Инфоурок Родная литература КонспектыКонспект по чеченской литературе на тему"Болат-Г1ала йожар."Леча а,Хвичо а."(7 класс)

Конспект по чеченской литературе на тему"Болат-Г1ала йожар."Леча а,Хвичо а."(7 класс)

Скачать материал

29-г1а урок. Гайсултанов 1умар «Болат-г1ала йожар» : Лечи, Хвичо

1алашонаш: литературни турпалхочух болу кхетам кхиор; повестехь болчу къовсаман башхаллех кхета дешархошна г1одар; дешархошна текстаца шайнна болх бан хаар карадерзор турпалхошна характеристика яла оьшур йолу материал исбаьхьаллин произведени т1ера билгалъяккха хаар кхиор; литературни турпалхо боху кхетам к1аргбар; литературни турпалхочунна характеристика яла а, кхечу турпалхочуьнца иза вуста  хаа а 1амор; дозуш долу къамел кхиор; патриотически дог-ойла а, халкъан мостаг1ашкахьа цабезам а кхиор.

Урокан тайпа: керла хаарш кхиоран а, карадерзоран а урок.

 

Урок д1аяхьар

I.  Ц1ахь бина болх таллар

«Болат-г1ала – талорхойн г1ап» ц1е йолчу темина дешархоша  шаьш кечйина материал йовзуьйту.

II. Урокан 1алашо а, декхарш а довзийтар

III. Урокан теми т1ехь болхбар

1. Повестан турпалхошна характеристика ялар

 

Лечех, Хвичох лаьцна барта дийцар (тобанашца)

           хаттарш

маь1не дешнаш, цитаташ

 

 

 

Шина  вастан цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а

Х1ун ду юкъара дерг Лечин а, Хвичон а?

Муха ду церан куц-кеп, мел хан йолуш ву, схьавалар,  къовсамехь муха гойту цара шаьш?

Лечи а, Хвичо а цхьанахенара ши к1ант; ламанца бехачу мог1арерчу нахах схьаваьлла; шуьйра белшаш йолуш, онда жима ши стаг; билгалвара майраллица; шиммо а майралла гайтира талорхошца д1ахьочу къийсамехь, Болат-г1ала йоккхуш.

 

 

 Х1ун билгалдо автора церан аматашкахь?

Реманна гонаха хьийзаш вара кхиъна вог1у жима ши стаг. Цхьаннан берх1итта шо дара, вукхуьнан верх1итта. Ший а 1аьржа ц1ена бедар юьйхина, когахь буьхьигаш хьалахьаьвзина маьхьсеш йолуш вара. Шиннан а юкъах кхелина шаьлтанаш яра

 

-Эла волчохь мича кепара гойту шаьшшиъ шина к1анта?

-Леча кест-кеста ойланашка волий х1унда хуьлура, х1ун ду цуьнан сагатдийриг?

-Х1ун 1алашо йолуш лата 1емаш вара  Леча а, Хвичо а. Оцу 1аморашкахь шина к1ентан муьлха амалш билгалйовлу вайна?

- Х1ун 1алашо ю шина к1ентан? Х1ун некъ бу шина к1анта юьхьарлаьцнарг?

-Муха гайтина автора шен къоначу турпалхошна юкъара доттаг1алла?

-Къоначу шина турпалхочун муьлха амалш ю шуна герга?

-Юьхьарлаьцначу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян к1енташна г1о динарг мила ву?

-Шина к1ентан х1ун мах хадор бара аша?

Текст т1ера масалш далош кхочушбо и болх дешархоша.

Хьехархо. Жам1. Портрет-турпалхочунна характеристика яларан г1ирс. Деталашца ца бовзийтина яздархочо шен турпалхой. Церан характеристикехь коьртаниг – и ший шуьйра белшаш а йолуш, онда жима ши стаг хилар ду. Яздархочун тидамехь дерг – церан доьналла а, майралла а, церан хьуьнарш а ду. Портретехь цо къастийнарг церан ницкъ, хьуьнар, майралла, т1емалойн дикаллаш ю.

2. Хьехархочун комментари

Леча а, Хвичо а даиманна а бохург санна цхьаьна гойту повестехь. И шиъ цхьабарт болуш а, вовшашна чу садиллина а, вовшийн ч1ог1а терго еш а ву. Цу шина к1ентан ойланаш хьанал ю,1алашонаш беркате ю. Цушиммо юьхьаралаьцна некъ халкъ парг1ат даккхаран некъ бу. Оцу некъа т1ехь ч1аг1вала, шайн 1алашонаш кхочушъян цу шинна г1о до воккхачу стага Иагос. Воккха стаг шина к1ентан терго еш вара, цо бийцира Лечина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, новкъаваьккхира цо и шиъ. Лечин а, Хвичон а хьуьнарш а, г1иллакх-оьздангалла а кхиарехь мехала бара ши к1ант эла волчохь волуш Иагос церан бина тергам. Шаьш дагалаьцнарг хьекъалца а, кхетамца а дар бахьанехь шайн 1алашоне кхочу Леча а, цуьнан накъостий а. Нахана даккхий зенаш деш болу Болат-г1алара талорхой боха а бой, церан г1ала йожайо Лечас а, цуьнан накъосташа. Оцу тасадаларехь шайгара майралла а, доьналла а гойту шина к1анта. Ялх шо хьалха шеца цхьаьна йийсаре йигна йолу Кхокха а, кхиболу йийсарш а  парг1атбоху Лечас а, цуьнца болчара а.

   Халкъ даим лоллехь латто хала хуьлу. Шена парг1ато йоккхуш, цо эшаво муьлхха а мостаг1. Халчу хенахь халкъана хьалха бовлу дика к1ентий, цара халкъ г1аттадо мостаг1чунна дуьхьал бечу къийсамна. Иштта къовсам халкъ толарца д1а а боьрзу. Халкъана хьалха бевллачарах бу Леча, Куьйра, Лоьма, Чала, кхиберш а.

Гайсултанов 1умара шена хьалха х1иттийна 1алашонаш исторически хиларал сов, эпически а ю. Хьалхалера дахар гайтарца цхьаьна цо гойту халкъо шен парг1атонехьа, машарехьа д1ахьош  болу къийсам а, цу халкъа юкъара схьабевлла,  зуламечу нахана духьал г1овттуш болу к1ентий а.

Цхьана аг1ор маьрша нах йийсар а беш, уьш кхечу мехкашкахь д1а а бухкуш, цунах шайн бахам а бина 1аш болу талорхой, вукху аг1ор маьрша беха нах го вайна повестехь.

- Гайсултанов 1умара шен повестехь дийцинарг дахарехь хилларг дуй те? Цу т1ехь буьйцу турпалхой исторически нах буй те? Мел бакъ ву яздархо исторически хилларш довзийтарехь?)

(Ма-дарра аьлча и тайпа талораш дар нислуш хилла ширчу заманахь, амма кхидерг яздархочо ша кхоьллина ду. Коьртаниг – цу хенан халкъан дахар ма-дарра гайта яздархочун ницкъ кхачар ду. Иза цо говза кхочуш а дина. Повесть йоьшучу хенахь вайна хаало цу хенан дахар, цуьнан турпалхошца цхьаьна вай даха а деха цхьана ханна, и ешна довллалц, вайна уьш беза а ло, царах дог а лозу вайн, эххар царах дозалла а до вай).

 

Леча 
Майра ,хьекъале
1ема ,сагатдо,воду. Даймахке сатуьйсу к1анта
Къонах

,Хвичо
Майра ,тешаме
Сагатдо ,г1одо,воду
Лечина дика накъост хуьлу
Доттаг1
 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


Д1анисде дешнаш:МАЛОЬ, АЛЧА, АЧЛЕ,ОЧВИХ

 

 

 

IV. Урокан жам1аш. Рефлекси

«Чекхъяккхаза предложени» ц1е йолу кеп

-Суна хетарехь, повестан бакъволу турпалхо …

V .  Ц1ахь кхочушдан дезарг

1. Учебник-хрестомати т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш дала кечло.

2. Белхан тетрадь, 8-11 т1едахкарш.

 

 

 

 

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект по чеченской литературе на тему"Болат-Г1ала йожар."Леча а,Хвичо а."(7 класс)"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Специалист по кредитованию

Получите профессию

Бухгалтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 655 669 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 25.02.2021 13039
    • DOCX 298.1 кбайт
    • 84 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Хаджимуратова Рукият Мадаевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Хаджимуратова Рукият Мадаевна
    Хаджимуратова Рукият Мадаевна
    • На сайте: 4 года и 2 месяца
    • Подписчики: 5
    • Всего просмотров: 110105
    • Всего материалов: 25

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Копирайтер

Копирайтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Формирование семейных ценностей у школьников на уроках литературы в условиях реализации ФГОС ООО

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 90 человек

Курс повышения квалификации

Семиотический анализ художественного произведения на уроке литературы в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 26 человек из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 136 человек

Курс профессиональной переподготовки

Родной (русский) язык и родная литература: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель родного языка (русского языка) и родной литературы

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 87 человек

Мини-курс

Договоры и их правовое регулирование

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 24 человека из 14 регионов

Мини-курс

Работа с детьми с особыми образовательными потребностями

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 364 человека из 64 регионов
  • Этот курс уже прошли 163 человека

Мини-курс

Библиотечная трансформация: от классики до современности с акцентом на эффективное общение и организацию событий

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 22 человека из 15 регионов
  • Этот курс уже прошли 33 человека
Сейчас в эфире

Консультация логопеда. Возможно ли продуктивно заниматься с дошкольниками онлайн?

Перейти к трансляции