Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015

Опубликуйте свой материал в официальном Печатном сборнике методических разработок проекта «Инфоурок»

(с присвоением ISBN)

Выберите любой материал на Вашем учительском сайте или загрузите новый

Оформите заявку на публикацию в сборник(займет не более 3 минут)

+

Получите свой экземпляр сборника и свидетельство о публикации в нем

Инфоурок / Другое / Конспекты / Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Деепричасти".
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 24 мая.

Подать заявку на курс
  • Другое

Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Деепричасти".

библиотека
материалов

Нохчийн мотт 7-г1а класс

Я.С.Чемирзаева

Урокан ц1е: Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а.

1алашо: Деепричасти йовзийтар. Цуьнан грамматически билгалонех пайда а оьцуш, кхийолчу хандешнийн формех и къасто хаар. Хьалха 1амийна къамелан дакъош карладахар.

Кхетош-кхиор. Берийн 1аламца а, дийнаташца а къинхетаме ойла кхиор. Ненан меттан урокехь, фольклорах пайда а оьцуш, керла коьчал йовзийтар.

Деепричасти-иза хандош дац,

Ц1ердашца цуьнан гергарло дац.

Хандешан ца хийцалун ю и форма,

Хандош, куцдош ду цуьнца даима.

Т1ехьажаран г1ирсаш: нохчийн-оьрсийн словарь(Мациев); илли «Сай».

1. Ц1ахь бина болх таллар. Д1ахьо дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх а бойтуш.

1-ра кехат.

1. Дийца причастех а,цуьнан грамматически билгалонех лаций.

2. Х1окху дешнийн цхьаьнакхетаршкахь долчу хандешнех причастеш кхолла:

Мотт буьйцу, га кагделла,1алам деза, акхарой кхераелла, жижиг деттина, книга йоьшу, аре сенъелла, кехат яздина, хьаша вог1у, стол кечйина. Йийца церан хенаш а, кхолладаларан некъаш а.

3.Дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а далош, предложенеш х1иттае: стол кечйина-кечйина стол; мотт буьйцу-буьйцу мотт. Фонетически а, дешх1оттаман а къастам бе билгалдаьккхинчу дашна.

2-г1а кехат.

1.Дийца причастица ца, за нийсаязъярх лаций.

2. Д1аязъе причастеш, къовларш схьа а йоьллуш:

(ца)аьлла дош,(ца)дезна х1ума, (ца)веъна верг,(ца)хилла хан,(ца)лоьху верг, ва(за) стаг,кхехка(за) яй,(ца)дуу дерг,(ца)гинарг,(ца)везарг,(ца)эшнарг.

3. Легаде ца хилла хан,цавезнарг,цабезнарш боху причастеш.

2. 1амийнарг карладаккхар.

Уьн т1ехь яздина ду «Обарг Варин иллин» дакъа:

Хьогалла ца вала бецан тхи муьйлуш, Мацалла ца вала попан г1а дууш, Набарна буьллу мотт 1аьржа латта ва долуш. Т1етосуш долу юрг1а сийна стигал ва йолуш, Шен къамел дар акхарошца ва долуш, Пхьоьхана валар пепнашца ва долуш, Малхбалехьара Малхбузе кхаччалц ша волавелчи, Дег1 дижжол меттиг тешаме йоцуш, Обарг ма велира, ва обарг Вара. Шийтта шо д1адели ша обарг лела…

2.1.Нохчийн-оьрсийн дошамца болх бар (Мациев,1961ш.)

Гочде дешнашна: тхи, попан г1а, пхьоьхана, Малхбалехьара, Малхбузе, обарг. Хьехархочо дуьйцу берашна оцу дешнийн маь1нех.

2.2.Д1ахьо иллин чулацам т1ехь болх.

-Исбаьхьаллин васт кхуллуш, муьлхачу г1ирсех пайдаэцна иллехь?

-Атта хиллий Варин обаргаллин дахар?

-Илли туьйранах тардеш йолу меттигаш билгалъяха.

-Муха гайтина иллехь адаман 1аламца а, дийнаташца а йолу уьйр?


2.3.Текст т1ехь талламан болх д1абахьар.

-Шайна девза къамелан дакъош, юьхьанцарчу кепе а дохуш, д1аязде.

Ц1ердешнаш: Хандешнаш: Билгалдешнаш: Терахьдешнаш: Ц1ерметдешнаш:

-Дийца церан грамматически а, синтаксически а билгалонех лаций.

-Дешнийн цхьаьн-на бе таллам. Барта схьадийца, и дешнаш муьлхачу къамелан дакъойх хилла, къовларшна юккъехь билгалъяха дешнийн уьйраш.

дика к1ант, вехачу х1усаме, цига вахара.

3.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь хьалххе д1аяздина халкъан илли ,,Сай,, (текст х1ора дешархочунна хьалха хила еза)

Ламанах духдуьйлу шал шийла шовданаш, Шен бекъачу кийранна 1аббалц ца молуш, Варша йисте ва йолу марг1ала сийна буц Шен оьздачу зоьрханна буззалц ца юуш, Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ, 1инан к1орге ва буьйлуш,мела муж ва муьйлуш, Дукъ лакха ва буьйлуш, сема ла ва дуьйг1уш, Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш, Мокхазан ва бердах куьран га ва хьоькхуш, Цу попан орамах торг1ал т1а ва детташ, Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш, Орцал лаха ва буьйлуш, г1елашка ва г1ерг1аш Масане сай лела г1елашца ва боцуш, Вай бен дац, к1енатий, бохуриг ца хуьлуш?!

3.1.Дешнаш т1ехь болх:

лира-шира зурма локхуш болу пондар; зоьрха-кийра; торг1ал-къорза; г1елашка-стиен сай; г1ерг1аш-кхойкхуш.

3.2.Илли шерра дешар(1 дешархочо д1адоьшу илли)

-Стенах лаьцна ду х1ара халкъан илли?

-Гучуяккха халкъо сений, адамний юккъехь х1оттош йолу уьйр.

-Дийца, х1ун маь1на ду иллехь долчу «ва» бохучу дакъалгийн?

-Цу иллин коьрта маь1на муьлхачу предложенехь гучудолу?

3.3.Предложени синтаксически таллар.

Орцал лаха ва буьйлуш,г1елашка ва г1ерг1аш,масане сай лела г1елашца ва боцуш.

3.4.Дешнийн цхьаьнакхетаршна т1ехь болх бар.

-Х1ун хаам бо цу предложенино?

-Сай муха лела гойтий автора?

-Муьлхачу дашах дозуш ду г1елашца ва боцуш боху дешнийн цхьанакхетар?

-Х1ун гойту цу дешнийн цхьанакхетаро? Хандашо гойтуш долу дар муха хуьлу кхетавой цо?Лела сай аьлча кхеташ дуй, сиха я меллаша, лакхахула я лахахула лела сай? Дац! Г1елашца ва боцуш аьлча, вайна хьалха цхьалха сай х1уттий, юххехь накъост йоцуш?

-Ала мегар дарий: г1елашца ва боцуш бохучу дешнаша д1акхоьхьург г1оьналлин дар ду; муьлха хаттарна жоп ло цу дешнийн цхьаьнакхетаро? (муха?)

-Кхин цкъа а деша илли. Керла х1ун хии, и сай кхин муха лела кхийтин вай х1инца? Билгалдаха дар муха кхочушхуьлу гойту дешнаш.

лела(х1ун?)сай; лела(муха?): 1аббалц ца молуш; буззалц ца юуш; берзан йорт ва етташ; 1инан к1орге ва буьйлуш; мела муж ва муьйлуш; дукъ лакха ва буьйлуш; сема ла ва дуьйг1уш; тоьпо лацарна ва кхоьруш; бердах куьран га ва хьоькхуш; попан орамах торг1ал т1а ва детташ; лергаш дуьхьал туьйсуш; кур аркъал сеттабеш; орцал лакха ва буьйлуш; г1елашка ва г1ерг1аш.

-Тетрадаш т1е схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш, хьовса билгалдаьхна дешнаш муха кхолладелла.

Молу+ш, юу+ш, етта+ш и.кх.д1.а (хандешан орамна т1е дошкхолларан суф.-ш кхетарца).

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цу дешнаша? (муха?х1ун деш?)

3.5.Схьаязде иллин юккъера дукхаллин терахьера ц1ердешнаш: ламанаш, шовданаш, хотеш, лергаш, г1елаш.

-Муьлха суффиксаш ю кхузахь ерш?(формакхолларан).

-Муьлха хаттарна жоп ло х1окху ц1ердешнаша?(х1ун?)

3.6.Морфемни таллам бе г1елаш, г1ерг1аш дешнашна.

-Хандешан тайп-тайпана билгалонаш гойтучу къамелан декъах х1ун олу?(куцдош)

-Х1уманан дар я хилар гойтучух?(хандош).

-Вай сиз хьакхарца билгалдаьхначу дешнаша х1ун гойту?(хандешан а, куцдешан а билгалонаш).

4.Жам1 дар: Хандешан а, куцдешан а билгалонаш шеца а йолуш, сказуеми кхеточу хандешан форманах деепричасти олу.

Цуьнан хаттарш ду: муха? мича кепара? маца? х1ун дина? х1ун хилла? х1ун деш?

-Кхин муьлхачу къамелан дакъошна х1иттадо вай и хаттарш? (хандашан а, куцдашан а).

5.Уьн т1е а, тетрадаш т1е а д1аязъе кеп. Деепричасти хуьлу:

Цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь:

Классашца хийцалуш:

Цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш йолуш:

Предложенехь

латтам хуьлу:

йодуш-йовдуш; волалуш-буьйлалуш

вешаш

ешаш

бешаш

дешаш

лохуш-лоьхуш; дуг1уш-дуьйг1уш

Воьлуш суна дуьхьал вог1ура Адам.

-Кепан х1ора б1ог1аме язде шайн масалш.

5.1амийнарг т1еч1аг1дар. 5.1.Хандешнаш деепричастешка а дохуш д1аязде:

Ло, олу, деза, кхета, т1ейог1у, ле, хаьа, охку, ларде, д1аоьху.

5.2.Ловзар ,,Лами,, Т1едиллар: Ши дош д1а а яздой, уьн т1е ши дешархо кхойкху. Х1ора элп ламин цхьа т1ег1а ду. Цхьацца элп т1е а тухуш, дешнаш кхуллуш, лами т1е хьалавала веза. Иштта цхьацца элп т1ера а доккхуш, охьавосса веза.

Луш Д1аоьхуш Олуш Лардеш Дезаш Охкуш Кхеташ Хууш Т1ейог1уш Леш

5.3. Лакхарчу деепричастех пайда а оьцуш, 1алам лардарх лаций жима дийцар язде. -Барта дийца шаьш далийначу деепричастийн билгалонех лаций. 5.4.Кхочушде 172-г1а шардар.

6.Ц1ахь бан болх.

6.1.Кхочушде 174-г1а шардар.

6.2.,,Сай,, илли т1ехь суьрташ дахка.

Forest.jpg

Автор
Дата добавления 08.01.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров767
Номер материала ДВ-314830
Получить свидетельство о публикации

Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх