1-г1а урок.
Тема:
Сочинении «Хасбеш».
1алашо:
суьртан г1оьнца барта дозуш дийцар х1отто 1амор. Шаьш х1оттийн дийцар маь1ница
рог1алла нисъеш , текстан бакъонаш ларъеш, йозанца д1аяздан 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
Предметни: дешархошна 1емар ду шайна гуш долчух лаьцна дийцар х1отто, иза
д1аяздан хуур ду. Алсамъер ю йозанан корматалла. Хуур ду шаьш барта олуш дерг
йозанца билгалдаккха.Шаьш х1оттийна дицар учебника т1ехь долчуьнца дуста хуур
ду.
Метапредметни:
·
Регулятивни: хуур ду шаьш х1оттош долчу дийцаран рог1алла
билгалъяккха. 1емар ду шаьш х1оттийна текст дакъошка екъа ,х1ора декъана ц1е
тилла.
·
Коммуникативни: хуур ду шайна гуш долчу суьртаз лаьцна юьззина
предложенеш х1итто. Хуур ду 1аламан хазалла хасто нийса дешнаш каро , царех
пайдаэца.
·
Познавательни: дешархошна 1емар ду шаьш текст х1отто, цунна
оьшу г1ирс каро, цунах пайдаэца. Алсамдер ду ойлаяр, тидамбар.
Личностни: къинхьегаме безам болуш , пайдениг дан лаам а болуш дика аг1онаш кхуьур
бу дешархойн амалшкахь.
Урок д1аяхьар.
I.
Урокан ц1е а, 1алашонаш
йовзийтар.
1.
Хаарийн
актуализаци.
·
Шардар № 37, аг1о 15.
-Д1адеша дийцар.
Стенах лаьцна ду дийцар? (Хасбешах).
-Муха къахьийгира
аьхка? (Аьхка дика къахьийгира оха).
-Х1ун кхиира
хьийкъина? (Стоьмаш хьийкъина кхиира).
-Х1ун хан т1екхечира?
(Уьш схьагулбо хан т1екхечира).
-Х1ун гулйира 1айнаа?
(1айнаа помидораш гулйо).
-Хьан схьадоху
ж1онкаш? (Салманас, Султана ж1онкаш схьадоху).
-Хьан схьагулйо
копастанаш? (Маликассий , Вахассий копастанаш схьагулйо).
-Муха бераш ду уьш?
(Уьш дика бераш ду).
-Х1унда? (Цара пайде
г1уллакх дина. Эрна хан ца яйина)
-Аша дой иштта
г1уллакх? (Берийн жоьпаш).
-Маса декъах лаьтта
дийцар? (Шина).
-Стенах лаьцна ду
хьалхара дакъа? (Хасстоьмаш кхиорах).
-Стенах лаьцна ду
шолг1а дакъа? (Хасстоьмаш т1егулбарх).
-Муха яздина х1ора дакъа?
(Ц1ечу мог1анчуьра).
-Вай тахана 1амор ду
жима дийцар х1отто.
II. Барта дийцар х1оттор.
1.Суьртах
лаьцна къамел дар.
·
Шардар № 38, аг1о 16.
-Хьовса суьрта т1е.
Шеран муьлха зама ю цу т1ехь гойтург? (Аьхке).
-Х1ун йира бераша?
(Бераша хас дира).
-Х1ун йийра цара
хеса? (Цара хеса хасстоьмаш бийра).
-Муха кхиийра цара
уьш? (Цара уьш дика кхиийра).
-Муьлха хан т1екхечи?
(Т1екхечи хасстоьмаш схьагулбо хан т1екхечира).
-Ц1ераш тахка
берашна. Хьан гулйо помидораш? (Хедас помидораш схьагулйира).
-Хьан гулдира
ж1онкаш? (Рамната ж1онкаш схьагулдира).
-Хьан гулйира
копастанаш? (Юсупа копастанаш схьагулйира).
-Стенна оьшу
хасстоьмаш? (Хасстоьмех тайп-тайпана даар ду).
