Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Къ,къ яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Къ,къ яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

53-г1а  урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха  а элпаш  къ , Къ».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а элпаш  къ , Къ  довзийтар.  Элпаш къ, Къ  дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш къ , Къ.  1емар ду элпаш къ , Къ  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто. Оцу планан рог1алла а ларъеш  йозанан  говзалла караерзо. Берашна  хуур ду  шайн  кхиамаш  бовза , царех пайдаэца. Шайн болх йоза дика 1емачу кепара  д1абахьа а хуур  ду берашна. 

·      Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доца жоьпаш дала. Хуур ду  шайн накъосташца къамел д1адахьа , воккхачуьнца г1иллакхехь бистхила.

·      Познавательни: берашна  девзар ду  шалха элпаш , хуур ду  уьш  яздеш  шина хьаьрках  пайдаэцна хилар. Берийн ойлаяр , тидам бар , метан говзалла, орфографически говзалла а  кхуьур ю берийн. Ойлаяр , тидам бар алсамдер ду берийн.

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина  д1адахьа.

 Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Х1етал-метал хаьийла шуна:

Кх элпана йиша ду со,

К элпана ду гергара,

Цуьнчух тера меже ю сан,

Хьайна довза , каро лаахь.

Къегаш ду со денна малхах ,

Дохку суьрташ  къоламца,

До ас къамел берашца ,

Машарехь къийсам

Иза а бу сан кхиам.

Ала бераш , дийца сунна
Къега , къамел ,къийсамца
Къолам , къилба дешнашца
Хьалха хеза  муьлха аз,

Шун лере  ас кхачадо?

-Муьлха аз ду х1етал-метал т1ехь дуьйцуш дерг? (Къ).

-Кхин муьлха масалаш далор  дара  аша  (КЪ)  аз  хьалхахь долуш? (Къам , къорза).

-Даладе масалш аз (Къ) дешан  юккъехь долуш. (Мукъам, экъа).

-Даладе масалш аз (Къ) дешан чаккхенгахь болуш. (Мукъ , букъ).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (КЪ)  йозанехь? (Къ).

 

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вайн  т1едахкарш  ду  маьлхан суьрташ чохь. Х1ораммо  схьаэца  маьлхан суьрташ . Билгалдаккха :х1ун болх бийр бу аша? Шайн белхан план х1отта е.

-Бераш , вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш къ,Къ. Шуна 1емар ду хаза а , нийса а элпаш къ ,Къ ша-ша яздан , дешнашкахь а , дешдакъошкахь а кхечу элпех хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш къ , Къ  довзийтар , яздар.

·        Йозанан жима а , доккха а элпаш къ , Къ  довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (Къ ,къ).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп къ, доккха  элп  Къ.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  къ? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Къ? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Элп Къ  яздеш  масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина хьаьрках К, Ъ).

-Элп Къ   цхьалха ду  я шалха ду? (Шалха).

·        Фонетически зарядка.

-Къиг муха ека?  («Къакъ-къакъ-къакь»)

-Пхьид муха ека?  («Ва-къа-къа-къа»)

-Муьлха аз хеза ? (Къ).

-Аз (Къ) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

·        Йозанан  жима элп къ  яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп къ. Уьн т1ехь а гойту элп  къ  муха яздан  деза).

къ къ къ къ къ къ къ къ къ къ къ къ къ къ къ

-Д1аязде  и элпаш  .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Дешдакъохкахь  элп къ яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь  элп къ, кхечу элпех муха хотта деза.

къа  къо къу къи къе

-Д1адеша  дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Тидам бе , уггаре хаза  яздинчу  дешдакъошна  буха  сиз хьакха. 

5. Сада1аран миноташ.

Куьйгаш хаьнт1е х1иттаде,

Когаш т1ехь шу кхиссало:  (5-8-зза)

Аьтту aгlop хьаьвзаш,  (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

Аьрру aгlop хьаьвзаш  (5-8-зза)

Кхисса-кхиссало.

6. Дешдакъошкахь  а , дешнашкахь  а  йозанан жима элп къ яздар.

·        Дешдакъойх дешнаш   х1иттор.

 (Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп къ кхечу элпех муха хотта   деза)

къа къо къу кхи къе

-Д1адеша  дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Бераш, хьанна карор дара КЪА дешдакъа хьалха долуш дош? (КЪамел).

-Дешдакъа КЪО хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Къолам).

-Дешдакъа  КЪЕ  хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Къена).

                                                           

·        Йозанан жима элп  къ дешнашкахь яздар.

(Хьехархочо  уьн т1ехь гойту  муха хотта  деза  элп къ дешнашкахь кхечу  элпех).

Къолам , мукъам , къамел , къилба, мукъ, экъа.

-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдакъа ду  КЪОЛАМ дешан? МУКЪАМ?

-Д1аязде дешнаш.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        КЪОЛАМ дешан схема х1оттор.

                                          Йоза 1амош баккха толам,

Караэций боккха... .  (Къолам)

-Муьлха дош ду т1етоьхнариг? (Къолам).

-Маса дешдакъа ду КЪОЛАМ дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара  дешдакъа? (Къо).

-Шолг1аниг? (Лам).

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Къ).

-Аз (Къ) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (О).

-Аз (О)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а  аз? (Л).

-Аз (Л)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а  аз? (А).

-Аз (А)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а  аз? (М).

-Аз (М)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса аз  ду КЪОЛАМ дешан? (Пхиъ).

-Маса элп ду? (Пхиъ).

-Маса еък1ов хила еза  схемин? (Пхиъ).

-Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй  дашехь? Муьлханаш ду уьш? (Ду КЪО ,ЛА).

-Муха билгалдоху уьш  схеманехь? (Си бос болчу еък1овшца).

-Хьан юьллур яра уьн т1ехь схема. Хьан билгалдохур  дара хьалхарчу дешдекъера   аьзнийн  цхьанаэдаларш? Шолг1ачу дешдекъера аьзнийн цхьанаэдаларш? Хьан гойтур дара къевлина дешдакъа? (ЛАМ)

-Диллина дешдакъа? (КЪО).

        Ц1

С

         Ц1

С

 

С

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муьлха  элпаш  девзи шуна? (Йозанан жима а , доккха  аэлпаш къ,КЪ).

-Муьлха аз билгалдо къ  элпо? (Къ).

-Аз (къ) мукъа ду я мукъаза ду? Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Къ)?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

54-г1а  урок.

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха  а элпаш  къ , Къ».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а элпаш  къ , Къ кхин д1а а  довзийтар.  Элпаш къ, Къ  дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш къ , Къ.  1емар ду элпаш къ , Къ  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду шайн белхан план х1отто. Оцу планан рог1алла а ларъеш  йозанан  говзалла караерзо. Берашна  хуур ду  шайн  кхиамаш  бовза , царех пайдаэца. Шайн болх йоза дика 1емачу кепара  д1абахьа а хуур  ду берашна. 

·      Коммуникативни: берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна  дуьззина  я доца жоьпаш дала. Хуур ду  шайн накъосташца къамел д1адахьа , воккхачуьнца г1иллакхехь бистхила.

·      Познавательни: берашна  девзар ду  шалха элпаш , хуур ду  уьш  яздеш  шина хьаьрках  пайдаэцна хилар. Берийн ойлаяр , тидам бар , метан говзалла, орфографически говзалла а  кхуьур ю берийн. Ойлаяр , тидам бар алсамдер ду берийн.

3. Личностни: берашна 1емар ду дешаран к1оргера чулацам , цуьнан мехаллах кхета. 1емар ду шайн амалехь дешар коьртачу г1уллаккхех цхьаъ дина  д1адахьа.

 Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Нисде  кагделла дош!»

-Бераш , Жоьра-бабас кагдина уггаре   оьшуш долу дош. Вайна юккъехь гергарло , г1иллакх хир дай , нагахь санна  и дош вайна  ца хотталахь. Жоьра –баба самукъадаьлла ю и вайна  нислур дац  моьттуш. Шуна нислур дуй иза? (Ду)

ХЕКЪИНТАМ

-Муьлха дош ду  иза? (Толлу х1ора дешдакъа хьаха а дуьллуш , дош нисдаллалц).(Къинхетам)

-Х1ун ю къинхетам? (Берийн жоьпаш).

Хьуьнхара  олхазар

Жима к1орни дайна,

И гаре са гатдеш ,

Хьоьга и кхайкхахь ,

Хьо цунна г1оьнна

Хьо кийча велахь,

Хьаалахь сан накъост,

Къинхетамца хьо вуйла.

   Жима экха  лазийна

Чевнаша  1ийжош,

        Г1ийлачу  б1аьргашца

Хьога схьаьжахь,
Хьо ведда орцаха

Ваха кийча велахь,

Хаалахь, диканиг,

          Къинхетамца хьо вуйла!

Акхарой , олхазарш,

Шовданаш , лаьмнаш
И сийна  аренаш ,

Бос хаза полларчий ,

И сийна стигла,

И дашо малх,

И дерриге 1алам
Лардан , деза а , цуьнан доладан,

Хьо кийча велахь,

Хаалахь ,сан накъост ,

Къинхетамца хьо вуйла!

-Муха хила веза къинхетам  болу стаг? (Оьшучохь орцахвала кийча хила веза).

-Шу дуй  къинхетаме? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , Жоьра –баба  оцу г1уллакх т1ехь эшийна  аша. Амма  цо вайн доттаг1ий  дийнаташ , олхазарш  а  бозбанчалла а лелийна  т1улгаш бина царех. (Гойту  суьрташ). Цо дина бозбанчалла вайга дохалур ду  , нагахь санна  , цо  дела т1едахкарш  вайга кхочушдалур делахь. Шуна лаьий  1аламна г1о дан? Таханлера вайн т1едахкарш  ду  къоламаш т1е яздина. Схьаэца цхьацца  къолам . Дийца: х1ун болх бийр бу аша тахана? Аша нийса  ца алахь  бозбанчалла д1адер дац.

Бераш , вайна тахана  кхин д1а а девзар ду  йозанан жим а , доккха элпаш  къ ,Къ, Шуна 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а  кхечу элпашца хоьттина а яздан.

4. Йозанан доккха  элп Къ яздар.

-Бераш , Жоьра –баба тешна ю х1ара  элп шоьга хаза язлур дац бохуш. Иза ч1ога самукъадаьлла ю цунах. Кхочушдалур дуй шуьга иза? Х1ара т1едиллар кхочушдахь  вайга дасталур ду  олхазаршна лелийна бозбанчалла.

(Хьехархочо  уьн т1ехь гойту муха яздан деза  йозанан доккха элп Къ).

Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ Къ

-Д1аязде элпаш шайн тептарш т1е. Уггаре хаза яздина элпашан  т1ехула т1адамаш дахка.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? Хьан гулбина  къоламаш? Х1инца и къоламаш а эцна аша  уьш Жоьра –бабина гоанаха  д1алетор ду  уьн т1е. Цхьа бозбанчалла даьсти вай.  Амма т1аьхь-таьхьа луш долу  т1едахкарш хала ду  цуьнан. Тидаме хила. Вайх тешна ду  1алам.

·        Дешдакъошкахь  йозанан доккъа  элп Къ яздар.

(Хьехархочо уьн т1ехь гойту  :муха  хота деза  йозанан доккха элп Къ  кхечу элпех дешдакъошкахь).

Къа  Къо Къу Къи Къе

-Д1адеша и дешдакъош. Хьан т1едузар дара  дешдакъа КЪА? (Къам).

-Хьан т1едузар дара дешдакъа КЪО? (Къолам).

-Хьан т1едузар дара дешдакъа КЪИ? (Къиг).

-Хьан т1едузар дара дешдакъа КЪЕ? (Къена).

-Д1аязде и дешдакъош шайн тептарш т1е. Диц ма де : аша иза дика яздаре терра бен вайна бозбанчалла дасталур дац.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан ницкъ кхечи дийнаташна г1о дан? Жоьра-бабина шолг1а го бийр бу вай аша даьхначу  къоламашца. Гуш дуй шуна: иза кхоьлина ю , кхераелла  ша  оьшуш юй  хуш.

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

·        Ловзар : «Х1ума довза луург»»

-Бераш , х1инцалера  т1едахкарш  хала ду. Жоьра-бабас шуна хаттарш кечдина , шуна гонахара х1ума девза я  ца девза  хьажа.

Багахь буьйцу мотт кхечу кепара? (Къамел).

Ирча, инзаре доккха деана вон? (Къемат).

Эмкалийн тоба? (Къепал).

Юккъехь даш долу йозанан гирс? (Къолам).

Х1ума лачкъош верг?(Къу).

-Ма дика хии шуна иза. Схьаэца шайн къоламаш. Жоьра-бабина кхоалг1а го бе.

·        Дешнашкахь йозанан доккха элп  Къ яздар.

-Бераш , Жоьра-баба  тешна  ю вайга и т1едиллар  кхочуш далур дац аьлла. Вай и кхочуш ца дахь , цунна  гонахара  вай бина цхьа го каглур бу. Т1аккха и кхин а ч1ога  онда  хир ю. Лерина хьовса. (Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха хота деза йозанан доккха элп Къ  дешнашкахь  кхечу элпех).

Къосам , Къуддус , Мукъайс.

-Д1адеша и дешнаш. Х1унда  яздина и дешнаш даккхийчу элпашца?

-Д1аязде и дешнаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бехи къоламаш? Д1абог1а уьш  Жоьпа-бабина гонаха.

·        КЪАМЕЛ дешан схема х1оттор.

-Х1ун ю  юьйцург?

Баккха лаахь хьайна мел,

Динах лаций де ....  (Къамел)

-Маса дешдакъа ду къамел дешан? (Шиъ).

 

-Муьлханиг  ду хьалхара дешдакъа? (Къа).

-Шолг1аниг? (Мел).

-Муьлханиг ду хьалхара аз (Къ).

-Аз (Къ)  мукъа ду  я  мукъза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а  аз? (А).

-Аз (А)  мукъа  ду я мукъза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду кхоалг1а  аз? (М).

-Аз (М)  мукъа  ду я мукъза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду доьалг1а  аз? (Э).

-Аз (Э)  мукъа  ду я мукъза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг ду пхоьалг1а  аз? (Л).

-Аз (Л)  мукъа  ду я мукъза ду? (Мукъаза).

-Маса аз ду КЪАМЕЛ дашехь? (Пхиъ).

-Маса элп ду? (Пхиъ).

-Маса еък1ов  хила еза  вайн схемин? (Пхиъ).

-Аьзнийн  цхьанаэдаларш дуй дашехь? (Къа , ме).

-Йилла схема. Гайта  дешдакъа КЪА, гайта дешдакъа МЕЛ. Муьлханиг  ду къевлина  дешдакъа? (Мел).

-Даьстина? (Къа).

       Ц1

С

       Ц1

С

 

С

-Х1ун кхиамаш  бехи аша? Хьан дехи къоламш? Билла кхин  цхьа го Жоьра-баба  ара ца ялийта.

·        Т1адамийн метана  оьшу элп диллар

(Карточка шло берашка).

-Бераш , шоьга деллачу  карточкаш т1ера  дешнийн цхьацца  элп дайна. Шуна и каро деза . Лерина  д1адеша дешнаш. Оьшу элпаш дахка дешнашка.

Т1адамийн метана  оьшу  элпаш дахка.

 

Моьл...а, бу...арш, до...ар, ...ехо,

 ...онза, ...аьр...а, ...овсам,

...ам...арг, ло...ам, хье...ал,

му...ам, ...еда, му..., ба...о.

 

 

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Билла кхин цхьа го.

7. Жам1 дар.

Чакхъяккъа сан  ойла:

Къам , къиг , къамел дешнашна хьалхахь хеза аз …(КЪ).

Аз (Къ)  ца лакхало , цундела  иза  ду …. (Мукъаза).

Аз (Къ) йозанехь билгалдо … (Къ,къ) элпашца.

8.Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

-Бераш , вай эшийна Жоьра –баба. Цо лелийна  бозбанчалла д1а а даьлла , денделла  1алаехь мел долу х1ума. Жоьра-баба йоьлхуш йисина , аша го д1а а къевлина. Шу къинхетаме бераш ду.

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Къ,къ яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 2 месяца

Копирайтер

Получите профессию

Копирайтер

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 661 789 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Презентация по географии на тему: " Практическая работа №3 Определение типов климата по предложенным климатограмм. 7 класс.
  • Учебник: «География в 2-х частях (изд. "Русское слово")», Домогацких Е.М., Алексеевский Н.И.
  • Тема: § 9. Климатообразующие факторы
  • 01.10.2020
  • 1732
  • 10
«География в 2-х частях (изд.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 1750
    • DOCX 28.3 кбайт
    • 174 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 5 месяцев
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 662075
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Менеджер по туризму

Менеджер по туризму

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

Технологии географического образования

Педагог в сфере географического образования (учитель географии)

300 ч. — 1200 ч.

от 7900 руб. от 3650 руб.
Подать заявку О курсе

Курс повышения квалификации

Методика обучения географии для детей с ОВЗ с использованием туристических приемов

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Этот курс уже прошли 63 человека

Курс повышения квалификации

Организация проектно-исследовательской деятельности в ходе изучения географии в условиях реализации ФГОС

72 ч. — 180 ч.

от 2200 руб. от 1100 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 40 человек из 25 регионов
  • Этот курс уже прошли 430 человек

Мини-курс

Современные направления в архитектуре

6 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Эффективные стратегии продаж: воронка, агрегаторы и мессенджеры

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Стратегии B2C маркетинга: от анализа до взаимодействия с клиентом

8 ч.

1180 руб. 590 руб.
Подать заявку О курсе