Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Й,й яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Й,й яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

32-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  й ,Й яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  й ,Й довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а й ,Й. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш   кхиамаш баха. Берашна хуур ду  шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган   уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду  шайна хетарг  д1аала . Берашна  1емар ду  шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а   а , жимачуьнца а къамел д1адахьа. 

·        Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна  девзар ду керла дош –Даймохк, цуьнан к1оргера чулацам.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берийн алсам бер бу Даймахке безам , кхоллалур бу Даймехкан дуьхьа кхиамаш баха лаам.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Кагделла дош нисде!».

МОХКДАЙ

-Муьха дош ду  иза? (Даймохк).

-Стенах олу Даймохк? (Берийн жоьпаш).

-Муьлханиг бу шун Даймохк? Муьлханиг ю вайн коьрта шахьар? Мила ву вайн паччахь?

-Даймохк – иза хьо вина, хьан да , деда ваьхна мохк бу .Хаза а , хьалдолуш бу вайн Даймохк- Нохчийчоь. Лекха лаьмнаш , шера аренаш , чехка хиш, яккхий хьаннаш-и дерриге ду вайн махкахь.Лаьтта бухара хьалдоккху  маьхкадаьтта , хиш  ду. Де- дийне мел бели хазлуш бу вайн Даймохк.

-ДАЙМОХК дашехь мича меттехь хеза  аз (Й)? (Юккъехь).

-Аз (Й) йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо ? (Йй элпаца).

-Х1ун 1амор ду   вай  тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайна  тахана  т1едилларш даийтина   вайнехан  ц1енош чохь. Хьанна хаьа шуна царех х1ун олу? (Б1аьвнаш).

-Шена Даймохк  дукхабезачо  угаре дукха б1аьвнаш яха еза. И б1аьвнаш яха , аша  оцу т1ера  т1едахкарш кхочушдан деза. Цхьацца  б1ав сха а оьцуш  шайн белхан план х1отта е. Дийца : х1ун кхиамаш бохур бу аша  тахана?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а  элпаш й, Й. Шуна 1емар ду нийса а , хаза а и элпаш   ша-ша , дешдакъошкахь кхечу элпех хоьттина а , дешнашкахь яздан .

4. Йозанан жима  а , доккха а элпаш  й , Й довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш  й , Й яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара  схьахаржа  зорбанан жима а , доккха а элпаш й , Й . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна  йозанан  доккха а ,жима а  элпаш   й , Й ? Схьагайта.

-Х1ара  йозанан жима элп  й ду,х1ара  йозанан доккха элп   Й  ду.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Суна девзи  йозанан жима  а , доккха а элпаш  й , Й).

-Массарна девзин  шуна? Юха гайта сунна.

·        Йозанан  жима  элп   й   яздар.

Хьехархочо  уьн т1ехь гойту  элп й яздан.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е . Билгаллона  мог1ане терра охьавог1у  . Лахарчу белхан мог1ане кхочуш  техкарг юьллуш аьтту аг1о хьалавоьду. Лечкъарг т1ехула охьавог1у. Лакхарчу  белхан мог1ане кхочуш  техкарг юьллу , цу т1ера д1а  тасалуриг . Т1ехула техкарг юьллу.

-Д1аязде  и элпаш  шайн тептарш т1е.

й й й й й й й й й й й й й й й й й й й й й й й й й

·        Йозанан доккха элп Й яздар.

(Хьехархочо  уьн т1ехь гойту элпаш яздан. Тептарш т1ера мог1анаш  д1аязбо бераша).

-Уггаре хаза  яздинчу элпашна  буха сиз хьакха.  Хьан яздина  гуттара  хаза элпаш? Хьанна  беза  хуур ду Даймохк  массанчул ч1ога? Д1ало цунна б1ов.

·        Х1етал-металш

Х1етал-метал хаийла хьуна:

К1айн шаршу т1ера х1ун буьртигаш?(Йоза) .

К1айчу экъан т1ера 1аьржа сизаш? (Йоза)

Ц1а чохь цагушъерг?  (Йовхо)

Муьлха дешнаш хили  шун? (Йоза, йовхо).

-Х1ун ду  цу дешнийн  юкъара? (Дешнийн юьххьехь ду Й элп).

·        ЙОЗА дешан схема х1оттор.

-Маса дешдакъа ду ЙОЗА дашехь? Муьлханиг ду хьалхара? Шолг1а?

-Маса  элп ду  цу дашехь? (Диъ).

-Маса аз ду? (Диъ).

-Муьлханаш ду аьзнийн цхьанаэдаларш? (ЙО, ЗА).

-Муха билгалдоху  уьш схемахь? (Ши бос болчу еък1овца).

-Шайн тептарш т1ехь х1итта е схеманаш .(Бераша х1итта йо . Уьн т1ехь х1оттийначуьнца юстуш , нисдо г1алаташ).

         Ц1

С

          Ц1

С

-Х1ун кхиамаш бехи  аша? Хьан бина уггаре  дика болх?

5. Сада1аран миноташ.

Иорг1а

Иорг1а говр, йорг1а говр,

Хало, атто оха ловр.

Дига генна хьайца д1а,

Класса чохь тхо кхин ца 1а.

Кхосса-кхосса-кхоссалуш,

Яда Йорг1а, сих ца луш,

Лаьтта ког ахь билла байн,

Тата дезаш дац тхо, х1ай!

Яда, Йорг1а, кхоссало,

Каде хила, мал ма ло.

Иорг1а идда, к1адлуш ю,

Болар цуьнан лаг1луш ду.

Собар! Тоьар! Сацахьцкъа!

Кхин хьо идахь ду хьан къа.

Болар лахди, х1оьтти д1а:

Деза цуьнан сада1а.

(Берашна юкъара цхьаъ говр хоржу. Цунна т1аьхьа а х1уьтий, x1apa байташ а олуш, класса чухула довдуш ши-кхо го боккху цара.)

6. 1амийнарг т1еч1агдар.

·        Йозанан доккха а , жима а  элпаш дешнашкахь яздан 1амор.

Уьн  т1е д1аяздо дешнаш.

Йоза , йовза , йист , Йисита , Йисама.

-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? Х1унда?

-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан яьккхи б1ов?

·        Кхолараллин болх.

-Бераш , б1аьвнаш чу  д1алевчкъина ду дешнаш. Уьш ду вайн Даймехкан хазаллех лаьцна. Караде  уьш.

Стрелка: пятиугольник: Г1А
ЛА
Стрелка: пятиугольник: МО
ХК
ДАЙ
Стрелка: пятиугольник: НОХ
ЧОЬ
ЧИЙ
 

 

 

 

 


-Муьлха дешнаш карий шуна? (Нохчийчоь, Г1ала, Даймохк).

·        Кхоллараллин болх. Кластер  ДАЙМОХК х1оттор.

(Берашка д1ало  листаш , т1ехь яздина Даймохк долуш ,Д1аймехкан  хаззала гойтуш долу , кхин цхьацца х1ума гойтуш долу  суьрташ. (Ч1ирдиг, паччахь, терк , сискал, маьждигаш , акхарой, маймалш).Берашна хаа деза  уьш  Даймахках лаьцна дерш схьахаржа  уьш , оцу Даймохк  дашана гонаха д1алето.

-Х1унда хаьржина аша и суьрташ? Муьлханаш гина шуна  шайна оцу х1уманех вайн Даймахкахь?  Мичахь ду  аша латийна маьждиг? Мичахь ду Терк? (Иштта болх бича берашна 1емар ду проекташ ян).

7. Жам1 дар.

·        Й элпах лаьцна байт 1амор.

-Стенах тера ду  элп?

Шина уьнна т1ехь

Пурх т1етоьхна кхоалг1а .

Цу т1ехула хьоза хьаьвзи,

Хьажал хьайна и элп девзи.

-Муьлха элп ду и? Муьлха аз билгалдо Й элпо? Аз (Й)  мукъа ду я  мукъаза ду?

8. Рефлекси.

-Хьан ехи угаре дукха  б1аьвнаш? Хьанна беза угаре  ч1ог1а  Даймохк? Х1ун кхиамаш бехи аша?

32-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  й ,Й яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  й ,Й кхин д1а  а довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а й ,Й. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш   кхиамаш баха. Берашна хуур ду  шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган   уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду  шайна хетарг  д1аала . Берашна  1емар ду  шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а   а , жимачуьнца а къамел д1адахьа. 

·        Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берийн алсамбер бу аьзанш , элпаш довзар , церан башхаллашка а  кхуьур бу. Берашна  девзар ду керла дош –Даймохк, цуьнан к1оргера чулацам.Берашна хуур ду нохчийн  тайп-тайпана аларш долу дешнаш довза (Синонимаш).

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берийн алсам бер бу Даймахке безам , кхоллалур бу Даймехкан дуьхьа кхиамаш баха лаам.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар : «Дог1у дош ала!».

-Бераш , аса д1айоьшу  йоца байташ. Аша со сецча  т1етоха оьшу дош.

Латта т1адош дарах дог1а

 Говро до шен болар .... (Йорг1а).

 

Чохь ша бина дохарх шиша,

Хьо ма елха, жима... . (Йиша).

 

Со ирсе ву: сан ю йиш

 Хьоь ладог1а  к1енан .... (Йиш).

 

Бабин куча т1ехь ю гома

К1адинан латийна .... (Йома).

 

Бедарш бехъеш бо цо г1урт,

Юуш елахь ша… (Йогурт).

 

-Муьлха дешнаш  туьйхи аша  т1е? (Йогурт , йома ,йиша , йиш , йорг1а).

-Йиш дош кхечу дашца алалой? (Йиш , эшар , илли).

-Гой шуна  мел хаза  бу нохчийн мотт. Масийтта тайпана  алар ду  цхьана дешан. Кхин муьлха дешнаш  девза шуна  иштта  алар  долуш? (Маса –чехка-сиха).

-Х1ун ду  церан  юкъара? Х1ун 1амор ду   вай  тахана?

 

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай тахана т1еюг1ур ю цхьа б1ов  вешан Даймохк хазбеш. Цундела вайн т1едахкарш ду  т1улгаш чохь . Шун таро ю цхьаъ биллина  Даймохк хазбан т1улг билла. Схьаэца  суьрташ. Шайна балун болчулла болх  къастабе. Дийца , х1ун кхиамаш  баха дагахь ду   шу?

-Вайна тахана кхин д1а девзар ду йозанан жима а , доккха а  элпаш й, Й. Шуна 1емар ду нийса а , хаза а и элпаш   ша-ша , дешнашкахь  кхечу элпех хоьттина а , дешнашкахь яздан .

4. Йозанан жима а , доккха а  элпаш  й , Й  вовшех хоьттина  , дешнашкахь кхечу элпаца а яздар.

·        Тептарш т1ера мог1анаш  д1аязбо.

(Хьехархочо цкъа хьалха гойту  уьн т1ехь).

-Бераш , т1улг гуттаре хаза яздинчунна бен лур бац. Цундела лерина хила деза вай.

Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й Й

-Х1ун кхиамш бехи аша? (Суна 1еми элпаш й ,Й яздан).

-Вовшийн  болх талла. Хьанна бог1у т1улг? (Бераша  уьн т1е д1алетош  йота йолайо б1ов).

·        Дешнашкахь элпаш й, Й яздар. Кхастош яздар.

Уьн т1е д1аяздо дешдаш.

Май , бай , тай, сай , вай, ойла , айма , байра.

-К1енташа  схьаязде  цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш. Йо1арша- шина дешдекъах лаьтташ дерш. Й элпана  к1ел сиз хьакха.

-БАЙРА дош кхечу дашца муха эр дара? (Гира).

-Муьлха дешнаш язди аша , к1ентарий? Аша , йо1арий?

-Муьлхачо яздина гуттара  хаза? Хьанна бала беза цхьа т1улг?

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг  т1еч1агдар.

·        Дуьзна доцу дешнаш  т1едузар.

-Бераш , аша т1адамийн беттана  т1еоьшуш   долу  дакъа т1еяздан деза.

(Берашка д1аделла хила деза карточкаш).

Май-… ,  ха-…., Зу- ….,

Лай-…., ой-…, ай-….

(Хьехархочо лаха т1еяздина  , цанна юкъара харжийта мега оьшу дешдакъа. Иза а  пайдехь хир ду берашна пайде долу х1ума лаха  1ама).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина уггаре  дика болх?

·        Йоьхна предложени нисъяр.

Беза , Даймохк , суна.

-Хьанна хуур дара  и предложени маь1ница нисъян. Хьанна  беза ? (Суна)

-Дуьххьарлера  дош муьлха ду? (Суна).

-Х1ун до ? (Беза).

-Шолг1а дош? (Беза).

-Х1ун беза? (Даймохк).

-Хьан эр яра предложенид1а? Д1аязъе  предложении тептарш т1е?

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бина  дика болх?

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

-Х1ун эр дара  аша Йй элпах лаьцна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бехки уггара дукха  т1улгаш вайн  б1ов юттуш?

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Й,й яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Специалист по студенческому спорту

Получите профессию

Фитнес-тренер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 661 413 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 1001
    • DOCX 29.5 кбайт
    • 83 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 661849
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Экскурсовод

Экскурсовод (гид)

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 983 человека из 81 региона
  • Этот курс уже прошли 3 374 человека

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в профессиональном образовании

Преподаватель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 53 человека из 29 регионов
  • Этот курс уже прошли 209 человек

Курс повышения квалификации

Особенности подготовки к сдаче ЕГЭ по географии в условиях реализации ФГОС СОО

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 26 человек из 20 регионов
  • Этот курс уже прошли 294 человека

Мини-курс

Медико-педагогические аспекты обучения и тренировки

2 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Возрастные кризисы

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 28 человек из 17 регионов
  • Этот курс уже прошли 18 человек

Мини-курс

Продвижение экспертной деятельности: от личного сайта до личного помощника

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе