Йоза 1 класс
Урокан ц1е:
«Йозанан элпаш з, З яздар».
Урокан тайпа:
Довзийтаран.
Урокан г1ирс: абат, пропись, тетрадь,
ручка, къолам.
1алашо: йозанан
жима а, доккха а элпаш з, З довзийтар.
Уьш шаьш а, дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан лерина
жам1аш:
1.
Предметни:
берашна
девзар ду йозанан жима а, доккха а элп а в, В.
1емар ду уьш
нийса а, хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни:
берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто, цу планан рог1алла а ларъеш йозанан
корматалла караерзо. Берашна 1емар ду коллективехь эбала, болх бан.
·
Коммуникативни:
берашан
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а, доца а жоьпаш дала. 1емар ду
шайна хетарг маь1ница нийса д1аала. Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан,
тобанашкахь кхиамаш баха. Берийн кхуьур ю меттан говзалла.
·
Познавательни:
берийн
алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр. 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш
схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар. Берийн мотт шарлур
бу .
3.
Личностни: берийн
дозалла кхоллалур ду шайн Даймахках, 1емар ду и доггахь
беза, лера. Берийн лаам хир бу Даймохк ларбан.
Урок д1аяхьар.
1 . Организационни мур:
Марша дог1ийла шу, хьоме бераш!
Хьехархочо меллаша вота а тухий хаттар до
берашка.
Бераш, аса х1ун дира?
Вота дашехь вай яханчу урокехь 1амийна элп
мичахь ду хуур дарий шуна?
Нийса ду –дашна юьххьехь ду.
2. Карладаккхарна хаттарш:
Аз [в] мукъа ду я мукъаза ду?
Х1унда ду аз[в] мукъаза?
Даладе аз – [в]- юкъахь долу дешнаш;
Аз[в]-хьалха дерш:
(во-та, ва-да, вор-да, Ва-ха, Ва-лид)
Аз[в] –юккъехь дерш:
(дов-ха, бов-ха, вов-ха, Сов-дат)
аз[в] –чаккхенгахь дерш:
( ков, дов, б1ов, 1ов, ов)
Маса меженах лаьтташ ду вай 1амийна
мог1анан элп в?
Маса меженах лаьтташ ду доккха элп В?
3. Керла коьчал т1ехь болх бар.
1. Х1етал-метал хуур дарий шуна?
Ша жима ду, амма мел
йоккха х1ума такхайой д1ахьо. Х1ун ю иза?

зингат
Муьлха аз хеза зингат дашна хьалха?
Мила
ву тидаме хьовсур ду вай:
2. Суьрташ
т1ехь йолчу х1уманийн ц1ерш яха.
Цхьатера аз караде х1окху дешнашкахь.
Х1орш х1ун ю?

зу
моза борз
зингат
Муьлха цхьатерра аз хеза вайна х1окху
дешнашкахь?
Муьлхачу
элпах лаьцна дуьйцур ду вай тахана аьлла хета шуна?
Алал массара (зу)- маса дешдакъа ду
х1окху дашехь?
Муьлха аз хеза зу дашна хьалха?
Мо-за -декъа и дош дешдакъошка. Маса
дешдакъа хили?
Муьлха ду хьалхара дешдакъа; (мо); шолг1а
дешдакъа (за)
Мичахь хеза –з оцу дашехь? ( дашна
юккъехь)
Борз -бохучу дашехь мичахь хеза з? (дешан
чаккхенехь)
3. Сада1аран минот:
Вада аьлча-табалахь,
Виса аьлча-вадалахь,
Вада, вада, веди хьо?
Вала юьстах- веги хьо.
4. Ловзар
«Туьканахь»
Туьканахь охьаехкина дукха х1умнаш ю-суьрташ:
(Зу, моз, зурма, зезаг, хьоза, г1аз, салаз, моза, куз, заза, гезг, зингат, борз,
гали, мача, коч, хеча.)
Аша д1аэца деза з элпаца гергарло долу
товар. Дукха эцнарг тоьлла ву)
Ахьа х1ун эцна ?(Зу)
Мичахь ду аз (З)?
(Иштта толлу важа дешнаш)
Муьлхачун ю уггар дукха х1умнаш? Ахьа
хьанна лур яра уьш?
5.1алашо йовзар.
Книги т1е хьовса. Х1ун дийр ду аша
х1ораммо?
Х1ун дан ницкъ кхочур бу аьлла хета шуна? Х1ун далур дац?
Элп Зз девзар ду.
Элп Зз д1аяздан 1емар ду.
Дешдакъош, дешнаш яздийр
ду.
Кхоллараллин болх бийр
бу.
Дешнаш дешдакъошка
доькъур ду.
6. Керла коьчал д1акхачор.
7. Йозанан доккха а, жима элп Зз
довзийтар.
Адам, ахь х1ун ийцира? (Зу, моз, салаз)
Д1аязъян хуур дуй хьуна айхьа эцна
х1уманаш? (Дац)
Х1унда? (Элп Зз яздан ца хаьа)
-----------------------------
- х1ара мог1анан элп з ду.

-х1ара мог1анан доккха элп З ду.
Гайтал, шайгарчу элпашна юкъахь элп Зз.
Вай 1амийна муьлхачу элпан меженаш ю
–в-элп дуьллуш?
в-з; в-на
хьалхара г1аж д1аяьккхича элп –з- хуьлу.
Х1ун хии вайна? (Девзи элп Зз) Кхин д1а
х1ун 1емар ду вайна? (Элп Зз д1аяздан) Вай х1инца мог1анан жима элп з яздан 1емар ду.
Мог1анан элп з шина
меженах лаьтташ ду;
Хьалхара меже …., шолг1а
меже….; и ши меже вовшахтесча кхоллало мог1анан элп з.
Лакхарчу белхан мог1анна жимма лахахь т1адам билла. Лакхарчу
белхан мог1анах хьакха а долуьйтуш, аьтту аг1ор хьовзош сиз охьадаладе лахарчу
белхан мог1анна т1е кхаччалц. Цу т1ера охьа ,жимма горг а деш, сиз охьахьакха,
мог1анал охьа а долуьйтуш.Охьакхачале хьовзадай хьалахьо,лахарчу белхан
мог1анан сизах «шад» а беш, дехьадаккха сиз.
(пропись аг1о 33-г1а, хьалха
прописа т1ехь ма гайттара меженаш язйо, юха мог1анан элп д1аяздо)
Элпаш даккхий а, мог1анан а
хуьлу, доккха элп вай яздо предложени йолош а, долахь ц1ерашкахь а.
Доккха элп З шина меженах лаьтта.
(пропись аг1о 34-г1а, хьалха
прописа т1ехь ма гайттара меженаш язйо, юха доккха элп д1аяздо)
Ручка йилла лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Доца сиз а хьакхий,
аьтту аг1ор хьовзош охьадуьйла лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Цу
т1ера аьтту аг1ор горга сиз дилла мог1анна чохь. Иза лахарчу белхан мог1анна
т1е кхаьчча, аьрру аг1ор схьа а далош, жимма хьала хьовзаде.
Шайн прописаш т1ехь, сих ца луш,
мог1анан а, доккха а элпаш дахка.
8. з- элпаца дешдакъош яздар:
Х1инца вай яздийр ду з элпаца дешдакъош:
за зо зу зи зе
аз оз уз из ез
-Ткъа х1инца, бераш, аша гайта дезар ду,
шаьш муха кхетта кху уроках.



Кху суьрташ т1ехь вайна гуш
ерш х1ун ю?
(Зурма, морзах, салаз).
Цу дешнашкахь хезий вайна аз
з? (хеза).
Зурма-(хьалха), морзах-(юккъехь), салаз-(чаккхенгахь).
Д1аяздай вай и дешнаш
дешдакъошка а доькъуш.
Зур-ма, мор-зах, са-лаз
9. Сада1аран минот:
Массара
а йой аша 1уьйранна зарядка?
Х1инца
цхьаьний яй вай иза?
Маьлхан
серло яржале -
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ,
Пенаш
лахка, човхаде -
Цхьаъ,
шиъ - кхоъ.
Йиша,
ваша г1аттаде
-Цхьаъ
-шиъ - кхоъ.
Физзарядка
йолае
-Цхьаъ
- ш иъ -кхоъ.
Т1аьхьараалар:
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ,
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ,
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ,
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ.
Меттахвала,
кхоссало
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ,
Паж
схьалаца, кхозало -
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ.
Куьйгаш
айба, волало -
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ.
Ницкъ
бохьур бу боларо -
Цхьаъ
- шиъ - кхоъ.
XIapa
физминот музыка а локхуш ян
тарло. Багахь
x1apa йиш а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.
10. Дешнаш
дешдакъошка декъар.
Хьовсал бераш, соьгахь дечигаш ю. Х1орш аса
саттийча х1ун хили? (Кагъели)
Х1ара масазза кагъели? Маса дакъа хили? (Шиъ)
Х1ара? (Кхоъ)
Х1ара? (ца кагло)
Нохчийн маттахь ду дешнаш иштта ца каглуш,
шозза кхузза каглуш. Вай х1инца дешнаш кегдийр ду. Х1унда аьлча уьш мог1ане ца
тарделча сехьадаха деза.
Моз, зама, заза, хаза.
Куьйгаш нисде. Алал Заааа-заааа.
Маса дакъа ду цу дешан? (шиъ) Хьалхара? Шолг1а?
за-за дешан схема: ___ ___
Ала моз. Х1ун хуьлу? (Ца кагло) маса дакъа
ду? (цхьаъ)
моз дешан схема: _____
(Иштта толлу дисина дешнаш а)
11. Схемина дош карор.
За-ма-ни _____ _____ ____
борз _____
наз-ма. ____ ___
Маса дакъа ду схемин? Муьлхачу дешан ду
кхоъ дакъа?
12. Предложени язъяр.
Моз дош юкъахь предложени ялор
ю вай:
Моз мерза дара.
Д1аязъе иза шайн прописаш т1е.
Маса дош ду цу предложенехь?
Хьалхара дош? (моз);
Шолг1аниг? (мерза);
Кхоалг1аниг? (дара).
Оцу предложенина схема хьан
х1оттор яра.
____________ ____________
____________.
Предложени йолош муьлха элп
яздина вай? (доккха)
Предложенин дешнаш муха яздина
вай? (къаьстина)
Предложени чекхъяьлча х1ун
йиллина вай? (т1адам)
13. Рефлекси.
Кестта горгали бекар бу. Вайн урок д1аер
ю.
Муха хийтира шуна таханлера урок?
Дагаяийта вайн план.
Х1ун дан дели? Ца далуш х1ун диси?
Хаарийн лами:
1. Лахара
ступенька-со ца кхийти.
2. Юккъера
ступенька-жимма хало дара суна.
3. Лакхара
ступенька-со дика кхийти
Кху т1ехь вай таханлера урок
чекхйолу.
1одика йойла шун. Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1 Э.Х. Солтаханов. И. Э. Солтаханов. Абат 1 класс. Соьлжа-г1ала АО
«ИПК» Грозненский рабочий»-2016 ш.
2 С.Э. Эдилов. «Ловзуш , 1ема»(Юьхьанцарчу классийн хьехархошна
методически пособи) ГУП «Книжное издательство»,-2007 ш.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.