Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Начальные классы / Тесты / Итоговый тест по чеченскому языку в 4 классе
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Начальные классы

Итоговый тест по чеченскому языку в 4 классе

библиотека
материалов

Юьхьанцарчу школан дешархойн нохчийн меттан хаарш- зиэр ( тестировани)

I Нийсаниг харжа (V)


1. Нохчийн меттан алфавитехь маса элп ду?

а) 33 б) 27

в) 49 г) 26


2. Нохчийн меттан шалха элп маса ду?

а) 10 б) 15

в) 5 г) 12


3. Шалха мукъа элп маса ду?

а) 5 б)3

в) 10 г)6


4. Шалха мукъаза элп маса ду?

а) 10 б)2

в) 15 г) 21


5. Дош стенах лаьтта?

а) дешан дакъойх

б) дешнийн цхьанакхетарехь

в) къамелан декъах



6.Гергарчу дешнийн юкъарчу декъах х1ун олу?

а) дешхьалхе

б) суффикс

в) орам

г)чаккхе


7.Стенах олу чаккхе?

а) дешан хийцалучу декъах

б) гергарчу дешнийн юкъарчу декъах

в) керла дош кхуллучу декъах


8. Муьлхачу дешдакъойн гIоьнца кхоллало керла дешнаш?

а) орам, чаккхе

б) дешхьалхе, орам

в) дешхьалхе, суффикс



9. Чолхе дешнаш муьлхачу дешнех олу. Шайн хIоттамца билгалдаха уьш.

а) юьртахой, дешар, дикалла

б) дIаяздар, хьалагIатта, тIевеана

в) зудабер, юьртбахам, хIутосург


10. Предложени стенах лаьтта?

а) дешдакъойх

б) дешнех, дешнийн цхьанакхетарех

в) аьзнех.


11.Шайн аларца маса тайпана хуьлу предложенеш?

а) 3 б) 2

в)6 г) 4


12. Шена чохь хаттар дерг муьлха предложени ю?

а) хаттаран

б) дийцаран

в) айдаран

г) т1едожаран


13. Дийцаран предложени стенах олу?

а) Шена чохь цхьа хаам болчух.

б) шена чохь хаттар долчух.

в) Къаьсттинчу дог - ойланца олучух.


14. Къаьсттинчу дог - ойланца, хазахетарца я хастам барца олучу предложенин чаккхенга муьлха сацаран хьаьрк дуьллу?

а) тIадам;

б) хаттаран хьаьрк;

в) айдаран хьаьрк.


15. Предложенин коьрта меже маса ю?

а) 3; б) 4;

в) 2 г) 6.



16. Нохчийн маттахь дуьххьара предложенин муьлха меже билгалъяккха еза?

а) подлежащи

б) сказуеми

в) кхачам


17. Стенах олу цIердош?

а) хIуманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах

б) хIума билгалъечу къамелан декъах.

в) хIуманан билгало гойтучу къамелан декъах


18. ЦIердешан маса дожар ду?

а) 8;

б) 6;

в) 3.


19. Легар стенах олу?

а) цIердешнийн классашца хийцадаларх

б) цIердешнийн терахьашца хийцадаларх

в) цIердешнийн дожаршца хийцадаларх.


20. ХIуманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан?

бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех хIун олу?

а) цIердош

б) билгалдош

в) хандош

г) терахьдош


21. ЦIердешнашца лелачу билгалдешнех хIун олу?

а) лаамаза билгалдош

б) лааме билгалдош


22. Билгалдешан маса легар ду?

а) 2;

б)3;

в) 4


23. Терахьдашо хIун гойту?

а) хIуманан билгало

б) хIуманан дар я хилар

в) хIуманан масалла я рогIалла


24. ХIуманан цIе а ца йоккхуш, я цуьнан мухаллий, масаллий билгал а ца еш, и хIума гойтучу къамелан декъах хIун олу?

а) цIердош;

б) цIерметдош;

в) терахьдош


25. Яххьийн цIерметдешнаш маса юьхье декъало:

а)2;

б) 6;

в)3

26. ХIуманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах хIун олу?

а) цIерметдош;

б) хандош;

в) билгалдош


27. Хандешан коьрта маса хан ю?

а) 2;

б) 4;

в) 3.


28.Цхьа а хийцам боцуш долийначу, нехан къамелахь хIун олу?

а) ма - дарра къамел.

б) лач.- къамел.


29. Кавычкаш юккъехь, доккхачу элпаца яздийриг муьлха къамел ду?

а) лач.-къамел.

б)ма- дарра къамел


30.Къамел хьанна я стенна тIедерзийна гойтучу дешнех хIун олу?

а) терахьдош;

б) билгалдош;

в) тIедерзар






  1. Алфавитан рогIехь тIера схьаязде дешнаш. Шалха элпашна кIел сиз хьакха.


ГIиллакх, оьздангалла, адамалла, кад, тIам, аьлха, безам, ваша, газа, дог, жIов, зу, илланча, кхаба, хIаваъ къолам, оьпа, орам, пIенда, кIалу, лом, цIа, чIара, яьшка, юьртахо,эвла, сом, омра, гIаз, накъост.



  1. Юкъаза орам болу дешнаш схьаязде. Билгалбаккха дешан хIоттам.


Юрт, дешар, вотанан, дешархо, деша, юьртахо, вота, Iилманча, вотанча, юьртан, Iилма, зурманча, Iилманан, зурма,пондар, зурманан, пондарча,юрт, дIадеша.

Масала: хьун, хьуьнан,хьуьнхо.

юрт, юьртан,юьртахо.


  1. Дожарийн цIераш а, церан хаттарш а дIаязде.


  1. Цхьаллин а, дукхалин а терахьехь легаде: кIант, йиша, хьехархо.



  1. Легаде хIара дешнийн цхьанакхетарш: Iаьржа буьйса, йишин кIант, диканиг.


  1. Лахара терахьдешнаш дешнашца д1аязде: 1,4,5,7,8,9,10,11,13,15,16,17,18,19,20,22,23,30,40,50,60,70,80,90,100.



  1. Доьшу,ловзу, лекхира, вогIур ву,бераш, буьрка, хьаша.

Дешнашца предложенеш хIиттае,билгалъяха коьрта меженаш.


  1. ТIадамийн метта йогI-йогIу дешхьалхенаш а йохкуш,схьаязъе предложенеш. Хандешнашна кIел сиз хьакха.

1…. кхочуш ю аьхкенан каникулаш

2. Тхо садаIа …..хоьцур ду.

3.Цхьаберш шайн юьрта …гIур бу, важаберш гIалахь совцур бу.

4. …долалур ду дешаран керла шо.

5.Массо а бераш гимназе …догIур ду.


9.Лахарчу хатаршна жоьпаш язде.

1. Хьан цIе хIун ю? .

2. Хьан маса шо ду?

3. Муьлхачу классехь доьшуг ву хьо?

4. Шун классехь маса дешархо ву?

5.маса йоI ю, маса кIант ву шун классехь?

6.Ахь муха доьшу?

7.Хаза хетий хьуна школехь?


10.Лахарчу схемица предложени хIоттае.

1.

2.

3.

4.


11.Дагахь д1аеша нохчийн маттах я Даймахках лаьцна хьайна хазахеташ йолу байт (стихотворени).


Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Автор
Дата добавления 11.06.2016
Раздел Начальные классы
Подраздел Тесты
Просмотров872
Номер материала ДБ-118490
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх