Добавить материал и получить бесплатное свидетельство о публикации в СМИ
Эл. №ФС77-60625 от 20.01.2015
Свидетельство о публикации

Автоматическая выдача свидетельства о публикации в официальном СМИ сразу после добавления материала на сайт - Бесплатно

Добавить свой материал

За каждый опубликованный материал Вы получите бесплатное свидетельство о публикации от проекта «Инфоурок»

(Свидетельство о регистрации СМИ: Эл №ФС77-60625 от 20.01.2015)

Инфоурок / Другое / Конспекты / Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Шакъаьстина латтамаш".
ВНИМАНИЮ ВСЕХ УЧИТЕЛЕЙ: согласно Федеральному закону № 313-ФЗ все педагоги должны пройти обучение навыкам оказания первой помощи.

Дистанционный курс "Оказание первой помощи детям и взрослым" от проекта "Инфоурок" даёт Вам возможность привести свои знания в соответствие с требованиями закона и получить удостоверение о повышении квалификации установленного образца (180 часов). Начало обучения новой группы: 28 июня.

Подать заявку на курс
  • Другое

Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Шакъаьстина латтамаш".

библиотека
материалов

Нохчийн меттан интернет-урокан 8-г1а класс

Шакъаьстина латтамаш.



  1. Маршалла хаттар. Урокан дарс д1аалар.

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Делан пурбанца вай д1айолор ю ненан маттах долу хаарш 1аморан, довзаран рог1ера урок. Дала х1ораннан сих, ойланах кхетайойла нохчийн ненан меттан хазалла, исбаьхьалла.

  1. Вайн урокан тема ю: шакъаьстина латтамаш.

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду шакъаьстиначу латтамех лаьцна. Хьалхо вай дийцира латтамех лаьцна. Х1инца юха а карлабохур бу вай латтамаш.

Техкаш чувирзира Бер карахь дада, Поднар т1е меллаша Йиллира йо1.

Эдилов Х. «Сийлаха»

Билгалбаха латтамаш.

И т1едиллар кхочушдале хьалха карладоккхур вай:

1.латтамаш стенах олу; 2) муьлхачу хаттаршна жоп ло цара; 3) муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало уьш; 4) уьш сказуемих бозуш хилар; 5) царний, сказуеминий юккъехь т1етовжар я урхалла хилар.

Латтамаша гойту дар я хилар муьлхачу хьолехь кхочушхулу. Маца? Мичахь? Х1ун 1алашо йолуш? Х1унда? Муха? бохучу хаттаршна жоп ло латтамаша. Предложенехь латтамаш хуьлу ц1ердашах, масдарх, куцдашах, деепричастих, хандешан билгалзачу кепах, ц1ерметдашах.

Масала:

Чувирзира муха? техкаш –даран-суьртан латтам

Йиллира муха? меллаша-даран-суьртан латам

б) Ваша д1авахара муха?-г1аш

маца?-делккъехь

стенга?-г1алит1а

х1унда?-сихваларна

мича 1алашонца?-гергарчаьрга хаам бан

  1. Латтамех лаьцна болу кхетам вайн болуш бу, ткъа х1инца вай дуьйцур ду шакъастиначу латтамех лаьцна.

Интонацица, маь1ница, соцунг1ица предложенин дешнех д1акъастош ялочу меженех шакъаьстина меженаш олу.

Масала: Корана хьалхахь, ц1енкъахь , 1уьллура говраш лохку шед. (Ц1енкъахь-шакъаьстина меттиган латтам).

Деепричастех а, деепричастин карчамах а кхоллабелла шакъаьстина латтамаш предложенехь запятойца билгалбоху, масала: Малх а, гучубаьлла, маршалла хоьттуш, боьлура. (Маршалла хоьттуш-деепричастин карчамах кхоллабелла латтам).

Нагахь санна деепричасти сказуемина уллохьа лаьтташ, маь1ница цунна герга елахь, запятой ца х1оттайо, масала: Сирчу т1улгашна юккъехула хи детталуш дог1ура. Деепричастих кхоллабелла шакъаьстина латтам –детталуш.

Нагахь санна деепричастии сказуемина юкъаяг1ахь, запятойш ца х1оттайо, масала: Цхьа стаг хилла генара новкъа вог1уш. (С.Б.) Генара новкъа-деепричасти

Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу.

Ладарийн ши тача, Беснеш а т1адош, Меллаша ч1енгехьа Д1ашершаш го. Вехха и лаьттира, Меттах ца волуш, Шегарчу бохамна Хьере а хилла, Г1аьттира бекхамна, Ца хьелуш кхин.

Эдилов Х. «Сийлаха»

Билгалбохур вай шакъаьстина латтамаш, церан бакъонаш карла а йохуш.

Х1окху, Эдилов Хасмохьмода язйинчу, «Сийлаха» поэмин кийсакехь беснеш а т1адош, меттах ца волуш, хьере а хилла, ца хьелуш кхин-шакъаьстина латтамаш.



Х1инца вай 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу, учебниках пайда а оьцуш

(нохчийн мотт 8-9 класс, шардар 124, 95-г1а аг1о).



  1. Майданна т1ехула, хьаьвзаш шуьйра го а баьккхина, ловзуш пел бог1ура цхьа исбаьхьа к1айн кхокха. (Н.М) 2. Цкъацкъа, ойлане йолий, сан гипс тоьхна долчу куьйге а хьожий, доккха са доккхура йо1а. 3. Стохкалера мажъелла яраш д1айохуш, дитташ т1ера дакъаделла, кеглелла генаш д1ахедош, гонахара латта охкуш, белхаш бора ас бешахь. (Ш.М.) Шен готтачу х1усамна дан г1о доцуш г1овг1анца ха хоьрцу дерачу Органо. (Н.Ф.)



Билгалбохур бу деепричастех кхоллабелла шакъаьстина латтамаш. Хьалхарчу предложенехь хьаьвзаш шуьйра го а баьккхина - деепричастех кхоллабелла шакъаьстина латтамаш бу. Шолг1ачу предложенехь ойлане йолий, сан гипс тоьхна долчу куьйге а хьожий-шакъаьстина латтамаш бу.

--------



Х1окху урокехь 1амийнарг т1еч1аг1деш кхин цкъа карладоккхур ду вай:



-Билгалбохур бу вай латтамаш, шакъаьстина латтамаш.



«Черкасийн и юткъа черт яржош т1етесна,

Цу т1е даржош к1айн истанг диллина,

Суьйранна лампа латийна, чоь серлаяьккхина,

Ша шена сакъера багахь узам ва беш,

Нахаца йолчу йоьхьана, куьйга тираш ва еш,

Сакъера хиира тов и хьомсара бабин йо1».



Х1окху урокехь вай шуьца карлабехира латтамаш, деепричастех хилла болу шакъаьстина латтамаш. Дийцира вай уьш предложенехь запятойца билгалбахар, нагахь санна деепричасти сказуемина уллохь лаьтташ, маь1ница цунна герга елахь, запятой ца х1оттаяр а.

Ткъа х1инца, вайн урок ерзаяле, хьовсур ду вай муха кхийтира иллин кийсакан чулацамах.

Х1окху кийсака т1ера черкасийн, черт, к1айн истанг, узам ва беш, тираш еш, хьомсара - дешнаш оьрсийн матте дохур ду вай.



Иштта хир ду уьш:



Черкасийн-черкесская;

Черт - рогожа, циновка, плетенка;

К1айн истанг - войлок белый, ковер - в устаревшее время;

Диллина-расстелив;

Узам ва беш –напевая;

Тираш еш –вышивая;

Хьомсара -любимая, возвышенная.



---------------

Ц1ахь бан болх

Муьлхачу маттера даьхкина х1ара дешнаш нохчийн матта юкъа: хан, т1оьрмиг, чоа, терза, йовлакх, г1уллакх, куьзга, ахча, тапча, совг1ат, жоп, хьекъал, хьаькам, та1зар, собар, 1алам, х1аваъ, эскар, сахьт,сибат.



Иштта хир ду уьш:

Йовлакх, г1уллакх, куьзга, ахча, тапча, совг1ат, хан, т1оьрмиг, чоа, терза-туркойн маттера;

Жоп, хьекъал, хьаькам, та1зар, собар, 1алам, х1аваъ, эскар, сахьт,сибат-1аьрбойн матера.



-------------

Вайн мотт хаза а, исбаьхьа а мотт бу. Вайн мотт хьалдолуш а, аьхна мотт бу, уггаре а хала а, к1рггера а дог-ойланаш ма-ярра ц1ена а, нийса а, юьззина д1айийца а, билгалъяха а йиш йолуш.

Дала ненан мотт безаран т1ехь ч1аг1дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда ма дойла цхьанна а нохчочунна! И 1омо, талла Дала хьуьнар лойла вайна массарна.

Цу т1ехь вай урок ерзор ю. Т1ейог1учу урокашкахь шун кхиамаш кхин а совбохур бу вай. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

-------------



Пайдаэцна литература:

1.Джамалханов З.Д., Вагвпова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт-8-9 класс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013 шо

2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» педучилищан 1-2-чуй курсийн студенташна учебник. Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985 шо.

3. Джамалханов З.Д. «7-чу классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982 шо.

4. Эсхаджиев Я.У. «4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1987 шо. 5. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012 шо.

6. Эдилов С.Э. « Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала Издательство «Альфа-Пресс», 2011 шо.

7. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.

8. Ирсаханов И. «Х1инцалера нохчийн мотт» Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1965 шо.


















































Подайте заявку сейчас на любой интересующий Вас курс переподготовки, чтобы получить диплом со скидкой 50% уже осенью 2017 года.


Выберите специальность, которую Вы хотите получить:

Обучение проходит дистанционно на сайте проекта "Инфоурок".
По итогам обучения слушателям выдаются печатные дипломы установленного образца.

ПЕРЕЙТИ В КАТАЛОГ КУРСОВ

Автор
Дата добавления 08.01.2016
Раздел Другое
Подраздел Конспекты
Просмотров724
Номер материала ДВ-315159
Получить свидетельство о публикации
Похожие материалы

Включите уведомления прямо сейчас и мы сразу сообщим Вам о важных новостях. Не волнуйтесь, мы будем отправлять только самое главное.
Специальное предложение
Вверх