Йоза 1 класс
Урокан
ц1е: «Йозанан
элпаш ц, Ц яздар».
Урокан тайпа: Довзийтаран.
Урокан г1ирс: компьютер,
проектор, интерактивни у, учебник, прописаш, аьзнийн карточкаш, элпаш …
1алашо: йозанан жима а, доккха а
элпаш ц, Ц довзийтар.
Уьш шаьш а, дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1.
Предметни:
берашна
девзар ду йозанан жима а, доккха а элп а ц, Ц.
1емар ду уьш
нийса а, хаза а яздан.
2. Метапредметни:
·
Регулятивни:
берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан
корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала, болх бан.
Мог1анан а, доккха а элп «Цц» яздаран хьокъех лаьцна бакъонаш а евзар
ю.
·
Коммуникативни:
берашан
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а, доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна
хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан,
тобанашкахь кхиамаш баха. Берийн кхуьур ю меттан говзалла.
·
Познавательни:берийн
алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр. 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш
схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур
бу .
3. Личностни: берийн
дозалла кхоллалур ду шайн Даймахках, 1емар ду и доггахь беза, лера.
Берийн лаам хир бу Даймохк ларбан.
Урок д1аяхьар.
1 . Организационни мур:
Маршалла
ду шуьга, хьоме дешархой!
Ма
хаза деана-кх таханлера де.
Сан
шуна ч1ог1а са гатделлера,
Вовшашка
хьовсе делалой вай?
Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург
1амо?
2. Карладаккхаран
хаттарш:
Яханчу урокехь муьлха элпаш яздира вай?
Элп –ш- мукъа ду я мукъаза ду?
Муха хиира шуна иза мукъаза хилар?
3. «Машар» ц1е йолу дийцар дешар. Абат
аг1о 69
Оцу дийцаран х1ора
предложени цхьацца дешархочо йоьшу.
Йоьшучу х1ора предложенех
кхетта хилар, хьехархочо х1окху хаттаршца толлу:
Муха дош
ду машар?
Вайна
х1ун еза?
Вай х1ун
до?
Муха бехаш
бу вайн махкара нах?
Адамийн
ирс х1ун ю?
4. Сада1аран
минот:
Ша т1ехь шера
хуьлу ч1ог1а,
Шах1ид салаз
хоьхкуш ву.
Шуна лаьий салаз
хахка?
Шадерш ара довла
чехка.
5. Керла коьчал йовзийтар:
Бераш,
х1етал-метал хуур дарий шуна?
Ц1ечу г1ожмаш т1е
хевшина к1айн котамаш.
Х1ун
ю х1етал –метал т1ехь ялийнарг?
цергаш
Декъа и дош
дешдакъошка. Маса дакъа ду оцу дашехь?
Муьлха ду хьалхара
дакъа? Шолг1а дакъа?
6. «Мила ву тидаме»ловзар:
Суьрташ т1ехь йолчу х1уманийн ц1ерш яха.
Цхьатера аз караде х1окху дешнашкахь.
Х1орш х1ун ю?
цаца
цициг цана
Муьлха цхьатерра аз хеза вайна х1окху
дешнашкахь?
Муьлхачу
элпах лаьцна дуьйцур ду вай тахана аьлла хета шуна?
Алал массара (ццццаца)- маса дешдакъа ду
х1окху дашехь?
Ца-ца декъа и дош дешдакъошка. Маса
дешдакъа хили?
Муьлха ду хьалхара дешдакъа; (ца); шолг1а
дешдакъа (ца)
Хьалхара дешдакъа аьзнашка доькъур ду вай.
ца-
хьалхара аз –ц-ду; шолг1а аз –а-ду;
муьлха аз хеза вайна дашна юьххьехь? (ц)
Шолг1а дешдакъа –ца- ду, иза а
доькъу вай аьзнашка:
ца-
хьалхара аз –ц-ду; шолг1а аз-а-ду.
7.
Йозанан элпаш довзийтар, яздар Тахана
доккха а, мог1анан а элпаш Цц яздан 1амор ду вай.
И элп юкъахь дешдакъош, дешнаш, предложенеш язъян а 1емар ду вай.
Прописаш
т1ехь болх (аг1о 41-г1а)
Х1инца
яздан 1емар ду вай йозанан доккха а, мог1анан а элпаш Цц.
Вай 1амош долу аз [ц] билгалдо
х1окху элпаца.
ц-х1ара мог1анан
элп ц ду;
Ц-х1ара йозанан
доккха элп Ц ду.
Хьовсу
вай мог1анан элп –ц- маса меженах лаьтта?
Мог1анан элп - ц- шина меженах лаьтта.
(………прописаш аг1о 45-г1а)
8. Йоза яздаран бакъонаш
карлаяхар.
Муьлха мог1ан чу яздо вай
йоза?
Мог1анан лакхара а, лахара а
сизаш гайтар.
Прописаш т1е а хьовсуш д1аязъе ц элпан
меженаш;
………………….
Мог1анан элп ц яздар хьехархочо
гойту уьн т1ехь:
ц
-т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е.
Билгалонна беллачу мог1ане терра охьавог1у. Лахарчу белхан мог1анна т1е
кхочуш аьтту аг1ор воьрзуш техкарг юьллу, цу т1ера д1а тасалуриг. Тасалурга
т1ехула хьалавьду лечкъарг юьллуш. Охьавог1у, лахарчу белхан мог1анна т1е
кхочуш техкарг юьллу, цу т1ера д1а тасалуриг юьллу. Охьавог1у билгалонна
деллачу сизе терра лахарчу белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц.
Кхузахь аьрру аг1ор хьаьвзаш яздинчу сизах шад бо, дехьаволу, хьалавоьду .
Элп муха дуьллу а хьовсуш, т1аьххье
х1аваэхь язде элп ц.
ццц……………………………………………………………………
Юха кепе хьовсуш, прописаш т1е яздийр ду
вай мог1анан элп ц.
ццццц…
Маца яздо вай доккха элп?
Доккха элп вай яздо предложени йолош,
долахь ц1ерашкахь а.
Гойту доккха а, мог1анан а Цц.
Цц-Хьовсал,
х1ун башхалла ю х1окху шина элпана юкъахь?
( и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха
а, жима а хиларца)
9. Доккха
элп Ц яздар:
Хьовсу
вай доккха элп –ц- маса меженах лаьтта?
Доккха элп – Ц- шина меженах лаьтта.
(………прописаш аг1о 45-г1а)
Прописаш т1е а хьовсуш д1аязъе доккха Ц
элпан меженаш;
Х1инца доккха элп Ц д1аяздийр ду вай.
(пропись аг1о 45-г1а)
Хьехархочо уьн т1ехь гойту доккха элп Ц
диллар.
Ц-т1адам
буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Хьаьавзаш гу
буьллуш аьтту аг1ор охьавог1у билгалонна беллачу мог1ане терра. Охьаькхочуш
аьтту аг1ор техкарг юьллу , цу т1ера д1а тасалург . Тасалургаца хьала
лечкъарг , лечкъарга т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц.
Кхузахь юьллу техкарг , техкарга т1ера хьала тасалуриг.
Элп муха дуьллу а хьовсуш, т1аьххье
х1аваэхь язде элп Ц.
…………………………………………………………………………………………….
Юха
кепе хьовсуш, прописаш т1е д1аязде йозанан доккха элп Ц.
ЦЦЦ…. (Гайта йозанан элп)
1амийнарг т1еч1аг1деш д1аяздийр ду ц юкъахь
долуш дешдакъош.
ца цу цо ци це
ац уц оц иц ец
Бераш, шуна девзий Ц элп юкъахь
долу дешнаш? Даладе уьш.
ц-элп хьалха дерш: цаца, цана, цел, цамза,
цастар;
ц-элп юккъехь дерш: кица, сацам, деца,
неца;
ц-элп чаккхенгахь дерш: куц, буц, дарц,
цирк, борц, вац.
10. Сада1аран минот:
Цамгар хир яц юьхь-куьг дилахь,
Цергаш денна ц1анъеш хилахь.
Ткъа х1инца,
бераш, аша гайта дезар ду, шаьш муха кхетта х1окху уроках.
11.
«Дайна элп схьакараде?» ловзар
…ел,
…ерг, …ана, бу…, ку…, ну… .
Нийса
кеп:
цел, церг, цана, буц, куц, нуц .
Дог1у
дош ала:
Асар
дечохь веллехь г1ел,
Д1а
ма кхосса хьалххе……(цел)
(Цел
–иза белхан г1ирс бу, целаца асар до)
Цел– бохучу дашехь маса дешдакъа ду? (цхьаъ)
Хьалхара элп муьлха ду?
шолг1аниг? Кхоалг1аниг?
12. Предложени язъяр:
Цел- дош юкъахь предложени
х1оттае, д1аязъе.
Це-ла-ца а-сар до.
Маса дош ду предложенехь?
Муьлха ду хьалхара дош?
(целаца)
Шолг1а дош? (асар)
Кхоалг1а дош? (до)
Цу дашехь мичахь лаьтта вайна
тахана девзина элп ц?
Предложени юьххьехь долу элп
–ц мог1анан ду я доккха ду?
Х1унда яздина вай доккха Ц?
(Предложени доккхачу элпаца
язйо)
Схьаязъе
и предложени, ц элпана к1ел сиз хьакха.
Тахана
вайна девзи мог1анан а, доккха а элп Цц.
И
элп юкъахь дешнаш, предложенеш язъян а 1еми вай.
13.
Рефлекси.
Муха хийтира шуна таханлера урок?
Хьоме бераш, ненан мотт безаро а, цуьнца
болчу ларамо а, алсамдоккхийла вайн 1илманан бешахь заза, даима а бехийла вайн
нохчийн мотт!
Кху т1ехь вай таханлера урок чекхйолу.
1одика йойла шун. Марша 1ойла.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.