ах1оттаман билгало (антитеза) къастор. Текст дакъошка екъар, х1ора декъан тема билгалъяр, коьрта дешнаш а, исбаьхьаллин васташ а къастор. Дакъошна ц1ерш тахка а, ц1еран предложенийн а, хаттарийн кепехь план х1отто а хаар. Турпалхойн дика а, ледара амалш билгалъяха а, персонажаша дечу г1уллакхашка, яздархочо еллачу характеристике хьаьжжина а мах хадо хууш хилар. И характеристика лучу хенахь персонажийн г1уллакхийн бахьанин-т1аьхьалонан з1енаш билгалъяхар. Ша дийриг турпалхочо иштта х1унда дира бохучух кхетар а, цу декъехь шена хетарг ала хаар а. Персонажана характеристика лучу хенахь интерьеро а, портрето а д1алоцу меттиг. Турпалхой а, цара ден г1уллакхаш а вовшашца дустар. Персонажийн къамел а, авторан текст а. Текстехь болу меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, ( эпитет, дустар, метафора) уьш мича 1алашонца юкъа балийна а хаар. Пейзаж а, исбаьхьаллин текстехь цо д1алоцу меттиг а. Хиламаш схьакъастор а, уьш вовшашца бустар а, цара синхаамна бен 1аткъам а. Теманашца цхьаьнайог1у оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин тексташ вовшашца юстар, царна т1ера юкъара а , башхадерг а къастор, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш бустар.

Дешархочун кхоллараллин г1уллакхаш


Къастош ешар. Яххьашца ешар. Прозехь йолчу текстана инсценировка х1оттор. Ешначу исбахьаллин произведенин буха т1ехь шен текст кхоллар. Барта дешнашца суртдиллар. Изложени. Мини-сочинени. Нохчийн маттера дош, дешнийн цхьаьнакхетар, предложени оьрсийн матте а, оьрсийн маттера нохчийн матте а даккхар. Нохчийн барта кхоллараллера оьрсийн х1етал-металшца, кицанашца, аларшца маь1ница дог1урш лахар. Ша туьйранаш кхоллар (1амийнчаьрца дог1уш) къоман дахарехь дерг а, культурин бакъдерш юкъа а далош.

Нохчийн а, оьрсийн а литературийн тексташ кхоллар, церан юкъара дерг а, башха дерг а билгал а деш.



Берийн ешаран гуо


Нохчийн а, кхечу къаьмнийн барта кхоллараллин произведенеш, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а классикийн тоьлла произведенеш, х1инцалерчу яздархойн произведенеш, исторически, 1илманан кхетаме, справочно-энциклопедически тексташ, фантастика.

Исбаьхьаллин текстийн герггарчу хьесапехь йолу тематика: вайн Даймахкаххий, нохчийн пачхьалкхан коьртачу шахьарххий, нохчийн пачхьалкхерчу халкъийн доттаг1аллеххий, вайн халкъан хьаналчу къинхьегамаххий, цо машарехьа латточу къийсамаххий, вайн г1аланеххий, яртеххий, 1аламаххий, дийнатехххий, акхаройххий, беран дахареххий, церан г1уллакхеххий, доттаг1аллеххий, цара баккхийнаш ларарххий, вовшашна накъосталла дарххий, тергонца хьажарххий, адамийн дийнаташца йолу юкъаметтигаххий, 1аламаххий, адамийн цуьнца йолчу юкъаметтигаххий, тайп-тайпанчу корматаллеххий, къинхьегамаххий, юкъарчу къахьегаран ирсаххий,

г1иллакх-оьзданагаллех, эхь-бехках, ийманах лаьцна дийцаршший, стихотворенешший, статьяшший. Вайн дукхакъаьмнийн Боккха Даймохк.


Литературоведчески пропедевтика


Прозехь а, стихотворенин кепехь а долу къамел, уьш вовшех къасто хаар. Хьехархочун г1оьнца текстехь х1ара литературоведчески кхетамаш карон хаа: жанраш (фольклоран кегийра жанраш, халкъан а, литературни а туьйра, туьйра-кица, дийцар, стихотворени, сюжет, тема, д1ах1оттам (антитеза), коьрта ойла (идей), турпалхо (персонаж), куц-кеп (портрет), пейзаж, интерьер, синоним, антоним, эпитет, дустар, метафора, олицетворени, ритм, рифма. Гочдар.


