Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Х,х яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Х,х яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

18-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  х , Х  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  х, Х  довзийтар. Уьш  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш  х, Х. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн  белхан план х1отто. Хуур ду  шайн  планаца  болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам  латто.  Берашна  1емар ду  шайн кхиамаш  ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина  , я дуьзаза  жоьпаш  дала. Берашна 1емар ду  шайна  оьшург хатта.  Берашна хуур ду  шайн кхиамех  шайна хетарг д1аала.

·        Познавательни:  Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна  1емар т1е а ца хьовсуш хьехархочо  д1ааларца  элпаш яздан, уьш довза.

3. Личностни: берийн алсамдер ду  дешаре лаам.  Шайн болх  гуттара  дика хилийта 1емар ду.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Х  элпах  лаьцна  байт 1амор.

-Стенах тера ду элп?

 

Берийн ловзориг -

Дечкан хьийзариг.

X шех хилла и

Мохо хьийзориг.

Угазлакх яц, газа а яц,

 Malаш 1уьттуш со ма яц.

Карахь дечиг латтайо.

Дикка хьажа: X ду со.

-Стенах  лаьцна ю  байт ? (Х  элпах).

-Стенах  тер аду  элп Х?  (Берийн хьийзочу беранах ).

-Муьлха элп  девзар ду  вайна тахана? (Вайна  девзар ду  йозанан жима а , доккх а  элпаш  х , Х).

 

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайна  тахана т1едахкарш дахкийтина  ч1еран  суьртехь. Х1ора  ч1еранна  чохь яздина т1едахкарш ду. Шайна кхочуш далун дериш  схьакъастош, план  х1отта е. Х1ун кхиамаш  баха дагахь  душ у ? (Бераша  план х1отта йо , и йовзуьйту, рог1алла  билгалйоккху).

-Вайна  тахана  девзар ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш  х, Х. 1емар ду  и  элпаш  хаза а , нийса а яздан . Вай  1амор  ду  йозанан доккха а , жима а элпаш  дешдакъошкахь  кхечу  элпех хитта.

4. Йозанан жима  а , доккха а элпаш  х , Х   довзийтар ,яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара  схьахаржа  зорбанан жима а , доккха а элпаш  х , Х . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна  йозанан  доккха а ,жима а  элпаш  х ,Х  ? Схьагайта.

-Х1ара  йозанан жима элп  х  ду,х1ара  йозанан доккха элп   Х  ду.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Суна девзи  йозанан жима  а , доккха а элпаш  х, Х).

·        Йозанан  жима  элп   х   яздар.

(Хьехархочо  уьн   т1ехь  гойту  элп  х  яздан).

-Т1адам буьллу  белхан  мог1анна кхоалг1а  дакъа деш лакхахь. Цу т1ера хьала  гу   буьллу.  Гу т1ера  чу вог1у аьтту  аг1ор  горга сиз  хьокхуш.  Лахарчу  мог1анна  т1е кхочуш  хьаьвзаш  аьрру  аг1ор  тасалуриг юьллу. Шолг1а дакъа дуьллу  вай.  Т1адам буьллу белхан  мог1анна кхоалг1ачу декъе лакхахь. Хьалавоьду гу  а буьллуш. Гу  т1ера чувог1у  аьрру  аг1ор хьаьвзаш  вукху  меженах хотталуш. Охьакхочуш  т1ехкарг юьллу, цу т1ера д1а  тасалург.

-Х1инца  вай  элп х х1аваэхь дуьллу.

·        Хьехархочо  д1ааларца  , бераша  яздо йозанан жима  элп шайн дагара.

(Хьехархочо яздойту  ша  д1а а олуш  ялх элп. Уггаре хазаниш билгал а дохий , уьш тидаме а  оьцуш  д1аяздо бераша).

·        Т1ептарш т1ехь язбина мог1анаш бузар.

-Бераш ,х1инца  шайн тептарш т1ера  мог1анаш буза. Гуттара хаза  яздан хьовса.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан жима элп х яздан).

·        Шарадаш . Дешан схема йиллар.

-Бераш , вай х1инца шарадаш толлур ду. Уггаре  тидаме мила ву?

X элп делахь, со ю т1ехь,

С - элпаца ю кафехь.  (Халат - салат)

 

М элп хьалха долуш

Ас ца лелош х1ума дац:

Керта оьккху, ченаш йоху,

Цкъа д1абоьду, схьа а бог1у

М элп хуьйцуш X ахь диллахь, -

1ийр бу бабин хесахь.  (Мох - хох)

- Дагаяхкийта т1еюха х1уманаш. (Гоч , хечи, халат).

