Для всех учителей из 37 347 образовательных учреждений по всей стране

Скидка до 75% на все 778 курсов

Выбрать курс
Инфоурок География КонспектыКонспект урока на тему "Йозанехь предложенеш къастор"

Конспект урока на тему "Йозанехь предложенеш къастор"

библиотека
материалов

2-г1а урок.

Тема: «Йозанехь предложенеш вовшех къастор»

1алашо: предложенех лаьцна болу хаамаш шорбар. Йозанехь предложенеш вовшех къасто 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

Предметни: дешархошна 1емар ду тайп-тайпана предложенеш х1итто. 1емар ду предложенеш д1аязъян, уьш йозанехь вовшех къасто (чаккхенгахь оьшу хьаьрк х1оттор, керла предложении доккхачу элпаца йолош хилар).

Метапредметни:

  • Регулятивни: дешархошна 1емар ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица болх бан.

  • Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а, доца а жоьпаш дала. 1емар ду къамела юкъара предложенеш къасто, уьш йозанехь шайн бакъонашка хьаьжжина билгалъяха.

  • Познавательни: дешархошна 1емар ду учебникаца болх бан. Цу т1ехь еллачу материалах нийса пайдаэца.

Личностни: дешархойн кхоллалур бу дика деша лаам. Дозалла хир ду шайн ненан маттах.

Урок д1аяхьар.

  1. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аязйо.

Денош довлуш д1а ма девли,

Хаза гуьйре т1е ма- кхечи.

Дешаран шо доладели,

Книгаш, тептарш, ручканаш,

Портфелаша а кечйина,

Дика деша дог хилла

Тхо ма-кхечи школе схьа .

-Дешархошна д1айоьшу байт. Мухачу дог-ойланца даьхкина шу тахана ишколе?

II. Ц1ера болх таллар.

-Х1ун еллера шуна ц1ахь кхочушъян? (Шардар №4 , аг1о 4).

-Муха кхочушдан дезаш дара шардар? (Т1ера схьаязъян езаш яра, дешдакъошца еша а йоьшуш).

-Маса предложенех лаьтта дийцар? (Кхаа предложенех).

-Д1аеша хьалхара предложени. Шолг1аниг. Кхоалг1аниг.

-Токхе хан бохучух муха кхета шу?(Токхе хан иза ялтийн кхачо йолу хан ю).

III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор. 1алашонаш йовзийтар.

Уьн т1е д1аяздо.

Хаза аьхке чакхъели т1екхечи дашо гуьйре бераш школе дуьйладели цара дика доьшур ду.

-Д1аеша предложенеш. Стенан тидам би аша? (Предложенеш вовшех къастийна яц).

-Хьан хуур дурра уьш вовшех къасто?

-Муьлха хан чакхъели? (Хаза аьхке чакхъели).

-И х1ун ю? (Предложени).

-Хун юьллу предложенин чаккхенга? (Т1адам).

-Муьлха хан т1екхечи?(Т1екхечи дашо гуьйре).

-Х1ун ю иза? (Предложени).

-Муьлхачу элпаца йоло еза керла предложени? (Предложении доккхачу элпаца йоло еза).

-Стаенга дуьйладели бераш? (Бераш школе дуьйладели).

-Х1ун ю иза? (Предложени).

-Цара муха доьшур ду? (Цара дика доьшур ду).

-Муха къастайо йозанехь предложенеш вовшех? (Йозанехь предложенеш вовшех къастайо : чаккхенгахь т1адам буьллу, керла предложени доккхачу элпаца йолайо).

-Д1адеша вайна учебникан авторша дела хаттар? (Йозанехь цхьа предложении вукхунах муха къастайо?).

-Хьан лур дара цунна жоп? (Берийн жоьпаш).

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана урокехь? Муха д1ах1оттор бу вай таханлера болх?

  • Суна хуур ду …

  • Суна 1емар ду…

  • Аса кхочушдийр ду…

-Вайна тахана 1емар ду тайп-тайпана предложенеш х1итто. 1емар ду уьш йозанехь билгалъяха.

IV. Керла тема хьехар.

  1. Тайп-тайпана предложенеш х1иттор.

-Бераш, шуна муьлха олхазарш девза? (Суна девза олхазарш: ч1ег1ардигаш, кхокхарчий, г1ирг1анаш).

-Аса х1ун элира? («Шуна муьлха олхазарш девза?»).

-Иза х1ун ю? (Предложени).

-Муха жоп делира аша? («Суна девза олхазарш: ч1ег1ардигаш, кхокхарчий, г1ирг1анаш»).

-Муьлхха предложении цхьа 1алашонца олуш ю. Цхьа х1ума хата, цхьа хаам бан).

-Муьлха 1алашонца ялийра аса предложени? (Цхьа х1ума хаттархьама).

-Цуьнан чаккхенга юьллу хаттаран хьаьрк.

-Муьлха 1алашонца ялийра аша шайн предложени? (Тхайна хуург дийца).

-Цуьнан чаккхенга т1адам буьллу.

-Бераш ,ойлаейша. Мовлид ,хьуна хьана нанас машен эцна. Ахьа муха эр ду цунах лаьцна хьайн доттаг1чуьнга? (Суна манен ма эцна мамас!).

-Муьлха дог-ойла гойту оцу предложенино? (Хазахетар).

-Оцу предложенин чаккхенга айдаран хьаьрк юьллу.

-Д1аязъе и предложенеш шайн тептарш т1е, чаакхенгахь оьшу хьаьркаш а х1иттош.

-Хьан лур дара вайн коьртачу хаттарна жоп?

2.Бакъо таллар.

-Д1аеша 4-чу аг1он т1ера бакъо.

-Муха яздо предложенин хьалхара дош?

-Муьлха хьаьркаш х1иттадо предложенин чаккхенгахь?

3. Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 5, аг1о 4.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар? (Предложенин хьалхара дош доккхачу элпаца яздеш, чаккхенгахь оьшу хьаьрк х1оттош язйо).

V. Сада1аран миноташ.

Вай яздира , яздира.

Куьйгийн п1елгаш к1аддира.

Вай жима садо1ар ду,

Вай юха а яздийр ду.

VI. Керла тема кхин д1а а хьехар.

1. Предложенешна чаккхенгахь х1иттийначу хьаьркийн тидам бар, башхаллаш къастор.

Шардар № 6, аг1онаш 4-5.

-Къасто д1аеша стихотворени. Маса предложенех лаьтта и стихотворени? (Еа предложенех).

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлха хьаьрк диллина цуьнан чаккхенга? (Т1адам).

-Муьлха 1алашо йолуш ялийна и предложени? (Цхьа х1ума хаийтархьама ,дийцархьама).

-Х1ун хии шуна и ешча? (Йиша, ваша оти чохь цхьана х1ума юуш хила хии).

-Д1аеша шолг1а предложени. Муьлха хьаьрк х1оттийна цуьнан чаккхенга? (Т1адам).

-Х1унда? (И предложении цхьа х1ума хаийтархьама,дийцархьама ялийна ю).

-Х1ун хии шуна и ешча? (Царна хьалха кеда чохь юькъа керла шура хилар хии).

-Д1аеша кхоалг1а предложени. Муьлха хьаьрк х1оттийна цуьнан чаккхенга? (Хаттаран хьаьрк).

-Муьлха 1алашо йолуш ялийна и предложени? (Цхьа х1ума хаа лууш).

-Х1ун хаа лууш ву к1ант? (Шура мерза х1унда ю?).

-Д1аеша таьххьара предложени. Муха дог-ойла гойту оцу предложенино? (Самукъадалар).

-Муьлха хьаьрк х1оттийна цуьнан чаккхенга? (Айдаран хьаьрк).

-Д1аезде шардар.

2. Маь1ница дог1у дешнаш дохкуш предложенеш т1еюзар.

Шардар№ 8, аг1о 5.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?( Т1адамийн метана маь1ница дог1у дешнаш а дохкуш язъян еза).

-Д1аеша хьалхара предложени. Юьззина предложении юй и? (Яц).

-Х1унда? (Ца хаьа х1ун ю къехкарг).

-Хьан эр дара муьлха дош дог1у т1адамийн метана? (Хьозарчий).

-Муьлха хьаьрк диллина предложенин чаккхенга? (Т1адам).

-Д1аеша шолг1а предложени. Муьлха дош дог1у т1адамийн меттана? (1а).

-Муьлха хьаьрк х1оттийна цуьнан чаккхенга? (Хаттаран хаьарк).

-Д1аязде шардар.

VII. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

  • Суна 1еми…

  • Суна хии…

  • Аса кхочушди…

VIII. Жам1 дар.

-Муьлхачу элпаца яздо предложенехь хьалхара дош?

-Муьлха хаьаркаш х1иттадо предложенинйн чаккхенашкахь?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

  1. Шардар №7, аг1о 5.

  2. Бакъо , аг1о 4.

Курс повышения квалификации
Найдите материал к любому уроку,
указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
также Вы можете выбрать тип материала:
Проверен экспертом
Общая информация
Учебник: ««Нохчийн мотт (Чеченский язык)»», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э.

Номер материала: ДБ-1375117

Вам будут интересны эти курсы:

Курс повышения квалификации «Подростковый возраст - важнейшая фаза становления личности»
Курс профессиональной переподготовки «Библиотечно-библиографические и информационные знания в педагогическом процессе»
Курс повышения квалификации «Правовое обеспечение деятельности коммерческой организации и индивидуальных предпринимателей»
Курс повышения квалификации «Методика написания учебной и научно-исследовательской работы в школе (доклад, реферат, эссе, статья) в процессе реализации метапредметных задач ФГОС ОО»
Курс профессиональной переподготовки «Организация логистической деятельности на транспорте»
Курс повышения квалификации «Организация практики студентов в соответствии с требованиями ФГОС технических направлений подготовки»
Курс профессиональной переподготовки «Логистика: теория и методика преподавания в образовательной организации»
Курс повышения квалификации «Маркетинг в организации, как средство привлечения новых клиентов»
Курс профессиональной переподготовки «Организация менеджмента в туризме»
Курс повышения квалификации «Финансы предприятия: актуальные аспекты в оценке стоимости бизнеса»
Курс повышения квалификации «Организация маркетинга в туризме»
Курс профессиональной переподготовки «Деятельность по хранению музейных предметов и музейных коллекций в музеях всех видов»
Курс профессиональной переподготовки «Организация деятельности специалиста оценщика-эксперта по оценке имущества»
Курс профессиональной переподготовки «Техническая диагностика и контроль технического состояния автотранспортных средств»
Курс профессиональной переподготовки «Организация и управление службой рекламы и PR»

Оставьте свой комментарий

Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.