Библиографически культура


Еша билгалйинчу книгаш юкъара книга харжа а, произведенин кортош а, аннотаци а схьалаха а, автор а, иллюстрацеш ехкина художник билгалван а хаар. Текстан чулацамера хиламаш а, иллюстрацеш вовшех буоза хаар.

Юьхьанцарчу школехь дешначул т1аьхьа дешархочун кхид1а а дешаре болу лаам а кхиъна болу, цуьнан къамелан а, ешаран культурин, литературни кхиаран а т1ег1а оьшучу бараме кхочу, уьш билгалдовлу х1окху хааршца:

  • нохчийн меттан къамелан коьрта кепаш карайирзина хилар;

  • тайп-тайпана тексташ вовшех къасто хаар (дешаран, 1илманан-кхетаме, исбаьхьаллин). Интеллектульни, синъоьздангаллин декъехь кхиархьама, гонахара дахар довзархьама дешаран, 1илманан-кхетаман, исбаьхьаллин текстийн маь1нех кхеташ хилар.

Исбаьхьаллин тексташца болх бар. Хаамбаран хьаст хиларан хьокъехь уьш т1еэцна ца 1аш, дешархочуьнгахь синъоьздангалла а, эстетически чам а кхиорехь и тексташ оьшуш хиларх кхетар. Исбаьхьаллин тексташна анализ яран билггала, литературни кхиарехь дешархошна т1аьхьа оьшур долу, хаарш карадерзор. Церан жанр, тема, идей, д1ах1оттаман кепаш, исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш къасто хаар.

Х1ора къоман литература - культура кхиоран декъехь мехала г1ирс хиларх кхетар; нохчийн а, кхечу къаьмнийн исбаьхьаллин тексташ вовшашца юстарца церан юкъара дерг а, башхадерг къастор. Дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш оьрсийн матте а, оьрсийн маттара нохчийн матте яха а хаар.

Оьшшу тоьшаллаш а далош, ша ешначу дешан искусствон

произведенин а, искусствон кхечу говзарийн а мах хадо хаар. Кхечу къомах волчу нийсархочуьнца диалог д1ахьочу хенахь цо дечу къамелах кхеташ, цуьнан культурин башхаллаш тидаме а оьцуш, г1иллакхе вистхила а, цо дуьйцург восе а ца дуьллуш, т1елаца а хаар.

Берийн-энциклопедически книгашца болх бан хаар.


Юьхьанцарчу школашкахь шаьш еша лерина литература.

Литература герггарчу хьесапехь ю. Хьехархочо шен лаамехь хийца йиш ю х1ара литература.

Халкъан барта кхолларалла.

Барта кхоллараллин кегий жанраш


Халкъан тидамаш

Кицанаш

Х1етал-металш

Чехкааларш

Дагардарш

Наьрт-аьрстхойх лаьцна дийцарш

Ц1инц1олаг а, наьрт-аьрстхо а.

Ахархочун к1ант а, наьрт-аьрстхой а.

Наьрт-аьрстхой а, декъаза стаг а.


Халкъан туьйранаш

Чинг1аз

К1ант а, ден шед а.

Лулахой.

Махана аьлла баркалла.

Кхо газа-гуьзалг.

Хьекъалан т1ай

Бабин Ч1ирдиг

Таллархо

Х1иллане кхорб1елиг

Борз


Исбаьхьаллин литература

1. Ахмадов «Къонахалла»

М. Ахмадов «Хьо а, дуьне а», «Вайн г1иллакхаш», «Ч1ирдиг хьуьнха вахар», «Собар», «Яхь», «Маршо а, декхар а», «Хьанал, хьарам», «Б1е эзар дика г1уллакх»

Т. Ахмадова «Б1аьсте» (гулар).

С. Гацаев «Мекара цициг»

Демин 1алавди «Шен куьзган чохь гича 1ам» берийн байташ.

Х-А. Берсанов «Генара совг1ат».

Д. Кагерманов «1имран а, цуьнан доттаг1ий а».

Ж. Махмаев «Сан кегий доттаг1ий», «Самукъане абат».

Э. Мамакаев. Стихаш.

Хь. Саракаев «Эдалханан доттаг1ий».

Хь. Сатуев «Б1аьстенан мукъамаш»

Хь. Хасаев «Хьуьнан къайленаш», «1аламан мукъамаш».

Ш. Хасаров «Дашон хьоза».

1. Эдильсултанов «Догдика», «Хуьстиг».

«Тамашийна беш». Берашна стихаш.

Кхечу къаьмнийн литература

Д. Брудный «Хьекъале Ашик»

  1. Сент-Экзюпери «Жима эла»

Г.-Х Андерсен «Ц1инц1олаг йо1», «Ц1етуха», «Эткаш юьйхина долу цициг», «Бедан ирча к1орни», «Экам йо1», «Акха г1ург1езаш».

Ш. Перро «Майра бедарштегархо», «Т1уьйлиг», «Овкъарг» «П1елггал волу к1ант»

Вежарий Гримм «Бременера иллиалархой», «Сийна ч1урам», «Кегий адамаш», «Дашо месаш йолу йо1».

1илманан литература

  1. Дуров «Сан акхарой»

Ю. Гагарин «Суна Латта го!» Левин «Астрономи суьрташкахь». Зубков Б. «Стенах йина ю машенаш»

  1. Маршак «Муха еш хилла книга»

Книгаш-справочникаш

Журнал «Стела1ад».

Ж. Махмаев «Некъан абат»

С. Эдилов «Байт-абат».


Дешаран предметана материально-технически кхачояран хьокъехь хьехамаш

Дешаран г1уллакхана оьшучу г1ирсашна юкъахь ца хилча йиш йоцурш: тоъъал программи юкъа яхана исбаьхьаллин

произведенеш а, авторски программаш а.

Библиотекин фондехь хила деза «Литературни ешар» предметехула долу нормативни документаш; авторски программаш», дешаран, 1илманан министерствос магийнчу учебникийн список, хьехархочунна лерина методически пособеш, х1ора дешархочунна лерина т1едахкарш т1ехь долу карточкаш, справочно-энциклопедически литература и д1. кх. а.

Дешаран г1уллакхана кхачоярна таханлерчу дийнан лехамашкахь доьхург электронни библиотекаш хилар, шена чохь массо а тайпана информационно-справочни материал а йолуш. Тайп-тайпана гайтаман г1ирсех пайда эцаро таро лур ю дешаран г1уллакхан эвсаралла лакхаяккха. Литературин кабинета чохь зорбанан декъера материал хилла ца 1аш, электронни а, кехат т1ехь йолу а демонстрационна аьзнийн экранни пособеш, гайтаман технически г1ирсаш а хила беза, дешархойн хаарш лакхадаха аьтто беш болу.

Х1ара лехамаш хийца а, т1ебуза а йиш ю, шайн таронашка хьаьжжина.


Литературин кабинетан технически г1ирсаш:

Мультимедийни компьютер.

Мультимедиапроектор.

Интерактивни у

Лазерни принтер.

Экран

Аудиоцентр (аудиодискех пайда эца таро луш йолу).

































Календарно – тематически план

Урокан чулацам

Де

ЦI

План

Факт

1- чийрик


1

Хь. Хасаев "Беркате аьхке", З.Сулейманова "Аьхкенан сурт".

8.09


А.3-5 к/е, Iамо

2

I.Мамакаев "Дагалецамаш", Хь. Саракаев "Аьхка садоIуш"

15


А.6-9 е/с

3

Хь.Хасаев "Лаьмнашкахь"

22


А. 10-16 е/с

4

З.Сулейманова "ЧIегIардиг"

29


А. 16-17 к/е

5

Дешаран техника таллар

6.10


****

6

I.Мамакаев "Гуьйре юлу зама", "Гуьйре"

13


А. 17-19 Iамо

7

Хь.Хасаев "Шийла Iуьйре", Ш.Окуев "Гуьйре"

20


А. 19-22 е/с, к/е

8

Таймин Биболатан илли

27


А.24-26 к/е

2-чийрик

9

Эла Мусостий, Адин Сурхо

17.11


А.26-30 е/с

10

М.Мамакаев "Узархин хIаллакъхилар"

24


А.31-33 е/с

11

I.Гайсултанов "Юург ца хилча"

1.12


А.34-38 е/с

12

П.Хатуев "Къонах хьанах олу"

8


А. 39 е/с

13

Б.Баширов"Сан хьоме Нохчийчоь"

15


А.40 к/е

14

Т. Ахмадов"Декалахь сан илли"

22


А.41-44 е/с

15

С.Яшуркаев "Пасха"

29


А.45-47 е/с

3-чийрик

16

С. Яшуркаев "Пасха"

12.01


А. 48-55 е/с

17

Дешаран техника таллар

19


****

18

Туьйра «Муьлха йоккха хилла?»

26


А.55-57 к/е

19

Туьйра "Муьлха йоккха хилла?"

2.02


А. 58-59 е/с

20

I.Чантиев "Хьекъал тоьлла"

16


А. 60-63 е/с

22

А.Дадуев "Мара бойна Салман"

23


А. 64-67 е/с

22

А.Дадуев "Мара бойна Салман"

19


А. 67-70 е/с

23

Туьйра "Къоллал хьекъал тоьлла "

16.03


А. 71-73 е/с

24

З.Джамалханов "Хьекъалдолу йоI а, кхиэлахо а"

23.


А. 74-77 е/с

4-чийрик

25

З.Джамалханов "Хьекъалдолу йоI а, кхиэлахо а"

6.04


А.77-79 е/с

26

З.Джамалханов "Хьекъалдолу воккха стаг а, къиза эла а"

13


А. 80-81 е/с

27

А. Тапалаева «Iовдал басарш»

20


А.82-84 е/с

28

Эшарш. «Йиц ма е Нохчийчоь»

27


А.85 к/е

29

Кицанаш. ХIетал - металш

4.05


А.86-87 еша

30

Дешаран техника таллар

11


****

31

Урок-ловзар «Самукъане кроссвордаш»

18


****

32

С-С.Бадуев "Со кхин хьуна декар дац"

25


А.88-91 е/с

33

С-С.Бадуев "Дуьйлало", "Орцахь"

27


А.91-94 е/с

34

М.Мамакаев "Хьуьнхахь", "БIаьстенан юьхь"

29


А.95-97 к/е, е/с

35

I.Мамакаев "Даймохк"

30


А.98-99 к/е






































  1. «Рассмотрено»

  2. Руководитель МО

  3. нач. классов

  4. ___________ Акуева Т.Х.

  5. Протокол №______ от

  6. «_____» ___________2014г.

  7. «СОГЛАСОВАНО»

  8. Зам. директора по УВР

  9. нач. классов

__________ Хумгаева К.С.

«______»_________2014г.







Краткое описание документа:

Юьхьанцарчу школехь литературни ешаран коьрта 1алашо - иза шена оьшшу книга харжа хаарца а, и кхеташ ешарца а ша- шен терго яран дешар карадерзоран хьуьнарш шегахь кхиор ю. Цу г1уллакхана ох1ла хилар билгалдолу ешначух кхеташ, дика еша хаарехь, книгаш йовзарехь а, шенна харжа хаарехь а, шен синъоьздангалла лакхаяккхарехь книга оьшуш хиларх кхетам кхиъна хиларехь а.

 

«Литературни ешар» предмето чулоцу х1ара дакъош: дешархочун «Ешарца доьзна г1уллакх», «Исбаьхьаллин текстийн буха т1ехь долу дешархойн кхоллараллийн г1уллакх», «Берийн ешаран гуо» яздархойн ц1ерш а йовзуьйтуш, дешархошна кху предметехула евзар йолу ерриге а произведенеш, хуьлийла уьш дийнна произведенеш я церан дакъош. Программи юкъа дог1у иштта кхидолу дакъош а: «Литературоведчески пропедевтика», «Библиографически культура», «Къамелан кепашца доьзна долу г1уллакхаш». Боккха тидам т1ебахийтина нохчийн матте ладог1ар декъана а. «Ешар» ц1е йолчу декъехь къаьсттина тидам т1е бахийтина къастош ешарна. Юьхьанцарчу классашкахь нийса а, шера а ешарехь карадирзинчу хаарша аьтто бийр дешархойн лакхарчу классашкахь литература йовзарехь а. «Дистхилар», «Йоза» дакъоша аьтто бийр бу барта а, йозанан а къамел кхиорехь. Боккха тидам т1е бахийтина вистхила хаарна а, къамелан оьздангаллина а, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзорна а.

Автор
Дата добавления 02.03.2015
Раздел Начальные классы
Подраздел Рабочие программы
Просмотров1119
Номер материала 417973
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх