Конспект урока на тему "Элпаш К,к яздар", (1-ра класс).

Предпросмотр материала:

34-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  к , К  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  к , К  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а к , К. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш   кхиамаш баха. Берашна хуур ду  шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган   уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду  шайна хетарг  д1аала . Берашна  1емар ду  шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а   а , жимачуьнца а къамел д1адахьа. 

·        Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна девзар ду  цхьа маь1на долу  дешнаш (Синонимаш).

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берийн алсам бер бу Даймахке безам , кхоллалур бу Даймехкан дуьхьа кхиамаш баха лаам.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·         Ловзар: «Караде д1алевчкъина  дешнаш!».

КОРМАТАЛЛА

-Д1адеша хьалхара кхо элп . Х1ун ю иза? (Кор).

-Д1адеша т1аьххьара долу  пхи элп . (Талла).

-Кхин муьлха  дешнаш каро дара? ( Мара , таро , лата, латта, кара, мола,  рама ).

-Х1ун ю корматалла? (Берийн жоьпаш).

-Корматалла-иза карабирзина  дика беш болу болх  бу. Кхечу дашца  муха эр дара  иза ? (Говзалла).

-Шуна  муьлха корматалла  еза?

-Муьлха  аз хеза  корматалла  дешан юьххьехь? (К).

-Аз (К)  йозанехь  муьлхачу элпаца билгалдо? (Кк элпаца).

-Х1ун 1амор ду  вай  тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

- Бераш,х1ора  стеган  шен корматалла  хила еза. Корматалла йолуш , шеен г1улкх деш волу стаг наха лоьру.  Корматалла  караерзо дика деша деза.  Цундела  шуна  деша атта хилийта дела  т1едахеарш . Тахана  уьш  ду  кхорийн суьрташ чохь. Х1ораммо  схьаэца  шена  баалур болу кхораш. Билгалдаккха ,х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а, доккха а элпаш  к, К. 1емар ду хаза а , нийса а элпаш  к, К  ша-ша , дешнашкахь  а яздан .

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш к, К довзийтар  , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш  к , К яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара  схьахаржа  зорбанан жима а , доккха а элпаш к , К . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна  йозанан  доккха а ,жима а  элпаш  к , К ? Схьагайта.

-Х1ара  йозанан жима элп  к ду,х1ара  йозанан доккха элп   К  ду.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Суна девзи  йозанан жима  а , доккха а элпаш  к , К).

-Массарна девзин  шуна? Юха гайта сунна.

·        Йозанан  жима  элп   к   яздар.

 

(Хьехархочо  уьн т1ехь гойту  элп к  яздан).

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Билгалонна  беллачу мог1ане  терра охьавог1у лахарчу белхан мог1анна  т1е кхаччалц. Хьалавоьду  хьаькхначу сиза т1ехула  юккъе  кхаччалц. Кхузахь аьтту  аг1ор воьрзуш хьалавоьду , хьалакхочуш гу буьллу. Ручка юьллу юккъе , цу т1ера охьа г1ант дуьллу , техкарг , цу т1ера д1а  тасалуриг.

-Д1аязде  элпаш  шайн  тептарш т1е.

  к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к к -Таллам бе хьан  яздина  хаза?  Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Йозанан жима элп к дешдакъошкахь яздар.

(Хьехархочо  уьн т1е  д1аяздо дешдакъош , гойту уьш кхечу  элпех муха хотта  деза).

ка ко ку ки ке

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна  1еми дешдакъаш  яздан).

·        Дешан схема йиллар.

-Х1етал-метал  хаьийла шуна :

Хьалаерзийча-яьсса, охьаерзийча, юьзна хуьлуш йолу х1ума?(Куй).

-Маса дешдакъа  ду КУЙ дешан? (Цхьаъ).

-Маса элп ду? (Кхоъ ду).

-Муьлханиг  ду хьалхара  аз? (К).

-Аз (К) мукъаза  ду  я мукъа  ду? (Мукъаза ду).

-Муьлханиг ду шолг1а а з? (У).

-Аз (У)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа ду)

-Муьлханиг ду кхоалг1а  аз? (Й).

-Аз (Й) мукъа  ду  я мукъаза ду? (Мукъаза ду).

-Маса еък1ов  хила еза схемин? (Кхоъ).

-Аьзнийн  цхьанаэдалар  муха билгалдоккху  ? (Ши бос болчу  еък1овшца).

-Йилла  и схема  массара  шайн тептарш т1е.

               Ц1

С

 

С

-Хьан бехи 1ежаш ? Х1ун кхиамаш  бехи аша?

5. Сада1аран миноташ.

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Пенаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша, ваша г1аттаде

-Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Физзарядка йолае

-Цхьаъ - шиъ кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Паж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

XIapa физминот музыка а локхуш ян тарло. Багахь x1apa йиш а локхуш зарядка яйта тарлуш ду.

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Йозанан  доккха элп К  яздар.

-Лакхарчу  белхан мог1анна  , г1оьнан мог1анна  юккъе  т1адам  буьллу. Кхузахь юьллу ира  тасалург. Билгалонна  беллачу мог1ане  терра   охьавог1у  лахарчу  белхан мог1ане  кхаччалц. Д1авоьрзу аьрру аг1ор , шад беш мог1анна юккъех дехьаволу ,хьалавоьду  лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан  мог1анна   юккъе  кхаччалц. Кхузахь охьахьаьвза кеззиг. Ручка элпан  юккъе  юьллу, цу тера охьа г1ант дуьллу , техкарг , цу т1ера д1а тасалург.

-Д1аязде  и мог1анаш  шайн тептарш т1е.

К К К К К К К К К К К К К К К К К К

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьанна бала беза 1ежаш?

7. Жам1 дар.

·        К элпах лаьцна байт 1амор.

-Стенах тера ду элп?

Кад бу иза, бухахь - хедар.

 Пурх  дерзадей лаца уьш.

Хала дац цу суьртах кхета

К - элп ду и вайна гург.

-Муьлха элп  ду  дуьйцург? (Кк).

-Х1ун хаьа шуна Кк элпах лаьцна?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

 

 

35-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  к , К  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  к , К  кхин д1а а  довзийтар. Уьш   шаьш а  , дешдакъошкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна  кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элп а к , К. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш   кхиамаш баха. Берашна хуур ду  шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган   уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна  дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду  шайна хетарг  д1аала . Берашна  1емар ду  шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а   а , жимачуьнца а къамел д1адахьа. 

·        Познавательни:  берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду  аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берашна девзар ду  цхьа маь1на долу  дешнаш (Синонимаш).

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза , дика 1амо. Берашна  1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Грамматически арифметика .

-Бераш  , вай х1инца грамматически  арифметика  йийр ю.  Мила ву  тидаме?

КИ + дацаран дакъалг =?  (Кица)

КИ + ц1ийнан маь1иг =?  (Киса)

К + лазар деача тухург =?  (Ков)

К + бепиг, кхийолу х1ума хадош болу г1ирс =? (Курс)

КО + мукъаза аз Г =?  (Ког).

К А + к1а аьхьча йолург - А =?(Кахьар).

-Муьлха дешнаш карий шуна? (Кица, киса, ков, курс, ког, кахьар).

-Муьлха дош ду  шуна  ца  девзарг? (Кахьар).

-Кахьар- иза хьалха заманчохь  наха  хьаьжк1ех  ахьар доккхуш  лелош йолу х1ума ю.

-Х1ун ду  оцу дешнийн  юкъара? (Царна  юьххьехь элп Кк ду).

-Кхин даладе элп Кк  юьххьехь долуш масалаш.(Корта, карта, киса).

-Х1ун 1амор ду  вай тахана?

 

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн таханлера  т1едахкарш ду хазачу полларчаша деана. Шуна  дукха дезий полларчий? Шайна дезачулла схьаэца. Шаьш  бийр болу болх , кхиамаш  бовзийта сунна.

-Бераш , вайна  кхин  д1а а  девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш к , К. 1емар ду  уьш нийса а , хаза а , дешнашкахь  яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а  элпаш  к , К  вовшех хоьттина  , дешнашкахь кхечу элпаца а яздар.

·        Тептарш т1ера мог1анаш  д1аязбо.

(Хьехархочо цкъа хьалха гойту  уьн т1ехь).

-Бераш , пола гуттаре хаза яздинчунна бен лур бац. Цундела лерина хила деза вай.

Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьанна бала  беза  аса пола.

·        Дешдакъошкахь йозанан доккха элп  К  яздар.

(Хьехархочо  гойту уьн т1ехь элп К  кхечу  элпех хотта).

Ка Ко Ку Ки Ке

-Д1аязбе  шайт тептарш т1ера мог1анаш.

-Хьан  яздина хаза? Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Ловзар : «Дог1у дош ала!»

-Бераш , аса  кегийра байташ  йоьшур ю , аша со сецча  т1етоха  маь1ница дог1у дош.

Т1екхечи к1а хьокху хан:

Дашо басе бирзи ....  (Кан)

 

                                                                Хууш ву со шело юй,

Лелабо ас бовха... .  (Куй)

 

Мох кхетийта, бераш.

Ас д1адоьллу....  (Кораш)

 

Керта бохьуш бецан ц1ов

   Асд1адоьллутхешан....  (Ков)

 

Со а хилла г1уллакх далла:

                                                        Цундела ас до дозалла.

                                                      Лойша суна аш цхьа к1ира

Басарш хьакха, тоха—  (Кира).

 

-Муьлха дешнаш   т1етуьйхи аша? Х1ун ду  церан  юкъара?

5. Сада1аран  миноташ.

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашкахь элпаш  к , К яздар.

(Уьн  т1е ,  тептарш  т1е  д1аяздо дешнаш).

Кати , Зака , Бикату , корта , карта , кад , кор.

-Д1адеша  и дешнаш. Муьлха дешнаш  яздина  даккхийчу  элпашца? Х1унда?

-Шина  декъа  декъа   и дешнаш. Муьлха дешнаш далий  аша хьалхарчу тобане? (Кати , Зака , Бикату).

-Муьлхачу билгалонашца  далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Уьш адамийн  ц1ераш ю).

- Муьлха дешнаш далий  аша хьалхарчу тобане? (Корта , карта, кад , кор).

-Муьлхачу билгалонашца  далийна аша  уьш цхьана  тобане? (Уьш  адамийн  ц1ераш яц).

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша?

·        Предложенеш язъяр.

-Д1аелла  абатан  66-г1а аг1о. Мила  ю х1ара ? (Йо1 ).

-Х1ун дира йо1а? (Йо1 едира).

-Х1ун ю аша  аьлларг? (Предложени).

-Стенах лаьтта  предложени ? (Дешнех).

-Муха йолайо предложени?  Х1ун  юьллу чаккхенга?

-Х1ара  мила ву? (К1ант).

-К1анта  х1ун дира? (К1ант ведира).

-Х1ара х1ун ю ? (Цхьогал).

-Цхьогало х1ун  дира  дедира? (Цхьогал  дедира).

-Д1аязъе   шиъ предложени.

Йо1  едира. К1ант ведира.

-Муха олу  к1антах лаьцна? (Ведира).

-Йо1ах? (Едира).

-Бераш , дагахь латтаде  :  адамах лаьцна  ала  мегаш дац  йо1о , к1анто , нано, Зарао.Ала  деза  йо1а , к1анта , нанас ,дас, Зараа.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? Х1ун керланиг хии  шуна?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элп  девзира шуна ? Муьлха  аз билгалдо (К) элпо? Х1ун хаьа  шуна  (К)  озах  лаьцна?

8. Рефлекси.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша?

 

Конспект урока на тему "Элпаш К,к яздар", (1-ра класс).

    DOCX

Файл будет скачан в формате:

    DOCX

Автор материала

Батарова Зулпа Алиевна

Учитель

  • На сайте: 9 лет и 6 месяцев
  • Всего просмотров: 831567
  • Подписчики: 6
  • Всего материалов: 159
  • 831567
    просмотров
  • 159
    материалов
  • 6
    подписчиков

Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна.
Инфоурок является информационным посредником. Всю ответственность за опубликованные материалы несут пользователи, загрузившие материал на сайт. Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете на материал.

Другие материалы

Вам будут интересны эти курсы: