Урокан ц1е:
Изложенина «Хьаша ларар» кечам бар.
Урокан тайпа:
Дозуш долу къамел кхиор.
Х1оттош долчу
хьесап (гайтамаш) 1алашонаш.
Кхеторан:адаман куц-кеп,бедар,цуьнан лелар гойтуш йолу
дийцаран текстийн юьззина изложенеш язъян 1амор;
Кхиоран::хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.предложенеш
грамматический нийса язъян 1амор.Текст шайн дешнашца схьайийца 1амор.Берийн
ойла дешарна т1еерзор.
Кхетош-кхиоран:шен мате болу бакъ безам кхиор.
Урок
д1аяхьар
Маршала
хаттар.белхан меттигаш кийча хилар таллар.
«Хьаша ларар»
Вайнехан 1адатехь
хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду.
Нохчийн кицанаша а
хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан
х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а
тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза
бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1
велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна,
новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана.
Хьалха заманахь
хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо
дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а
ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме
елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла.
Хьешана тешнабехк
бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш,
т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар
эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн
г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь
доза а хилла.
(М. Ахмадов
«Гулдина йозанаш-5»)
Хьесап:
1. Вайнехан
1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх.
2. Хьалха
заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш.
3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.