Инфоурок / Другое / Конспекты / Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Шакъаьстина юххедиллар".

Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Шакъаьстина юххедиллар".


библиотека
материалов

Нохчийн меттан интернет-урок 8-г1а класс

Шакъаьстина юххедиллар.



  1. Маршалла хаттар. Урокан дарс д1аалар.



Марша дог1ийла шу, хьомсара дешархой! Делан пурбанца вай д1айолор ю рог1ера урок. Вайх Дала бина къинхетам бу, тахана эвххьаза, дуьззина шен ненан маттах дош ала йиш хилар. И хестош долчу дешнашца хьайн ненах, ненан маттах, Даймахках довха дош ала йиш хилар.

Х1окху урокехь вай шуьца дуьйцур ду шакъаьстиначу юххедилларх лаьцна.

---------

Т1еара суьйре. Ц1еххана дохк-марха яьлла, деанчу дог1ано ц1андинера х1аваъ. Г1ийла хьокхучу махо меллаша дегадора диттийн г1а-патарш. Шен дашо з1аьнарш яржийна, чубуза кечбеллачу малхо ц1ийдинера дуьне. Жимма хьалха бес-бесара лепначу стела1одан х1оз а буткъбеллера. (Я.Ц.)

Ша билгалдечу дашах д1акхеташ долу цхьалхе юххедиллар вайна халхо девзина. Хьовсал,лакхахь ялийначу текста юкъахь дуй юххедилларш, муьлхарш ду уьш?

Уьш ду: дохк-марха, г1а-патарш.

Нийса ду. Бакъонца ч1аг1дей вай: Х1уманна керла ц1е а луш, иза билгалъеш цунна юххех1уттучу ц1ердашах хиллачу къастамах юххедиллар олу. Юххедилларо гойту адамийн говзалла, корматалла, гергарло, къам. Юххедилларехь ший а дош юкъара делахь , царна юккъехь дефис юьллу. Масала: нана-котам, зуда-ламанхо, йо1-дешархо, халкъ-турпалхо.

-----------

Юххедиллар вай карладаьккхи. Х1инца вай дуьйцур ду шакъаьстиначу юххедилларх лаьцна а, уьш предложенехь стенца къастош хуьлу а.



Предложенехь ша билгалдечу дашах д1а ца кхеташ, д1акъаьстачу юххедилларх шакъаьстина юххедиллар олу. Масала: Ког ма боллу чехка охьанехьа, цанаш йолчухьа, йоьдуш яра говр.

цанаш йолчухьа-шакъаьстина юххедиллар ду, шина а аг1ор запятойца къастийна вай юххедиллар.

Юххедиллар ша маца къаьста, довзийтар.

  1. Даьржина юххедиллар шакъаьста, нагахь иза долахьчу ц1арна т1ехьа нислахь, масала: Айдамиров Абузаран, сийлахьчу яздархочун, «Еха буьйсанаш» ц1е йолу говзар езаш т1еийцира кхиазхоша а, баккхийчара а.

  2. Даьржина юххедиллар шакъаьста, нагахь юкъарчу ц1арна я ц1ерметдашна т1ехьа нислахь, масала: Тхо, школера дешархой, хьехархочуьнца музей дахара.

  3. Даьржина а, даржаза а юххедилларш шакъаьста, нагахь юьхьан ц1ерметдашна хьалха, т1ехьа латтахь, масала: Вай, къинхьегамхой, декхарийлахь ду, ницкъ ца кхоош, Даймехкан дуьхьа хьанала къахьега.



---------





Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш, лахахь далийначу дешнех пайда а оьцуш, царах шакъаьстина юххедилларш хуьлуьйтуш предложенеш х1иттор ю.

  1. Нохчийн г1араваьлла компзитор.

  2. Г1араваьлла 1илманча.

  3. Сийлахь-воккха яздархо.

  4. Г1араяьлла артист.

  5. Суртдиллархо.

Иштта хир ю вай х1иттийна предложенеш:

Димаев 1ела, нохчийн г1араваьлла композитор, дозанал арахьа а дика вевзаш ву.

Алироев Ибрех1има, г1араваьллачу 1илманчас, нохчийн меттан 1илманан хазна гулйина, т1еюьзна.

Айдамиров Абузар Абдулхакимовича, сийлахь воккхачу яздархочо, къоман литературехула говза гайтина вайн мотт хьоле хилар.

Багалова Зулайс, г1араяьллачу артиста, ладог1архойн дагах кхетуьйтуш, хаза д1ахьо радиохула ша ден къамел.

Закриев Мохьмадан, Нохчийн Республикан суртдиллархочун, тоьллачарех долу суьрташ гайтира выставкехь.

--------------

Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин а цхьа т1едиллар кхочуш дийр дув вай. Дага а лоцуш, д1аязйийр ю вай предложенеш, лахахь далийна дешнаш юкъа а лоцуш (цхьана предложенехь юххедиллар долуш, вукху предложенехь шакъаьстина юххедиллар долуш).

Доттаг1чо-лулахочо, воккха стаг –хьархо, йо1- хьехархо,

Иштта хир ю предложенеш.

Х1ара зезагаш делла суна сан доттаг1чо-лулахочо(юххедиллар.) Х1ара зезагаш делла суна доттаг1чо, тхуна генахь 1аш воцчу лулахочо(шакъаьстина юххедиллар.)

Керлачу дешеран шарна кечам беш яра йо1-хьехархо(юххедиллар.) Хеда Саидовна, йо1- хьехархо, керлачу дешаран шарна кечам беш яра(шакъаьстина юххедиллар.)

Нахана ялта охьуш г1о деш хуьлура воккха стаг-хьархо(юххедиллар.)Хилдехьарчу 1усмана, воккхачу стага-хьархочо, т1ехь буьйсанаш йохуш, нехан ялта охьура. (шакъаьстина юххедиллар.)

Бакъанаш карлаяхий вай, къамел т1еч1аг1деш.

- Х1уманна керла ц1е а луш, иза билгалъеш цунна юххех1уттучу ц1ердашах хиллачу къастамах юххедиллар олу.

- Предложенехь ша билгалдечу дашах д1а ца кхеташ, д1акъаьстачу юххедилларх шакъаьстина юххедиллар олу.

------------



Вай х1инца къемел кхиош, кхета хала долчу дешнийн маь1наш къестош, цадевзарг довзуьйтуш, д1аяздийр ду.

Къехо, юккъерхо, цхьалхахо, керлахо, хьолахо, мехкада, къинхьегамхо, къовсам, къийсам-девзий вайна х1окху дешнийн маь1наш.

Иштта хир ду церан маь1наш:

Къехо (бедняк)-хьал доцу, таро йоцу миска стаг; юккъерхо (середняк)-шена таро ялуш, г1еххьачу барамехь вехаш волу вахархо; цхьалхахо (единоличник) – шакъаьстина шен бахам лелош хилла ахархо; керлахо (новатор)-юкъараллин балхахь пайде керланиг юкъадалош верг; хьалхо, хьолахо (богач, капиралист)-бахам, хьал т1ех алсам долу стаг; мехкада (помещик)-хьалха, паччахьан заман чохь хьолахой мехкашкахь хилла волу мехкан долахо; къинхьегамхо (трудящийся,труженик)-шен къинхьегамца вехаш волу, къахьега 1емина хьуьнаре белхан стаг; къовсам (спор)-къовсаме долу х1ума я дош къовсар; къийсам (борьба)-дахарехь новкъарло ечунна дуьхьал къийсар.

------------

Х1окх урокехь вай шуьца дийцира шакъаьстиначу юххедилларх лаьцна, карладаьккхира цхьалхе юххедиллар, масалш а далош, уьш т1еч1аг1деш болх бира вай. Девзи вайна керла дешнаш, церан маь1наш.

Х1инца вай билгалбоккхур бу ц1ахь бан болх.

Муьлхачу маттера даьхкина нохчийн матте х1ара дешнаш: бепиг (хлеб), бере (всадник), дари (шелк), шовда (родник), бамба (хлопок), жижиг (мясо), герз (оружие).

Х1ара дешнаш х1ирийн маттера схьаэцна лоруш ду, масала: бепиг, х1ир. баппа; бере, х1ир. баьраг; дари, х1ир. дари; шовда, х1ир. суадон; бамба, х1ир. баьмбаг; жижиг, х1ир. дзидза; герз, х1ир. гарз.

Муьлххачу а къамнийн меттанаш а ду кхечу къаьмнийн меттанашкара дешнаш т1еоьцуш кхолладелла. Коьртаниг шен бу аьлла, Дала шена схьабелла шен ненан мотт кхиор, дешнийн эвсаралла совъяккхар т1ехь къахьегар ду.

Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.



Пайдаэцна литература:

1.Джамалханов З.Д., Вагвпова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт-8-9 класс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013 шо

2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» педучилищан 1-2-чуй курсийн студенташна учебник. Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985 шо.

3. Джамалханов З.Д. «7-чу классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982 шо.

4. Эсхаджиев Я.У. «4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1987 шо. 5. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012 шо.

6. Эдилов С.Э. « Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала Издательство «Альфа-Пресс», 2011 шо.

7. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.

8. Ирсаханов И. «Х1инцалера нохчийн мотт» Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1965 шо.





Только до конца зимы! Скидка 60% для педагогов на ДИПЛОМЫ от Столичного учебного центра!

Курсы профессиональной переподготовки и повышения квалификации от 1 400 руб.
Для выбора курса воспользуйтесь удобным поиском на сайте KURSY.ORG


Вы получите официальный Диплом или Удостоверение установленного образца в соответствии с требованиями государства (образовательная Лицензия № 038767 выдана ООО "Столичный учебный центр" Департаментом образования города МОСКВЫ).

Московские документы для аттестации: KURSY.ORG


Общая информация

Номер материала: ДВ-315171

Похожие материалы



Очень низкие цены на курсы переподготовки от Московского учебного центра для педагогов

Специально для учителей, воспитателей и других работников системы образования действуют 60% скидки (только до конца зимы) при обучении на курсах профессиональной переподготовки (124 курса на выбор).

После окончания обучения выдаётся диплом о профессиональной переподготовке установленного образца с присвоением квалификации (признаётся при прохождении аттестации по всей России).

Подайте заявку на интересующий Вас курс сейчас: KURSY.ORG