Логотип Инфоурока

Получите 30₽ за публикацию своей разработки в библиотеке «Инфоурок»

Добавить материал

и получить бесплатное свидетельство о размещении материала на сайте infourok.ru

Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Элпаш Т,т яздар", (1-ра класс).

Конспект урока на тему "Элпаш Т,т яздар", (1-ра класс).

26-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду шарадаш талларца дешнийн хазалла , башхаллаш йовза. Берашна 1емар ду дешнийн схеманш х1итто.

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Хуур ду вовшашца лераме , г1иллакхе хила. Винчу денца совг1атдарца , диканиг дан 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Х1етал-металш».

Ге чохь ц1е йолу аьчкан говр:йол ца йоьху, амма оху, доь?(Трактор)


Мукх ца баабо, шед ца етта, амма

Охуш ворх1 нох такхадо?(Трактор)


Куьйгаш дац, когаш бац, амма дедда доьду?(Татол)


Хих кхоьру, амма ша хи чохь хуьлу?(Туьха)

Со ша ца дуу, амма со доцуш к1езиг х1ума юу? (Туьха)

Цхьа дог долу ши ваша? (Тукар).

Т1 еххьий, к1еллий хьаьдда доьдуши эр? (Тукар).


-Муьлха дешнаш карий вайна ? (Тукар, туьха, татол).

-Х1ун ду церан юкъара? (Царна юьххьехь ду аз (Т).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Т) йозанехь? (Т элпаца).


-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , тахана йина де ду шуна уггаре дукха езаш йолчу йоь1ан. Дагахкийта мультикаш. Мила ю иза? (Маша).

-Шуна лаьий цунна совг1аташ дан? Вай цунна совг1аташ дийр ду. Тахана шуна дела т1едахкарш ду шоколадкаш т1ехь. Шун йиш хир ю дика дешарца шоколадкаш яха. Х1оранна т1ехь далийна ду т1едахкарш. Шайна кхочушдалун дерш къастаде план х1отта е. (Бераша план а х1оттош дуьйцу , шаьш бер болчу балхах лаьцна.

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т. Шуна 1емар ду и элпаш хаза а , нийса а яздан. Уьш дешдакъошкахь кхечу элпех хитта а 1емар ду.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш т , Т . Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш т , Т ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп т ду,х1ара йозанан доккха элп Т ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна. Дика ду , Машина цхьацца шоколадка яьккхи аша .

  • Йозанан жима элп т яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо т элпан яздар.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна т1е. Охьавог1у билгалонна хьаькхначу сизе терра лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш хьалавоьду , лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале гу буьллу. Гу т1ера чувог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Лечкъарга т1ехула хьалавоьду , лакхарчу белхан мог1анна т1е кхачале гу буьллу, чу вог1у . Кхузахь юьллу техкарг , цунна т1ера д1а тасалург.

-Д1аязде йозанан жима элп т. Хаза язйинчунна бен юьсур яц шуна шоколадка.



-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми йозанан жима элп т яздан).

  • Йозанан доккха элп Т яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавог1у, лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу аьрру аг1ор , цу т1ера д1а тасалург. Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна г1оьнан мог1анна юккъе. Охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна хьаькхначу сизе терра охьавог1у, лахарчу белхан мог1анна т1е кхочуш техкарг юьллу аьтту аг1ор , цу т1ера д1а тасалург. Техула белхан а , г1онан а мог1анашна юккъехула д1а сиз хьо аьрру аг1ор маь1иг юьллуш.

-Д1аязде и элп шайн тептарш т1е. Хаза язйинунна бенна шоколадка яккхалур яц.



-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Тхуна 1еми йозанан доккха элп Т яздан).

5. Сада1аран миноташ.

Массара а цхьаьний олу:

Тапар-тип, тапар-тип,

Эсан кит, эсан кит,

Тапар-тип, Эсан кит.

Юха х1ораммо, ритм ларъеш, и байташ а йоьшуш (шайн дагахь) кераюккъе байн буй бетта. Оьшучу хенахь (цхьамма а хаам ца бо) массара а ч1огг1а ала деза: «Эсан кит!»

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Шарадаш.

Хьалха Т ахь диллахь,

Механ накъост хуьлу сох,

Юххера ца хедаш волу,

Д1ай-схьай и мел леларх.

Т - нан метта Ш диллича,

Хуьлу сох кегийра ахча.

Цуьнан метта С ахь диллахь,

Хир сох акха дийнат

Лелаш долу хьуьнхахь

-Х1ун ю механ накъост? (Тай).

-Т элпан меттана ала Ш. Муьлха дош хили? (Шай).

-Ш элпан метана ала С. Муьлха дош хили? (Сай).

  • ТАЙ дешан схема басар яр.

(Берашка д1ало схема. Цара басар йо иза).

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Аса дешан схема басар йи).

  • Дешдакъош язъяр.

Уьн т1е а яздеш гойту хьехархочо , тептарш т1е яздина а хуьлу х1ора мог1ане дешдакъош.

-Д1аязде и дешдакъош тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъошкахь элп т яздан).

  • Дешнашкахь элп т яздар.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми дешнашкахь элп т яздан).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш яздира аша тахана? (Элпаш т, Т).

-Муьлха аз билгалдо Т элпо йозанехь? (Т).

-Аз (Т) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан гулдина Машина совг1аташ?



27-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешнашкахь кхечу элпашца хоьттина а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш т , Т . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто , цуьнан рог1алла а ларъеш , кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех шайна хетарг д1аала, кхачамбацарш нисдан.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доца а жоьпаш дала. Хуур ду вовшашца г1иллакхехь дистхила , накъосташна хетарг лерамца т1еэца. Шайна хетарг , масалашца т1еч1аг1дан.

  • Познавательни: Берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр. Берашна 1емар ду шарадаш талларца дешнийн хазалла , башхаллаш йовза. Берашна 1емар ду дешнийн схеманаш х1итто. Берашна хуур ду гергара дешнаш довза , церан орам каро.

3. Личностни: берийн алсамбер бу дешаре лаам. Хуур ду вовшашца лераме , г1иллакхе хила. Винчу денца совг1атдарца , диканиг дан 1емар ду.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ребусаш.

1.20 РШ (жоп: ткъарш). 2.

2. 20 Е С (Жоп: ткъес)

3. Т (Жоп: тхи).



-Муьлха терахь ду яздинарг ? (Ткъа).

-Цунна т1етоха РШ? (Муьлха дош хили).



-Муха кхета шу ТКЪАРШ бохучу дашах?

-Шолг1а ребус хьан ялур яра? Берийн жоьпаш).

-Кхоалг1аниг?

-Муьлха дешнаш хили шун? (Ткъарш , ткъес , тхи).

-Х1ун ду церан юкъара? (Оцу дешнашна юьххьехь хеза аз (Т)).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Т) йозанехь? (Т элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , вай селхана Машина хаза совг1аташ гулдинера . Вайна дисделира цуьнан дотт1аг1на совг1ат дахьийта. Цундела тахана Маша еана шен доттаг1чунна и совг1аташ гулдайта. Шу реза дуй цу балхана. Х1ун еза чана ? (моз). Вайна Машас деана т1едахкарш мазах дуьзна шелагаш (бочканаш) ду. Х1ора бочканна т1ехь т1едиллар ду. Шайна оьшучулла схьакъастаде шелагаш. Дийца х1ун болх бийр бу аша тахана?

-Бераш, вай тахана кхин д1а а 1амор ду йозанан жима а , доккха а элпаш т,Т дешнашкахь яздан. Предложенеш а язйийр ю вай.



4. Йозанан жима а , доккха а элпаш е , Е вовшех хоьттина , дешнашкахь кхечу элпаца а яздар.

  • Тептарш т1ера мог1анаш д1аязбо.

(Хьехархочо цкъа хьалха гойту уьн т1ехь).



-Х1ун кхиамш бехи аша? (Суна 1еми элпаш т , Т яздан).

  • Дешдакъош яздар.

(Хьехархочо цкъа хьалха гойту уьн т1ехь).



-Х1ун кхиамш бехи аша? (Суна 1емидешдакъошкахь элп Т яздан).

  • Т элпах лаьцна байт 1амор.



Тхов т1ехь лаьтташ ю антенна.

Гуш ю иза xlopa денна.

Т - элп хилла хьаладаьлла,

Девзи тхуна иза халла.

-Стенах тера ду элп? (Антеннах тер аду).

5. Сада1аран миноташ.

6. 1амийнарг т1еч1агдар.

  • Фонетически зарядка

-Тракторо болх муха бо? («Тар-тар-тар»)



  • Ловзар: «Дог1у дош ала!».



Хаттар ди ахь, - ло ас жоп, -

Лаг озийча йолу .... (Топ)


Г1ара еш и даим лела,

Парг1атонан хилла эла.

Шен мотт буьйцуш ю и т1улге,

Керчаш йог1у х1ордан .... (Тулг1е)


Маха ахь д1аозохь байн,

Т1аьхьа гlyp ду дедда .... (Тай)


Дагахь велахь хахка дой,

XIотто дезадоккха .... (Той)


  • ТАЙ дешан схема басаръяр.



(Бераша шаьш бо и болх, хьехархочо д1аеллачу схеманашца).

Ц1

С


С

-Х1ун кхиамаш бехи аша? ( Суна 1еми дешан схема басаръян).

  • Гергара дешнаш довзар.

Уьн т1е д1аяздо.

Талла , атта , теллира , дара ,таллархо.

-Д1адеша и дешнаш. Шина тобане декъа уьш. Муьлха дешнаш далий аша хьалхарчу тобане? (Талла , теллира , таллархо).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Церан цхьатера дакъа ду).

-Муьлханиг ду и? ( Талл).

-Муха кхета шу ТАЛЛА бохучу дашах? (Талла- иза цхьана х1уманан тидам бар ду, цхьана экханна таллар ду).

-Муха кхета шу ТЕЛЛИРА бохучу дашах? (Теллина ваьлла бохург ду).

-Мила ву ТАЛЛАРХО ? (Толлуш волу стаг ву).

-Муьлхачу дашах схьадевлла и дешнаш? (Талла).

-Уьш гергара дешнаш ду.

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Атта , дара).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане? (Церан дац цхьатера дакъа).

  • Предложенеш язъяр.

-Д1аеша предложенеш. Стенах лаьтта х1ора предложени? (Дешнех).

-Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1а? Кхоалг1а?

-Д1аязъе и предложенеш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна 1еми предложенеш язъян).

7. Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

-Х1ун дара гуттара дика нисделларг?

-Хьан гулдина дукха моз?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Просмотрено: 0%
Просмотрено: 0%
Скачать материал
Скачать материал

Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:

5 479 168 материалов в базе

Материал подходит для УМК

Скачать материал

Другие материалы

Презентация по географии на тему: " Практическая работа №3 Определение типов климата по предложенным климатограмм. 7 класс.
  • Учебник: «География в 2-х частях (изд. "Русское слово")», Домогацких Е.М., Алексеевский Н.И.
  • Тема: § 9. Климатообразующие факторы
«География в 2-х частях (изд.
  • 01.10.2020
  • 795

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.

  • Скачать материал
    • 01.10.2020 379
    • DOCX 105.6 кбайт
    • Оцените материал:
  • Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт

    Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.

    Пожаловаться на материал
  • Автор материала

    Батарова Зулпа Алиевна
    Батарова Зулпа Алиевна
    • На проекте: 5 лет и 2 месяца
    • Подписчики: 6
    • Всего просмотров: 374693
    • Всего материалов: 253