8 марта

Подарочный сертификат от проекта «Инфоурок»

Выбрать сертификат
Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Ханпаша,Ш.Рашидов(3 класс).

Конспект урока на тему "Ханпаша,Ш.Рашидов(3 класс).

библиотека
материалов

Нохчийн литература

Тема: «Ханпаша» Ш. Рашидов.

1алашо : Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу произведени йовзийтар ; нийса а , шера а , кхеташ а стихотворни тексташ еша. Нохчийн силахь турпалхой , церан хьуьнарш довзийтар. Шен къомах дозалла кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашан учебникан керла дакъа «Толаман де» довзийтар ; цу декъа техь евзар йолу произведенеш, хир болу кхиамаш билгалъбахар .Берашна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша , чулацамах кхета. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна бевзар бу нохчийн турпалхой, царах дозалла а кхиор ду.

Урок д1аяхьар.

1 . Ц1ера болх таллар.

- Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо?( «1аьнан а , аьхкенан а хилла къовсам» ц1е йолчу дийцаран 2-г1а дакъа)

-Д1адеша дийцар.

2. Мотт шарбар.

Хилча дехкехь лоьман амал

-Хин дарий вайн-м хала дахар.

1овдал хьаьдда стигла вуьйлуш,

Цициг ма1аш 1итта дуьйлуш,

Дехкий вайна талла дуьйлуш,

Вай, д1алечкъа, тхов т1е дуьйлуш.

(С. Гацаев)

-Д1аеше массара цхьана цхьанаэшарехь меллаша.

-Д1аеше массара цхьана цхьанаэшарехь хезаш.

-Дагахь 1аме. Муха ю байт ? (Беламе)

-Ишттаниг хила йиш юй?

3.Учебникан керла дакъа довзийтар.

-Учебникан муьлха дакъа долор ду вай тахана? (Толаман де)

-Стенах лаьцна хир ду и дакъа? Харжа жоп.

  • Турпалхойх церан хьуьнарех.

  • Толаман дийнах.

  • Адамаша т1амехь хьегначу баланех

  • Берийн ловзарх

-Муьлха произведенеш евзар ю вайна цу декъат1ехь?

«Ханпаша» Ш. Рашидов, «Иччархо Абухьаьжа идрисов» Х. Ошаев, «Толам» Х. Эдилов

-Муьлха кхиамаш хир бу шун керлачу декъа т1ехь?

  • Тхуна евзар ю толамах лаьцна керла произведенеш.

  • Тхуна бевзар бу халкъо т1еман деношкахь хьегна бала .

  • Тхуна бевзар бу нохчийн турпалхой , церан майраллех хаарш хир ду.

  • Тхуна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ а тексташ еша, чулацамах кхета ,хаттаршна жоьпаш дала.

  • Тхуна 1емар ду Даймахках дозалла дан.

4. 1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени ю вайна тахана 1амо билгалъяьккхина? («Ханпаша» ц1е йолу стихотворении)

-Мила ву цуьнан автор? (Ш. Рашидов)

-Муьлха кхиамаш бохур бу вай тахана? Х1ун болх бийр бу вай и произведени дика 1амийта?

-Вайна тахана евзар ю Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении, шуна вевзар ву нохчийн турпалхо Ханпаша Нурадилов , цуьнан хьуьнарш. Вайна 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а стихотворни тексташ еша. Шуна 1емар ду чулацамах кхета , хаттаршна жоьпаш дала.

5.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1айоьшу Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении.

-Мила ву Ханпаша Нурадилов? (Нохчийн турпалхо?

-Муьлхачу т1амехь лаьцна цо дакъа? (Силахь Боккхачу Даймехкан т1амехь?

-Муьлхачу шарахь болийна хи т1ом? Чакх муьлхачу шарахь баьлла?

-Муьлхачу пачхьалкхо болийна хилла и т1ом?

6. Сада1аран миноташ.

7. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении массара цхьана меллаша.

аь) Бераша д1айоьшу Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении массара цхьана хезаш

б) Чулацамах къамел дар.

-Хьанах лаьцна ю х1ара стихотворени? (Ханпаша Нурадиловх)

-Х1ун хьуьнарш девза шуна цуьнан? (Цо х1аллаквина 1000 фашист , йийсаре валийна масех эпсар , йохийна масех дзот)

-Муха гайтина поэта Ханпаша вицлург ца хилар? (Цунна т1е х1уьттучу адамийн дац доза)

-Муха к1ант ву Ханпаша?

-Шуна лаьий цунах тера хила?

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша тахана? Шайн дог-ойла агойтуш маьлхан сурт дтлла.

7.Жам1 дар.

-Муьлха произведени евзира вайна тахана?

-Мила ву цуьнан автор?

-Хьанах лаьцна ю иза?

Шуна лаьий Ханпашийн коша т1е х1итта?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Ш. Рашидовн «Ханпаша» ц1е йолу стихотворении дагахь 1амо.





Курс повышения квалификации
Курс повышения квалификации
Курс профессиональной переподготовки
Учитель русского языка и литературы
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: «Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.

Номер материала: ДБ-1376633

Вам будут интересны эти курсы:

Курс профессиональной переподготовки «Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе»
Курс повышения квалификации «Организация научно-исследовательской работы студентов в соответствии с требованиями ФГОС»
Курс повышения квалификации «Формирование компетенций межкультурной коммуникации в условиях реализации ФГОС»
Курс повышения квалификации «Основы управления проектами в условиях реализации ФГОС»
Курс повышения квалификации «Экономика предприятия: оценка эффективности деятельности»
Курс повышения квалификации «История и философия науки в условиях реализации ФГОС ВО»
Курс профессиональной переподготовки «Логистика: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс профессиональной переподготовки «Организация маркетинга в туризме»
Курс профессиональной переподготовки «Организация технической поддержки клиентов при установке и эксплуатации информационно-коммуникационных систем»
Курс профессиональной переподготовки «Деятельность по хранению музейных предметов и музейных коллекций в музеях всех видов»
Курс профессиональной переподготовки «Управление информационной средой на основе инноваций»
Курс профессиональной переподготовки «Гостиничный менеджмент: организация управления текущей деятельностью»
Курс профессиональной переподготовки «Организация процесса страхования (перестрахования)»
Курс профессиональной переподготовки «Информационная поддержка бизнес-процессов в организации»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.