Инфоурок Родной язык Другие методич. материалы«Йозанан элпаш «I, I» яздар».

«Йозанан элпаш «I, I» яздар».

Скачать материал

 Йоза      1 класс

Урокан ц1е: «Йозанан  элпаш  «I, I»   яздар».

Урокан тайпа: Довзийтаран.

Урокан г1ирс: компьютер, проектор, интерактивни у, учебник, прописаш, аьзнийн карточкаш, элпаш …

1алашо: йозанан   жима а, доккха а  элпаш «I, I»  довзийтар.                                                         Уьш   шаьш а, дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.     Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а, доккха а элп а «I, I»  .

                       1емар ду  уьш  нийса  а, хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан  рог1алла а  ларъеш йозанан корматалла  караерзо. Берашна 1емар ду  коллективехь эбала, болх бан. Мог1анан а, доккха а элп «I, I»  яздаран хьокъех лаьцна бакъонаш а евзар ю. 

Коммуникативни: берашан 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а, доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна  хетарг маь1ница нийса  д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан, тобанашкахь кхиамаш баха. Кроссворд ян.                                  

·         Берийн кхуьур ю меттан  говзалла.

·        Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр. 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн  алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур бу .

 

3. Личностни: берийн дозалла  кхоллалур ду  шайн Даймахках, 1емар ду и доггахь

                          беза, лера. Берийн лаам хир бу  Даймохк ларбан.

                                     Урок д1аяхьар.

1.  Организационни мур:

Дешаре шовкъ кхоллар

Шуьга ду маршалла хьомсара дешархой,

Дехийла ирс хуьлда ховшалаш шу охьа,

Могуш-маьрша шу гар дуьненан беркат ду,

1илмане шу кхийдар мах боцу совг1ат ду.

Маршалла  ду шуьга, хьоме дешархой!

Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург 1амо?

Шу кечам бина девллехь, вай  д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.

2.Карладаккхаран хаттарш:                                                                                                       

Яханчу урокехь муьлха элпаш яздира вай?

Элп –ц- мукъа ду я мукъаза ду?

Муха хиира шуна иза мукъаза хилар?

3.Тобанашца болх: (бераш кхаа тобане боькъу)

Уьн т1ера дешнаш дешийтар.

1-ра ряд-хьалхара тоба; доьшу шина дешдекъах лаьтташ  долу дешнаш:

ки-ца, ца-на, ца-ра, де-ца, не-ца.

2-г1а ряд-шолг1а тоба; доьшу цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:

нуц, дарц, цирк, буц, куц, цел

3-ряд-кхоалг1а тоба; доьшу кхаа дешдекъах долу дешнаш:

ба-ца-ра, цун-де-ла, бе-ла-ца, ца-де-шар.

Х1ора тобанера дешархоша дуьйцу шаьш дешна дешнаш маса дешдекъах лаьтта а, элп –ц- дашехь мичахь ду а.

4. Керла коьчал йовзийтар:

Бераш, х1ара х1ун ю? 1уьйранна  н1аьна муха кхойкху?

                        

( «1уь-1а-ре-1у») Хьалха муьлха аз хеза вайна?                                          

Х1етал-метал хуур дарий шуна?

Къеначу стеган говр. И х1ун ю? (1аса)

                        

        (1аса)

Алал массара-1аса.

 Доькъу вай и дош дешдакъошка

Маса дешдакъа хили?

Муьлха ду хьалхара дешдакъа; (1а); шолг1а дешдакъа (са)

Хьалхара дешдакъа аьзнашка доькъур ду вай.

- хьалхара аз –1-ду; шолг1а аз –а-ду; муьлха аз хеза вайна дашна юьххьехь? (1)

Шолг1а дешдакъа –са- ду, иза а доькъу вай аьзнашка:

са- хьалхара аз –с-ду; шолг1а аз-а-ду

5.«Мила ву тидаме» ловзар

Суьрташ т1ехь йолчу х1уманийн ц1ерш яха.

