61-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш оь , Оь довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а
яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп
а оь , Оь . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
хуур ду шайн белхан план х1отто , оцу планан рог1алла а ларъеш йозанан
кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн дешар кхиамаш дика хуьлучу аг1ор д1адахьа.
1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэеца , кхачамбацарш д1ататта.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна
оьшург хата, луург д1аала. Берашна хуур ду гергара дешнаш лаха.
·
Познавательни: берийн
алсамдер ду дешнаш довзар , тидаме хилар , меттан говзалла. Берашна девзар
ду керла дешнаш.
3.
Личностни: берашна луур ду нохчийн мотт дика 1амо. Шайн
амалехь диканиг , г1иллакхениг кхиор ду бераша.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ловзар: «Кагделла дош нисде!».
-Бераш, муьлханаш ду угаре оьшуш дика дешнаш?
(Г1иллакх, доттаг1алла, лерам).
-Шуна ца девзаш кхин а ду цхьаъ дика ,оьшуш дош.
Шуна и довзийта аса д1аяздинера уьн т1е. Амма иза каделлера , шуна
т1едиллина иза хоттар. Шу дика бераш ду аьлла.
Ла оьз
дан галл
-Муьлха дакъа х1оттор дара хьалха, вай ешаран
урокехь Оь элп 1амийна хилча? (Оь хьалхахь дерг-ОЬЗ).
-Муьлха дешдакъа х1оттор дара
шолг1а?Кхоалг1а?Доьалг1а?
-Муьлха дош ду иза? (Оьздангалла).
-Хьанна карор дара ОЬЗДАНГАЛЛА дешан гергара
дешнаш? (Оьзда, оьзданиг).
-Муьлханиг ду церан юкъара дакъа? (Оьзда).
-Х1ун ю оьздангалла? (Берийн жоьпаш).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш
, таханлера т1едахкарш ду шапталийн суьрташ ч1охь. Шуна дукха езий шапталш
? Цхьацца наьрс схьа а оьцуш шаьш бен болу болх билгалбаккха. Х1ун кхиамаш
бохур бу аша тахана?
-Вайна
тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь. 1емар
ду и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпашца хоьттина яздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь
довзийтар , яздар.
·
Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь довзийтар.
-
Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу урокехь? (оь , Оь).
-Схьагайта
шайгарчу элпаш юккъехь зорбанан жима элп оь, доккха элп Оь.
-Хьанна
девза йозанан жима элп оь? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Оь
? Схьагайта.
-И
ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)
-Маса
хьаьрках пайдаэцна элп Оь яздеш? (Шина хьаьрках).
-Муьлханаш
ю уьш? (О , ь).
-Элп
Оь цхьалха ду я шалха ду? (Шалха ду).
·
Фонетически зарядка.
-Легашкахь
хгума йисича х1ун до вай? («1оьхь-1оьхь-1оьхь»)
-Муьлха аз хеза ? (Оь).
-Аз
(Оь) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).
·
Йозанан жима элп оь яздар.
(Хьехархочо
тептарш т1ехь яздина хила деза элп оь. Уьн т1ехь а гойту элп уь
муха яздан деза).
оь оь оь оь
оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь оь
-Д1аязде элпаш шайн тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Дешдакъохкахь элп оь яздар.
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту йозанан жима элп оь
муха хота деза кхечу элпех дешнашкахь).
оьл оьр оьз
оьп
-Хьан т1едузар дара дешдакъа ОЬЛ? (Оьла).
-Дешдакъа ОЬР? (Оьрнаш).
-Дешдакъа ОЬЗ? (Оьзда).
-Дешдакъа ОЬПА? (Оьпа).
-Д1адеша
дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.
-Х1ун
кхиамаш бехира аша?
·
ОЬПА дешан схема х1оттор.
-Х1етал-метал хаьийла шуна:
Месала
ю,
амма
ча яц, аьхка ялта гулдеш лела,
1ай лаьтта буха юлу? (Оьпа)
-Х1ун ю иза? (Оьпа)..
-Маса дешдакъа ду ОЬПА дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара? (Оь)
-Шолг1а? (Па).
-Муьлханиг ду хьалхара аз ?(Оь).
-Аз (Оь) мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъа).
-Муьлханиг ду шолг1а аз? (П).
-Аз (П) мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъаза).
-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ?(А).
-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъа).
-Маса аз ду ОЬПА дашехь? Маса элп ду? Маса
еък1ов хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху
уьш схеми т1ехь?Йилла схема.
-Караде оцу схемина кхин а дешнаш:оьла,боьра.
5. Сада1аран миноташ.
Бераш
вовшийн куьйгаш а лоций,гуо а бой,д1ах1уьту. Цу гона юкъахьоьпа хелхайоккху,xlapa байташ а олуш
Оьпа , оьпа ,
оьпалиг
Хаза , жима
оьпалиг!
Яла хелха йолало,
Дег1 а нисдеш
Хьо йолало!
Айдеш
куьйгаш,ластош хьайн,
Вовшах
тоха,лардеш дайн.
Шаршош
экам,аьхна ког,
Ловзадо
хуш дилха дог.
Оьпа
, оьпа йолало,
Жиманиг
, хьо йолало,
Куьйгаш
вовшех дтета цо
Корта
ларбеш лестабо,
Когаш
тайна шаршабо,
Елакъежаш
йолало,
Бал
д1аберзош –кхоссало.
6. Йозанан
жима элп оь дешнашкахь яздар.
·
Дешнаш йозанан жима элп оь яздар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Доьла, оьрси,
боьра , оьпа,оьла.
-Д1адеша и дешнаш. Маса дешдакъа ду ОЬРСИ дашехь?
Муьлханиг ду хьалхара ? Шолг1а? (Иштта толлу важа дешнаш).
-Д1аязде и дешнаш тептарш т1е дешдакъошка а
доькъуш.
-Шина
тобане декъа и дешнаш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане?(Оьрси ,
оьпа, оьла).
-Муьлхачу
билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Царна хьалхахь элп оь ду).
-Муьлха
дешнаш далийна аша шолг1ачу чу тобане?(Доьла, боьра).
-Муьлхачу
билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Царна хьалхахь элп оь дац).
-Х1ун
кхиамаш бехи аша?
·
Предложенеш
язъяр.
Уьн
т1е язйо предложенеш.
Султанна
оьпа гира. Оьпанан когаш доций дара. Оьпано бахамна зулам до.
-Д1аеша хьалхара предложени. Маса дашах лаьтта
иза? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а? Кхоалг1а? Муха къастайо предложенеш
вовшех йозанехь? Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош?
7. Жам1 дар.
-Муьлха элпаш девзира шуна? (Йозанан жима а ,
доккха а элпаш оь, Оь).
-Оь элпо муьха аз билгалдо? (Оь)
-Аз (Оь) мукъа ду я мукъаза
ду?(Мукъа ду).
-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Оь).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехира аша?
62-г1а
урок.
Урокан ц1е: «
Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха
а элпаш оь , Оь кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а ,
дешдакъошкахь а яздан 1амор.
Кхочушдан
лерина жам1аш:
1
.Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а ,
доккха а элп а оь , Оь . 1емар ду уьш нийса а
,хаза а яздан.
2.
Метапредметни:
·
Регулятивни: берашна
хуур ду шайн белхан план х1отто , оцу планан рог1алла а ларъеш йозанан
кхиамаш баха. Берашна 1емар ду шайн дешар кхиамаш дика хуьлучу аг1ор д1адахьа.
1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэеца , кхачамбацарш д1ататта.
·
Коммуникативни: берашна
1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доца жоьпаш дала. 1емар ду шайна
оьшург хата, луург д1аала.
·
Познавательни: берийн
алсамдер ду дешнаш довзар , тидаме хилар , меттан говзалла. Берашна девзар
ду керла дешнаш.
3.
Личностни: берашна луур ду нохчийн мотт дика 1амо. Шайн
амалехь диканиг , г1иллакхениг кхиор ду бераша.
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
·
Ловзар: «Х1етал-металш».
Туьканахь
юхкуша йоцуш, цхьана а
заманчохь
ехча лур а йоцуш, нахана
юккъехь
эша а оьшушйолу х1ума?
(Г1иллакх-оьздангалла)
Месала
ю,
амма
ча яц,
аьхка
ялта гулдешлела, 1ай
лаьтта бухаюлу? (Оьпа)
-Х1ун ю уьш? (Оьздангалла, оьпа).
-Х1ун ду церан юкъара? (Царна юьххьехь хеза аз
(Оь)).
-Даладе масалаш кхин а аз (Оь) хьалхахь хезаш.
(Оьшу,оьрси , оьла).
-Даладе масалш аз (Оь) юккъехь хезаш. (Боьра ,
доьла, тоьла).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш
, таханлера т1едахкарш ду наьрсийн суьрташ ч1охь. Шуна дукха езий наьрсаш?
Цхьацца наьрс схьа а оьцуш шаьш бен болу болх билгалбаккха. Х1ун кхиамаш
бохур бу аша тахана?
-Вайна
тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь.
1емар ду и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпашца
хоьттина яздан.
4.
Йозанан жима а , доккха а элпаш оь , Оь яздар.
·
Йозанан жима элп оь д1аяздо тептарш т1е.
оь оь оь оь оь оь
оь оь оь оь оь оь оь оь оь
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Йозанан доккха элпаш Оь яздар.
(Хьехархочо уьн т1ехь гойту , муха яздан деза
йозанан доккха элп Оь ).
Оь Оь Оь Оь Оь Оь
Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь
-Д1аязде элп Оь тептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
Харжаман диктант.
-Бераш , уьн т1ехь долчу дешнашна юкъара
схьаязде Оь шайна юьххьехь дерш.
Оьзда, аьшкал , г1ала, оьла , оьпа ,оьрси, хьесап,
г1алг1а.
-Оь элпана буха сиз хьакха.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
·
ОЬЛА дешан схема х1оттор.
-Аса д1айоьшу йоца байт, аша т1етоха оьшу дош.
Йоккхуш
ву со сайна тоьла
Гулйина ас лаьттан ....
(Оьла)
-Х1ун ю оьла?
-Маса дешдакъа ду ОЬПА дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара? (Оь)
-Шолг1а? (Ла).
-Муьлханиг ду хьалхара аз ?(Оь).
-Аз (Оь) мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъа).
-Муьлханиг ду шолг1а аз? (Л).
-Аз (Л) мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъаза).
-Муьлханиг ду кхоалг1а аз ?(А).
-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду?
(Мукъа).
-Маса аз ду ОЬЛА дашехь? Маса элп ду? Маса
еък1ов хила еза схемин? Аьзнийн цхьанаэдаларш дуй дашехь? Муха билгалдоху
уьш схеми т1ехь?Йилла схема.
5. Сада1аран миноташ.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
·
Предложенеш язъяр.
Уьн т1е д1аязйо предложенеш.
Тхан доьзал боккха бу. Сан да
заводехь болх беш ву.
Нанас лоьралла леладо.
-Д1аеша хьалхара предложении. Шолг1аниг,
кхоалг1аниг. Маса дашах лаьтта хьалхара предложени?Муьлханиг ду хьалхара дош?
Шолг1а? Кхоалг1а? Доьалг1а?
-Д1аязъе предложенеш шайн тептарш т1е.
·
Жима проект яр.
Бераш, вай х1инца жима проект йийр ю. Аша шайна
Оь элпах лаьцна хаьарг шаьш урокехь болх ма бара д1анисде кехат т1ехь.
-Дуьххьара муха девзира вайна аз (Оь)?
(Суьрташца болх беш).
-Муьлха суьрташ оьшу вайна ? (Оьпанан, оьланан).
-Д1алата де уьш. Оьпа , оьла аьлча муьлха аз
хеза ? Аз буха яздо? (Къовларш юккъе).
-Д1аязде. Х1ун бос хила беза цуьнан? (Ц1ен).
-Х1унда? (Мукъа аз ду).
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (оь) ? (Оь элпаца).
-Муьлха элпаш яздо книги т1ехь? (Зорбанан).
-Тептарш т1ехь? (Йозанан).
-Д1аязде уьш проект т1е.
-Хьанна евза байт Оь элпах лаьцна? Д1аязъе .
-Хьанна хаьа х1етал-металш, кроссвордаш? Х1итта е
уьш.
-Хьан дуьйцур дара шеен балхах лаьцна?
7. Жам1 дар.
-Чакхъяккха сан ойла:
Оьла ,оьпа , оьрси дешнашкахь хеза аз ….(Оь).
-Аз (Оь) олуш багахула х1аваъ парг1ат арадолу,
цундела иза ду …(мукъа).
-Аз (Оь) йозанехь билгалдо жима , доккха а
элпашца..(оь, Оь).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.