4-г1а урок.
Урокан ц1е: «Ц1ерметдош.
1амийнарг карладаккхар».
Урокан 1алашонаш: ц1ерметдашах,
цуьнан тайпанех, грамматически билгалонех лаьцна хаарш карладахар; церметдешнаш
билгалдаха,лега, синтаксически г1уллакх талла, морфологически билгалонаш къасто
хаар шардар.
Урок д1аяхьар.
I. Ц1ера болх таллар.
Шардар № 8, аг1о 8.
-Схьакараде лург дожарехь долу
билгалдешнаш.Схьакараде дийриг дожарехь билгалдешнаш.
-Д1адеша дисина билгалдешнаш. Муьлхачу дожаршкахь
ду уьш?Лааме ду я лаамаза ду?
-Муха къаьста лаамаза билгалдешан дожар?(Лаамаза
билгалдешан дожар къасто, цуьнца уьйр йолу ц1ердешан дожар каро деза,билгалдош
шеца уьйр йолу ц1ердош долччу дожарехь хуьлу).
-Д1аеша пхоьалг1а предложени.Муьлханиг ду ц1ердош?Билгалдош?Хандош?
-Д1аеша дешт1аьхьенаш.
II.Хаарийн актуализаци.
1. Учебникан 9-г1а аг1он т1ера хаттаршна
жоьпаш далар.
-Муьлхачу къамелан декъах олу ц1ерметдош?
-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?
-Д1аязде ц1ерметдешнаш, тайпанаш билгал а дохуш.
Со,хьо, сан,тхан, цуьнан-шен,со-суо,д1ора,
хьуьллара,дерриге а, х1умма а, мила.
-Муьлхачарех олу доладерзоран ц1ерметдешнаш?Х1ун
хаьа шуна царех лаьцна?(Доланиг дожарехь долчу ц1ердешнийн санна
хаттарш,чаккхенгахь –н ду, доларниг дожарера ц1ердешнийн меттана лелаш ду).
-Д1аязъе предложени. Билгалдаха къамелан дакъош.
Хьан(ц1ерметд.) х1ора(ц1ерметд.) даше(ц1.)
оха (ц1ерметд.) даим (ц1ерметд.)
ладуг1у(х.).
-Меженашца талла предложени.Предложенин муьлха
меженаш хуьлу ц1ерметдешнех?(Подлежащи, латтам, къастам, кхачам).
-Барта легаде ц1ерметдешнаш: вай, иза,д1ора.
-Муьлха ц1ерметдешан хийцаели кеп?
III.Урокан 1алашонаш билгалъяхар.
-Муьлха къамелан дакъа телли вай?(Ц1ерметдош).
-Муьлха грамматически билгалонаш карлаехи
вай?(Легар, дожар, тайпа,).
-Кхин муьлха билгалонаш евза шуна билгалдешан?
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана
урокехь?(Ц1ерметдешнех, цуьнан грамматически билгалонех).
-Муьлханаш хир ю урокан коьрта
1алашонаш?(Ц1ерметдашах, цуьнан грамматически билгалонех лаьцна хаарш карладахар,
таллар).
IV.Ц1ерметдешнаш легар шардар.
Шардар №10, аг1о 9.
-Д1адеша ц1ерметдешнаш. Билгалдаха церан тайпанаш.(Уьш-яххьийн,
иха-яххьийн,гайтаран, и-ша-дерзоран, тхан-доладерзоран,днрриг а-къастаман).
(Дешархоша шаьш кхочушдо шардар).
Ц1. уьш, иза, тхан беш, дерриг а.
Дл. церан, оцуьнан,тхан бешан, дерригенан а.
Л. царна,оцерна, тхан бешана, дерригенна а.
Др. цара, оцара, тхан бешо, дерригено а.
К. цаьрца, оцаьрца, тхан бешаца, дерригенц а.
Х. царах, оцарах, тхан бешах, дерригенах а.
М. цаьрга, оцаьрга, тхан беше, дерригене а.
Дс. царел, оцарел, тхан бешал, дерригенал а.
-Х1ун эр дара аша тхан ц1ерметешан хийцадаларх
лаьцна?
V.Дешархошка шайга болх байтар.
Шардар № 11, аг1о 10.
-Д1аеша стихотворени. Стенах лаьцна ю иза?(Оздангаллех,
г1иллакхах, гергарлонах).
-Х1ун боху автора вайга?(Оьзда ,г1иллакхе,
гергарло дезаш, хила,- боху).
-Схьакараде ц1ерметдешнаш, билгалдаккха тайпа.
Массанхьа-къастаман, массо-къастаман,
шегахь-яххьийн, иза-яххьийн, муьлххачу –къастаман, хьуна-яххьийн,
хьайн-доладерзоран, массо а-къастаман, хьайн-доладерзоран.
VI.Белхан тетрадаш т1ехь болх бар.
Шардарш № 5,6,7,аг1о 6-дешархоша шаьш кхочущдо
шардарш.
VII. Урокан жам1 дар.Рефлекси.
-Стенах лаьцна дийцира вай тахана?
-Дийца, билгалдашах лаьцна шайна хаьарг.
Маь1на----------------------------------------------------------------------------.
Грамматически
билгалонаш___________________________________________
VIII.Ц1ахь бан болх балар.
Шардарш № 8,9,10, аг1о 7(белхан тетрадь).
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.