Инфоурок Другое КонспектыКонспект урока на тему "Диалоган кепаш"(7 класс)

Конспект урока на тему "Диалоган кепаш"(7 класс)

Скачать материал

10-г1а урок.

Урокан ц1е: «Диалоган кепаш».

Урокан 1алашонаш: диалогах лаьцна долу хаарш карладахар; диалоган кепех лаьцна хаарш далар, уьш вовшехкъасто 1амор.                            

Урок д1аяхьар.

I. Ц1ера болх таллар.

      Шардар №21,аг1о 17.

II.Хаарийн актуализаци.

     Диктант.

           Дуьхьал ала хIума доцуш, вист ца хуьлуш, вехха кIанте дIахьоьжуш

лаьттина кхо корта болу Хожа. Эххар а, доккха са даьккхина, цо аьлла:

– Со къера ву. Хьо туьйли. Ахь толам баьккхи. Сайн истангах топ а йина,

дIаваха веза со кхузара.

–Вуно дика хир ду. И ма дара тхуна дезарг.

-Ладог1а тексте. Муьлханиг ю диалог?

-Муьлхачу предложенехь ду авторан дешнаш?(Шолг1ачу).

-Муха къастийна авторан дешнаш ,реплика?(Авторан дешнел т1ахьа ши т1адам биллина, реплика керлачу мог1анчуьра йолийна,хьалха тире юьллуш,доккхачу элпаца).

-Муха билгалйоккху реплира ,авторан дешнаш цунна хьалха хилча?Репликина т1ехьа нисделча? Реплика авторан дешнашна юккъехь нисъелча?

III.Урокан 1алашонаш билгалъяхар.

-Д1аеша тексташ.

         Паччахьо,омра а дина, и ший а ваша шена т1е валаве аьлла.Цо цаьрга диъ х1етал-метал а делла.

-Х1ун ю дуьнен чохь уггар онданиг а,сиханиг?

-Х1ун ю дуьненчохь уггар а ерстинарг?

-Х1ун ю массо а х1уманал к1еданиг?

-Х1ун ю массо а х1уманал хьоменаг?

    Оцу хаттаршна жоп дала кхо де хан елла царна.

 

-Дада!И тайниг аса д1акхалла мегий,

Мел мерза хила мега и тайниг-йо1!

Хьажахьа,ва дада, и охьаоьгу,

Ас караэций?Ас тохий з1ок?

Хаджимурадов Вахит «Бабин хьуьнраш».

 

– ЛадогIал, Децин бераш, шух цхьамма бепиган цуьрг кхаьллича, вузур варийиза? – хаьттира Децас стоьла гуонаха хевшинчу берашка.

– Вай... Вацара, дера! – дийладелира бераш.

– ЛадогIал, бераш. Оцу бепиган цуьрго дам ца дузорх, зингат я кхийолу жима са алмат мацалла лечуьра кIелхьара яккхалур рий цуьнга? – шозлагIа а хаьттира Децас.

– Яра... – аьлла, Децин къамело ойлане ехира ладоьгIуш Iен бераш.

– Варийлаш, Децин дика бераш ма ду шу, цкъа а дIа ма кхоссалаш бепиган цуьрг. Дала массо а садолу хIума юзон делла ялта ду иза.

-Х1ун 1алашо йолуш дина къамел ду хьалхарчу текстехь?(Х1ума хатта).

-Иштачу диалоган кепах хаттаран кеп олу.

-Х1ун 1алашо йолуш дина къамел ду шолг1ачу текстехь?(Олдахаран к1орни гуттар а дагадуьйлуш ду шен дех).

-Ишттачу диалоган кепах дагаваларан кеп олу.

-Х1ун 1алашо йолуш дина Децас  къамел  кхоалг1ачу текстехь?(Бершна беган пусар дар т1едилла).

-Оцу текстан коьрта 1алашо ю берашна бепиган бусар дан т1едиллар. Ишттачу диалоган кепах т1едилларан кеп олу.

-Стенах лаьцна дуьйцур  ду  вай тахана урокехь?(Диалоган кепех).

-Муьлханаш хир ю урокан коьрта 1алашонаш?(Диалоган кепех лаьцна хаарш шордар).

IV.Керла тема хьехар.

     1.Хаамаш таллар.

-Д1абеша 17-г1а аг1он т1ера хаамаш. Стенах доьзна ду диалоган кепаш билгалйовлар?(Текстан 1алашонах).

-Муьлха 1алашонаш йолу тексташ телли вай?(Хаттаран, т1едилларан, дагаваларан).

-Х1ун 1алашо ю дагаваларан текстан?Т1едилларан?Хаттаран?

  2.Тексташ таллар.

      Шардар № 23, аг1онаш 17-18.

-Д1аеша хьалхара текст.Муьлха 1алашо билгалйоккху цо?(Т1едиллар).

-Муьлхачу дашо билгалдо т1едиллар?(Нисде).

-Д1аеша шолг1а текст.Муьлха 1алашо билгалйоккху цо?(Г1иллакхе вистхилар).

-Муьлхачу дешнаша билгалдо г1иллакхе вистхилар?(«Бехк ма билла», «Кхин ма висалахь»).

-Д1аеша кхоалг1а текст.Муьлха 1алашо билгалйоккху цо?(Хаа лаар,дагавалар).

-Муьлхачу дешнаша  билгалдо хаа лаар?(«Хир юй» хаттар даларца).

-Д1аеша йоьалг1а текст.Муьлха 1алашо билгалйоккху цо?(Хаттар,хаа лаар).

-Муьлхачу дашо билгалдо г1иллакхе вистхилар?(“Хаза юй»  хаттарца).

-Муьлха тексташ ю уьш?

    Шардар№ 25, аг1о 18.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?

-Ойлае! Воккхачу стеган лерам беш,муха дан деза къамел.Уггар хьалха-маршалла хатта, шозлаг1а-цуьнан г1уллакхе хьовса и.кх.д1а.

(Дешархоша шаьш кхочушдо шардар).

V.Керла хаарех пайдаэцар шардар.

    1. Карточкашца болх бо.

-Д1аеша тексташ. Т1еоьшу хьаьркаш а х1иттош, диалоган кеп къастош,схьаязъе.

 

Салманна ч1ог1а езаелира хоккей.

Т1е а хилла йохкархочуьнга хаьттира цо()

-Деца()х1ун доьхуш ю хоккей()

К1ант()куьйкаш ма 1итталахь, йохор ю ахь()-аьлла, цхьа чордо йистхилира йохкархо.

 

-Дуьзний хьо()цхьогал?-аьлла н1авло.

-Тахана санна ч1ог1а дуьзна хилла дац со цкъа а()-аьлла цхьогало.

-Дало х1инца, ас самукъадоккхур ду хьан()-аьлла,н1аьвло.

VI.Урокан жам1 дар.

-Стенах доьзна ду диалоган кепаш кхоллаялар?(Текстан чулацамах доьзна ду. Текстан 1алашоне хьаьжжина билгалйовлу диалоган кепаш).

-Диалоган муьлха кепаш евзи шуна?

VII.Ц1ахь бан болх балар.

     1.§3,аг1о 17.

     2.Шардар № 24, аг1о 18.

VIII.

 

 

Хьекъал доьлла ахархочун даг чу.

ТIаккха цо ойлайина: «Элана ас жовхIар

а хIунда луш дара? Ас сайн белла дин

Шовхална а хIунда бигийтира? Цо йоI

елча, йоIах а стенна уьду?» – аьлла.

Хьекъало нускал долчу юхаверзийна

ахархо.

– Сох бIаьрг кхетча, хьо стенга ведира?–хьаьттина нускало, иза чувеъча.

– Вайша вовшахкхетча, вовшахкхета

безаш ши седа бара. И шиъ вовшахкхеттийла хьажа вахнера со, – аьлла, жоп

делла майрачо.

 

 

 

– ХIинца алал Деце, сагIийна цIазамаш

 

 

– ХIинца алал Деце, сагIийна цIазамашлой шуна? Шуна хезний, гиний, баккхийчара «пIераскан буьйса ю тховса» аьлла, сагIа дала дезар хьахош, кертахь я лулахь Iачарна бахьийта сагIин кад кечбеш?

– Хезна! Хезна! Со вохуьйту мамас, кемпеташ,туьха я шекар дIало олий, – элира жимачу кIанта.

– Гой шуна, мел хаза ду бусалба нехан гIиллакхаш. СагIа делча, Далла дукхадезар ду шу. Цундела, эрна дIа ца кхуссуш, бепиган цуьрг а, «Делан дуьхьа олхазаршна сагIийна» алий, охьайиллалаш. Дала къобалдийр ду

шун сагIа. Далла дукхадезар ду шу. Ялсамане дуьгур ду шу цхьана жимачу бепиган цуьрго.

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал
Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 924 411 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Контрольная работа по родному(татарскому) языку, 5 класс
  • Учебник: «Татарский язык: учебник для образовательных организаций с обучением на русском языке (для изучающих татарский язык)», Хайдарова Р.З., Ахметзянова Г.М.
  • 25.12.2020
  • 200
  • 4
«Татарский язык: учебник для образовательных организаций  с обучением на русском языке (для изучающих татарский язык)», Хайдарова Р.З., Ахметзянова Г.М.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 26.12.2020 799
    • DOCX 21.5 кбайт
    • 22 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Пожаловаться на материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 5 лет и 7 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 451772
    • Всего материалов: 253

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой