- Учебник: «Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
- 02.10.2020
- 2514
- 146

Нохчийн литература
Тема: «Стовно –ворх1азза…» Хь.Хасаев.
1алашо: берашна Хь.Хасаевн «Стовно-ворх1азза…» ц1е йолу дийцар цовзийтар. Нийс а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амао. 1аламан хазалла гайтар , цуьнан доладан лаам кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийс а , кхеташ а , дийцаран тексташ еша.Берашна 1емар ду чулацамах кхета , хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. Берашна хуур ду хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро иза д1аеша.Берашна хуур ду 1аламан хазалла ган, цуьнан дозалла лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1 . Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Тхуна еллере ц1ахь 1амо 1. Мамакаевн «Б1аьстенан юьхь» ц1е йолу стихотворен)
-Схьайийца стихотворени.
2. Мотт шарбар.
Букъ к1айн къиг, мукъ буткъа урс
-Д1адеша чехкаалар меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.
-Д1адеша чехкаалар хезаш цхьанаэшарехь массара цхьана.
-Дагахь 1амаде.
3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана? («Стовно-ворх1азза…»)
-Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)
-Муха болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш хир бу шун?
-Берашна девзар ду Хь. Хасаевн «Стовно-ворх1азза…» ц1е йолу дийцар. Вайна а 1емар ду нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша. Шуна евзар ю 1аламан къайленаш.
4.Керла тема хьехар.
а)Хьехархочо д1адоьшу Хь.Хасаевн «Стовно ворх1азза..» ц1е йолу дийцар.
аь) Чулацамах къамел дар.
-Муьлхачу дечиго доккху дуьххьара заза? (Стовно доккху дуьххьара заза)
-Цунан бос муха хуьлу? (Можа)
-Муьлха бос болуш хуьлу цуьнан стом? (Таь1на ц1ен)
-Б1аьста кхоччуш яларан х1ун билгало ю? (Комарна дехкан леггал г1а даллалц, хьуьнчохь х1уттут еккалц б1аьсте яьлла яц)
5. Сада1аран миноташ.
Жима Ваха г1отту
Мало йоцуш хьала.
Мел хан яьлла, хотту,
Т1аккха йо зарядка.
Охьа-хьалате1а,
Ирх а кхиссало,
Цхьана меттехь воду,
Х1уммаъ к1ад ца ло.
Пхьаьрсаш, накха башош,
Сихха кхорзу хи,
Дег1е «зузз» доуьйтуш,
Хиларх шийла и.
Цергаш, юьхь-куьг дила
Цунна диц ца ло.
Морса гата хьокхуш,
Иза вакъало.
(Хь. Саракаев)
(Бераша Вахас дийрриг до)
6. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1адоьшу Хь. Хасаевн «Стовно-ворх1азза…» ц1е йолу дийцар меллаша.
а) Бераша д1адоьшу Хь. Хасаевн «Стовно-ворх1азза…» ц1е йолу дийцар хезаш .
б)Къастош ешар.
-Маца доккху стовно заза? Д1адеша цунах лаций.
-Муха хуьлу стовнан стоьмаш? Д1аеша цунах лаьцна к1айдарг.
-Халкъахь б1аьсте кхоччуш яларан х1ун билгалонаш ю?Д1аеша цунах лаций.
7.Рефлекси.
-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Муьлхачарех до аша дозалла?
8. Жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира вай?
-Мила ву цуьнан автор?
-Стенах лаьцна ю иза?Х1ун хии шуна стовнах лаьцна керла?
9.Ц1ахь бан болх балар.
Шера д1адеша Хь. Хасаевн «Стовно-ворх1азза…» ц1е йолу произведени.
Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Удалить материалУчитель
Файл будет скачан в формате:
Материал разработан автором:
Смирнов Денис Павлович
Учитель информатики
Методическая разработка включает в себя:
- Паспорт занятия;
-Технологические карту;
- Конспект урока;
- Раздаточный материал и карточки.
Материал полностью готов к использованию, остаётся заполнить только титульный лист.
Отлично подойдёт для студентов-практикантов и начинающих учителей.
Курс повышения квалификации
Курс повышения квалификации
36 ч. — 180 ч.
Курс повышения квалификации
36 ч. — 180 ч.
Курс повышения квалификации
36/72 ч.
Еще материалы по этой теме
Смотреть
Рабочие листы
к вашим урокам
Скачать
7 236 214 материалов в базе
«Дешаран книжка (Литературное чтение) (на чеченском языке)», Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э.
Больше материалов по этому УМКВам будут доступны для скачивания все 214 700 материалов из нашего маркетплейса.
Мини-курс
5 ч.
Оставьте свой комментарий
Авторизуйтесь, чтобы задавать вопросы.