Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Инфоурок / Другое / Презентации / Классал арахьара мероприяти «25-г1а апрель – Ненан меттан де»

Классал арахьара мероприяти «25-г1а апрель – Ненан меттан де»

  • Другое

Поделитесь материалом с коллегами:

«Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а, цхьаьна а хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй...
«Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий цадечо Мехкан сий дийр дац…»...
Д1адолор: Хьехархочун дешнаш Де дика дойла шун, хьомсара накъостий! Таханлера...
Дешархо: Вай нохчий ду. Веза Воккхачу Дала кхоьллина вай нохчий. Цо делла вай...
А. Айдамиров « Ненан мотт» 1. Со вина Кавказан ломахь, Къоьжачу баххьашна юкк...
Дешархо: Нохчийн мотт вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман наз...
Илли «Лаьмнийн мукъам» / Дешнаш 1.Юсуповн, мукъам А. Эльдархановн / Магомадо...
Цуруев Ш. « Ненан мотт» Акха яр санна и ца баьлла бацалахь. Боьжна бац стигл...
Хьехархо: Ненан меттан денца декъалдеш вайн президента Кадыров Рамзана Ахмат...
1.Юсупов «Г1иллакхийн хазна». . Заманийн къизаллаш хьаьхна, Маршоне къуьйсуш...
Илли «Вайчул хаза…» Дешархо: Ненан мотт, Хьо бека бисалахь, Тахконза дисинчу...
Ш. Арсанукаев « Весет» 1 Къоьжачу вайн лаьмнийн Дог кура баххьаш, Вайн тог1еш...
Илли « Ненан маттах ма херлолахь » / дешнаш а, мукъам а халкъан/ Мероприятин...
1 из 14

Описание презентации по отдельным слайдам:

№ слайда 1
Описание слайда:

№ слайда 2 «Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а, цхьаьна а хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй
Описание слайда:

«Кхо х1ума ду дуьненчохь даима а, цхьаьна а хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий. Тхо-м - нохчий, г1алг1ай Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг т1едуха ца даьхкиний тхешан махка, ц1а, карахь-куьйгахь а, т1ехь а доццушехь. Тхо ц1а оьху: Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна». / А.Сулейманов / Чоь хаза кечйина ю: Даймехкан 1аламан суьрташца, б1аьвнийн суьрташца. Пенаца д1атоьхна йозанаш ду: Шен ненан мотт ца хууш верг нана йоцу буобер ду. /кица /

№ слайда 3 «Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий цадечо Мехкан сий дийр дац…»
Описание слайда:

«Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий цадечо Мехкан сий дийр дац…» /Б. Саидов / «Кхидолчу къаьмнашна, Шайниш а санна, Нохчашна шайн мотт а Сов хьоме бу…» / Ш. Арсанукаев / «Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, 1алашбахь, Цу халкъан парг1ато Цхьаммо а хьошур яц.» / М. Мамакаев / Шен мотт бийцар сийлахь ду. Кхечу къаьмнийн мотт хаар а сийлахь ду. /Халкъан хьекъалера/ Мукъам.: « Ненан мотт» илли. /Дешнаш Ш. Арсанукаевн, мукъам З. Дудаевн /

№ слайда 4 Д1адолор: Хьехархочун дешнаш Де дика дойла шун, хьомсара накъостий! Таханлера
Описание слайда:

Д1адолор: Хьехархочун дешнаш Де дика дойла шун, хьомсара накъостий! Таханлера вайн цхьаьнакхетар лерина ду ненан маттана. Вайн ненан мотт- иза нохчийн мотт бу. Тайп- тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш, безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне сатийсина цуьнца шовкъ йолчара. 25-г1а апрель – Ненан меттан деза де хилар т1еч1аг1дина шайн сацамца вайн сийлахьчу куьйгалхоша. Вайн массеран ц1арах Дела реза хуьлда царна! Дала ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь караберзо! Дешархо: Дуьненан уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Дуьненахь дехачу х1ора къомана а шен мотт белла Дала.

№ слайда 5 Дешархо: Вай нохчий ду. Веза Воккхачу Дала кхоьллина вай нохчий. Цо делла вай
Описание слайда:

Дешархо: Вай нохчий ду. Веза Воккхачу Дала кхоьллина вай нохчий. Цо делла вайна нохчийн сибат. Цо елла вайна нохчийн амал. Цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ. Дешархо: Цо белла вайна нохчийн мотт! Хьо винчу, х1ара дерриг а Дуьне хьуна совг1атна деллачу, хьан цхьаъ бен йоцчу, кхин хила йиш йоцчу хьан НЕНАН МОТТ – х1ун х ир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?

№ слайда 6 А. Айдамиров « Ненан мотт» 1. Со вина Кавказан ломахь, Къоьжачу баххьашна юкк
Описание слайда:

А. Айдамиров « Ненан мотт» 1. Со вина Кавказан ломахь, Къоьжачу баххьашна юккъехь. Аьрзонийн баннашна лулахь, Нанас со кхиийна берахь. Цигахь со набарна товжош, Цо олу аганан илли, Декара, дог хьоьстуш, довха, Сан нохчийн маттара илли 2. Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш, Со цунах хьерчара кхоьруш, Я халкъан илли цо олуш, Д1атуьйра набаро хьоьстуш. Шаьш хьегна баланаш балхош, Вайн халкъан турпалхой хестош, Дайн- дайша даьхна и иллеш, Декара дог 1ийжош, доруш. 3. Цу иллин дешнашца гора Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Маршоне, Даймахке безам, Вайн дайша къийсамехь гайтар. Ненан мотт хьуна т1е тийжаш, Хьоьца шайн баланаш балхош, Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош, Ловш 1ийна уьш и буьрса денош. 4. Хьоьца ду суна мел дезнарг, Вина мохк, нанас сан хьестар. Хьоьца ду сан велар, велхар, Дахаре сан болу безам. Бекалахь , ненан мотт, тахна, Дуьнене машаре кхойкхуш, Лаьтта т1ехь Къинхьегам,Нийсо, Вошалла,Ирс, Машар кхайкхош.

№ слайда 7 Дешархо: Нохчийн мотт вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман наз
Описание слайда:

Дешархо: Нохчийн мотт вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман назма ду. Дешархо: Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза. Цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш. С-М. Гелагаев « Ненан мотт» 1. Сайн ненан дагна к1ел Дог тохаделча, Буьйлира нохчийн мотт Син т1амарх сан. Цу маттахь дуьххьара Ден назма хезча, Хезира седарчийн Тийналла схьа. Хезира чарташа Еш йолу ойла. И ойла мел хеза Хир бу вайн мотт. Вуьссур вац дуьненахь Цхьа а вайн байлахь. Цу маттахь мел олу: « Нана, Даймохк» 2. Цу маттахь бералло Хьоьсту шен тайниг. Цо дагахь латтайо Аганан йиш. Цу хазчу эшаран Мукъам а тайна, Декош ю Нохчийчоь Шен хьаьъна хиш. Матто вай 1амадо Назманаш ала, 1амадо биц ца бан Вайн наной,дай, 1амадо бохург дан Сийлахьчу Дала…

№ слайда 8 Илли «Лаьмнийн мукъам» / Дешнаш 1.Юсуповн, мукъам А. Эльдархановн / Магомадо
Описание слайда:

Илли «Лаьмнийн мукъам» / Дешнаш 1.Юсуповн, мукъам А. Эльдархановн / Магомадова Резида « Уьншеран…» Уьншеран заманан К1оргене яхна Вайн халкъан д1адахнарг Со кего йоьлча. Хилла хьо, нохчийн мотт, Массарал сийлахь Хьо ларбеш иэгарна Вайн к1ентий ц1ийлахь. Дуьненан уггар Мерза дош «Нана» Вайн дайша, нохчийн мотт, Хьан дашца аьлла. Цул т1аьхьа массарал Сийлахь дош « Даймохк» Х1етахь ахь тесначу Орамах даьлла…

№ слайда 9 Цуруев Ш. « Ненан мотт» Акха яр санна и ца баьлла бацалахь. Боьжна бац стигл
Описание слайда:

Цуруев Ш. « Ненан мотт» Акха яр санна и ца баьлла бацалахь. Боьжна бац стиглара, я эцна бац базарахь, Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара – Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь. Ас лору дуьненчохь мел долу меттанаш, Нохчийн мотт – гуттара а сан оьзда дозалла, 1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш, Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале. Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина, Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхина. Цу матто, - уггаре гергарчу сан синна – Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина. Илли « Даймахке сатийсар» /Дешнаш М. Гадаевн, / Адуев 1иса « Нохчийн мотт» Хьоьца ду жовх1арш, Меттан куц толо, Бу хьоьца лаца мукъ, Кховдийнарг къомо. Велларг а тергалван, Ду хьоьца марчо, Муьлххачу т1ег1ан т1ехь Хилла хьо маршо. Нохчийн мотт! Ненан мотт!- Лам чуьра татол. Хьан лар ю к1орга 1ин – Оьздангаллин г1арол. Хьо бен бац сан аг1о – Сан куьйга аьтто, Дог дуззуш сан кийрахь Нохчалла латто…

№ слайда 10 Хьехархо: Ненан меттан денца декъалдеш вайн президента Кадыров Рамзана Ахмат
Описание слайда:

Хьехархо: Ненан меттан денца декъалдеш вайн президента Кадыров Рамзана Ахматовича аьлла дешнаш дало луур дара суна: «Муьлххачу къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, г1иллакхех, эхь-бехках, 1адатех ца долуьйту мокхазан ч1аг1о ю мотт. Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Ишттаниг къилба дайна, адамаллин мехаллех тилла ву… Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду вай. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерачу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран раг1 вайна т1екхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш. Аганара г1аьттича цу к1антана бакъболчу къонахийн собар, доьналла, хьуьнарш довзуьйтуш, царах дозалла дан, масал эца, цаьрга нисвалар 1амош. Дас халонаш лан, осалниг емалдан, г1ийлачун г1о лаца кечван веза шен во1. Иштта, вайн нанойн масалш т1ехь кхио беза мехкарий. Ненан ховхачу маттаца и дан таро а ю…»

№ слайда 11 1.Юсупов «Г1иллакхийн хазна». . Заманийн къизаллаш хьаьхна, Маршоне къуьйсуш
Описание слайда:

1.Юсупов «Г1иллакхийн хазна». . Заманийн къизаллаш хьаьхна, Маршоне къуьйсуш дай баьхна, Къонахчун яхь ларъеш цара, Доьналла гайтина майра. Г1иллакхашца хаздина дайша, Кегий нах, церан сий дейша! . Х1ара дуьне кхоьллина деза, Оьшуш дац и дита деса. Г1иллакхашца хаздан и хьовса, Уьш дохош волчуьнца къовса. Адамаш, кхиий вай дайша, Уьш лоруш, церан сий дейша! . Вайн наной тешаме хилла, Эхь-бехках даим ларбелла, Хьешана кхерч бовха латтош, И вазвеш дог-ойла г1аттош. Мехкарий, нанойх тарлойша, Г1иллакхца шайн сий лардейша! . Сингаттам хаало тахна, Стаг вайча г1иллакхах воьхна. Вайн декхар сийлаллин деца: Дайн г1иллакх - герз д1а ма хеца! Г1илкхашца хазди вай дайша, Адамаш, церан сий дейша!

№ слайда 12 Илли «Вайчул хаза…» Дешархо: Ненан мотт, Хьо бека бисалахь, Тахконза дисинчу
Описание слайда:

Илли «Вайчул хаза…» Дешархо: Ненан мотт, Хьо бека бисалахь, Тахконза дисинчу аганна. Ненан мотт, Хьо хезчохь бисалахь Нана мел езачу берана. Дешархо: Нохчийн мотт, Хьо бийца бисалахь Ненан мотт мел безачунна: нохчийн мотт, Хьо баха бисалахь, Нохчийн къам мел деха цуьнца.

№ слайда 13 Ш. Арсанукаев « Весет» 1 Къоьжачу вайн лаьмнийн Дог кура баххьаш, Вайн тог1еш
Описание слайда:

Ш. Арсанукаев « Весет» 1 Къоьжачу вайн лаьмнийн Дог кура баххьаш, Вайн тог1еш, шовданаш, Б1ешерийн хьаннаш- Д1аэца тахана Хьайн дола ахь уьш,- Дас, весет, деш, хьайна Йитина хазнаш. Д1аэца ахь х1инца, Дайша шайн ц1ийца Заманийн йохаллехь Лардина латта. Даймохк хьайн д1аэца, Раг1 хьан ю х1инца, Ден весет кхочушдан, Юкъ ехкий, г1атта. Ларбе мохк, Хазбе и, Ца еш мало. Т1аккха, хьайн весет деш, К1анте д1ало. 2. Б1ешерийн къийсамехь, Са санна, лардеш. Таханенга кхачийна Вайнехан г1иллакх. Доттаг1ий хилла вай Вежарех тарбеш, Орцанна кхайкхаза Кхочуш вай хилла. Лаьмнашкахь даиман Дина сий Ненан, Воккханиг лийрина Жимчо, деш г1уллакх. Раг1 хьоьгахь ю тахана, Вас ца еш дена, Д1аэца цуьнгара Дайн оьзда г1иллакх. Ларде и, хазде и, Ца еш мало, Т1аккха, хьайн весет деш, К1анте д1ало. 3. Хазнашлахь хазна ю Ненан мотт къоман. Ненан мотт мел беха, Къам дуьсу даха. Ткъа нагахь мотт шен лахь, Къам, лей, д1адолу, Ненан мотт бицбинарг Сийсазво наха. Нохчийн мотт и – халкъан Синхазнийн хьоста – Къийсамехь ларбина Массо а ханна. Раг1 х1инца хьоьгахь ю, Д1аэций , хьаста, Ден весет кхочушде, Къонахчо санна. Ларбе мотт, хазбе и, Ца еш мало. Т1аккха, хьайн весет деш, К1анте д1ало.

№ слайда 14 Илли « Ненан маттах ма херлолахь » / дешнаш а, мукъам а халкъан/ Мероприятин
Описание слайда:

Илли « Ненан маттах ма херлолахь » / дешнаш а, мукъам а халкъан/ Мероприятин жам1.

Выберите курс повышения квалификации со скидкой 50%:

Краткое описание документа:

Чоь  хаза кечйина  ю:               
Даймехкан  1аламан  суьрташца, б1аьвнийн  суьрташца.
Пенаца  д1атоьхна йозанашду:
Шенненан  мотт  ца  хууш  верг  нана  йоцу  буоберду.

                                                                             /кица /

«Кхо  х1ума  ду  дуьненчохь  даима  а, цхьаьна  а  хила  дезашвовшех   даьхчакхуьй а леш: Даймохккий, ненан  моттий, халккъий. Тхо-м  - нохчий, г1алг1ай Казахстанехьчул  чомехь  даа, цигахьчул  дезаниг т1едуха ца  даьхкинийтхешанмахка, ц1а, карахь-куьйгахь а, т1ехь а  доццушехь. Тхо  ц1а  оьху: Даймохккий, ненан  моттий, тхешанкъаммий  цхьаьний  бен  мегаш   дацарна».                    / А.Сулейманов /

Д1адолор:Хьехархочун  дешнаш

 

Де дика дойла  шунхьомсара  накъостий!

Таханлеравайн  цхьаьнакхетар  лерина  ду  ненанматтана.

Вайнненанмотт- иза  нохчийн  моттбу.

Тайп- тайпанчухьелашкахьхилла и: оьшуш, цаоьшуш,

безаш, цабезаш, амматаханлерниг  санначу  дийне

сатийсинацуьнца  шовкъйолчара.

25-г1а апрель – Ненанметтан  деза  де хилар т1еч1аг1дина

шайнсацамца    вайн  сийлахьчу  куьйгалхоша.

Вайн  массеран  ц1арах  Дела  реза  хуьлда  царна!

Дала   ницкъ  лойлавайна  ненан  моттоьшучу  барамехь  караберзо!

 

Дешархо:    

  Дуьненануггаре  баккхийчу   тамашех  цхьаъ  адаман  моттбу.

  Адам  кхидолчу  дийнатех  къасточу  билгалонех  коьртаниг  а  моттбу.

 

  Дуьненахьдехачу  х1ора къомана а  шенмотт  белла  Дала.

Автор
Дата добавления 02.04.2015
Раздел Другое
Подраздел Презентации
Просмотров1591
Номер материала 471501
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх