Йоза 1 класс
Урокан
ц1е: «Йозанан
элпаш «ь»; «ъ» яздар».
Урокан
тайпа: керланиг довзийтар.
Урокан
г1ирс: компьютер, проектор,
интерактивни у, учебник, прописаш, аьзнийн карточкаш …
1алашо:
йозанан жима а, доккха а элпаш ь,ъ довзийтар.
Уьш шаьш а, дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1. Предметни:
берашна
девзар ду йозанан жима а, доккха а элп а ь, ъ.
1емар
ду уьш нийса а, хаза а яздан.
2. Метапредметни:
·
Регулятивни:
берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан
корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала, болх бан.
Мог1анан а, доккха а элп «ь»,«ъ» яздаран хьокъех лаьцна бакъонаш а евзар ю.
·
Коммуникативни:
берашан
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а, доца а жоьпаш дала. 1емар ду шайна
хетарг маь1ница нийса д1аала. К1еда хьаьрк, ч1ог1а хьаьрк вовшех къасто. Берашна
1емар ду тобанашкахь болх бан, тобанашкахь кхиамаш баха. Берийн кхуьур ю
меттан говзалла.
·
Познавательни:берийн
алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр. 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш
схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур
бу .
3. Личностни: берийн дозалла кхоллалур
ду шайн Даймахках, 1емар ду и доггахь
беза, лера.
Берийн лаам хир бу Даймохк ларбан.
Урок д1аяхьар.
1 . Организационни мур:
Дешаре шовкъ кхоллар:
Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц!
М.Мамакаев.
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург
1амо?
Шу кечам бина девллехь, вай д1айолор ю
рог1ера нохчийн меттан урок.
2.
Карладаккхаран хаттарш:
Яханчу урокехь муьлха элпаш яздира вай?
Элп –1- мукъа ду я мукъаза ду?
Муха хиира шуна иза мукъаза хилар?
3.
«Дукха хьан даладо?» Ловзар:
Аз 1 юкъахь а долуш, шайга мел далало,
дешнаш даладе.
-Элп -1 хьалха долуш: (1ин, 1аса,1ад,
1илма, 1ахар и кх. д1.);
Элп -1 юккъехь долуш: (б1ар, м1ара,
б1ог1ам, б1агор, ма1а и кх.д1.);
Элп-1 т1ехьа долуш: (йо1, ба1, да1, во1,
не1 и кх. д1.).
-Х1ета-метал хуур дарий шуна:
Дерриг дуьненна т1е к1ай шаршу юьйхинарг?
Х1ун ю иза?
1а.
1а -дош юкъахь предложени ялор. (Муха ду
1а?)
1а шийла ду.
Маса дош ду х1окху предложенехь?
Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а дош?
Кхоалг1а дош?
Вай 1амийна элп -1- муьлхачу дашехь ду?
Х1унда яздина вай оцу дашехь долу элп -1
доккха.
Маса меженах лаьтташ ду элп 1?
4. Керла коьчал йовзийтар:
Х1окху урокехь вайна девзар ду «ь»
к1еда хьаьрк а, «ъ» ч1ог1а хьаьрк а.
Бераш, х1окху байте ладоьг1ча хуур
дарий шуна, муьлхачу элпах лаьцна дуьйцуш ду?
Ю со алфавитан нана,
Бу-кха соьгахь боккха бала.
Элпийн амалш к1адъеш, хазъеш
Царна юккъехь барт а беш,
Дешнийн маь1на лар а деш.
Ь-
к1еда хьаьрк
Нохчийн маттахь ду цхьа а аз билгал
ца ден элп. Цунах лаьцна дуьйцур ду вай.
5. Зорбанан элп ь довзийтар:
Бераш, х1инца вайна девзар ду элп –ь. И
элп юкъахь дешнаш а доьшур ду вай. «ь» к1еда хьаьрко шена
хьалхара мукъаза аз к1аддо.
Ь-х1ара
зорбанан элп ь к1еда хьаьрк ду;
доьшур ду к1еда хьаьрк юкъахь долу
дешнаш.
Суьрташка а хьовсий , ала, х1ун го
вайна кху т1ехь.

Альбом
тетрадь больница
конькеш
Билгалдаккхий вай кху дешнашкахь к1еда
хьаьрк.
6. Дешнаш дешдакъошка декъар:
Х1инца х1ара дешнаш дешдакъошка доькъур ду
вай.
Аль – бом, тет-радь, боль-ни-ца, конь-кеш
Х1ара к1еда хьаьрк ца хилча, муха дешалур дара
вайга гуш долу масалш, х1ун башхо го вайна церан дешарехь а, яздарехь а.
7. Сада1аран минот:
(хьехархочо шен лаамца)
8. Йозанан элп довзийтар.
Х1инца к1еда хьаьрк дилла 1емар ду
вай.
Маса меженах лаьтта элп ь?
Йоза яздаран бакъонаш
карлаяхар.
Муьлха мог1ан чу яздо вай
йоза?
Мог1анан лакхара а, лахара а
сизаш гайтар.
К1еда хьаьрк –ь- яздаран кеп
хьехархочо уьн т1ехь гайтар:
-Т1адам буьллу лакхарчу
белхан мог1анна т1е. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у. Лахарчу белхан
мог1анна т1е кхочуш аьтту аг1ор воьрзуш, хьавзина мог1анна юккъе воьду.
Кхузахь аьтту аг1ор воьрзуш д1акъовлу элп ь.
Схеме а хьовсуш, цкъа хьалха
х1аваэхь, цул т1аьхьа прописаш т1е д1аяздо дешархоша элп ь к1еда хьаьрк. (пропись
№ 2 аг1о 1-ра)
Х1инца шайн прописа т1ера «ь» хьаьрк
юкъахь долу дешнаш язде, цу т1ехь ма гайттара:
Альбом, тетрадь, конькеш, токарь.
9. «ъ» хьаьрк довзийтар:
Х1етал-метал хуур дарий шуна?
Уллохь хила тхан йиш яц
Цунах теша йиш хир ю,
Абата т1е хьажа хьо
Тхуна юккъехь элп Ы лаьтта .
Муьлха элп ду иза? (ч1ог1а
хьаьрк)
Суна хетарехь, аш абат дика 1амийна.
Цундела шу кхийти дуьйцуш дерг ч1ог1а
хьаьрк дуй.
Вайна тахана девзар ду йозанан элп Ъ
.
Шуна 1емар ду элп Ъ яздан а, дешнашкахь
а, предложенешкахь еша а.
К1еда хьаьрк лекха
хилла
Элпаша аьлла
цуьнга ч1огг1а:
Х1ай, ваша,
хьалаийа ма луохьа!
К1еда хьаьрк
дукха сеттина т1ехьа
Шех хуьлуш
ч1ог1а хьаьрк. (ь-ъ)
Бераш, дешаран
урокехь вайна хиира «ъ» ч1ог1а хьаьрк шина маь1анехь лелаш хилар.
Аз хадоран
маь1нехь:
(цхьаъ,
шиъ, кхоъ, диъ, Залпаъ ,1айнаъ)
Х1окху дешнийн
чаккхенгахь-ъ аз хеза.
ъ-мукъаза, зевне аз ду.
Элп «ъ» хьаьрк, къасторан хьаьркан
маь1нехь лела мукъаза элпашна т1ехьа, мукъачарна хьалха нисделча.
(шелъелла, хазъелла, малъелла)
Х1окху дешнашкахь элп ъ ч1ог1а хьаьрк дашна
юккъехь ду, къасторан хьаьрк хилла лелаш.
Шелъелла
дашехь «ъ»хьаьрко цхьа а аз билгал ца до. Иза къасторан хьаьркан маь1нехь лела.
Къасторан
хьаьрко гойту мукъа аз, мукъазчух д1ауьйш ца хилар
Тидам
бе, бераш элп «ь» к1еда хьаьрк цу дешнашкахь нисделла «е» элпана
хьалха, мукъазачу элпашна т1ехьа.
з1окьеттарг
шокьеттарг
Х1окху
дешнашкахь къасторан хьаьркан маь1нехь яздина ь (к1еда хьаьрк).
10. Сада1аран минот: (Хьехархочо
шен лаамехь)
11.
«ъ» хьаьрк яздар
Х1инца
ъ элп яздан 1емар ду вай.
Ъ-х1ара йозанан элп ду.
Цкъа
хьалха х1аваэхь яздан хьовса ъ элп.
Цул
т1аьхьа прописаш т1ехь яздо. (пропись № 2; аг1о2-г1а)
Диц
ма делаш нийса тетрадь дерзо а, ручка кхаа п1елгаца нийса схьалаца а.
Йоза
яздеш букъ нийса латтабе, тетрадь т1е дукха охьа ма та1а.
Элп
«ъ» хьаьрк шина меженах лаьтта.
Ч1ог1а
хьаьрк –ъ- яздаран кеп уьн т1ехь гойту хьехархочо:
-Т1адам
буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале. Билгалонна деллачу сизе терра
хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь техкарг юьллу.
Охьавог1у лахарчу белхан мог1ане кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду
мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь аьрру аг1ор воьдуш, д1акъовлу элп.
Схеме а хьовсуш, цкъа хьалха х1аваэхь, цул т1аьхьа прописаш т1е
д1аяздо дешархоша элп ъ ч1ог1а
хьаьрк. ( пропись № 2; аг1о 2-г1а)
Ницкъ
ма- кхоччу хаза а, ц1ена а яздан хьовса.
12. 1амийнарг т1еч1аг1дар:
Шу муха кхетта хьовсуш т1едахкарш кхочушдо
вай:
(класс кха тобане йоькъу)
Д1адеша уьн т1ера дешнаш:
Ас-маъ, шелъ-елла, конь-кеш,
хазъ-елла, аль – бом, мацъ-елла, 1ай-наъ,
тет-радь, боль-ни-ца, пхиъ.
Д1аязде х1орш х1окху рог1аллехь:
1-ра тоба: ч1ог1а хьаьрк
аз хадоран маь1нехь лелаш долу дешнаш схьаязде:
пхиъ, Ас-маъ,1ай-наъ;
2-г1а тоба: ч1ог1а
хьаьрк къасторан маь1нехь лелаш долу дешнаш схьаязде:
шелъ-елла, хазъ-елла, мацъ-елла;
3-г1а тоба: шайца ь к1еда хьаьрк долу
дешнаш схьаязде:
аль – бом, тет-радь, боль-ни-ца, конь-кеш
Дешнаш д1а а яздай, ъ, ь элпашна
буха сиз хьакха.
13. Предложени т1ехь болх:
Асмаъ - дош юкъадалош предложени язъян
хьовсий вай?
Кеп: Асмаъ дика дешархо ю.
Маса дош ду предложенехь?
Хьалхара дош? Шолг1а дош? Кхоалг1а дош?
Доьалг1а дош?
Д1аязъе предложени, ъ хьаьркана к1ел сиз
хьакха.
14.
Рефлекси.
Муха
хийтира шуна таханлера урок?

1.
Лахара ступенька-со ца кхийти;
2. Юккъера
ступенька-со кхийти, амма дерригенах ца кхийти;
3. Лакхара
ступенька-со дика кхийти.
Хьоме
бераш, ненан мотт безаро а, цуьнца болчу ларамо а, алсамдоккхийла вайн 1илманан
бешахь б1аьстенан заза, даима а бекийла вайн нохчийн мотт!
Кху т1ехь вай таханлера урок чекхйолу.
1одика йойла шун. Марша 1ойла.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.