-Муьлхачу  бедаран  ду хьалхахь аз (Х)? (Халат).

-Х1ун ю юьйцург? (Халат).

-Х элп д1а а  даьккхина С элп диллича  х1ун хуьлу  цунах? (Салат).

-Х1ун ю шолг1ачу  шаради т1ехь юьйцург? (Мох).

- М   элп  хийца  Х элпаца. Муьлха дош хили? (Хох).

-Йуьллур вай ХОХ дешан  схема. Маса дешдакъа ду  ХОХ дешан? (Цхьаъ)

-Муха дешдакъа  ду  иза  :диллина  я къевлина? (Къевлина).

-Аьзнийн  цхьанаэдалар  дуй  цу дашехь? (Ду)

-Муьлханиг? (Хо).

-Муха билгалдо и схеми т1ехь ? (Еък1овш  ши бос болуш хуьлу).

-Муьлха аз ду хьалхара  ХХОХ  дашехь? (Х).

-Мукъа  ду   и я  мукъаза  ду аз (Х)? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз ХООХ ? (О).

-Мукъа  ду   и я  мукъаза  ду аз (О)? (Мукъа).

-Муьлханиг ду  кхоалг1а  аз ХОХХ ? (Х).

-Мукъа  ду   и я  мукъаза  ду аз (Х)? (Мукъаза).

-Маса  аз ду ХОХ дашехь? ( Кхоъ).

-Маса  элп ду? (Кхоъ).

-Маса  еък1ов хила еза  схемин? (Кхоъ).

-Муьлханаш хила еза ши бос  болуш? ( Хьалхара, шолг1а).

- Йилла  и схема. Басе а яла е.

(Уьн т1ехь юьллий  талам бо , бераш болх  бина девлача).

Ц1

С              

С

5. Сада1аран  миноташ.

Хелхадуьйлу «т1ох-дап-т1ох»,

Тхайн ц1ахь чохь а, арахь.

Кхин дан х1ума ца хилахь,

Хелхар дийр ду школехь.

Хуьлийлахьо шианхо

Я т1ехдика дешархо.

Xlapa хелхар 1амаде,

Когаш хьайн ма кхоабе!

(Xlapa  байташ  а  йоьшуш,  куьйгаш  хьала  а  дохуьйтий, уьш вовшах а детташ, юкъ-кара наг-наггахь когаш а тухуш, хелхар до)

6. Йозана доккха  элп  Х яздар.

·        Уьн т1ехь гойту  элп Х яздан.

Т1адам буьллу  лакхарчу белхан мог1анна  т1ехула. Гу а буьллуш хьаьвзина  охьавог1у аьтту  аг1ор . Лахарчу мог1анна  т1е кхочуш техкарг юьллу , цунна т1ера д1а тасалуриг юьллу. Шолг1а меже юьллу. Т1адам  буьллу  лакхарчу белхан мог1анна  т1ехула , Гу буьллий  , хьаьвзаш охьавог1у аьрру аг1ор . Лахарчу белхан мог1анна  т1е кхочуш  техкарг , цунна т1ера д1а тасалуриг юьллу.

·        Тептарш т1е д1аяздойту элп  Х.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан доккха элп Х яздан).

·        Йозанан  доккха а , жима  а элпаш   х,Х дешдакъошкахь  хитта  1амор.

-Муха хутту элп х кхеча элпашца? (Лахахь , лакхахь).

-Муьлхачу  меттехь хилча хутту лахахь? (Кхечу  элпана хьалхахь).

-Муьлхачу  меттехь хилча хутту лакхахь? (Кхечу  элпана т1ехьа  нисделча).

-Д1аязбе и мог1анаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми  йозанан жима а, доккха аэлпаш дешдакъошкахь  яздан).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп девзи шуна? (Тхуна девзи йозанан жима а , доккха аэлпаш р,Р).

-Муьлха  аз билгалдо Х элпо? (Аз (Х) билгалдо).

-Аз (Х)  мукъа ду  я  мукъаза ду? (Мукъаза ).

-Даладе масалаш элп Х  хьалхахь долуш. (Хох, хорбаз , халат)

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан лийци угаре дукха  ч1ерий?

19-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  х , Х  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  х, Х  кхин д1а а  довзийтар. Уьш  дешнашкахь яздан  1амор. Предложенеш язъян  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна  кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш  х, Х. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а дешнашкахь  яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн  белхан план х1отто. Хуур ду  шайн  планаца  болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам  латто.  Берашна  1емар ду  шайн кхиамаш  ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина  , я дуьзаза  жоьпаш  дала. Берашна 1емар ду  шайна  оьшург хатта.  Берашна хуур ду  шайн кхиамех  шайна хетарг д1аала.

·        Познавательни:  Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна  1емар дешнашкахь йозанан доккха а ,жима а элпаш хотта.

3. Личностни: берийн алсамдер ду  дешаре лаам.  Шайн болх  гуттара  дика хилийта 1емар ду.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Х1етал-металш».

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Дечигах и буьрса лета, -

Хиларх иза декъа, т1еда.

И ца хилча кертахь т1аккха,

Аьтто хилац дечиг даккха?  (Херх)

 

Д1а - хьуна, схьа - суна?  (Херх)

 

Тхан кухни чохь дийнна шарахь

Шкаф чохь веха Г1ура-Дада?  (Холодильник)

 

Хала ца хоьтуьйту,

Ца лета хьох,

Аммахьо велхаво.

Х1ун ю иза?  (Хох)

 

Бакъ ма ду и дуьненор,

Тоьхна боцуш цхьа а лол.

Т1оьх-т1оьхула безамехь

Эзар коч ю нускалехь?  (Хох).

-Муьха   дешнаш карина  шуна? (Хох, холодильник, херх).

-Х1ун ду  церан юкъара? (Хьалхахь  аз  (Х) хеза).

-Муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь аз (Х)?  (Х элпаца).

-Х1ун  1амор ду  вай тахана? (Вай 1амор ду  йозанан докха а , жима а  элпаш  х ,Х  яздан).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай  таханан а  ч1ерий лоьцур ду. Х1окху  ч1ераш т1ехь вайна  даийтина керла т1едахкар. Хьовса  муьлханаш кхочуш далур ду  шоьга. План х1отта э  шайн белхан. Х1ун кхиамаш бохур  бу аша?

(Берийн жоьпаш).

-Вай  тахана  яздийр ду  йозанан жима а , доккха а элпаш  х , Х. 1амор ду  и элпаш дешнашкахь яздан. Вай предложенеш а язйийр ю.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш х ,Х хоьттина яздар.

(Уьн  т1ехь гойту хьехархочо  элпаш хуттуш).

-Муха хутту  элп х? (Лахахь ,  лакхахь).

-Д1аязбе  и мог1анаш  тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша? (Аса язди йозанан жима а , доккха а  элпаш х , Х вовшах  хоьттина).

·        Дешдакъош  яздар.

-Х1инца  аса  дешдакъош  д1адоьшур ду , аша  уьш д1аяздийр ду.

Д1аязде дешдакъа  ХА. Муьлха элп  яздо хьалхара? (Х).

-Шолг1а? (А).

-Д1аязде  дешдакъа  ХО. Муьлха  элп  яздо хьалхара? (Х).

-Шолг1а ? (О).

(Иштта яздо дешдакъош дерриге ).

4. Сада1аран миноташ.

Хештиг

Хештиг, Хештиг, хаза Хештиг,

Дехий мекхаш, Хештиг хьо!

1аьржа  духар, Хештиг хьо;

1уьйрре  хьала и г1отту,

Юьхь-куьг, лаг цо  д1адуьлу,

Лаккха юлий керт  ц1анйо,

Юха цо зарядка йо:

Цхьаъ - охьахуу, шиъ - хьалаг1отту,

Кхоъ - д1асетта, диъ - схьасетта, -

Мало ца еш дерриг до

Онда хила лууш цо.

(Хештиго дийриг до бераша.)

 

5.  ХОРСАМ дешан  схема х1оттор.

-Вай  х1инца   дешан схема юьллур ю . И муьлха дош  ду хаа  шуна хаа деза  х1етал- металшна   т1ехь юьйцург х1ун ю.

Горга ду и, амма малх бац, можа ду я даьтта а дац, ц1ога ду я дахка а бац?  (Хорсам) .

К1айниг лаьтта бухахь, баьццарниг т1ехула?  (Хорсам) .

-Х1ун ю х1етал-металш т1ехь юьйцург? (Хорсам).

-Маса дешдакъа ду  ХОРСАМ дешан? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ХОР).

Муьлха дешдакъа  ду иза : диллина  я къевлина? (Къевлина).

-Аьзнийн цхьанакхетарш  дуй  оцу дешдекъехь? (Ду  ХО).

-Муха  билгалдо уьш схеми т1ехь? ( Оцу шина озанна  йолу  еък1овш  ши бос болуш хила еза).

-Мича меттехь хир ю иза? (Юххьехь).

-Шолг1аниг ? (САМ).

-Муьлха дешдакъа  ду иза : диллина  я къевлина? (Къевлина).

-Аьзнийн цхьанакхетарш  дуй  оцу дешдекъехь? (Ду  СА).

-Муха  билгалдо уьш схеми т1ехь? ( Оцу   шина озанна  йолу  еък1овш  ши бос болуш хила еза).

-Мича меттехь хир ю иза? (Шолг1ачу дешдекъан юьххьехь).

- Муьлханиг ду ХХОРСАМ  дашехь хьалхара  аз ? (Х).

-Мукъа ду я  мукъаза  ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг  ду  ХООРСАМ дашехь  шолг1а аз? (О)

-Мукъа ду  я  мукъаза  ду  иза? (Мукъа).

-Муьлханиг ду ХОРРСАМ  дашехь  кхоалг1а  аз? (Р).

-Мукъа ду  я  мукъаза  ду  иза? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду ХОРССАМ  дашехь  доьалг1а  аз? (С).

-Мукъа ду  я  мукъаза  ду  иза? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду ХОРСААМ  дашехь  пхоьалг1а  аз? (А).

-Мукъа ду  я  мукъаза  ду  иза? (Мукъа).

-Муьлханиг ду ХОРСАММ  дашехь  йолхалг1а  аз? (М).

-Мукъа ду  я  мукъаза  ду  иза? (Мукъаза).

-Маса элп ду  ХОРСАМ дашехь? (Ялх).

-Маса  аз ду ХОРСАМ дашехь? (Ялх).

-Маса  еък1ов хила еза  вайн? (Ялх).

(Бераша  цхьацца  уьн т1е а  вог1ун юьллу  схема).

       Ц1

С

 

С

       Ц1

С

 

С

-Х1ун кхиамаш  бехи аша? (Суна 1еми  схеманаш  х1итто).

6. 1амийнарг  т1ечг1агдар.

·        Йозанан  жима а , доккха а элпаш х , Х  дешнашкахь яздар.

Уьн т1е д1аяздо.

-Муьлхачу  дешнашкахь яздина даккхий элпаш? Х1унда  яздина  уьш  даккхийчу элпашца?

-Д1аязъе  адамин  ц1ераш.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша? (Суна  1еми дешнаш яздан).

·        Предложенеш язъяр.

(Берашка  карточкаш  ло  т1ехь предложенеш  йолуш).

-Муьлха  элпаш дайна? (Доккха  элп Х ,  жима элп х).

-Маца  яздо дашехь доккха  элп Х ? (Предложени йолош , адамийн  ц1ерашкахь).

-Маса  яздо жима элп х? (Дешан юккъехь,  чаккхенгахь).

-Д1аязъе и предложени.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша? (Суна  1еми предложени язъян).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш  девзи шуна? (Йозанан  жима а , доккха аэлпаш х, Х).

-Х1ун хаьа  шуна  цу элпах лаьцна?

Х –элпо билгалдо аз .. (Х).

Аз (Х)  ца лакхало , цундела  из аду …(Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Х,х яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Специалист по учету энергопотребления

Получите профессию

Интернет-маркетолог

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 625 866 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Презентация по географии на тему: " Практическая работа №3 Определение типов климата по предложенным климатограмм. 7 класс.
  • Учебник: «География в 2-х частях (изд. "Русское слово")», Домогацких Е.М., Алексеевский Н.И.
  • Тема: § 9. Климатообразующие факторы
  • 01.10.2020
  • 1725
  • 9
«География в 2-х частях (изд.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 889
    • DOCX 94.6 кбайт
    • 51 скачивание
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 4 месяца
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 655448
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Методист-разработчик онлайн-курсов

Методист-разработчик онлайн-курсов

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 70 человек из 35 регионов

Курс повышения квалификации

Методика обучения географии для детей с ОВЗ с использованием туристических приемов

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к проведению ВПР в рамках мониторинга качества образования обучающихся по учебному предмету «География» в условиях реализации ФГОС ООО

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 69 человек из 30 регионов

Курс повышения квалификации

Содержание и технологии школьного географического образования в условиях реализации ФГОС

36/72 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 78 человек из 39 регионов

Мини-курс

Налог на прибыль и учет доходов/расходов

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Методология и организация образовательного процесса по информатике

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Проектный подход к рекламе: эффективные стратегии и инструменты

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе