Ким по огэ чеченского языка 9 класс
Инфоурок Родной язык Другие методич. материалыКим по огэ чеченского языка 9 класс

Ким по огэ чеченского языка 9 класс

Скачать материал

5 вариант

 

2 дакъа

 

2-8 тIедахкарийн жоьпаш хуьлу белхан текстехь жоьпана билгалйинчу меттехь дIаяздан дезаш долу терахь, терахьийн хьалха-тIаьхьалла я дош (дешнийн цхьаьнакхетар).

 

2

Синтаксически анализ.

Д1аеша текст.

 

1) Массара а къобалдира 1усамин къамел. 2) Цкъа цхьана кхоьлинчу гуьйренан дийнахь разведке вахийтира Мохьмад. 3) Шен жимачу йоь1ан коьрта т1ехула куьг хьаькхира Дурдас. 4) Дешархой хьехархочуьнца экскурсе бахара.

 

Нийса грамматически лард къастийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Д1аязъе цуьнан лоьмар.

1) массара а къобалдира (1-ра предложени)

2) разведке вахийтира (2-г1а предложени)

3) куьг хьаькхира (3-г1а предложени)

4) экскурсе бахара (4-г1а предложени)

 

Жоп _____________________________________________________

 

1)        3

Пунктуационни анализ.

Оьшу сацаран хьаьркаш х1иттаде. Айхьа х1иттийначу ц1оьмалгийн терахьаш схьаязде.

             Самаевлла н1аьнеш кхайкха юьйлаелча (1) хьалаг1аьттира Алхаст. Уьйт1а ваьлла (2) х1окхо ламаз оьццушехь (3) эвлаюккъерачу маьждигехь молла а кхайкхира. 1уьйренан тийналлехь ц1ена (4) мукъамехь (5) декара цуьнан аз.

Хьуьна йистера д1ахьаьжча (6) д1о-о лаха чохь гора Алхастан юрт.

 

                    Жоп _____________________________________________________

 

4

Синтаксически анализ.

   Хьехамаш бора воккхачу стага.

Предложенера къастам схьаязбе.

              Жоп ___________________________________________________

 

5

Орфографически анализ.

Билгалдаьккхина дош яздаран нийса т1еч1аг1дар далийначу жоьпан вариант билгалъяккха. Оцу жоьпан лоьмар д1аязъе.

1)ЧУ ВАХАРА-дешхьалхенаш дешнашца къаьстина язйо.

2) ЦАТЕШАР – «ЦА» дакъалг масдарца даима а цхьаьна яздо.

3) ВИЪВИЪ- чолхе декъаран терахьдешнаш даима а цхьаьна яздо.

4) ХЬЕХАРХО-юкъара ц1ердешнаш доккхачу элпаца яздо

 

               Жоп _____________________________________________________

 

 

 

 

Текст дIа а еший, 6-8 тIедахкарш кхочушде.

 

(1) КIирандийнахь сарралц ловзуш а лелла, шаьш дIасакъаьсташ, бераша барт бира кхана кино даха. (2) «Тимур а, цуьнан команда а» цIе йолчу фильме а хьаьвсина цIа богIуш, трамвай тIе хевшира уьш, кинох лаьцна шайн-шайна хетарш а дуьйцуш. (3) Трамвай меттахъелира, амма, сихха саца а еш, неIарш дIайиллира иза лелочу йоIа.

(4) Хьуьхьвоьлла цхьа воккхастаг, шел хьалха тускар a, Iaca а йоккхуш, трамвай тIе сихвелира. (5) Уллохьа болчара гIo а деш, хьалавелира иза.

(6) Охьахоийла йоцуш, йоьттина яра вагон. (7) Воккхастаг гин-гинарг хьалаийалора цунна меттиг яла. (8) Ткъа хьалхарчу гIантахь Iаш волу Новраз, массарначул а иза шена юххехь воллушехь, ца гучуха Iapa, корах ара а хьоьжуш.

(9) ХьалагIаьттина, дуьхьал а волалуш, цуьнан нийсархочо Хьамзата воккхастаг шен метта охьахаийра. (10) ХьалагIевттинчу вукхарна баркалла а олуш, иза Хьамзате хьаьжира:

– (11) Жиманиг, хьан Iойла йохий-кх ас. (12) Баркалла хьуна!

– (13) ХIумма а дац, – велакъежира Хьамзат. (14) ГIовталан кисанара шена а, тускарна а тIера билеташна дала къаьстина ахча схьадаьккхира воккхачу стага.

(15) Иза хьала ца гIоттуьйтуш, Хьамзата сихха вахана билеташ ийцира.

– (16) Дукха вехийла хьо, кIант, – олуш, цуьнан белшах дайн куьг а хьокхуш, хаьттира воккхачу стага:

– (17) Хьан цIе хIун ю?

– (18) Хьамзат ю-кх.

– (19) Мичахь Iаш ду шу, Хьамзат?

– (20) Микрорайонехь.

– (21) Цига вогIуш ву со дуьххьара. (22) Шун хенара ву сан кIентан кIант Хьамид.

– (23) Дукаев вуй и?

– (24) Ву-те.

– (25) Вевза. (26) Тхойшиъ цхьана ишколехь доьшуш ву.

– (27) Дика доьший аш?

– (28) ХIаъ...

– (29) Дада, схьакхечи вай, – олуш, воккхачу стеган тускар схьа а эцна, ша хьалха а ваьлла, цунна охьавосса гIo дира Хьамзата.

– (30) Дада, ахь хьо дуьххьара вогIу ма бохура. (31) Хьуна хуур дуй ткъа ХьамидгIаьрга ваха? – хаьттира Хьамзата.

– (32) Хуур ду. (33) Яздина адрес ду соьгахь, хоттуш дIакхочур ву.

– (34) ХIан-хIа, хьо дIа а кхетийна бен гIyp вац тхойшиъ, – аьлла, тускаран цхьацца тIам а лаьцна, хьалха дIаволавелира Хьамзаттий, Халиддий.

– (35) Маржа-яI, сан воккхаллех кира хили-кх шуьшинна, – олуш, Iaca а луьйзуш, тIаьхьахIоьттира воккхастаг. (36) – Ма декъала хилла дай-наной ду-кх шуьнаш.

(37) Пхоьазза тIекIелдинчу цIеношка дIакхаьчча, шолгIачу этажа тIе хьала а бевлла, горгали туьйхира цара. (38) Сихха схьайиллира неI.

– (39) Дада вогIу! (40) Дада! – хазахеташ, Хьамид а, цуьнан нана XIазан а воккхачу стагана маракхийтира сени чохь.

(41) Уьш тIекаре бевллачу хенахь, Iодика а еш, дIаваха Халиддий, Хьамзаттий вухавоьрзуш, воккхачу стага элира Хьамиде:

– (42) Чу ца валош, дIа ма вахийталаш и ши кIант.

(43) Хьамида, шел хьалха а тоьттуш, чоьхьаваьккхира и шиъ.

– (44) Дада, суна ма ца бевза xIapa кIентий. (45) Хьенан бу хIорш? – хаьттира XIазана.

– (46) Делахь хIета, хIинца дуьйна дIа бевзар бу-кх хьуна Хьамидан доттагIий, элира воккхачу стага, – дIалацал кхааммо а вовшийн куьйгаш, мар-мара а кхеташ. (47) ХIинца дуьйна доттагIий ду шу, иза вошалла а ду. (48) Хьанал а, тешаме а хилалаш даима а. (49) Сий а довр дац шун цкъа а. (50) Оьздангалла, гIиллакх жимачохь дулу дагах.

(51) Майданахь ша буьрканах ловзуш лелаш вара Новраз, ХьамзатгIар тIебоьлхучу хенахь. (52) Когаца буьрка а керчош, дуьхьалхьаьдира иза:

– (53) Хуур ду-кх, тахана мила тоьлу!

(54) Хьамзаттий, Халиддий резавоцуш дIахьаьжира Новразе:

– (55) Кхузахь тола, когаш кхоош Iийна хир вара хьо, воккхастаг тIевеъча хьала ца гIоттуш? (56) Хьуна ца хеттехь а, цабезамца хьан бIаьра хьуьйсучу адамех тхуна-м эхь хийтира. (57) XIун накъост хир ву хьох?

(58) Новраз меллаша бай тIе охьалахвелира, накъостийн бехко а, цара шена тIебоьгIначу бIаьргаша а юьхь а кхолийна.

(59) Цо дош делира накъосташна иштта осалалла шегара кхин ца ялийта.

 

(Кагерманов Д. Д.)

 

6

Текстан чулацаман анализ.

«Ши доттаг1 Новразана резавоцуш хиларан х1ун бахьана дара?» бохучу хаттарна нийса т1еч1аг1даран хаам жоьпийн муьлхачу вариантехь бу?

1)             Новраз буьрканах дика ловзара.

2)             Новраз шина доттаг1чуьнца Хьамидг1аьрга ца веара.

3)             Воккхачу стагана хьала ца г1аьттира Новраз.

4)             Новраз доттаг1ашца къийсалора.

 

                    Жоп __________________________________________________

 

7

Меттан суртхIотторан гIирсан анализ.

Меттан суртх1отторан г1ирс–фразеологизм шеца йолу предложени билгалъяккха.

 

1) Иза хьала ца гIоттуьйтуш, Хьамзата сихха вахана билеташ ийцира.

2) Шун хенара ву сан кIентан кIант Хьамид.

3) Тхойшиъ цхьана ишколехь доьшуш ву.

4)Новраз меллаша бай тIе охьалахвелира, накъостийн бехко а, цара шена тIебоьгIначу бIаьргаша а юьхь а кхолийна.

 

                    Жоп __________________________________________________

8

 

       Лексически анализ

 46-чу предложенера «доттаг1ий» бохучу дашна синоним ялае. Д1аязъе иза.

 

Жоп ____________________________________________________

 

 

9.3 Сочинени.

 

Муха кхета хьо Г1ИЛЛАКХ бохучу дешан маь1нах? Кепе а далош, комментари е айхьа цунах билгалдаьккхинчунна.

 «Муха хила веза г1иллакхе стаг?» темина сочинени-ойлаяр язъе айхьа билгалдаьккхинчун буха т1ехь. 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Догlа

 

5 ВАРИАНТ

Т1едилларан терахь

Жоп

2

1

3

1 3 4 6

4

  Воккхачу

5

2

6

3

7

4

8

Накъостий

 

 

Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

Пожаловаться на материал
Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

также Вы можете выбрать тип материала:

Проверен экспертом

Общая информация

Скачать материал

Похожие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.