Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Даккхийчу элпашца язден дешнаш

Конспект урока на тему "Даккхийчу элпашца язден дешнаш

Скачать материал

3-г1а урок.

Тема: «Даккхийчу элпашца яздеш долу дешнаш»

1алашо: даккхийчу элпашца яздеш долу дешнаш довзийтар, царех йозанехь нийса  пайдаэца 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

Предметни: дешархошна евзар ю доллара , юкъара ц1ераш. Хуур ду уьш вовшех къасто, 1емар ду уьш йозанехь нийса билгалъяха (доллара ц1ераш даккхийчу элпашца язйо, юкъара ц1ераш –кегийчу).

Метапредметни:

·        Регулятивни: учебника т1ехь далийначу хаттарх пайда а оьцуш урокан 1алашо билгалъяккха хуур ду дешархошна. Материалах пайда а оьцуш шайн белхан план х1отто, цуьнан рог1аллица кхиамаш баха хуур ду.

·        Коммуникативни: дешархошна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, шайна хетарг книги т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш т1еч1аг1дан.

·         Познавательни: хуур ду учебникаца болх бан, оьшу материал каро , цунах пайдаэца. 1емар ду доларчу , юкъарчу ц1ердешнийн башхаллаш къасто.

Личностни: ненан маттах дозалла а деш, нохчийн мотт дика 1амо лаам болуш дика аг1онаш кхуьур бу дешархойн амалехь.

Урок д1аяхьар.

I.                   Маршалла хаттар.

II.                Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь кхочушъян? (Шардар № 7, бакъо).

-Муха кхочушдан деза шардар? (Предложенийн чаккхенгахь оьшу хьаьркаш а х1иттош, х1ора предложении доккхачу элпаца язъеш кхочушдан дезаш дара).

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха хьаьрка диллина аша цуьнан чаккхенга?

-Д1аеша шолг1а предложени. Муьлха хьаьрк диллина цуьнан чаккхенга?

-Муха яздо предложенин хьалхара дош?

-Муьлха хьаьркаш дохку предложенин чаккхенгахь?

III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.

·        Дешнаш тобанашка декъар.

Мохьмад, к1ант,Эсила, йо1, Барза,ж1аьла, Ч1ама,етт, юрт, Чари-Мохк, урам, Машаран.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Муьлха дешнаш яздина кегийчу элпашца?

-Шина тобане а  доькъуш , д1аязде уьш. Муьлха дешнаш яздина аша хьалхарчу тобане? (Мохьмад,Эсила,Барза,Ч1ама, Чари-Мохк,Машаран).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Уьш даккхийчу элпашца яздина).

-Муьлха дешнаш яздина аша шолг1ачу тобане? (К1ант,йо1, ж1аьла, етт,юрт, урам).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш шолг1ачу тобане? (Уьш кегийчу элпашца яздина).

-Д1адеша учебникан авторша вайна талла х1оттийна х1аттар. (Кхин муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

·        Суна девзар ду…

·        Суна хуур ду…

·        Аса кхочушдийр ду…

-Вайна тахана хуур ду муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца.

IV.Керла тема хьехар.

1.     Бакъо таллар.

-Д1аеша 6-чу аг1он т1ера бакъо. Муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца?

-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Х1унда яздина уьш даккхийчу элпашца? (Уьш ц1ераш ю, цундела даккхийчу элпашца яздо уьш).

-Уьш доллара ц1ераш ю. Долара ц1ераш даккхийчу элпашца язйо.

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалге шаьш яздина дешна дешнаш. Х1унда яздина уьш кегийчу элпашца? (Уьш долара  ц1ераш яц).

-Уьш юкъара ц1ераш ю. Ша сана йолчу моссо а х1уманах яккха йиш йолу ц1е юкъара ц1е ю.

2. Берашка шайга болх байтар.

·        Шардар№ 9, аг1о 6.

(Бераша шаьш кхочушдо шардар).

3. Доларчу ц1ерийн тидам бар.

·        Шардар № 12, аг1о 6.

-Д1аеша байт. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? (Хьуьстиг,Пису).

-Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш долара ц1ераш , цундела даккхийчу элпашца язйо).

·        Шардар№10, аг1о 6.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар? (Т1адамийн метана шен ц1е е , фамилии а язъян еза).

-Муьлхачу элпашца язйо фамилеш, ц1ераш? (Даккхийча).

-Д1аязде шардар.

V. Сада1аран миноташ.

Вай яздира , яздира.

Куьйгийн п1елгаш к1аддира.

Вай жима садо1ар ду,

Вай юха а яздийр ду.

VI. Керла тема кхин д1а а хьехар.

1.     Текст предложенешка екъар.

·        Шардар№ 13, аг1о 7.

-Д1адеша т1еллар. Муха кхочушдан деза шардар?(Предложенийн чаккхенга оьшу хьаьркаш а дохкуш,х1ора предложени доккхачу элпаца а яздеш, кхочушдан деза шардар).

-Х1ун ю Ибрах1иман? (Ибрах1иман ж1аьла ду).

-Муьлха хьарк дуьллур ду аша оцу предложенин чаккхенга? (Т1адам).

-Х1ун ю цуьнан ц1е? (Цуьнан ц1е Бастон ю).

-Муьлхачу элпаца яздо предложенин хьалхара дош? (Доккхачу).

-Муьлха хьаьрк дуьллур ду аша цуьнан чаккхенга? (Т1адам).

-Муха ж1аьла ду иза? (Дика ж1аьла ду иза).

-Х1ун ю цуьнан доттаг1? (Цуьнан доттаг1 ду Пису).

-Маса предложенех лаьтта и дийцар? (Еа предложенех).

-Предложенешна юкъара муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?

2. Карточкашца болх бар.

(Хьехархочо д1адоькъу берашна карточкаш).

 

1.Г1алаташ а нисдеш,д1аязъе предложенеш.

 

Сан ц1е мохьмад ю. Сан фамилии батаров ю. Сан ден ц1е хьасан ю.

 

1.Г1алаташ а нисдеш,д1аязъе предложенеш.

 

Сан ц1е мохьмад ю. Сан доттаг1чун ц1е индарби ю. Сан ж1аьлин ц1е борзик ю. Индарбин  цицган ц1е пису ю.

 

VII.Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи  аша?

·        Суна хии …

·        Суна 1еми …

·        Аса кхочушди …

VIII. Жам1 дар.

-Муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

1.Шардар№ 11, аг1о 6.

2. Бакъо , аг1о 6.

 

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Даккхийчу элпашца язден дешнаш"

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Инструктор по туризму

Получите профессию

Экскурсовод (гид)

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 662 680 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 2341
    • DOCX 52.5 кбайт
    • 160 скачиваний
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 662375
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Бухгалтер

Бухгалтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 22 человека из 16 регионов

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к проведению ВПР в рамках мониторинга качества образования обучающихся по учебному предмету «География» в условиях реализации ФГОС ООО

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 69 человек из 33 регионов
  • Этот курс уже прошли 760 человек

Курс повышения квалификации

Организация проектно-исследовательской деятельности в ходе изучения географии в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 40 человек из 25 регионов
  • Этот курс уже прошли 430 человек

Курс повышения квалификации

Игровые приемы и методы обучения в школьном курсе физической географии

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 32 человека из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 178 человек

Мини-курс

Неорганическая химия

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 20 человек из 14 регионов

Мини-курс

Техническое обслуживание и диагностика сельскохозяйственной техники

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Стратегии B2C маркетинга: от анализа до взаимодействия с клиентом

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе