12-г1а
урок.
Урокан ц1е:
«Йозанан жима а , доккха а элп м , М яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш м , М довзийтар. Уьш яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш
м , М. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду
дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех
пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна
1емар ду шайна оьшург хатта.
·
Познавательни: берашна
1емар ду зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш
шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Керла дош девзар ду (Пе).
3.
Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг
ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
·
М элпах лаьцна байт 1амор.
Стенах ер аду элп?
Вовшийн юххехь
Ши стаг лаьтта.
Куьйгаш леци,
Пе хили,
М – элпах тера хили.
(Хьехархочо д1ааларца дагахь1амайо байт).
-Стенах лаьцна ю байт? (М элпах).
-Муьлха дош ду шуна ца девзарг? (Пе).
-Пе тоьхна олу ши адам аг1ор дирзина
д1ах1оьттича.
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вайна девзар ду
йозанан жима а , доккха а элпаш м,М).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш , вай тахана дуур ду б1араш. Шуна
дезий б1араш? Цхьацца б1ара схьа а оьцуш, шаьш бен болу болх билгалбаккха.
Х1ун кхиамаш баха дагахь душ у?
·
Суна девзар ду керла элп.
·
Суна 1емар ду и д1аяздан.
·
Суна хуур ду хьехархочун хаттаршан жоьпаш дала.
-Тахана вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а
элпаш м , М. 1емар ду и элпаш д1аяздан.
4. Йозанан доккха а , жима а элпаш м , М
довзийтар.
-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан
жима а , доккха а элпаш м,М. Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).
-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а
элпаш м , М ? Схьагайта.
-Х1ара йозанан жима элп м ду,х1ара
йозанан доккха элп М ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан
жима а , доккха а элпаш м,М).
·
Йозанан жима элп м яздар.
-Т1адам
буьллу , мог1анна юккъе, охьавог1у лахарчу мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь
хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарг а юьллуш
охьавог1у юха лахарчу мог1анна т1е кхаччалц, хьаьвзаш хьалавог1у . Юха а
лечкъарг а юьллуш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц.
Хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз яздо.
·
Хьехархочо д1ааларца ,бераша д1аяздо элпаш.
(Хьехархочо д1ааларца ,бераша д1аяздо элпаш).
-Уггара хаза яздинчу элпана т1ехула т1адамаш
дахка.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?(Суна 1еми йозанан жима
элп яздан).
·
Ловзар : «Чакхдаккха алар».
-Аса д1аэр ду цхьацца х1уманаша
деш дерг, аша чакхдаккха сан алар.
Говр терса, ткъа атто .... («MIy-у» олу)
Ж1аьла лета, ткъа цициго .... («М1аьв» олу)
Пийлачу ц1аро йотту, ткъа чехкачу ц!аро ....
(Морцу)
5. Сада1аран
миноташ.
Мархаш дог1анах яссало:
- Дола, дог1а, дола!
Чуьппалгаш а кхиссало,
- Мала, к1а, ахь мала.
К1ено охьатаъ1ий,
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у, дог1у, дог1у.
6. Йозанан доккха
элп М яздар.
·
Хьехархочо
уьн т1ехь гойту М элп яздар.
-Моганна юккъе т1адам буьллу. Лахарчу мог1анна
т1е кхаччалц охьавог1у ,кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна
,г1оьнан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарг юьллуш охьавог1у лахарчу мог1анна
т1е кхаччалц . Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду . Юха лечкъарг а юьллуш охьавог1у
лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Хьаьвзаш мог1анна юккъе кхаччалц сиз
хьакха.
-Д1аязбе шайн тептарш
т1ера мог1анаш.
·
МАМА дешан схема х1оттор.
-Х1инца шуна хаа деза
д1алечкхина дош каро.
-Муьлха дош ду иза?( МАМА).
-Маса дешдакъа ду МАМА дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара? (МА).
-Шолг1аниг? (МА).
-Маса элп ду масса дашехь? (Диъ).
-Маса аз ду? (Диъ).
-Маса еък1ов хила еза вайн схемин? (Шиъ)
-Х1унда? ( И дешдакъош диллина ду).
-Муха хила еза х1ора еък1ов? (Ши бос болуш).
(Бераша цхьацца уьн т1е а вог1уш бо болх).
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи шуна тахана? (Тхуна девзи элп
Мм).
-Муьлха аз билгадо Мм элпо? (Аз(М)).
-Элп Мм мукъа ду , я мукъаза ду? (Мукъаза).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Хьан гулди уггара дукха б1араш?
13-г1а
урок.
Урокан ц1е:
«Йозанан жима элп м яздар».
1алашо: йозанан жима элп м
кхин д1а а довзийтар. Йозанан жима элп м юкъахь а долуш дешдакъош
,дешнаш яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна кхин д1а девзар ду йозанан жима элп м
. 1емар ду элп м дешан юьххьехь , юккъехь кхечу
элпашца хотта .
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду
дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех
пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна
1емар ду шайна оьшург хатта.
·
Познавательни: берашна
1емар ду ду эделла дешнашна юкъара дешнаш нисдан. Берийн алсамдер ду тидаме
хилар ,ойлаяр. Хуур ду адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язъеш хилар.
3.
Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Хазаниг
ган и тидаме а лоцуш каллиграфин хаза тоян 1емар ду.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ребус таллар.
-Бераш , хьанна девза
вайна дерриге элпаш. Вай цхьаний толлр ю ребус. Цу юкъахь ю йо1ан ц1е.
Хьалхара элп ду М .
-Муьлха ц1е ю иза? (МАЬЛХАЬЗНИ).
-Муьлха аз ду цу дешан юьххьехь? (Аз (М)).
-Кхин муьлха дешнаш хаьа шуна хьалхахь аз (М)
долуш? (МАЛХ, МОВЛА).
-Аз (М) муьлхачу элпаца билгалдо йозанехь? (М
элпаца).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай тахана 1амор
ду элп м яздан).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш
, вай тахана лахьор ю конфеташ. Шуна езий конфеташ? Х1ора конфета т1ехь
яздина т1едиллар ду. Шайна далур дерг схьакъастаде , шайн белхан план
х1оттае.
(Бераша
план х1отта йо).
-Вай
тахана юха а 1амор ду йозанан жима элп м яздан. 1емар
ду элп м юкъахь долуш дешдакъош х1итто , уьш яздан. Дешнаш яздан а 1емар
ду вайна тахана.
4. Йозанан жима элп м яздар.
·
Хьехархочо д1ааларца д1аяздо элп м. (Хьехархочо
яздеш дерг муьлха элп ду ца дуьйцун, яздаран рог1алла юьйцу).
-Муьлха элп ду аша яздинарг? Муьлхачо яздина и
нийса?
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан
жима элп м яздан).
·
Элп м юкъахь долуш
дешдакъош кхоллар.
Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.
-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп а.
Муьлха дешдакъа хили? (МА).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп о.
Муьлха дешдакъа хили? (МО).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп у.
Муьлха дешдакъа хили? (МУ).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп м, т1ех1утту элп и.
Муьлха дешдакъа хили? (МИ).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош
яздан).
·
Эделла дешнаш юкъара дешнаш карор.
МИЛАМИ
-Д1адеша дош. Цу дашна юкъахь д1алечкъина
шиъ дош . Вайна уьш каро деза. (Берашна карадо дешнаш: мила, лами ).
5.
Сада1аран миноташ.
6. Дешнашкахь элп м яздар.
·
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
-Д1аязде дешнаш. Муьлха дош яздина доккхачу
элпаца? (Ама).
-Х1унда яздина АМА дош доккхачу элпаца? (Берийн
жоьпаш).
-АМА адаман ц1е ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу
элпашца язйо.
Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнаш яздан).
-Х1ун керланиг хиишуна? (Адамийн ц1ераш
даккхийчу элпашца яздан).
·
Ц1енааларш 1амор.
-Х1инца вай шуна дика 1амийта элп м
, ц1енааларш 1амор ду.
Ма - ма - ма - дуьхьал йола Ама.
My - му - му - ков д1аделла, бог1у му - у.
Ми - ми - ми - схьало соьга нами.
Мо - мо - мо - сох катуьйхи цхьаммо.
7. Жам1 дар.
- Муьлха элп яздира вай? (Элп Мм).
-Муьлха элп дайна дешнашкахь: ЛА…., ЛО…..
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Муьлхачарех дозалла до аша? Уггаре дукъа
конфеташ хьаьнгахь ю?
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.