20-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш б , Б довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а
яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш
б ,Б . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду
дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех
пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна
1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг
д1аала.
·
Познавательни: Берийн
алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду схеманашца болх бан.Берашна
девзар ду керла дош була , Ц1ен Книга.
3.
Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх
гуттара дика хилийта 1емар ду. Берийн алсам хир бу 1аламе безам . Лаам хир
бу и довза , 1алашдан.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Б элпах лаьцна байт 1амор.
Стенах тера ду элп?
Кертахь
крант ю хьаьвзина
Бухахь -
лаьтта шелиг.
Б - элп
царах девзина,
Цеце хьоьжу
Ч1ирдиг.
-Муьлха
элп ду байт т1ехь далийнарх? (Элп Б).
-Стенах
тер аду элп Б? ( Кранта к1елла диллина шелигах тера ду).
-Х1ун
ю ШЕЛИГ? (Бочка ду ).
-Даладе
хьалхахь аз (Б) долу дешнаш. (Баба , бамба, буру , бел).
-Муьлхачу
элпаца билгалдо йозанехь аз (Б)? ( Б –элпаца).
-Х1ун
1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш б
, Б яздан).
3. 1алашо йовзийтар.
-
Бераш вайна тахана гулдан деза ж1аьлин нускалш. Шуна хаза хетий уьш?
Оцарна т1еяздина ду вай тахана кхочушдан деза т1едахкарш. Муьлханаш кхочуш
далур ду шуьга х1оранга ? Шайн белхан план х1отта е. (Бераша билгалбоккхку
шаьш бийр болу болх).
-Вайна
тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б. 1емар
ду и элпаш ша-ша , дешдакъошкахь кхечу элпех хуттуш а яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б
довзийтар ,яздар.
-Бераш,
шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш б , Б .
Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).
-Хьанна
девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш б , Б ? Схьагайта.
-Х1ара
йозанан жима элп б ду,х1ара йозанан доккха элп Б ду.
-Х1ун
кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б).
·
Йозанан жима элп б яздар.
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп б
яздан).
-Т1адам
буьллу белхан мог1анна кхоалг1а дакъа деш лакхахь. Цу т1ера хьала гу
буьллуш аьрру аг1о охьавог1у . Лахарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзаш аьтту
аг1ор тасалуриг юьллуш лахкрчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе
кхаччалц. Кхузахь аьтту аг1о гола а тухуш д1авоьрзу.
-Х1инца
вай элп б х1аваэхь дуьллу.
·
Хьехархочо д1ааларца , бераша яздо йозанан
жима элп шайн дагара.
(Хьехархочо
яздойту ша д1а а олуш ялх элп. Уггаре хазаниш билгал а дохий , уьш тидаме а
оьцуш д1аяздо бераша).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима
элп б яздан).
·
Йозанан доккха элп Б яздар.
-Т1адам
буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у сиз
хьокхуш лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , кхузахь ч1ара а буьллуш ,
хьаьвзина сизах дехьа а волу. Кхузахь хьаьвзаш охьавог1у лахарчу белхан
мог1анна т1е. Лаха кхочуш и сиз чухьокху язйинчу меженна герга кхаччалц.
Шолг1а меже юьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъехула
пурхнехьа сиз хьокхуш.
·
Х1аваэхь яздар.
·
Кисточкица яздар.
-Д1аязбе
и мог1а тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан
доккха элп Б яздан).
·
Дешан схема х1оттор.
-Бераш , аса д1айоьшу йоца байташ. Аша т1етоха
цхьа дош.
Ц1ахь ца 1а со мало еш, -
Кхиош ву со 1ежийн.... (Беш)
Ловза цхьа со воцуш лела:
Сагатлуш со ву цундела,
Тахана сан воккха ваша
Бажо вахна юьртан... . (Бажа)
Хьуьна уллехь бу цхьа барз,
Цу т1ехь буса уг1у – (Борз).
-Муьлха дешнаш
т1етуьйхи аша ? Х1ун ду церан юкъара? (Юьххьехь хеза аз (Б)).
-Маса дешдакъа ду БОРЗ дашехь? (Цхьаъ).
-И дешдакъа диллина ду я къевлина ду?
(Къевлина).
-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (БО).
-Муха билгалдоху уьш схемехь? (Ши бос болчу
еък1овца).
-Маса аз ду БОРЗ дашехь? (Диъ).
-Маса элп ду ? (Диъ).
-Йилла массара и схема. (Бераша юьллу. Цул
таьхьа массара а нисдо кхачамбацарш).
5. Сада1аран миноташ.
Бакъи озавели - цхьаъ,
Охьатаь1и - ду и шиъ,
Хьалатаь1и - ду и кхоъ,
Д1анисвели - ду и диъ.
Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,
Вовшахтуьйхи - ялх.
Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,
Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.
(Т1аьхьара а олуш, бераша Бакъис дийриг до.)
6. Дешдакъошкахь йозанан доккха а , жима а элпаш
яздар.
(Уьн т1е е , тептарш т1е е д1аяздина хила деза
дешдакъош).

-Муха хутту йозанан доккха элп Б кхечу элпех ?
(Лахара сиз хьакхарца).
-Д1аязде и дешдакъош тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъошкахь
йозанан докха а , жима а элпаш б , Б яздан).
·
Грамматически арифметика яр.
Б + бер
тахкон г1ирс =? (Бага).
Б +
к1иранан кхоалг1а де=? (Була).
Б + кха
т1е йийна х1ума нилха а еш, буц д1а а йоккхуш бен болх =? (Басар).
-Муьлха дешнаш карий
шуна? (Бага , булла , басар).
-Х1ун ду церан юкъара?
(Царна массарна юьххьехь ду аз (Б)).
-Муьлха дашах ца кхета
шу? ( Була).
-Була – иза акха
дийнатийн цхьа тайпа ду (зубр). Буланаш дукха йисина яц дуьнен чохь.
Цундела уьш Ц1ечу Книги т1е яхна. Вай декхарийлахь ду уьш ларъян.
7. Жам1
дар.
-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи йозанан жима
а , доккха аэлпаш б,Б).
-Муьлха аз билгалдо Б элпо? (Аз (Б) билгалдо).
-Аз (Б) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ).
-Даладе масалаш элп Х хьалхахь долуш. (Бел , болх
, буру).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан лахьийна уггаре
дукха ж1аьлин нускалш?
21-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш б , Б кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш
а , дешнашкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а ,
доккха а элпаш б ,Б . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а дешнашкахь
яздан. Предложенеш язъян а 1емар ду берашна.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду
дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех
пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна
1емар ду шайна оьшург хатта. Берашна хуур ду шайн кхиамех шайна хетарг
д1аала.
·
Познавательни: Берийн
алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду схеманашца болх
бан.Берашна девзар ду керла дош баркалла. Хуур ду оцу дешан
мах хадо.
3.
Личностни: берийн алсамдер ду дешаре лаам. Шайн болх
гуттара дика хилийта 1емар ду. Берийн алсам хир бу дика г1уллакхаш дан. Лаам
хир бу шайн амалехь диканиг дан , вониг д1ататта.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Кагделла дош нисде.
-Дош кегаделла бераш. Иза нисдан деза .
БАЛЛРККАА
-Муьлха дош ду иза? (Баркалла).
-Маса олу и дош? (Дика г1уллакх дича).
-Шуна аьллий иштта дош цкъа а ? (Аьлла).
-Х1ун дика г1уллакх динера аша? (Берийн жоьпаш).
-Муьлханиг ду цу дашехь хьалхара элп ? (Б).
-Хьан далор дара элп Б хьалхахь долуш дешнаш?
(Баба, буру).
-Юккъехь долуш? (Абу , саба).
-Чаккхенгахь? (Ч1об).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1амор ду
йозанан доккха а , жима а элпаш б , Б дешнашкахь яздан).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш
, вай долчохь хьолг1ахь ю тарсал. Цунна г1о оьшу 1аьнна кечам бан. Цо 1ай
дуу б1араш , ж1аьлин нускалаш. Вайгара г1о оьшу цунна. Шуна т1ахана
даийтина т1едилларшца ж1аьлин нускалш. Дика г1уллакх дан лууш волчо цунна
и ж1аьлин нускалш лахьо деза. Х1оранна мел лахьалур ду хьовсуш , белхан
план х1отта е.
(Бераша
схьаоьцу шайна оьшачулла ж1аьлин нускалш).
-Вай
тахана 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б дешнашкахь
яздан. 1амор ду предложенеш язъян.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш б , Б хоьттина
яздар.
-Ж1аьлин нускалш гуттара элпаш хаза
яздиначунна бен лур дац . Цундела тидаме хила.
(Уьн т1ехь гойту хьехархочо элпаш хуттуш).

-Д1аязбе и мог1анаш тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса язди йозанан жима а
, доккха а элпаш х , Х вовшах хоьттина).
·
БАРЗ дешан схема х1оттор. Керла дош довзийтар.
Б + ч1ера чуьра доккху даар б1ов (Б1ов).
Б + реза вацаран хьокъехь кехат, хабар =? (Барз)
-Муьлха дешнаш хили шун? (Б1ов , барз).
-Х1ун ю Б1ОВ? (Берийн жоьпаш).
-Б1ов
–иза шира заманчохь нохчаша шайна т1е мостаг1 вог1уш хаийта дина лекха
ц1енош ду.
-Х1ун
ю БАРЗ ? (Латта я ялта т1ек1елдиллича хуьлу барз).
-Схема
х1оттор вай БАРЗ дешан. Маса дешдакъа ду БАРЗ дешан? (Цхьаъ).
-
Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй БАРЗ дашехь? (Ду БА).
-Муха
билгалдоху уьш схемехь? (Ши бос болчу еък1овца).
-Маса аз ду БАРЗ дашехь? (Диъ).
-Маса элп ду? (Диъ).
-Йилла цу дешан схема.
-Хьан бина уггар дика болх? (Толлу бераша).
-Х1ун кхиамш бехи аша? (Тхуна 1еми дашна схема
йилла).
-Хьан гулдина ж1аьлин нускалш?
5. Сада1аран миноташ.
6. 1амийнарг т1ечг1агдар.
·
Йозанан жима а , доккха а элпаш б ,Б дешнашкахь
яздар.
Уьн т1е
д1аяздо.
-Муьлха дош яздина доккхачу элпаца ? Х1унда?
-Д1аязъе дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнаш
яздан).
-Со х1инца хьожу , хьан дина тарсална г1о.
·
Предложенеш язъяр.
Уьн т1е д1аязйо.
-Муьлхачу элпаца йола йо предложени? Х1ун юьллу
чаккхенгахь?
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми предложени
язъян).
-Хьан гулдина ж1аьлин нускалш?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элпаш девзи шуна? (Йозанан жима а ,
доккха аэлпаш б , Б).
-Х1ун хаьа шуна цу элпах лаьцна?
Б –элпо билгалдо аз … (Б).
Аз (Б) ца лакхало , цундела из аду …(Мукъаза).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан лахьийна тарсална
б1араш? Хьан дог1у дош БАРКАЛЛА?
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.