Нохчийн литература
Тема: «1аьнан суьйре» Ш. Арсанукаев. (Аг1о 101)
1алашо: Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении йовзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша 1амор. 1аламе безам кхоллар.Ойлаяр , тидамбар кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а стихотворни тексташ еша . Берашна хуур ду текста юкъара цхьацца аларш талла. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна жльпаш дала. Берашна хуур ду 1аламан хийцамаш бовза , 1аламан доладан лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1. Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? («Дуьххьарлера хьуьнар» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа)
-Д1адеша дийцар.
2. Мотт шарбар.
Лакха кхевдинарг лаха шершина,
лаха кхевдинарг лакха шершина.
-Д1адеша меллаша массара цхьана .
-Д1адеша хезаш. Дагахь 1амаде.
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворени)
-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Арсанукаев)
-Муха болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта? Х1оттае план.
-Вайна тахана евзар ю Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а тексташ еша. Шуна бевзар бу 1аьнан хийцамаш. Шуна хуур ду 1алам деза , довза.
4.Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Шеран муьлха зама ю стихотворении т1ехь ялийнарг? (1а)
-«Шуьйра к1айн шаршу яржийна» бохучух муха кхета шу? (Ло диллина массо метте).
-«Лаьмнаш къоьжа го» бохучух муха кхета шу?(Лаьмнийн баххьашка ло диллина, цундела къоьжа хетта уьш)
-Х1ун боху ж1аьлех лаьцна? (Милла ц1ийзаш ду)
-Муха кечдина 1аьно кораш? (Башха хаза сурташ дехкина, тир йоккхуш сана)
-Шуна гиний иштта сурт?
5.Сада1аран миноташ.
Бакъи озавели - цхьаъ,
Охьатаь1и - ду и шиъ,
Хьалатаь1и - ду и кхоъ,
Д1анисвели - ду и диъ.
Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,
Вовшахтуьйхи - ялх.
Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,
Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.
(Т1аьхьара а олуш, бераша Бакъис дийриг до.)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении массара цхьана меллаша.
аь) Бераша д1айоьшу Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении массара цхьана хезаш.
7. Рефлекси
-Муьлха кхиамаш бара шу урокехь билгалбаьхна?
-Х1ун кхочушди аша щаьш реза долуш?
-Х1ун диси шун ницкъ ца кхаьчна?
8. Жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира аша?
-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун керланиг хии шуна 1аьнан 1аламах лаьцна?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Ш. Арсанукаевн «1аьнан суьйре» ц1е йолу стихотворении.