Цхьатера аз караде  х1окху дешнашкахь.

Х1орш х1ун ю?

                         

         1айг                       м1ар                       1ахар                    не1                  йо1  

Муьлха цхьатерра аз хеза вайна х1окху дешнашкахь?

Муьлхачу  элпах  лаьцна  дуьйцур ду вай тахана аьлла хета шуна?

Алал массара 1-1-1-1. Муха ду и аз мукъа ду я мукъаза ду?

Х1унда ду иза мукъаза? (пехашкара арадолу х1аваъ тийсало, парг1ат ара ца далало)

6. Сада1аран минот (хьехархочо шен лаамехь)

7. Йозанан элпаш довзийтар, яздар:

Х1инца яздан 1амор ду вай йозанан доккха а, мог1анан  а элпаш 11.

 И элп юкъахь дешдакъош, дешнаш, предложенеш язъян а 1емар ду вай.

 

1-х1ара мог1анан  элп 1 ду;

1-х1ара йозанан доккха элп 1 ду.

 

Хьовсу вай мог1анан элп –1- маса меженах лаьтта?

Мог1анан элп - 1- цхьана меженах лаьтта. (…………)

Йоза яздаран бакъонаш карлаяхар.

Муьлха мог1ан чу яздо вай йоза?

Мог1анан лакхара а, лахара а сизаш гайтар.

Мог1анан -I - яздаран кеп гойту хьехархочо уьн т1ехь:                                               

I - т1адам буьллу белхан мог1анна юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра хьалавоьду лакхарчу белхан мог1ане кхаччалц. Кхузахь ша волччохь  аьтту аг1ор  хьаьвзаш охьавог1у шад а беш, лахарчу белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна  юккъе кхаччалц Кхузахь аьрру аг1ор хьаьвзаш хьалавоьду, шад а беш, хьаькхначу сизал дехьаволу                                 

I I I ………………….

Элп муха дуьллу а хьовсуш, т1аьххье х1аваэхь язде элп I.

 Юха кепе хьовсуш, прописаш т1е яздийр ду вай мог1анан элп I.

Схеме а хьовсуш, цкъа хьалха х1аваэхь, цул т1аьхьа прописаш т1е д1аяздо дешархоша мог1анан I элп. (пропись аг1о 48-г1а)

 I I I I …………………….

Муха хуьлу элпаш?

Маца яздо вай доккха элп?

Доккха элп вай яздо  предложени йолош, долахь ц1ерашкахь а.

 Гойту доккха а, мог1анан а 1 I . (пропись аг1о 48-г1а)

1 1-Хьовсал, х1ун башхалла ю х1окху шина элпана юкъахь?

( и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)

Хьовсу вай доккха элп –1- маса меженах лаьтта?

Доккха элп – 1- цхьана меженах лаьтта.

Х1инца доккха элп 1 д1аяздийр ду вай. (пропись аг1о 48-г1а)

Хьехархочо уьн т1ехь гойту доккха элп 1 яздаран кеп.

Йозанан доккха элп 1 яздар.

Т1адам буьллу  белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна юккъе. Ира тасалуриг юьллу. Билгалонна  деллачу сизе терра  охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу аьрру  аг1ор, цу т1ера тасалуриг юьллу.

 Элп муха дуьллу а хьовсуш, т1аьххье х1аваэхь язде элп 1.

Юха кепе хьовсуш, прописаш т1е д1аязде  йозанан доккха элп 1.

111…. (Гайта йозанан элп)

8. Сада1аран минот

1ахарий ду бай т1ехь дежаш,

1ела ву уьш лардеш лелаш.

9. Дешдакъош яздар.

Ткъа х1инца, бераш, аша гайта дезар ду, шаьш муха кхетта х1окху  уроках.

