Предпросмотр материала:
12-г1а урок.
Тема: «Ц1ена хи»
1алашо: «Ц1ена хи» дийцар довзийтар. Нийса а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Дийцарехь коьртаниг билгалдаккха 1амор. Ойлаяр кхиор. Ешере безам , книгаш еша лаам кхоллар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
Предметни: 1емар ду хезаш,шайн дагахь еша. Дийцаран ц1е ешарца цуьнан чулацамах хаамаш хир бу.
Метапредметни:
· Регулятивни:хьехархочун г1оьнца урокан 1алашонаш билгалъха хуур ду, уьш кхочушъян некъаш лаха хуур ду. Шайн белхан нийса мах хадо хуур ду.
· Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Хуур ду ц1еначу хих лаьцна дийца нийса дешнаш каро, царех пайдаэца. Къамелан говзалла,оьздангалла кхуьур ю.
· Познавательни: хуур ду текстаца болх бан. 1емар ду текста юкъара аларш талла. Т1екхуьур бу ц1ена хи муьлханиг ду. Алсамдер ду логически ойлар , тидамбар.
Личностни: шаьш бусалбанаш хиларх кхеташ, дино т1едехкина декхарш девзаш дика аматаш девзар ду дешархошна.
Урок д1аяхьар.
II. Ц1ера болх таллар.
1. Дешархоша д1адоьшу «Дений ,нанний дика хилар» ц1е йолу дийцар.
III.Меттан говзалла кхиор.
-Д1аеша стихотворени.
. Дог1а
Дог1а дог1у, дог1а дог1у,
Лаьттахь ловзу чуьппалгаш.
Когаш 1уьйра девлла уьду,
Бераш, урам хедабеш.
Церан аьзнаш дека хезаш,
Болар сихдо дог1ано.
Екхаелла яххьаш лийчош,
Т1адамаша хелхар до.
(Т. Ахмадова)
-Д1аеша хезаш.
-Д1аеша цецвалараш эшарехь.
-Д1аеша хаттаран эшарехь.
-Д1аеша хазахетаран эшарехь.
-Стенах лаьцна ю стихотворени? (Дог1анах).
-Аша тидам бинай дог1а даран?Дийца цунах лаьцна.
IV.Хаарийн актуализаци. Урокан 1алашо йовзийтар.
-Д1адеша дешнаш.
Дог1а, ло, ша, тхи, дохк, марха.
-Х1ун ду церан юкъара? (Уьш хиш ду тайп-тайпанчу хьелашкахь).
(И т1едиллар тобанашкахь дала мега. Х1ора тобанна т1едилла мега суьрташ дахка: дог1анан, тхин. и. кх.д1. Цул таьхьа къастадойту церан массера юкъара х1ун ду. Кхета беза 1амор долу дийцар хих лаьцна хилар).
-Стенах лаьцна хир ду таханлера дийцар? (Хих).
-Д1аеша дийцаран ц1е. («Ц1ена хи»).
-Муьлханиг ду аьлла хетта шуна ц1ена хи.
-Вайна тахана хуур ду муьлха хи ду ц1ена.
V.Керла тема хьехар.
1. Хьехархочо д1адоьшу «Ц1ена хи» ц1е йолу дийцар.
3. Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Стенах лаьцна ду дийцар? (Хих).
-Хьан дела вайна хи? (Дала делла).
-Муьлха хи ду ц1енаниг? (Дог1анан хи, лайн хи,шовданан хи).
-Муха хи мега ламаз эца,бехъелла х1ума ц1анъян? (Лаьттина доцуш, хийцам боцуш, бос а, чам а хийцабеллехь,наха лелийна дацахь , оцу хица ламаз эца, бехъелла х1ума ц1анъян а мегар ду).
VI.Сада1аран миноташ.
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш яра:
Юьхь-куьг цара дуьлура,
Дег1ах гата хьоькхура.
Когаш бетташ, т1араш детташ,
Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Юха хьала а нислуш,
Багахь «къакъи» дора.
Цундела ю уьш могуш
Шу а хила лууш.
(Бераша байташ йоьшу дег1ан меженаш хьееш).
VII.Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша д1адоьшу «Ц1ена хи» ц1е йолу дийцар.
2. Хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг йешар.
-Стенна оьшу хи. Д1аеша к1айдарг.
-Д1аеша ц1енчу хих лаьцна йолу к1айдарг.
-Муьлха хил ело мега? Д1аеша к1айдарг.
VIII.Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
IX.Урокан жам1.
-Муьлха дийцар девзира вайна? Стенах лаьцна дара иза?
X.Ц1ахь бан болх балар.
1. Шера д1адоьшу «Ц1ена хи» ц1е йолу дийцар.
Профессия: Учитель географии
В каталоге 7 333 курса по разным направлениям
Учебник: «Математика (в 2 частях)», Башмаков М.И., Нефёдова М.Г.
Учебник: «География. Начальный курс», Герасимова Т.П., Неклюкова Н.П.
Тема: § 13. Географическая долгота. Географические координаты
Учебник: «География (изд. «Просвещение»)», Дронов В.П., Савельева Л.Е.
Учебник: «Русский язык», Климанова Л.Ф., Макеева С.Г.