- Учебник: «Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
- 02.10.2020
- 2536
- 224

Нохчийн литература
Тема : «Бекхам» (Туьйра)
1алашо: халкъан туьйра «Бекхам» довзийтар; нийса а , кхеташ а , шера а туьйранаш деша 1амор. Туьйранашка безам кхоллар.
Билгалъяьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а туьйранаш деша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета ,хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, туьйранан чулацам схьабийца. Берашна 1емар ду т1айп-тайпана амалаш евзар ю , диканиг схьаийца хуур ду , вониг д1ататта , цунах ларвала.
Урок д1аяхьар.
1. Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Туьйра «Бабин Ч1ирдиг» схьадийца)
Бераша схьадуьйцу туьйра.
2. Мотт шарбар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Шина чиркхан ши шиша, шина шичин ши йиша
-Д1адеша чехкаалар меллаша.
-Д1адеша чехкаалар хезаш.
-Дагахь 1амаде.
«Г1иллакх оьздангаллин ваша ву».
-Д1адеша кица. Муха кхета шу цунах?
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина? (Туьйра «Бекхам»)
-Муха болх бийр бу аша и произведени дика 1амийта?(Бераша план х1оттайо )
-Вайна тахана девзар ду туьйра «Бекхам» , нийса а, а кхеташ а шера туьйранаш деша. Шуна 1емар ду туьйранах кхета , чулацам схьабийца.
4. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу туьйра «Бекхам»
аь)Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Муьлш хилла ши доттаг1? (Цхьогал , ч1ерийдохург ши доттаг1 хилла)
-Х1ун кхайкхира цхьогало хьошалг1а? (Цхьогало хьошалг1а кхайкхира ч1ерийдохург)
-Х1ун кхача кечбира цхьогало? (Цхьогало худар дира хьешана)
-Муха охьадиллира цхьогало худар? (Цхьогало худар бошхепа чохь охьадиллира)
-Стен диира худар? (Цхьогало ша диира дерриге худар)
-Х1унда ца диира худар ч1ерийдохурго? (Цуьнан ехачу з1окаца ца даалора худар)
-Муха д1аса къаьстира ши доттаг1? (Ч1ерийдохарго ша йолчу хьошалг1а кхайкхира цхьогал)
-Маса деера цхьогал хьошалг1а ч1ерийдохург йолчу? (Г1аьххьа хан яьлча цхьогал деера ч1ерийдохург йолчу)
-Х1ун кечйира ч1ерийдохурго? (Ч1ерийдохурго ч1ерий а лецна царна хаза чам бира )
-Муха хьалхадехкира цо уьш? (Деха лаг долчу кхаби чохь хьалха дехкира цо уьш)
-Стен диира ч1ерий? (Ч1ерийлецарго дерриге ч1ерий ша диира)
-Х1унда ца диира ч1ерий цхьогало? (Цуьнан корта кхаби чу ца болура)
-Цул т1аьхьа хиларий церан доттаг1алла? (Цул т1аьхьа церан доттаг1алла галделира)
-Мичахь ехара ч1ерийдохург ? (Эрзаш юккъехь)
-Мичахь дехара цхьогал? (Цхьогал хьунхахь дехара)
-Х1унда галдаьлла цу шиннан доттаг1алла? (Цаьршимма вовшашца нийсо ца лелийна , г1иллакх ца лелийна)
5. Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,
Мархаш йоьлху, йоьлху.
Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала хи, к1а, мала.
К1ено охьатаь1ий:
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у дог1у, дог1у.
(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара
мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,
куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-
лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1адоьшу туьйра «Бекхам» меллаша.
аь) Бераша д1адоьшу туьйра «Бекхам»хезаш.
б) Бераша д1адоьшу туьйра «Бекхам» з1енаца.
7. Рефлекси.
-Муха болх бира аша урокехь? Шайн дог-ойла гойтуш смайлик йилла.
8.Жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира вай тахана? (Туьйра «Бекхам»)
-Стенах лаьцна яра иза? (Доттаг1аллех)
-Хиллий иза боккъал доттаг1алла? (Ца хилла)
-Х1унда ? (Цу шиннан дахар , амалш тайп-тайпана ду)
-Муха кхета шу вай 1амийначу кицанах? (Г1иллакх доцчу адамана ваша , доттаг1 ца оьшу)
9.Ц1ахь бан болх балар.
Туьйра «Бекхам» схьадийца.
Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалУчитель
Файл будет скачан в формате:
Материал разработан автором:
Смирнов Денис Павлович
Учитель информатики
Методическая разработка включает в себя:
- Паспорт занятия;
-Технологические карту;
- Конспект урока;
- Раздаточный материал и карточки.
Материал полностью готов к использованию, остаётся заполнить только титульный лист.
Отлично подойдёт для студентов-практикантов и начинающих учителей.
Курс повышения квалификации
Курс повышения квалификации
36 ч. — 144 ч.
Курс повышения квалификации
36/72 ч.
Курс повышения квалификации
72 ч. — 180 ч.
Еще материалы по этой теме
Смотреть
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
7 235 955 материалов в базе
«Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
Больше материалов по этому УМКВам будут доступны для скачивания все 214 552 материалы из нашего маркетплейса.
Мини-курс
6 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.