Йоза 1 класс
Урокан ц1е:
«Йозанан элпаш й, Й яздар».
Урокан тайпа:
Довзийтаран.
Урокан г1ирс: абат, пропись, тетрадь,
ручка, къолам.
1алашо: йозанан
жима а, доккха а элпаш й, Й довзийтар.
Уьш шаьш а, дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан лерина
жам1аш:
1.
Предметни:
берашна
девзар ду йозанан жима а, доккха а элп а й, Й.
1емар ду уьш
нийса а, хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни:
берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан
корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала, болх бан.
·
Коммуникативни:
берашан
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а, доца а жоьпаш дала. 1емар ду
шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан,
тобанашкахь кхиамаш баха. Берийн кхуьур ю меттан говзалла.
·
Познавательни:
берийн
алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр. 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш
схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур
бу .
3.
Личностни: берийн
дозалла кхоллалур ду шайн Даймахках, 1емар ду и доггахь
беза, лера. Берийн лаам хир бу Даймохк ларбан.
Урок
д1аяхьар.
1 . Организационни мур:
Аганан иллица со вижош, нана,
Вайн матте сан марзо кхиийра ахь.
Т1аьхьарчу т1аьхьено хестабеш кхана,
Хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь!
Марша дог1ийла шу, хьоме бераш!
2. Карладаккхарна хаттарш:
Яханчу урокехь муьлха аз а, элп а девзира
вайна?
Аз [з] мукъа ду я мукъаза ду?
Х1унда ду аз[з] мукъаза?
Даладе аз – [з]- дашна юьххьехь долу
дешнаш;
(Зу, зама, зурма, Зулай, зезаг)
Даладе аз – [з]- дашна юккъехь долу дешнаш;
(Моза, назма, Ризван, мерза,
ловза, морза)
Даладе аз – [з]- дешан чаккхенгахь долу дешнаш;
(Ламаз, борз, барз, мерз, моз )
3. Керла коьчал йовзийтар:
Бераш, ц1еххьана кхеравелча х1ун олу
вай? («Ой-й!»)
Х1етал-металш хуур дарий шуна?
К1айн шаршу т1ера х1ун буьртигаш?
(Йоза)
Ц1а чохь цагушъерг х1ун
ю? (Йовхо)
Йоза, йовхо муьлха
аз хеза вайна цу дешнашна юьххьехь?
Нийса боху вайна хеза аз [й].
Ткъа тахана вайна муьлха аз, элп девзар ду
аьлла хета шуна?
Вайна девзар ду мукъаза зевне аз [й]
а, элп Йй а. Иштта элп й дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь
дешнаш яздан а 1амор ду вай.
Алал массара (й-й-й)
Аз [й] олуш багахула арадолучу хьаваана
новкъарло хуьлу.
Аз [й] зевне мукъаза ду, х1унда аьлчи
аз[й]олуш вайна хеза аз а, г1овг1а а.
4. «Мила ву тидаме» ловзар:
Цхьатера аз караде х1окху дешнашкахь.

Тайниг йод майка
1айг йоза

Маймал сай
тай йоьхь
Тайниг, йод, майка, 1айг, йоза, маймал,
сай, тай, , йома, йоьхь.
Нийса боху оцу массо а дашехь вайна хеза
аз [й].
5. Абатца болх бар (абат аг1о 60-г1а)
Х1ун го вайна хьалхарчу сурта
т1ехь?
_____________.
(йоьхь а, цуьнан
схема а го).
Йоьхь бохучу дашехь юьххьехь лаьтташ ду элп й.
Х1ун го вайна шолг1ачу сурта
т1ехь?
_______ ______,
(тайниг а, цуьнан схема
а го).
Тай-ниг дашехь юккъехь лаьтташ ду элп й.
Х1ун го вайна кхоалг1ачу суьрта т1ехь?
____________.
(Сай
а, цуьнан схема а го).
Сай
бохучу дашехь чаккхенгахь, лаьтта й элп.
Цул
т1аьхьа дешархоша шаьш дагалоьцу –й-долу дешнаш а, иза дешан муьлхачу меттехь
ду а билгалдоккху.
6. Йозанан
элпаш довзийтар, яздар
Вайна девзи керла аз а, элп а-
й. И элп юкъахь дешдакъош, дешнаш, предложенеш еша а 1еми вай.
Х1инца яздан 1амор ду вай йозанан доккха
а, мог1анан а элпаш Йй.
Вай 1амош долу аз
[й] билгалдо х1окху элпаца.
Мог1анан
–й- яздаран кеп гайтар)
Мог1анан
жима элп й яздар
-Хьовсу вай
мог1анан элп муьлхачу дакъойх лаьтта?
Мог1анан элп - й- кха меженах лаьтта.
(…………)
Йоза яздаран бакъонаш
карлаяхар.
Муьлха мог1ан чу яздо вай
йоза?
Мог1анан лакхара а, лахара а
сизаш гайтар.
Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье
хIаваэхь язде элп й.
Юха кепе хьовсуш, прописаш тIе яздийр ду
вай могIанан элп й.
Т1адам
буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгаллона мог1ане терра охьавог1у.
Лахарчу белхан мог1ане кхочуш техкарг юьллуш аьтту аг1ор хьалавоьду. Лечкъарг
т1ехула охьавог1у. Лакхарчу белхан мог1ане кхочуш техкарг юьллу, цу т1ера
д1а тасалуриг. Т1ехула техкарг юьллу.
7. Сада1аран минот:
Йорг1а говр, йорг1а
говр,
Хало, атто оха
ловр.
Дига генна хьайца
д1а,
Класса чохь тхо кхин ца
1а. Кхосса-кхосса-кхоссалуш,
Яда Йорг1а сх ца луш. Лаьтта
ког ахь билла
бай,
Тата дезаш дац тхо х1ай!
Й - элп
доккха а, могIанан а хуьлу.
Доккха элп вай яздо предложени йолош,
долахь цIерашкахь а.
Доккха элп Й кхаа меженах лаьтта. Хьалха
прописаш т1ехь ма гайттара д1аязъе доккхачу Й элпан меженаш. (пропись аг1о
36-г1а); Цул
т1аьхьа гойту йозанан доккха элп -Й - яздаран кеп.
Т1адам буьллу лакхарчу
белхан мог1анна т1е, сиз хьакхарца гу буьллу вай, гу т1ера чу сиз яздеш
охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш
хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна, г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц.
Лечкъарг т1ехула охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь
ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду мог1анна юккъе кхаччалц. Т1ехула техкарг юьллу.
Х1инца схеме а хьовсуш, цкъа
хьалха х1аваэхь, цул т1аьхьа прописаш т1е д1аяздо дешархоша мог1анан а, доккха
а Йй элп.
8. й элп долуш дешдакъош яздар:
йо йи; ой, ий.
Х1ета-метал хуур
дарий шуна?
Х1етал-метал
хаийла шуна:
Вайн не1арна
т1ехьаракхо доьхка
дихкина
нускал.
( нуй)
Мичахь хеза те
вайна тахана 1амийна аз, элп й?
Дашна т1ехьа хеза нийса боху.
Ткъа х1инца, бераш, аша гайта дезар ду,
шаьш муха кхетта кху уроках.
9. й элп долуш дешнаш яздар:
Д1адеша х1ара дешнаш.
Йисита, нуй, тешам, йоза, йисна, тайра,
дуй, болх.
Схьаязде й элп юкъахь долу дешнаш дешдакъошка
а доькъуш.
Нийса иштта хир ду (болх толлу дешархоша
цхьацца дош дешарца)
Нуй, йо-за, йис-на, сай, дуй.
Цу дешнашкахь хезий вайна аз
й? (хеза).
Нуй-( чаккхенгахь), йо-за-( юьххьехь), йис-на-(юьххьехь),
сай-(чаккхенгахь), дуй- ( чаккхенгахь),
10. Сада1аран минот:
Йижа
йита дашо месаш,
Йисита ю тайниг йижош.
11.
Схемина дош карор.
Йисита ____ ___ _____
Сай _________
йо-за ____ ____
Маса дакъа ду схемин?
Муьлхачу дешан ду кхо дакъа? (Йи-си-та)
Муьлхачу дешан ду цхьа дакъа? ( сай)
Муьлхачу дешан ду ши дакъа? (йо-за)
12. Предложени язъяр:
Сай -боху дош юкъахь
предложени яла а яй д1аязъе.
Суна сай байра.
Д1аязъе иза шайн прописаш т1е.
Маса дош ду цу предложенехь?
Хьалхара дош? (суна);
Шолг1аниг? (сай);
Кхоалг1аниг? (байра).
Оцу предложенина схема хьан
х1оттор яра.
____________ ____________
____________.
Предложени йолош муьлха элп
яздина вай? (доккха)
Предложенин дешнаш муха яздина
вай? (къаьстина)
Предложени чекхъяьлча х1ун
йиллина вай? (т1адам)
13. Рефлекси.
Х1ун 1еми шуна тахана?
1.
лахара ступенька-со ца кхийти;
2.
юккъера
ступенька-со кхийти, жимма хало дара суна;
3. лакхара
ступенька - со дика кхийти.
Кху т1ехь вай таханлера урок
чекхйолу.
1одика йойла шун. Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1 Э.Х. Солтаханов. И. Э. Солтаханов. Абат 1 класс. Соьлжа-г1ала АО
«ИПК» Грозненский рабочий»-2016 ш.
2 С.Э. Эдилов. «Ловзуш , 1ема»(Юьхьанцарчу классийн хьехархошна
методически пособи) ГУП «Книжное издательство»,-2007 ш.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.