-Могашаллина пайде
буй хасстоьмаш? (Хасстоьмаш могашаллина пайде бу).
-Х1ун ю цаьрца?
(Цаьрца ду могушаллина оьшу витаминаш).
-Схьадийца дийцар.
(Бераша схьадуьйцу
дийцар).
2. Текст
дакъошка екъар. План х1оттор.
-Схьадийца , суьрте е
хьовсуш, вай х1оттийна дийцар.
-Схьадийца хас дерах
лаьцна . (Бераша аьхка хас дийра. Хеса цара хасстоьмаш бийра. Хасстоьмаш бераша
дика кхиийра).
-Х1ун ц1е туьллур яра
аша оцу декъана? (Хасстоьмаш кхиор).
-Схьадийца хасстоьмаш
схьагулбарах лаьцна. (Бераша хасстоьмаш чуберзийра. Хедас помидораш
схьагулйира. Рамната ж1онкаш схьагулдира. Юсупа копастанаш схьагулйира).
-Х1ун ц1е туьллур яра
аша цунна? (Стоьмаш чуберзор).
-Хун эр дара аша
стенна оьшу хасстоьмаш? (Хасстоьмех мерза даарш до. Уьш могушаллина пайде бу.
Цаьрца витаминаш ду).
-Х1ун ц1е туьллур яра
аша оцу декъана? (Хасстоьмаш пайде бу могушаллина).
-Маса дакъа хир ду
вайн дийцаран? (Къоъ).
-Муха яздийр ду х1ора
дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра).
(Уьн т1е д1аязйо
план).
ПЛАН.
1.
Стоьмаш кхиор.
2.
Стоьмаш схьагулбар.
3.
Стоьмаш пайде бу
могушаллина.
III. Сада1аран миноташ.
Хештиг
Хештиг, Хештиг,
хаза Хештиг,
Дехий мекхаш,
Хештиг хьо!
1аьржа духар,
Хештиг хьо;
1уьйрре хьала и
г1отту,
Юьхь-куьг, лаг цо
д1адуьлу,
Лаккха юлий керт
ц1анйо,
Юха цо зарядка йо:
Цхьаъ - охьахуу,
шиъ - хьалаг1отту,
Кхоъ - д1асетта,
диъ - схьасетта, -
Мало ца еш дерриг
до
Онда хила лууш цо.
(Хештиго дийриг до
бераша.)
IV. Сочинении язъян кечам бар.
1.
Х1ора декъан
чулацам билгалбаккхар.
-Д1аеша вайн план.
Х1ун яздийр ду аша стоьмаш кхиорах лаьцна?
-Х1ун яздийр ду аша
стоьмаш чуберзорах лаьцна?
Х1ун яздийр ду аша
стоьмех болу пайданах лаьцна?
2.
Г1ьнан дешнаш
билгалдахар.
-Муьлха дешнаша гойту
бераша динарг? (Бийра,дийра , кхиийра, схьагулбира, чуберзийра,схьагулйира).
-Муьлха стоьмаш бийра
бераша? (Ж1онкаш, копастанаш, помидораш).
·
Уьн т1е д1аяздо.
Бий-ра,дий-ра
, кхи-ий-ра, схьа-гул-би-ра, чу-бер-зий-ра,схьа-гул-
йи-ра.
Ж1он-каш,
ко-пас-та-наш, по-ми-до-раш.
-Д1адеша дешнаш
дешдакъошца. Б1аьргаш д1а а хьаббай деша и дешнаш дешдакъошца. Д1аязде .
V. Сочинении язъяр.
(Бераша шаьш язйо сочинени. Хьехархочо х1оранна
оьшучохь предложении х1оттош, т1еюзуш г1о дан мега).
VI. Талам бар.
(Дешархоша йоьшу шаьш язйина сочинени).
VII.Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи
аша? Х1ун дара уггара хала? Х1ун ду шун дика нисделларг?
VIII.Ц1ахь бан болх балар.
1. Шардар №
37, аг1о 15.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.