Инфоурок Родная литература КонспектыКонспект по чеченской литературе на тему"Лийрбоцурш"(9 класс)

Конспект по чеченской литературе на тему"Лийрбоцурш"(9 класс)

Скачать материал

Урокан ц1е «Лийрбоцурш» драми чулацам а, исбаьхьаллин   мехалла  а .Хамидов 1-Хь кхоллараллин къоман драматурги  а, театр а кхиорехь долу маь1на.Пьесин тема ,жанр ,д1ах1оттам.

 

 

1алашо: : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам  бовзийтар .  Даймохк  ларбан  хIиттинчу  бIаьхойн  майралла,  турпалалла  билгалъяр.  Пьеси  тIехь  Хамидов 1-Хь кхоллараллин къоман драматурги  а, театр а кхиорехь долу маь1на.

Урокан г1ирс:           

  Тетрадаш,Кехаташ,Суьрташ,докладаш

Урокан некъ :

1.Де дика дар .

2.Белхан кеп х1оттор .

3.Карладаккхар.

4.Хьехархочун дош.

5.Керла коьчал йовзийтар.

6.Урокан жам1.

7.Хьехаме дош.

8.Урокан мах хадор.

9.Ц1ера болх балар.

1.Карладаккхар.

  Хьалхарчу урокехь 1амийнарг карла а доккхуш, схьадуьйцуьту.

2.Хьехархочун дош.

Дешархой ,тахана вай шуьца  « Лийрбоцурш» драми т1ехь Нурадилов Ханпашин вастах лаьцна дуьйцур ду.

3.Керла коьчал йовзийтар.

   Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла а, дерриге дахар а къоман  театраца,  искусствоца,  литературица  дозаделла  хилла.Къаьсттинчу  мехаллин  бу  театрехь  цо  бина  болх.  Театрехь гIуллакх деш кхиъна цуьнан драматургически говзалла, кхоллараллин похIма. Шен дерриге хьуьнарш къоман театрана, искусствона дIаделла цо. 

   Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь

Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин  хенахь  дукха  ладийгIина   цо  нохчийн  туьйранашка, эшаршка,  забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна къоман барта  роизведенеш,  уьш  дагахь  латтош  а,  шен  нийсархошна юьйцуш а хилла Iабдул-Хьамида.

   Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935 шарахь Серноводскерчу  педагогически  училище  деша  вахана  иза.  Кхузахь доьшуш  волуш,  кхидIа  а  чIагIделла Iабдул-Хьамидан  халкъан  исбаьхьаллин  даше  марзо  хилар.  ХIетахь   педучилищехь  доьшуш хиллачу Эдилов Хасмохьмада яздо: "Цунна дукха хаьара нохчийн хьалхазаманахьлера  а,  хIетта  юкъадуьйлуш  долу  а  халкъан  дийцарш,  кицанаш,  забарш. Студентийн  дехаршца  цо  уъш  кест-кеста дуьйцура  общежитин  кертахь мукъачу  денойн  суьйренашкахь  тхо гуллуш  хиллачу  майданахь. Цу  дийцаршна юккъехь  цо ша  кхуллуш дерш а хуьлура, амма цо ца олура цу хенахь, уьш ша кхоьллина  ду".  Схьахетарехь,  оцу  хенахь  дуьйна  волавелла  Хамидов

Iабдул-Хьамид исбаьхьаллин дешан говзалла караерзо. 

  1938 шарахь Московски театральни искусствон институтехь схьайиллина  Нохч-ГIалгIайн  студи,  цига  деша  вахана  Хамидов Iабдул-Хьамид.  Кхузахь  цо  актеран  говзалла Iаморца  цхьаьна дIадолийна  раматургехь  болх  бар   а.  ХIетахь  Хамидов Iабдул-Хьамида   нохчийн матте яьхна классически драматургин произведенеш, 1939 шарахь  гочйина цо Ж. Мольеран  "Мещанин дворянствехь" («Мещанин во дворянстве»),  А. Толстойн "Боданан Iедал" («Власть  тьмы»), 1940 шарахь  нохчийн  матте  яьккхина  У. Шекспиран “Отелло”,  кхиерш а.  Дуьненан литературин а хазна  йолчу оцу  произведенеш  тIехь  болх  бар Iаламат  мехала  хилла Хамидов Iабдул-Хьамидана шен драматургически кхолларалла кхиарехь.

   Институт чекхъяьккхина валале, йоьалгIачу курсера къоман

театрехь  болх  бан цIа  валийна Хамидов Iабдул-Хьамид. Дуккха  а

тIаьхьа  чекхъяьккхина  цо  Ленинградски  театральни  институтан актерийн факультет. 

«Лийрбоцурш» драми чулацам      

Фашистски  Германис  ямартлонца  тIом  болийча,  дерриге  а халкъ Даймохк Iалашбан мостагIчунна дуьхьалдалар гайтина пьеси тIехь.  ТIеман  арахь  бIаьхоша  а,  тылехь  хьаналчу  къинхьегамца дерриге  адамо  а  мостагIчунна  тIехь  толам  баккхарехьа  латтийна

турпала  къийсам  бу  пьесин  чулацамехь.  Гитлеровски  фашистех вайн  Даймохк Iалашбан  гIевттинчу   бIаьхойн  къонахалла, майралла, шаьш кхиийна Даймохк барам боцуш  царна дукхабезаш хилар гайтина авторо. Турпалаллин драма  дIайолало  дагах кхетачу авторан деш-

нашца:  «Хьоме доттагIий, зама дIаоьху, оьхур а ю. Амма адамийн дегнаш  чуьра  цкъа  а  дIаяьлла  яц  я  ер  а  яц  Даймехкан  тIеман буьрсачу  деношкахь,  вайн  халкъан  сий,  ирс  лоьхуш, шайн  синош дIаделлачийн сийлахь цIераш. Оцу сийлахьчу цIерашна юкъахь ю Нурадилов Ханпашин  а, цуьнан накъостийн  а цIераш. Бала  къона бара  Нурадилов  а,  цуьнан  накъостий  а.  Амма  къонахийн  дахар шерашца  дагардеш  хила  ца  деза,  цара  шайн  халкъана  динчу

гIуллакхашца дагардеш хила деза.      БIе  шарахь  ваьхнарг  а  ца  ваьхна  дукха,  и  шен  халкъана

гIуллакх деш ца ваьхнехь, ткъа шарахь ваьхнарг а ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх деш ваьхнехь.     Суна лаьа, доттагIий, цкъа а лийрбоцчу башхачу турпалхойх

дерг шуна дийца. ЛадогIалаш сан дийцаре!».     Иза пьесин пролог ю. Цу тIехь а билгалйолу авторан Iалашо а, пьесин тема а.     Шен  барамехь  гIеххьа  йоккха  ю  пьеса.   Прологах,  ворхI

суьртах долчу кхаа декъах, эпилогах лаьтташ ю иза. Пьеси тIехь 29 персонаж ю: ЦIечу Эскаран  эпсарш,  салтий,  дошлойн  эскадронан тIемалой,  немцойн  эпсарш,  салтий,  гестаповцаш,  эвлара  зударий, кхиболу  наххий.  Пьесин  хиламаш  тайп-тайпанчу  меттигашкахь кхочушхуьлу: нохчийн юьртахь, Украинехь, Сталинградски фронтехь, немцойн блиндажехь. 

Пьесин сюжет, цу тIера хиламаш кхиар иштта ду: Хьалхара  сурт –  нохчийн  юрт,  машаре  дахар,  Нурадилов Ханпаша эскаре ваха новкъа ваьлла, тIом болабалаза бу.    ШолгIий, кхоалгIий суьрташ – тIом боьдуш бу, Украинерчу Захаровка  эвлана  гена  йоцчу  хьуьнан  йийстехь  мостагIчунна

тIамца  дуьхьал  лаьтташ  бу Нурадилов Ханпаша  а,  цуьнан  накъостий-тIемалой а. Дика кечам а бина, мостагIчунна рогIера тIелатар кхиамца чекхдоккху цара. Дуккха  а фашисташ хIаллакбина,  ворхI йийсаре валийна. Нурадилов Ханпаша пулеметни расчетан командир хIоттаво. 

  ДоьалгIа  сурт –  Каметин  хIусам.  Зударий  бу  тIемалошна      яхьийта бедарш а, яа хIума а кхоьхьуш . Тешнабехкаца  чу а вогIий, Исраьил нуьцкъаха Камета шена йига  гIурту. Каметас, шалгу  топ схьа а оьций, дуьхьало йо. И шиъ вовшийн карах ле.    ПхоьалгIа  сурт –  Сталинградски  фронт,  Серафимович-гIалина  юххехь. 1942  шеран  август  бутт.  Нурадилов  Ханпашас хIинцале ялх бIе ах бIе фашист хIалаквина, пхиъ пулеметни точка йохийна, шийтта мостагI лаьцна каравалийна. Лакхарчу сержантан дарже а ваьккхина, пулеметнин шина взводан командир  хIоттийна иза. 

  Нурадиловн  бIаьхоша  шайна  тIедехкина  тIеман  декхарш кхиамца  кхочушдо.  Шайн  магIаршкахь  зенаш   хиллехь  а, мостагIчун луьра атака юхатоьхна цара.    ЙолхалгIа сурт – немцойн блиндаж. Минанаш тIе а нисвелла,  чевнаш  а  хилла,  гIелвеллачул  тIаьхьа шаьш  каравалийна  Баркинхоев,  Федоров  леван  гIерташ  бу  гестаповцаш.  Амма

мостагIчунна оьшуш долу цхьа дош ца долу цу шингара. Федоровна тоьпаш туху, Баркинхоев кIелхьарвоккху тIекхиинчу Ханпашассий, Бульбассий.     ВорхIалгIа  сурт –  Сталинградски  фронт.  Йогучу  гIалин цIераш. Цхьана  борза  тIехь  долчу  ор  чохь  оборона  лаьцна  севцца

бу Нурадилов, Баркинхоев, Бульбий. Пулемет дIа а хIоттош, тIамна кечам бо цара. Цхьа  гIап бен пулеметан патармаш дац, цхьаъ бен граната а яц. ХIорш лоьхуш болу немцой тIекхочуш лаьтта. Фашистийн арданг йоккха ю, хIорш кхоъ бен вац. Iаламат халчу тIамехь  202 алссам  мостагIий  хIалакбеш,  турпалаллица Iожалла  тIеоьцу   кхааммо а.

  Пьеса  дIайолалуш  ма-хиллара,  иза  чекхйолуш,  эпилогехь  а ондда дека авторан аз: «Иштта чекхделира цу башхачу кегийрхойн дахар! Хьоме накъостий, вайн ирс, паргIато Iалашъеш, шайн синош дIаделлачу сийлахьчу советски салтийн сий деш, хьалагIовтта! Диц ма де, тахана а дуьнен чохь маьI-маьIIехь тIамо ягош гIаланаш, ярташ хилар, дойуш зударий, бераш хилар.

  ТIеман цIе яйна яц. Шайн кхане йоцурш, шайн тахане яхъян гIерташ,  герзе  кхийда.  Сема  хила,  доттагIий,  латта  хIинца  а  халкъан мостагIех цIандаза ду! Сема хила!»

  Даймохк Iалашбеш,  халкъан  паргIато  ларъеш,  турпалалла гайтина бIаьхоша. Цара, майраллех, доьналлех ца бухуш, Даймехкан  мостагIашна  дуьхьалбевлла,  халкъан  сий  лардеш,  дIаделла

шайн синош. Уьш эша ца белла луьрчу мостагIашка, фашисташна тIехь толам боккхуш, турпалаллица эгна сийлахь тIемалой. Дерриге  халкъ  ду мостагIчуьнца  болчу  къийсамехь  турпалалла  гайтина. Иза  къеггина  билгалдолу  пьеси  тIехь. Цундела  аьлла  авторо шен пьесех турпалаллин драма. Даккхий хьуьнарш долу турпалхой а болуш, шен  чулацамехь  адамийн майралла,  доьналла  гойтуш йолчу драматургически произведених олу турпалаллин драма. 

   Даймехкан тIамехь  адамийн патриотизм, майралла, доьналла гайтина йолу турпалаллин драма ю «Лийрбоцурш».

4.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 -Шаьш кечйина докладаш йоьшуьйту.

--Хьехархочо т1еч1аг1до.

 5. Жам1 дар

 

1.       Хамидов Iабдул-Хьамидах лаьцна муха яздо цуьнца доьшуш

я иза вевзаш хиллачу яздархоша?

 

 2. Дийца Хамидов Iабдул-Хьамидан дешарх а, иза яздан волаваларх а лаций.

           

 3. Муха хилла Хамидов Iабдул-Хьамидан дахаран а, кхоллараллин а некъ?

  

4.      Муха бу пьесин дIахIоттам?

 5.  Даймохк  ларбан  хIиттинчу  бIаьхойн  майралла,  турпалалла

муха билгалйолу пьеси тIехь? 

 6.  Тайп-тайпанчу  къаьмнех  болчу  бIаьхошна  юкъара

доттагIалла а, уьш къинхетаме хилар а муха гайтина драматурго?     

 7.  Дийца,  пьеси  тIехь  Нурадилов  Ханпашин   васт  кхолларан

башхаллех. 

8.  Пьесин прологан, эпилоган хIун маьIна хета хьуна?

 9. Пьесин цIе «Лийрбоцурш»  хIунда ю аьлла, хета хьуна?

   6.Хьехаме дош.

- дена – нанна муьт1ахь хилар  ч1ог1а деза дийцина  Делан Эллчано (Д.С.М.Х.Ц.)

Дала царна т1ера а ,муьт1ахь хилчарах дойла шу!

 

7.Урокан мах хадор.

8.Ц1ера болх балар.

Аг1о ­­­­­­­­­­­­­­­­­­­­­________ еша. Чулацам схьабийца

 

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект по чеченской литературе на тему"Лийрбоцурш"(9 класс)"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Руководитель клубного филиала

Получите профессию

Копирайтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 663 802 материала в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 22.02.2021 3825
    • DOCX 48.2 кбайт
    • 142 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Хаджимуратова Рукият Мадаевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Хаджимуратова Рукият Мадаевна
    Хаджимуратова Рукият Мадаевна
    • На сайте: 4 года и 2 месяца
    • Подписчики: 5
    • Всего просмотров: 110822
    • Всего материалов: 25

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Секретарь-администратор

Секретарь-администратор (делопроизводитель)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Основы герменевтического анализа текста на уроке литературы

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 26 человек из 18 регионов
  • Этот курс уже прошли 56 человек

Курс повышения квалификации

Изучение русской литературы второй половины XIX века (1840-е - 60-е годы) на уроках литературы в свете ФГОС ООО

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 24 человека из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 358 человек

Курс профессиональной переподготовки

Литература: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель литературы

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 95 человек из 37 регионов
  • Этот курс уже прошли 275 человек

Мини-курс

Информационные технологии и безопасность

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 50 человек из 26 регионов
  • Этот курс уже прошли 28 человек

Мини-курс

Самосовершенствование: шаги к личному росту и эмоциональному благополучию

10 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 258 человек из 61 региона
  • Этот курс уже прошли 73 человека

Мини-курс

Психология детства и подросткового возраста

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 106 человек из 49 регионов
  • Этот курс уже прошли 65 человек