Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Р,р яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Р,р яздар", (1-ра класс).

Скачать материал

16-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  р , Р  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  р , Р  довзийтар. Уьш  яздан  1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш  р , Р. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн  белхан план х1отто. Хуур ду  шайн  планаца  болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам  латто.  Берашна  1емар ду  шайн кхиамаш  ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина  , я дуьзаза  жоьпаш  дала. Берашна 1емар ду  шайна  оьшург хатта.  Берашна хуур ду  шайн кхиамех  шайна хетарг д1аала.

·        Познавательни:  Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна  1емар т1е а ца хьовсуш хьехархочо  д1ааларца  элпаш яздан, уьш довза.

3. Личностни: берийн алсамдер ду  дешаре лаам.  Шайн болх  гуттара  дика хилийта 1емар ду.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Р  элпах  лаьцна  байт 1амор.

-Стенах тера ду элп?

Диг ахь ира  х1оттаде,

Т1аккха дикка ти дамбе:

Девзий хьуна лаьтташ дерг?

 Диг ма дац и, ду элп  Р.

(Хьехархочо  д1аешарца  1амайо  бераша  байт).

-Стенах  лаьцна ю и байт ? (Р элпах).

-Стенах тер аду  бах  элп Р?  (Дагарх  тера  ду).

-Х1ун 1амор ду  вай  тахана? (Вайна  девзар  ду  йозанан  жима  а , доккха а элпаш  р,Р).

3.  1алашо йовзийтар.

-Бераш  , вайна  тахана  седарчий деана . Цу  седарчашна т1ехь яздина ду  т1едахкарш.  Шайна  деззачул  схьаэца  седарчий.  Оцу т1ера т1едиллинарг  кхочушдинчунна  дуьсур ду  уьш.

(Бераша  седарчашна  т1ера  т1едахкаршка а хьовсуш  шайн белхан  план  х1отта йо).

-Х1ун  кхиамаш  бохур бу  аша  тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна  тахана  девза девзар ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш р, Р. 1емар  ду  нийса а , хаза а и элпаш яздан.  1емарду  йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р дешдакъошкахь  яздан.

 4. Йозанан жима  а , доккха а элпаш  с,С  довзийтар ,яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара  схьахаржа  зорбанан жима а , доккха а элпаш  р , Р . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна  йозанан  доккха а ,жима а  элпаш  р ,Р  ? Схьагайта.

-Х1ара  йозанан жима элп  р ду,х1ара  йозанан доккха элп   Р ду.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Суна девзи  йозанан жима  а , доккха а элпаш р , Р).

·        Йозанан  жима  элп   р   яздар.

(Хьехархочо  уьн   т1ехь  гойту  элп р  яздан).

-Т1адам буьллу  лакхарчу белхан мог1анна  т1е , сиз хьокху  лахарчу белхан мог1анна , г1оьнан  мог1анна  юккъе кхаччалц. Лечкъарг  т1ехула  хьалавог1у  лахкрчу  белхан мог1анна  т1е  кхочуш , мог1анан  кхоалг1а  дакъа  дисинчохь   гу  буьллу. Гу т1ехула  чувог1у  лахарчу  белхан мог1анна  т1е  кхочуш  техкар юьллуш  хьалавоьду  белхан мог1анна  юкъа  кхаччалц.

·        Тидаме  хилар кхиор.

(Хьехархочо  ша  д1ааларца  яздойту  берашка  кхоъ  элп р . Бераша  шаьш  толлу нийса яздина  хилар.)

·        Тептарш  т1ехь болх  бар. Йозанан жима элп р яздар.

-Х1ун   кхиамаш  бехи аша? (Суна 1еми  йозанан  жима элп  р яздан).

·        Шарада .

-Бераш , вай жима  са а до1уш  шарадаш толлур ду. Шарадашкахь  довза деза къайлаха  долу  дош. Цхьа элп  хийцийча карадо иза.

-Цхьана элпа чохь д1алевчкъина дешнаш схьалаха.

Хаза хьожа яржош,

Керт сов къагаеш,

Кхиадо со лардеш,

Эшахь, стоьл т1е х1иттош.

Хь элпаца беша додахь,

Т1ема дер ду со.  (Роза - хьоза)

-Х1ун ю  уьйтехь хаза хьожа а йолуш кхиош ерг? (Роза).

-РОЗА  дашера  муьлха  элп хийо деза ? (Р элп  хийцадо Хь  элпаца).

-Муьлха дош хили? (Хьоза).

·        Йозанан доккха элп Р яздар.

(Хьехархочо  уьн т1ехь гойту  Р элпан  яздар).

Т1адам  буьллу  лакхарчу белхан  мог1анна ,  г1оьнан  мог1анна  юккъе. Охьавог1у  лахарчу белхан мог1анна  т1е кхочуш  техкарг юьллуш хьалавоьду  тасалург юьллуш.  Юха  т1адам буьллу  лакхарчу белхан мог1анна  т1е аьтту  аг1ор  хьаьвзаш  хьалавоьду, юха  аьрру  аг1ор д1авоьрзу , хьаьвзаш  т1евог1у  лакхарчу белхан мог1анна.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Тхуна  1еми  йозанан доккха элп  Р  яздан).

5. Сада1аран миноташ.

Сурт  дилларан урокана.

Тахана оха суьрташ дехки,

П1елгаш жимма к1аддели.

К1еззиг вай уьш ластор ду,

Юха а суьрташ дох кур ду.

Когаш - цхьаьна, когаш – д1асхьа,

Вай чутуху боккха хьостам.

·        (Бераша меллаша шайн куьйгаш хьаладохуьйту, ластадо, когаш ту ху.)

6. Йозанан  жима   а , доккха а элпаш  р , Р  юкъахь долуш дешдакъош кхоллар , уьш д1аяздар.

Хьехархочо уьн т1ехь  яздеш гойту.

-Д1аяздо элп Р , т1ех1утту  элп  а. Муьлха дешдакъа  хили? (РА).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту  элп  о. Муьлха дешдакъа  хили? (РО).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту  элп  у. Муьлха дешдакъа  хили? (РУ).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Д1аяздо элп Р, т1ех1утту  элп  и. Муьлха дешдакъа  хили? (РИ).

(Дешдакъош яздо  кегий , даккхий  шина тайпана  элпашца х1иттош).

-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна  1еми дешдакъош яздан).

7. Жам1  дар.

-Муьлха элпаш  язди аша? (Йозанан жима а , доккха а элпаш р ,Р язди оха).

8.  Рефлекси .

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан гулди уггар  дукха седарчий?

17-г1а  урок.

Урокан ц1е: « Йозанан  жима а , доккха а элпаш  р , Р  яздар».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а  элпаш  р , Р кхин д1а а  довзийтар. Уьш  нийса яздарах долу хаамаш  шорбар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а  девзар ду йозанан  жима а , доккха а элпаш  р , Р. 1емар ду  уьш  нийса  а ,хаза а яздан дешнашкахь.

2.  Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду  шайн  белхан план х1отто. Хуур ду  шайн  планаца  болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам  латто.  Берашна  1емар ду  шайн кхиамаш  ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина  , я дуьзаза  жоьпаш  дала. Берашна 1емар ду  шайна  оьшург хатта.  Берашна хуур ду  шайн кхиамех  шайна хетарг д1аала.

·        Познавательни:  Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна  1емар ду дийцар х1отто. Дешнийн схеманаш а х1иттор ю бераша. Берашна  девзар ду керла дош  рема. Берашна хуур ду предложени х1ун ю.  1емар ду  предложении  дешнех  къасто. Берашна хуур ду предложении доккхачу элпаца йолор , чаккхенгахь т1адам  биллар.

3. Личностни: берийн алсамдер ду  дешаре лаам.  Шайн болх  гуттара  дика хилийта 1емар ду.

            Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Дог1у дош ала

-Аса д1айоьшу  йоца  байташ . Со  сецча    т1етоха  дог1уш  долу  цхьа дош.

Хила лаахь дег1ехь ницкъ,

Доккхуш хила шортта.... (Рицкъ).

 

Велахь партал, вацахь сема,

 Йодур ю хьан говрийн .... (Рема).

 

Денош хоьрцуш йоьду зама,

Тишлуш, корехь лаьтта.... (Рама).

 

Юьхь д1аюьлуш, ц1андеш хьаж,

1аьрбис ларйо дийнан... . (Раж).

 

Тхан уьйт1ара мокха г1аз

Иоду, бетташ когаш.... (Раз).

 

-Муьлха  дешнаш  туьйхи  аша  т1е? (Раз , раж , рама , рема , рицкъ).

-Муьлха дош  ду  шуна  ца девзаш? (Рема).

-Рема –иза  дуккха  цхьана  д1алаьхкина говраш ю.

-Х1ун  ду  аша  т1етоьхначу  дешнийн  юкъара? (Царна  юьххьехь хеза  аз (Р)).

-Йозанехь муьлхачу  элпаца  билгалдо аз (Р)?  (Рр элпаца).

-Х1ун  1амор ду  вай  тахана?  (Вай  1амор ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш  р, Р  яздан).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш  , вайна  тахана  седарчий деана . Цу  седарчашна т1ехь яздина ду  т1едахкарш.  Шайна  деззачул  схьаэца  седарчий.  Оцу т1ера т1едиллинарг  кхочушдинчунна  дуьсур ду  уьш.

(Бераша  седарчашна  т1ера  т1едахкаршка а хьовсуш  шайн белхан  план  х1отта йо).

-Х1ун  кхиамаш  бохур бу  аша  тахана? (Берийн жоьпаш).

-Вайна  тахана  кхин девза девзар ду  йозанан  жима а , доккха а элпаш р, Р. 1емар  ду  нийса а , хаза а и элпаш яздан.  1емарду  йозанан жима а , доккха а элпаш р , Р дешнашкахь яздан. 1емар ду  предложенеш  язъян.

4. Йозанан  жима а , доккха а элпаш  яздар.

·        Тептарш  т1ехь д1аязде  элпаш.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Оха  йозанан  жима а , докха а элпаш язди).

·        Ч1АРА  дешан  схема х1оттор.

-Х1ара х1ун ю? (Ч1ара).

-Маса  дешдакъа ду  Ч1АРА  дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Ч1А).

-Шолг1аниг? ( РА).

-Оцу дешдакъошкахь аьзнийн  цхьанаэдаларш дуй ? (Ду).

-Муьлхачу  дешдекъехь ду? (Шина а дешдекъехь ду).

-Схеми т1ехь муха билгалдоху  иштта  аьзнийн  цхьанаэдаларш? (Церан   еък1овш  ши бос  болуш хуьлу).

-Муьлха  аз ду  Ч1Ч1АРА дашехь хьалхара? (Ч1).

-Аз (Ч1) мукъа ду  я  мукъаза  ду? (Мукъаза  ду).

-Муьлханиг  ду  Ч1ААРА  дашехь шолг1а  аз? ( А).

-Аз (А)  мукъа ду  я  мукъаза ду? (Мукъа).

-Муьлханиг  ду  Ч1АРРА  дашехь кхоалг1а  аз? ( Р).

-Муьлханиг  ду  Ч1АРАа  дашехь доьалг1а  аз? ( А).

-Аз (А)  мукъа ду  я  мукъаза ду? (Мукъа).

-Басар е  шайгара  схеманаш. (Цул т1аьхьа  уьн т1ехь гойту , нийса йина хилар  толлуш).

               Ц1

С

                Ц1

С

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Сунна 1еми дешан схема х1отто).

5. Сада1аран  миноташ.

6. 1амийнарг  т1еч1аг1дар.

·        Дешнашшкахь элп р яздар.

(Хьехархочо  уьн т1е д1аяздо).

-Тидам бе  элпийн  вовшех хиттаран. Муха хоьттина  элп о  , р элпах ? ( О элпна  лахара  хьала сиз дахьарца хоьттина).

-Д1аязбе  и мог1анаш.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна  1еми  дешнаш  яздан).

·        Ц1енааларш.

-Бераш , вай жимма  са а до1уш  , 1амор ду  аз  (Р)  ц1енанала  шуна. Цунна  лерина  ду  шардарш , царех ц1енааларш олу.

Ар - ара - ар - до л ад ел и... . (Ловзар)

Ор - ор - ор -ц1ийелла вайн... . (Помидор)

Ра - ра - ра - пеша таса... (Klopa)

Ро - ро - ро - ведда вог1у... . (Ламаро)

Ру - ру - ру -хьовзаде.... (Буру)

Ре - ре - ре - басар д1ало... . (Заре)

 

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша? (Суна  1еми  аз (Р)  ц1ена ала).

 

·        Фонетически зарядка

-Говр муха сацайо? Тр-р-р»)

(Х1ора бере  шега-шега  олуьйту).

7. Предложенеш х1иттор , уьш язъяр.

(Уьн т1е  д1атуху  суьрташ).

-Х1ара мила ву  ? (Сулима )

-Х1ун  до Сулимас?  (Сулимас  лам олу).

-Х1ун  ю аша  аьлларг? (Предложени).

-Маса дош ду  оцу предложенехь? (Кхоъ ду).

-Муьлханиг  ду хьалхара?  (Сулимас ).

-Шолг1а? (Лам).

-Кхоалг1а? (Олу).

-Стенах лаьтта  предложени? (Дешнех).

-Д1адеша дешнаш: олу , лам , Саламус. И дешнаш  предложени  хир юй? (Берийн жоьпаш).

-И дешнаш  предложении яц. Предложенехь моссо  а дош  маь1ница дозаделла  хила деза.

-Х1ара мила  ву? (Саламу).

-Х1ун до Саламус? (Саламус  лору).

-Х1ун  ю иза ? (Предложени).

-Д1аязъе  и предложенеш.

-Предложени муьлхачу  элпаца йолайо? (Доккхачу).

-Х1ун юьллу  чаккхенгахь? (Т1адам).

-Х1ун  кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми предложенеш язъян).

-Х1ун керланиг хии шуна? (Предложени доккхачу элпаца йолор, чаккхенгахь т1адам биллар).

8. Жам1 дар.

-Муьлха  элпаш  язди аша  тахана? (Элпаш  Р,р).

-Муьлха  аз билгалдо Р элпо? ( Аз (Р) билгалдо).

-Аз (Р)  мукъа ду  я  мукъаза  ду? (Мукъаза).

9. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша ?  Хьан бехи  уггар  дукха  седарчий?

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал "Конспект урока на тему "Элпаш Р,р яздар", (1-ра класс)."

Методические разработки к Вашему уроку:

Получите новую специальность за 3 месяца

Менеджер гостиничного комплекса

Получите профессию

Интернет-маркетолог

за 6 месяцев

Пройти курс

Рабочие листы
к вашим урокам

Скачать

Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

6 625 716 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Презентация по географии на тему: " Практическая работа №3 Определение типов климата по предложенным климатограмм. 7 класс.
  • Учебник: «География в 2-х частях (изд. "Русское слово")», Домогацких Е.М., Алексеевский Н.И.
  • Тема: § 9. Климатообразующие факторы
  • 01.10.2020
  • 1724
  • 9
«География в 2-х частях (изд.

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 831
    • DOCX 125.1 кбайт
    • 84 скачивания
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Удалить материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На сайте: 7 лет и 4 месяца
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 655352
    • Всего материалов: 159

Ваша скидка на курсы

40%
Скидка для нового слушателя. Войдите на сайт, чтобы применить скидку к любому курсу
Курсы со скидкой

Курс профессиональной переподготовки

Копирайтер

Копирайтер

500/1000 ч.

Подать заявку О курсе

Курс профессиональной переподготовки

География: теория и методика преподавания в образовательной организации

Учитель географии

300/600 ч.

от 7900 руб. от 3950 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 968 человек из 81 региона

Курс повышения квалификации

Педагогика и методика преподавания географии в условиях реализации ФГОС

36 ч. — 144 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 291 человек из 69 регионов

Курс повышения квалификации

Инновационные технологии в преподавании географии детям с ОВЗ

36 ч. — 180 ч.

от 1700 руб. от 850 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 36 человек из 22 регионов

Мини-курс

Раннее развитие: комплексный подход к развитию и воспитанию детей от 0 до 7 лет.

5 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 44 человека из 22 регионов

Мини-курс

Методы и подходы проведения трекинга и менторства

3 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе

Мини-курс

Театральная педагогика: творческое развитие и воспитание

4 ч.

780 руб. 390 руб.
Подать заявку О курсе
  • Сейчас обучается 30 человек из 17 регионов