24-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш е, Е довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а
яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш
е , Е . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха.
Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш
нисдан.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду
вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна
хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.
·
Познавательни: Берийн
алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду Е элпо шиъ аз билгалдар
(Дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа нисделча).
3.
Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Берийн лаам хир
бу оьшучохь г1о-накъосталла дан. Берашна 1емар ду диканиг довза , шайн
амалех и кхио.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ловзар : « Караде д1алевчкъина дешнаш».
БЕЛХАЛО
-Бераш уьн т1е д1аяздина ду дош. Цу даша юккъехь
д1алевчкъина ду дуккха а дешнаш. Шуна уьш каро деза. Аса цкъа хьалха г1о до
шуна. Х1ун ю латта охкург? (Бел).
-Караде и дош. (Берашна карадо дешнаш: бел , ела,
хало, ала, лаха, болх, лахе, ела).
(Уьн т1е д1аяздо и дешнаш).
-Муьлха дешнаш ду совнаха? (Еха, ела).
-Х1унда? (Элп Ее яздан вайна ца хаьа , дисина
элпаш яздан хаьа).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).
4. 1алашо йовзийтар.
-Бераш
, вай долчу хьошалг1а веана Ч1ирдиг. Ч1ирдигана карийна зунаш , вовшех
евлла , вовшийн лоьхуш. Цунна карийна уьш вовшехтоха некъ. И некъ бу дика
дешар , шуна бен далур долуш г1уллакх дац и. Цундела вай долчу веана Ч1ирдиг ,
и дика г1уллакх шуна далур ду аьлла. Цо шуна керла т1едахкарш деана. Уьш ду
зуьнан суьрташ чохь. Бераш шуна 1алам дукха дезий? (Деза).
-Х1ора
зу хьа а оьцуш шайна кхочуш далур долу г1уллакхаш харжа. Далур доцург цхьани
толлур ду вай. (Бераша план х1отта йо)
-Вайна
тахана девзар ду йозанан жима а, доккха а элпаш е ,Е. Шуна
1емар ду уьш хаза а , нийса а , ша-ша , дешдакъошкахь хоьттина яздан. Евзар
ю Е элпан башхаллаш.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е довзийтар
,яздар.
·
Йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е яздар.
-Бераш,
шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш е , Е .
Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).
-Хьанна
девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш е ,Е? Схьагайта.
-Х1ара
йозанан жима элп е ду,х1ара йозанан доккха элп Е ду.
-Х1ун
кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е).
-Массарна
девзин шуна? Юха гайта сунна. Дика ду , зуьнан да–нана карий вайна. Х1инца
цхьацца к1орни каро еза.
·
Йозанан жима элп е яздар.
-Муьлханиг ду шолг1а т1едиллар? (Элпаш е, Е
яздар).
-К1орнеш каро уьш яздан деза гуттара хаза. Далур
дуй вайна иза?
·
Уьн техь гойту йозанан жима элп яздан.
-Т1адам буьллу белхан мог1анан кхоалг1ачу декъана
лахахь , хьалавоьду тасалуриг юьллуш . Лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале
хьаьвзаш охьавог1у лахарчу белхан мог1ане. Техкарг юьллу , цунна т1ера д1а
тасалуриг юьллу.
·
Х1аваэхь яздо элп е.
·
Кисточкица яздо элп е.
·
Тептарш т1е д1аяздо элп е.

-Х1ун
кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп е яздан).
-Хьан
яздина угара хаза? Хьанна карийна к1орни? (Д1ало уггара хаза яздинчунна к1орнеш).
·
Йозанан доккха элп Е яздар.
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту элп Е
яздан).
-Т1адам
буьллу белхан , гоьнан мог1анашна юккъе, аьрру аг1ор хьаьвзаш горга сиз яздо
. Лакхарчу белхан мог1анна техь аьтту аг1ор воьду. Кхузахь лечкъарг юьллуш ,
хьаьвзина охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Кхузахь юьллу техкарг , цу
т1ера д1а тасалуриг.
-Д1аязде
массара элпаш Тептарш т1е. Дага даийта деза , аша хаза ца яздахь , зуьнан
к1орнеш карор яц.

-Хьан
кхочуш ди дика г1уллакх? Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан доккха
элп Е яздан).
-Хьанна
карий зуьнан к1орни? (Д1ало хаза язйиначунна).
5.
Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохо
мархаш лоьхку, лоьхку,
Мархаш
йоьлху, йоьлху.
Т1адамаш
лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала
хи, к1а, мала.
К1ено
охьатаь1ий:
Молу,
молу, молу.
Мела
дог1а, ца соцуш,
Дог1у
дог1у, дог1у.
(Бераша
куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат лестош,
куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа, куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан
юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо) .
6.
1амийнарг т1ечч1агдар.
·
Дешан схема х1оттор.
-Уггара
хьалха айна хаа деза х1ун ю х1етал-металш т1ехь юьйцург? Мила ву гуттара
хьекъал долуш?
Х1етал-металш
Иза боьтту - шура ло,
Т1аккха шура шуна ло.
Цунах олург, дийцал аш,
Шуьгахь буй те иза 1аш? (Етт)
Биъ ловзуш берг, шиь 1уттуш ерг;
Цхьаъ
ластош ерг? (Етт)
Йоьдуш йитина йоьдург,
йог1уш
йохьуш йог1ург? (Етт)
Корта шарбеш йолу х1ума? (Ехк).
-Х1оттор
ю вай ЕХК дешан схема. Маса дешдакъа ду ЕХК дешан? (Цхьаъ).
-Маса
элп ду? (Кхоъ).
-Ала
ЙЙЭХК? (Муьлха аз хеза дешан юьххьехь? (Й).
-Аз
(Й) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Ала
ЙЭЭХК, Муьлханиг ду шолг1а аз? (Э).
-Аз
(Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Ала
ЙЭХХК. Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Х),
-Аз
(Х) мукъа длгау я мукъаза ду?(Мукъаза ду).
-Ала
ЙЭХКК. Муьлха аз ду доьалг1а? (К).
-Аз
(К) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Маса
элп , аз ду ЕХК дашехь? (Кхоъ элп , диъ аз ду).
-Х1унда
ду диъ аз , кхоъ элп? (Берийн жоьпаш).
-Е
элпо шиъ аз билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа нисделча.
-Маса
еък1ов хила еза схемин? (Йиъ).
-Аьзнийн
цхьанаэдаларш дуй цу дашехь? (Ду ЙЭ).
-Схемехь
муха билгалдоху уьш? (Царна лерина еък1овш цхьаъ йолуш санна ши бос болуш
хуьлу).
-Йилла
схема. (Бераша юьллу. Уьн т1ехь йолчуьнца талам бо нийса йилларан).
-Х1ун
кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешан схема йилла).
-Х1ун
керланиг хии шуна? (Е элпо ши аз билгалдо (Й) , (Э)).
-Хьанна
карийна зуьнан к1орни? Дика болх бинарг муьлханиг ву?
·
Йозанан жима а элп е дешдакъошкахь кхечу элпашца
хоьттина яздар.

-Д1адеша
и дешдакъош. Муха хоьттина элп е кхечу элпашца? (Вукху элпашца куьйгаш лаьцча
санна ду хоттар).
-Д1аязде
дешдакъош.
-Х1ун
кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош яздан).
-Хьан
яздина гуттара хаза?
-Ма
дика бераш душ у , боху Ч1ирдига . Ерриге к1орнеш карий шуна. Массара ч1ог1а
дика болх би. Цундела Ч1ирдиг сих-сиха вог1ур ву вай долчу хьошалг1а.
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп яздира вай? (Вай яздира йозанан жима а
, доккха а элпаш е, Е).
-Е элпах х1ун керланиг хии шуна? (Е элпо шиъ аз
билгалдо дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьахь хилча).
-Муьлханаш ду уьш? (Й,Э).
-Е элп ду алп ду? (Берийн жоьпаш).
-Е элп мукъа элп ду , амма мукъа аз дац.
Х1унда аьлча цунна чудог1у мукъа а , мукъаза а аьзнаш.
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Мила ву уггара
къинхетаме?
25-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш е, Е кхин д1 а довзийтар. Уьш шаьш а
, дешнашкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а ,
доккха а элпаш е , Е . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а ша-ша ,
дешнашкахь кхечу элпашца хоьттина яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регултяивни: берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто, цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха.
Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш
нисдан.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду
вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна
хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.
·
Познавательни: Берийн
алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна хуур ду Е элпо лелош болу ши некъ:
шиъ аз билгалдар (дешан юьххьехь , мукъачу элпана т1ехьа нисделча), цхьа аз
билгалдар (мукъаза элпашна т1ехьа хилча).
3.
Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Берийн лаам хир
бу оьшучохь г1о-накъосталла дан. Берашна 1емар ду диканиг довза , шайн
амалех и кхио.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ее элпах лаьцна байт 1амор.
-Шуна Ее элп дика 1амийта байт 1амор ю вай.
Жимчу к1ентан бац цхьа бехк,
Ша
кагьели «къена» ехк.
Кхо
церг бен а ца йиси,
Х1инца
цунах Е хили.
-Стенах тера ду элп эл Е? (Ехках).
-Даладе масалаш элп Е хьалхахь долу дешнаш. (Ехк,
етт, еха , еса).
-Элп Е дешан юьххьехь хилча х1ун г1уллакх леладо
цо? (Ши аз билгалдо)
-Кхин муьлхачу меттехь хилча билгалдо Е элпо ши
аз? (Мукъачу элпана т1ехьа хилча).
-Х1ун 1амор ду вай
тахана? (Берийн жоьпаш).
3. 1алашо
йовзийтар.
-Бераш , вай цхьана туьйхира зуьнан доьзал .
Шуна ч1ог1а реза ву Ч1ирдиг. Вай г1о дан деза царна 1аьнна кечам бан.
Тахана вай гулдан деза 1ежаш. Уьш царна дукха деза. Хьовсал , х1окху
1ежаш т1ехь ду вайна лерина т1едахкарш. Цу т1ера деллар кхочушдинчунна йиш хир
ю и 1аж саг1ина зуьнан к1орнешна бала. Шуна лаьий саг1ийна х1уманаш яла?
Х1унда? (Иза мелехь ду).
-Цундела шун йиш ю дика деша , мел баккха. (Схьа
а оьцуш 1ежашна т1ера т1едахкарш кхочуш дарур дерш схьакъастаде. Белхан план
х1отта е.
-Вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а
, доккх а элпаш е, Е. 1емар ду уьш дешнашкахь яздан. Хуур ду дешнийн схеманаш
х1итто.
4.
Йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е вовшех хоьттина , дешнашкахь кхечу
элпаца а яздар.
·
Тептарш т1ера мог1анаш д1аязбо.
(Хьехархочо цкъа хьалха гойту
уьн т1ехь).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан жима
а , доккха а элпаш яздан).
-Хьан яздина гуттара хаза? Цунна ло вай 1аж.
·
Элпаш е,Е дешнашкахь яздар.
Уьн т1е
яздо дешнаш.

-Муьлха
дешнаш яздина даккхийчу элпашца ?Х1унда?
-Шина
тобане декъа дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Лерира, бен,
еара, еса).
-Х1унда
далийна аша уьш цхьана тобане? (Кегийчу элпашца яздина).
-Муьлха
дешнаш яздина шолг1ачу тобане? (Сану, Нуна).
-Х1унда
далийна и дешнаш цхьана тобане? (Уьш даккхийчу элпашца яздина).
-Д1аязде
и дешнаш тептарш т1е.
-Х1ун
кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми е элп дешнашкахь яздан).
-Хьан
яздина хаза?
5. Сада1аран миноташ.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
·
Керла дешнаш кхоллар. Дешан схема х1оттор.
Мел – ( бел, тел)
Теш- (пеш).
Гел – ( цел).
Пес – (кхес)
Бен – (пен).
-Бераш д1адеша уьн т1ера дешнаш. МЕЛ дашехь элп
М д1а а даьккхина Б дилла . Муьлха дош хили? (Бел).
-Юха элп Т диллича ? (Тел).
(Иштта толлу важа дешнаш) .
-Х1инца х1оттор ю вай БЕЛ дешан схема. Маса дешдакъа
ду БЕЛ дашехь? (Цхьаъ).
-Маса элп ду? (Кхоъ).
-Ала ББЕЛ. Муьлханиг лу хьалхара аз? (Б).
-Аз (Б) мукъа ду , я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Ала БЭЭЛ. Муьлханиг ду шолг1а аз? (Э).
-Аз (Э) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
-Ала БЕЛЛ. Муьлханиг ду кхоалг1а аз ? (Л).
-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).
-Маса элп ду БЕД дашехь? (Кхоъ).
-Маса аз ду? (Кхоъ).
-Муьлхачу элпана т1ехьа ду элп Е? (Б).
-Х1ун эр дара аша: мукъаза элпана т1ехьа хилча
х1ун башхалла хуьлу Е элпан? (Берийн жоьпаш).
-Мукъаза элпашна т1ехьа нисделча Е элпо билгалдо
цхьа аз (Э).
-Схема йилла массара.
-Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй БЕЛ дашехь? (Ду БЭ).
-Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь? (Ши бос болчу
еък1овшца).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешан схема
йилла).
-Х1ун керланиг хии шуна Е элпах лаьцна? (Е элпо
цхьа аз билгалдо мукъачу элпана т1ехьа хилча).
·
Предложенеш язъяр.

-Д1аеша предложенеш. Муьлхачу элпаца йолайо х1ора
предложени? Х1ун юьллу чаккхенга?
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми предложенеш
язъян).
-Хьан язйина и хаза? Цунна 1аж лур бу вай?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элпа яздира аша тахана? (Элпаш е,Е).
-Х1ун хаьа шуна Е элпах лаьцна? (Е элпо билгалдо
ши аз мукъачу элпана т1ехьахь хилча , дешан юьххьехь хилча. Цхьа аз билгалдо
мукъазачу элпана т1ехьа нисделча).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Хьан гулди угара дукха 1ежаш? Хьан даьккхи
саг1а?
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.