88-г1а
урок.
Тема:
Сочинени «Бежехь».
1алашо:
суьрта т1ехь гуш долчуш, шайна зеделлачух пайда а оьцуш,хаттарийн г1оьнца
дийцар х1отто 1амор, текстан бакъонаш ларъеш, и д1аяздан 1амор.
Юкъара
дешаран ардам (УУД):
Предметни:
1емар ду хаттарийн г1оьнца жима дийцар х1отто, текстан бакъонаш ларъеш и
д1аяздан.
Метапредметни
·
Регулятивни:
хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха хуур ду; шайн белхан мах
хадо хуур ду.
·
Коммуникативни:
1емар
ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; хуур ду 1аламах, дикачу
г1уллакхах лаьцна ала дика дешнаш къасто.
·
Х1ума довзаран: х1ума довзар, ойлаяр алсамдер
ду.
Личностни:
1алам дукха дезар, пайдениг дан лаам кхуьур бу
дешархойн.
Урок
д1аяхьар.
I.Урокан
ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.
II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
1.Ц1ера болх таллар.
·
Упражнени № 329, аг1о 161.
III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.
1. Упражнени № 330,
аг1о 162.
-Д1аелла учебникан 162-г1а
аг1о.
-Д1адеша т1едиллар. Муха
кхочушъян еза упражнени? (Дийцар х1отто деза).
-Вай тахана жима дийцар яздийр
ду «Бежехь» ц1е йолуш.
IV.
Сочинении язъян кечам бар.
1. Суьртах лаьцна къамел дар.
-Д1аелла учебникан 162-г1а аг1о .
-Шеран муьлха хан ю? (Аьхке).
-Муха ду де? (Де ду хаза).
-Муха кхетта малх? (Къегина кхетта стиглахь малх).
Стенгахь бу бажа? (Бажа ломахь бу).
-Муха ду бежнаш? (Бежнаш ду токхе,дерстина).
-Х1унда? (Х1унда аьлча ломахь хаза буц ю царна
яа).
-Мила ву уьш 1алашдеш? Ц1е тилла? (1имран ву
бежнаш 1алашдеш).
-Цо уьш муха 1алашдо аьлла хетта шуна? (Цо уьш
дика 1алашдо).
-Цуьнца х1ун ю? Ц1е тилла цунна. (Цуьнца Борзик
ду).
-Стен г1о до 1имранна бажа 1алашбан? (Борзика г1о
до 1имранна бажа 1алашбан).
-Х1ун ю 1имранан карахь? (1имранан карахь книга
ю).
-Цо маца йоьшу и? (Цо ша мокъа ваьлча книга
йоьшу).
-Муха к1ант ву 1имран? (1имран дика к1ант ву).
-Цо школехь муха доьшу аьлла хета шуна?
(1имрана школехь доьшу дика).
2. Сочиненин
х1оттам билгалбаккхар.
(Уьн
т1е д1аязйо хьехархочо кийча план)
1. Аьхкенан
де.
2. Бажа
ломахь бу.
3. 1имран
бежа1у ву.
4. 1имран
дика дешархо ву.
-Маса дакъа хир ду вайн текстан?Муха билгалдоккху
х1ора дакъа?.
-Х1ун яздийр ду аша аьхкенан дийнах лаьцна?
- Х1ун яздийр ду аша бажех лаьцна?
-Х1ун яздийр ду аша 1имранах, Борзиках лаьцна?
-Х1ун яздийр ду аша 1имранан дешарх лаьцна?
V.
Сада1аран миноташ.
VI.
Сочинени язъяр.
(Дешархоша оцу темина шайна лаахь, шайна
хетачу кепара язъян мега сочинен.Учебника т1ехь деллачу хаттарех пайда а оьцуш,
язъян мегар ду).
VII.
Рефлекси.
(Дешархоша д1айоьшу шайн сочиненеш. Шаьш
мах хадабо церан).
VIII.Урокан
жам1.
-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?
IX.
Ц1ахь бан болх балар.
1. Бакъонаш карлаяха.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.