14-г1а урок.
Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш с , С яздар».
1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш с , С довзийтар. Уьш яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш с , С. 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.
3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Белхан кхиамаш шайна дахарехь оьшург хуур ду берийн.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
Стенах тера ду элп?
Дехко хьуьлла соне хиъна,
Чкъурган эхиг хьалайиъна.
Ишта-вуьшта хьовса шу -
Чкъургах диснарг С элп ду.
-Муьлха элп ду бай т1ехь дуьйцург? (Элп Сс).
-Стенах тера ду элп Сс? (Беттасах, чкъургах).
-Х1ун 1амор ду вай тахана ? (Вайна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш с,С).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш, тахана вайна еана кемсаш. Цу суьрташ т1ехь ду т1едахкарш. Хьовса цаьрга. Муьлханаш кхочушдалур ду шуьга? Шайн белхан план х1отта е.
-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?
(Бераша план х1отта йо).
-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш с,С. Шуна 1емар и элпаш д1аяздан.
4. Йозанан жима а , доккха а элпаш с,С яздар.
-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш с , С . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).
-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш с , С ? Схьагайта.
-Х1ара йозанан жима элп с ду,х1ара йозанан доккха элп С ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш с, С).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш с,С).
-Мог1анан кхоалг1ачу декъана юккъе т1адам буьллу вай. Хьалахьокху сиз аьрру аг1ор воьрзуш .Лакхарчу мог1анна т1е кхочуш хьаьвзина гу буьллуш , охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш техкарг а юьллуш жимма хьала а воьдий белхан мог1анан кхоалг1ачу декъехь соцу.
-Аса, д1аэр ду аша яздан деза элпан рог1алла. Аша аса аьлларг дича вайн керла элпаш нислур ду.
(Хьехархочо д1а а олуш , д1аяздо бераша йозанан жима элп с).
-Вовшийн белхаш талла. Уггаре хаза яздинчу элпашна т1ехула т1адамаш дахка.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп с яздан).
-Бераш, аса д1айоьшур ю байташ. Оцу байташ т1ера цхьацца аьзнаш тиладелла. Аша суна дийца : муьлханиг ду галдаьлла аз?
Селима ю чоь ц1анъеш,
Цхьацца чуьра г1уллакх деш.
Суй (нуй) цо хьокхий, нех гулйо,
Юха ара ластайо.
Г1езаш хилахь лелаш вуон
Воллу со уьш вон човхо
Кара (сара) бетташ,къахкош,
Кертал ара лохкуш.
-Х1ун хьокху нехаш гулъеш? (Нуй).
-Муьлха аз тиладелла? (Н).
-Х1ун ю г1езашна тухург? (Сара).
-Муьлха аз тиладелла? (С).
5. Сада1аран миноташ.
Саца, машен!
Х1окху ловзаро ритм ларъян 1амадо бераш.
Массара а цхьаьний:
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Х1ораммо а ритмехь, цхьанаэшшарехь кераюккъе байн буй бетта, багахь и байташ а йоьшуш. Юха массара а шайн-шайн дагахь йоьшу уьш. Оьшшучу хенахь, массара а цхьаьний «Саца» ала деза.
6. Йозанан доккха элп С яздар.
-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1ехула. Цу т1ера хьала гу буьллу. Гу т1ера чувог1у хьаьвзаш , лахарчу белхан мог1анна т1е кхачале техкарг а юьллуш мог1анан юккъе кхаччалц хьалавоьду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан доккха элп С яздан).
-Х1инца вай жимма садо1ар ду. Уггаре тидаме мила ву хуур ду.
С + бецашна а, дитташна а дахар луш ерг =? (Сорам)
С + г1амаран я кхечу х1уманан барз =? (Соьла)
С + суьде шена гинарг дийца валош верг =? (Стеш)
С + ши де а дитина, кхоалг1а де =? (Сула)
С + д1айоьжна говр юхаозон г1ирс =? (Сурх)
-Муьлха дешнаш дара шуна ца девзарш? ( Урх).
-Х1ун ю элира вай урх? (Говр юхаозон г1ирс).
-Ахкарга чуьра мох ара муха болу? («С-с-с»).
-Ала массара С-С-С. Муьлха аз хеза вайна? (С).
(Хьехархочо уьн т1е д1ауллу сайн сурт).
-Х1ара х1ун ю? (Сай).
-Муха бу сай? (Сай хаза бу).
-Муха ю сайн ма1аш? (Цуьнан ма1аш яккхий ю).
-Стенгахь беха сай? (Сай хьуьнхахь беха).
-Цо х1ун юу? (Цо юу буц, г1аш).
-Х1ун дира вай? (Дийцар х1оттийра).
-Хьан дуьйцур дара и схьа? (Бераша схьадуьйцу).
-Маса дешдакъа ду САЙ дешан? (Цхьаъ).
-Маса элп ду САЙ дашехь? (Кхоъ).
-Муьлханаш ду уьш? (С, А ,Й).
-Маса аз ду? (Кхоъ).
-Муьлханаш ду уьш? (С,А,Й).
-Цхьа а аьзнийн цхьанакхетар дуй САЙ дашехь? (СА ду).
-Муха хила еза цунна йог1у еък1ов? (Ши бос болуш).
-Муха хила еза (Й) озан еък1ов? (Сийна бос болуш).
Ц1 С
С
(Бераша басе ялайо схема).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса дешан схема х1отти).
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзира шуна? (Элп Сс)
-Стенах тер аду элп Сс?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
15-г1а урок.
Урокан ц1е: « Йозанан жима элп с яздар».
1алашо: йозанан жима элп с кхин д1а а довзийтар. Элп с дешдакъошкахь дешнашкахь яздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима элп с . 1емар ду элп с дешдакъошкахь , дешнашкахь кхечу элпех хотта.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Хуур ду шайн планаца болх бан. 1емар ду дешар т1ехь низам латто. Берашна 1емар ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. Кхачамбацарш довза , уьш д1адаха.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина , я дуьзаза жоьпаш дала. Берашна 1емар ду шайна оьшург хатта.
Познавательни: берашна 1емар ду зорбанан а , йозанан а элпаш вовшех къасто. Хуур ду йозанан элпаш шина кепара хилар (мог1анан а , даккхий а). Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду дийцар х1отто. Дешнийн схеманаш а х1иттор ю бераша.
3. Личностни: берашна 1емар ду шайн болх лерина бан. Белхан кхиамаш шайна дахарехь оьшург хуур ду берийн. 1аламе безам а кхоллалур бу берийн.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
-Муьлха дешнаш карий шуна? (Сег1аз, саг1а, салам, салор).
-Муьлха дош ду шуна ца девзарг? (Салор).
-Салор- иза сагалматийн цхьа тайпа ду . Салорш адамаша кхобуш хуьлу. Цара гоьжа бо, гоьжанах тай доккху.
-Х1ун ду оцу дешнийн юкъара? (Оцу дешнийн юьххьехь ду элп Сс).
-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Вай 1аморд ду элп с яздан).
3. 1алашо йовзийтар.
-Бераш, тахана вайна еана кемсаш. Цу суьрташ т1ехь ду т1едахкарш. Хьовса цаьрга. Муьлханаш кхочушдалур ду шуьга? Шайн белхан план х1отта е.
(Бераша план х1отта йо).
-Вайна тахана кхин д1а девзар ду йозанан жима элп с. Шуна 1емар элп с юкъадог1уш дешдакъош , дешнаш яздан.
4. Йозанан жима элп с дешдакъошкахь , дешнашкахь яздар.
-Элп с юьххьехь долуш дешнаш карадел.
-Седа, сом, сай, …
-Элп с юккъехь долуш дешнаш карадел.
-Тарсал , аса , масса…
-Элп с чаккхенгахь долуш дешнаш карадел.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса йозанан жима элп с язди).
Хьехархочо уьн т1ехь яздеш гойту.
-Д1аяздо элп с , т1ех1утту элп а. Муьлха дешдакъа хили? (СА).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп с, т1ех1утту элп о. Муьлха дешдакъа хили? (СО).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Д1аяздо элп с, т1ех1утту элп у. Муьлха дешдакъа хили? (СУ).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.Д1аяздо элп с, т1ех1утту элп и. Муьлха дешдакъа хили? (СИ).
-Д1аязде и дешдакъош т1ептарш т1е.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъош яздан).
5. Сада1аран миноташ.
6.Йозанан жима а , доккха а элпаш с , С дешнашкахь яздар.
-Д1адеша и дешнаш. Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ерш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо.
(Х1ора берана карточка ло тедилларца)
-Муьлха элп ду т1адамийн метана яздан дезарг ? ( Хьалхарчу дашехь жима элп с, шолг1ачу -доккха элп С).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнашкахь элпаш с , С яздан).
(Хьехархочо уьн т1е д1атуху цициган сурт).
-Вай х1инца жима дийцар х1оттор ду.Х1ара х1ун ю? (Цициг).
-Цициг муха ду? (Цициг хаза ду).
-« Цициг хаза ду» - иза хун ю? (Предложени ю).
-Муха бос бу цуьнан? (Цуьнан можа бос бу).
-« Цуьнан можа бос бу»- х1ун ю иза? (Предложени ю ).
-Муха ю цуьнан м1араш? (Цуьнан м1араш ира ю).
-« Цуьнан м1араш ира ю»- х1ун ю иза? (Предложении ю).
-Цициг муха ловзу? (Цициг хаза ловзу).
-« Цициг хаза ловзу»- х1ун ю иза ? (Предложению ).
-Х1ун ю аша х1иттийнарш? (Предложенеш).
-Уьш стенах лаьцна ю? (Цицигах).
- И предложенеш маь1ница йозаелле юй? (Ю).
-М аь1ница йозаеллачу предложенех –текст олу. Текстана ц1е тилла йиш ю. Х1ун ц1е туьллур яра вай текстана? (Цициг).
-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дийцар х1отто).
С + xlopa п1ерасканан буса Къуръан т1ера доьшу сура =? (Сеса)
С + мачин бух =? (Сайр)
С + готтачу ц1а чохь йовхачу хенахь дуккха а адам гулделча х1уттуш ерг =? (Стов)
7. Жам1 дар.
-Муьлха элп девзи шуна? (Элп Сс).
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.