Цкъа хьалха -1 элпца дешдакъош яздийр ду вай:

1а   1у  1о  1и  1е

а1  у1  о1  и1  е1

 

10. 1- элпаца дешнаш яздар:

Бераш, шуна девзий 1 элп юкъахь долу дешнаш? Даладе уьш.

1а, 1ам, йо1, во1, не1, 1ийса, 1умар, 1аша

 

Х1ора дешархочо, ша далийначу дашехь, билгалйоккху 1 элпан меттиг.

Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?

11.«Дайна элп схьакараде» ловзар:

  …а,  во…, ба…, до-…а, …а-ша, …у-мар.

Нийса кеп:

   1а, во1, ба1, до-1а,1а-ша, 1у-мар.

Дог1у дош ала:

Вахалур вац и кхин маса,

Карахь луьйзуш елахь…… (1аса)

(1аса –иза воккхачу стеган говр ю.)

12. Предложени язъяр.

1аса, 1умар и ши  дош юкъахь долуш предложени х1оттор ю вай:

1умара дадина 1аса еара.

Маса дош ду предложенехь?

 Муьлха ду хьалхара дош? (1умара)

 Шолг1а дош?  (дадина)

Кхоалг1а дош?  (1аса)

Доьалг1а дош?  (еара)

Предложени юьххьехь долу элп –1 мог1анан ду я доккха ду?

Х1унда яздина вай доккха 1?

(долара ц1е доккхачу элпаца язйо)

Схьаязъе и предложени, 1 элпана к1ел сиз хьакха.

Тахана вайна девзи мог1анан а, доккха а элп  11.                                                                       И элп юкъахь дешнаш, предложенеш язъян а 1еми вай.

Шу х1окху уроках муха кхетта хьовсуш, кроссворд йо вай:

13. Кроссвордан еак1овш  хьалаюза, дог1у дешнаша яздеш.

 

1.     Пха кхуссу г1ирс.

2.     Гуьйренал т1аьхьа йог1ург.

3.     Воккхачу стеган говр.

4.     Буц, дитташ, хиш, вайна гонах дерг.

1

а

 

1

а

д

 

1

а

с

а

 

1

а

л

а

м

 

14. Рефлекси.

Муха хийтира шуна таханлера урок?

Х1ора дешархочо шен тетрада йистехь, ша уроках муха кхетта гойтуш, тайп-тайпана хьаьрк  йилла:

1.     Ц1ен горга хьаьрк- дика кхетта;

2.     Баьццара биъсаберг-кхетта, амма дика ца кхетта;

3.     Можа кхосаберг-со ца кхетта.

 

Кху т1ехь вай таханлера урок чекхйолу.

1одика йойла шун. Марша 1ойла.

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "«Йозанан элпаш «I, I» яздар»."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Бизнер-тренер

Получите профессию

Фитнес-тренер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 662 641 материал в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 20.05.2023 441
    • DOCX 80.1 кбайт
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Илясова Даамат Хамидовна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Илясова Даамат Хамидовна
    Илясова Даамат Хамидовна
    • На сайте: 6 лет и 10 месяцев
    • Подписчики: 1
    • Всего просмотров: 134799
    • Всего материалов: 25

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Технолог-калькулятор общественного питания

Технолог-калькулятор общественного питания

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Особенности преподавания родного (русского) языка и родной литературы в образовательной организации

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 148 человек

Курс повышения квалификации

Особенности преподавания учебного предмета «Родной (русский) язык» в условиях реализации ФГОС ООО

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 105 человек из 41 региона
  • Этот курс уже прошли 1 199 человек

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к проведению ВПР в рамках мониторинга качества образования обучающихся по учебному предмету "Русский язык" в условиях реализации ФГОС НОО

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 66 человек из 27 регионов
  • Этот курс уже прошли 238 человек

Мини-курс

Управление коммуникациями в кризисных ситуациях

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Психологическая экспертиза в юридической сфере: теоретические аспекты

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Психологическая помощь и развитие детей: современные вызовы и решения

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе